Remove ads
From Wikipedia, the free encyclopedia
Пачхьалкх — йукъараллин кхоллам бу, урхаллин а, нуьцкъала дайтаран а леррина механизмаш йолуш, цхьаьна лаьттан тӀехь бакъонан низам хӀоттош, суверенитет а йолуш йолу. Термин «мохк» «пачхьалкх» маьӀнехь лелош ялахь а, тӀаккха а уь къасто деза, хӀунда аьлча массо а мохк пачхьалкх йац.
Пачхьалкх, суверенитет, низаман бакъо, йукъараллин ламасташ йоха ца йайтархьама, Ӏалашйархьама, пачхьалкхо леладо билгала некъаш, пачхьалкхера гражданашна йукъахь билгал низам хӀоттадо, шен белхан йукъаозабо шайн а, кхечу латтанаш тӀиера а шаболу бахархой, дуьненанйукъара пачхьалкхийн барташца. Йукъараллин декъашхойн йукъаметтиган низам а, Ӏедалан та1зар а билгалдоккху конституцица, законашца, кхин бакъонан пачхьалкхан кехаташца; иштта исторехь пачхьалкхан чохь кхоллаеллачу ламасташца.
Таханлерчу капиталистийн пачхьалкхашкахь, цуьнан коьрта Ӏалашо йу:
Термин дукха хьолахь лелайо бакъонан, политикин, ткъа иштта социалан контексташкахь. Таханлерчу заманахь Дуьне планети тӀиера шадолу латт, Антарктида а, цунан уллора гӀайренаш а дӀайаьхачхьана, декъна ду ши бӀе сов пачхьалкхана йукъахь.
Йукъараллица йуьстича, пачхьалкхан чуйогӀу шайн говзаллица йукъарчу гӀуллакхийн (йукъараллин хӀоттамехь, хӀора а декъашхо декъахь ву урхаллан) урхалла долу социалан класс (я классаш)[1].
Ала деза, Ӏилманехь а, дуьненайукъара бакъонехь а цхьаъ, массара а тӀеэцна «пачхьалкхан» кхетам ца хилар.
2015 шарахь дан а дац дуьззина Ӏилмано а, дуьненан массо а пачхьалкхаш а тӀеэцна «пачхьалкх» терминан юридикцин билгалдаккхар. Уггар боккха дуьненайукъара кхолламан — ВКЪКХ — йац цунна кхетам бала бакъо, йу йа йац иза а, важа а кхоллам пачхьалкх. «Пачхьалкх йа правительство къобалйар — йекъа пачхьалкхаш йа правительствош дан йиш йолуш акт ду. Иза ларар гойту пачхьалкх дипломатин гергарло лело кийча хиларо. Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхоллам — пачхьалкх йа правительство йац, цундела цуьнан цхьан а бакъо йац къобалйан иза йа важа пачхьалкх йа правительство»[2].
КӀезигчех цхьаъ тептар ду дуьненайукъарчу бакъонехь «пачхьалкхан» кхетам луш — 1933 шарахь масех америкин пачхьалкхо тӀеэцна долу Монтевидеон Конвенци.
ХӀокху декъан хатӀ энциклопедица ца догӀу я нохчийн меттан барам бохабо. |
В. В. Лазаревс кховдина хӀара билгалйаккхар, пачхьалкх — иза политикин Ӏедалан йукъараллин «башха кхоллам бу, шеца та1заран лерина аппаратом йолуш, коьртехь йолу классан йа шадолу халкъан лаам а, хьашташ а лардеш йолу »[3].
Ожеговн а, Шведован а оьрсийн меттан маьӀнийн дошамо ши маьӀна ло: «1. Йукъараллин коьрта политикин кхоллам, цунна урхалла деш, цуьнан экономикин а, социалан а структура ларйеш болу», «2. Политикин кхолламан урхаллехь болу мохк, цуьнан экономикин а, социалан а структура ларйеш болу»[4].
Даладо кхин масех пачхьалкхан билгалдахарш:
«Пачхьалкх —леррина а, концентрации йина а низам латтон ницкъ бу поддержания. Пачхьалкх — иза институт йа могӀа институташ йу, шайн коьрта Ӏалашо (кхечу Ӏалашонех йоьзна а йоцуш) — низам лардар долуш. Пачхьалкх лаьтта леррина йолу низам лардаран меженаш, масала, полици а, суд а, дӀакъаьстича йукъараллин дахаран кхечу сферех. Уьш йу пачхьалкх»[5].
«Пачхьалкх ду башха, дикка чӀогӀа, политикин дакъа. Цуо гойту бахархойх къастийна Ӏедалан кхоллам, цхьана меттиган а, бахархойн а, царна лаахь а, ца лаахь а урхалла дан лакхара бакъо йолуш; и шайн бакъо чекхйаккха ницкъ а болуш болу»[6].
«Пачхьалкх — йозаш йоцу централизаци йина социалан йукъаметтигаш нисйаран социалан-политикин кхоллам бу. Иза лаьтта чолхе, билгалчу лаьтта тӀехь стратифицикаци йинчу йукъараллех, шина стратех — куьйгалладечарех а, куьйгакӀелболчарех а. Оцу шина чкъоьран йукъаметтиг лаьтта политикин олаллех хьалхарчера а, налогийн декхараллех шолгӀачера. И йукъаметтигаш законаца чагӀина, реза а ду йукъараллин цхьа дакъа»[7].
«Пачхьалкх йу цхьа класс кхечо йацон машен, цхьана классан кӀелахь кхин классаш латто машен йу»[8]. «Государство — аппарат насилия в руках господствующего класса»[9].
«Пачхьалкх йу йукъараллехь бакъо латториг»[10].
«…пачхьалкх, йукъараллин спиритуалистийн дух: иза бу бюрократин долара бахам»[11].
«Пачхьалкх дуьненан дахарах ялсамане йан лаьтташ йац, ткъа лаьтта жоьжахате хилийтарна новкъарло йан». Бердяев Николай.
Пачхьалкх дош схьадаьлла pādšāh дашах. Куьйгаллехь паччахь волчу махкахь пачхьалкх олуш хилла. Падишах (гӀаж. «پادشاه» [pādšāh] тӀиера пехл. «pādšāh» тӀиера шир.-гӀажар. «pati-xšāyaθiya-» — «куьйгалхо») — иранийн монархийн дарж, иштта лелайора Азин цхьаболчу махкашкахь.
«Падишах» («Падшах» йа «Бадшах») дарж лелийна масех Евразин мехкан куьйгалхоша, масала, Хункар-мехкан (XV—1922), ОвхӀанехь йукъ йолчу Дурранийн империн (1747—1823), Сийлахь Моголийн империн (1526—1858), ОвхIаннан (1926 — июль 1973). ТӀаьххьара и дарж лелийнарг хилла Захир-Шах (1914—2007).
Уьш йоцуш, билгалонех лара мегар ду кхин а политикин, экономикин, социалан аспекташ.
Мохк а, пачхьалкх а кхетам синонимаш санна лелабахь а, царна йукъахь йоккха башхалла йу.
«Пачхьалкх» кхетамо билгалйоккху цхьаьна латта тӀехь хӀоттийна йолу Ӏедалан политикин система, иза башха тайпана кхоллам бу, ткъа «мохк» кхетам оьздангаллин, географин (йукъара латта), кхечу факторийн бу. «Мохк» термин официалан бос болуш йац. Иштта башхаллаш йу ингалсан маттахь — country (гергара ду мохк кхетамна) а, state (пачхьалкх), оьрсийн маттахь — страна (гергара ду мохк кхетамна) а, государство (пачхьалкх), делахь а цхьацца контекстехь цара вовшен хуьйцу.
Республика (лат. res publica, «йукъара гӀуллакх»):
Урхаллин ийна кепаш:
Унитаран пачхьалкх (фр. unitarism лат. unitas — цхьаалла):
Федераци (фр. federation, хьалхлат. foederatio — вовшахкхетар, союз):
Конфедераци (лат. confoederatio — вовшахкхетар, союз).
Антидемократин:
Дуьххьарлера Ӏедалан институтийн кепаш а, дуьххьарлера массера декхараллин низаман кепаш а кхоллаелла йукъаралла кхиаран дуьххьарлерчу муьрехь. Оцу муьран амалехь хилла политикин Ӏедал а, пачхьалкхийн институташ а ца хилар. Оцу муьран социалан барамаш лелайо гӀиллакхийн, ламастийн, Ӏадатийн, бехкаман амалш. Ӏилманехь хаттар, мегардуй и социалан барамаш бакъо йа протобакъо лара, ду къийсаме.
Пачхьалкх кхоллаяларах цхьа ойла йац. Масех теори йу пачхьалкх кхоллаялар хьоьхуш, амма царех цхьан а чӀагӀдина бакъ ду ала йиш йац. Уггар шира евзуш йолу пачхьалкхаш хилла Шира Малхбален пачхьалкхаш (Иракъан, Мисаран, ХӀиндин, Цийн хӀинцалерчу лаьттанаш тӀехь).
Пачхьалкх кхоллаяларан теореш:
Пачхьалкхан коьрта функци — шайн бахархойн дахар хаздар[хьост?].
Иза дархьама пачхьалкхо цхьа могӀа Ӏалашо кхочушйо:
Йукъараллийн йукъаметтигаш кхиаре терра аьтту хилира пачхьалкхан цивилизацин дахар тодар.
Пачхьалкхо а, цуьнан политикин системехь латтаро а гойту цхьа могӀа спецификан функцеш, кхечу политикин институтех къаьстина йолу. Пачхьалкхан функцеш олу пачхьалкхан Ӏедалан суверенитетаца доьзна долу цуьнан белхан коьрта некъех. Функцех къаьсташ йу пачхьалкхан Ӏалашонаш, оцу йа вукха правительствано йа политикин режимо хаьржина йолу коьрта некъаш гойту стратеги.
Пачхьалкхан функцешна классификаци йо:
Коьрта классификаци йу пачхьалкхан функцеш чоьхьарчарний, арахьарчарний йекъайалар.
Пачхьалкхан чоьхьара функцеш:
Пачхьалкхан арахьара функцеш:
Иштта боькъу:
Дуьнено къобалйина пачхьалкхаш лору Вовшехтоьхна Къаьмнийн Кхолламан декъашхой йа иштта хилла тороерш, амма йукъа ца боьдарш. 2015 шеран декабрехь иштта пачхьалкхаш йара 194. Массо уьш, Ватикан йоцург, ВКЪКХ декъашхой йу.
Ватикан Сийлахь Ӏаьршан йозушйоцу пачхьалкх йу шен пачхьалкхачух тера политикин система а йолуш, амма терминан дуьззина маьӀница иза пачхьалкх йац. Иза къобал йина йу алсама йолчу пачхьалкхаш йозушйоцу пачхьалкх санна, амма ВКЪКХ декъашхо йац. ВКЪКХ даиман тергойийриг Сийлахь Ӏарш — дуьненайукъара бакъонехь башха суверенан персона (persona sui generis). Пачхьалкхийн дипломатин уьйранаш Ватиканца ца тосу, ткъа Сийлахь Ӏаьршаца тосу, массо а кхечу пачхьалкхийн дипломатин мисси аккредитаци йина йу Сийлахь Ӏаьршан Пачхьалкхан секретариатехь.
Къобал йина пачхьалкхаш йоцуш меттигаш йу ВКЪКХ резолюцица шайн некъ харжа бакъо йолуш, амма таро йац иза дан уьш кхечу пачхьалкхаша дӀалаьцнайолудера. Иштта меттигаш йу Палестина (нийса аьлча, цуьнан Ӏаьрбойн дакъа — Урдан хин малхбузан берд а, Газан Сектор а) а, Малхбузан Саьхьара.
Палестина пачхьалкх — хиллайолу британийн колонийн дакъа ду, № 181 ВКЪКХ Инарлан ассамблейн резолюцица[12] 1947 шарахь йозашйоцуш хила езаш йара, амма хьалхара Ӏарбойн-израилан тӀом чекхбаьлчи дӀалецира Трансурдано а, Мисаро а, ткъа 1967 шарахь дуьйна дӀалаьцна Израила. 2012 ш. 29 ноябрехь ВКЪКХ тергонан пачхьалкх лерина. Амма цхьа могӀа ВКЪКХ декъашхоша, царна йукъахь цхьайолу ВКЪКХ Кхерамазаллин Советан даиман декъашхоша а, къобал ца йо Палестинан суверенитет, лору иза Израилан дакъа. Дукхаха йолу Ӏарбойн пачхьалкхаша къобал ца йо Палестина йекъаран ВКЪКХ резолюци, цунах, Израил хила бакъо ца хилар, Палестина пачхьалкхан йукъахь хила езар шайолу британийн хиллайолу колони 1948 шеран дозанашца.
Саьхьаран Iарбойн Демократин Республика — хиллайолчу испанийн Малхбуза Саьхьара колонин декъа тӀийра шешкхайкхийна пачхьалкх. Деколонизацийаран ВКЪКХ Декларацица тӀеххьарчунна паргӀато яла езаш йара, амма 1976 шарахь иза дӀалецира Мароккос а, Мавританис а (1979 шарахь — шаериг дӀалаьцна, ткъа тӀехьа аннекси йина Мароккос). ВКЪКХ кехаташ тӀехь Малхбуза Саьхьара хӀинца «деколонизаци йанза латта» лору. Цу тӀе дукхах йолчу пачхьалкхаш С1ДР йозаш ца хилар йа иза Мароккон хилар къобал а ца до.
Цул сов, алсама пачхьалкхаша ВКЪКХ декъашхоша къобал йина Республика Косово йу, амма ца йина Российс а, Цийс а — ВКЪКХ Кхерамазаллин Советан даиман декъашхоша, тӀаккха таро йац Косово оцу кхолламна йукъаягӀийта, хӀетте а аьтту бу тергонан пачхьалкхан статус хила (2015 шарахь ЮНЕСКОн йукъаягӀарна кхаж тасар аьттонза чекхделира республикин[13]).
Кхин а пачхьалкхаш йу алсамо къобалйаран доза хӀоттийна кхечу пачхьалкхийн агӀора, амма уьш хиларан факт дӀа ца йолу (Тайвань, Абхази, Къилба ХIирийчоь, Приднестровье, Къилбаседа Кипр, Ломан Карабах, Сомалиленд, Донецкан Халкъан Республика, Луганскан Халкъан Республика), хӀунда аьлчи дукхах йолчу пачхьалкх билгалйаккхарехь дуьненайукъара къобалйар дан а дац.
Статус а, категори а цхьайолчу меттагийн а, кхолламийн а цхьана кепара билгал ца йаккхало. Иштта Евробарт, Российн а, Белоруссин а Союзан пачхьалкх пачхьалкхан а, конфедерацин а билгалонаш йолуш йу, амма дуьненайукъара бакъонехь пачхьалкх йа дуьненайукъара бакъонан субъект лоруш йац.
ЧӀогӀа кӀезиг латта йа бахархойн барам болу пачхьалкхех кегийра пачхьалкхаш (мехкаш) олу.
Кхечу пачхьалкхел шортта сов ницкъ болу, онда йозашйоцу пачхьалкхех, ткъа иштта (хӀинца дуьнен тӀехь) ВКЪКХ Кхерамазаллин Советан даиман болу декъашхойх йаккхий пачхьалкхаш олу. Кхечу пачхьалкхел дуккха а сов онда пачхьалкхех тIех йаккхий пачхьалкхаш олу. Ядеран герз долу пачхьалкхех ядеран йоккха пачхьалкх («ядеран клубан») декъашхо олу. Кхечу пачхьалкхех ца йозуш космосе яха (шайн ракета-арайоккхучаьрца спутник арайаккха) аьтту болу пачхьалкхех олу космосмосан йаккхий пачхьалкхаш («космосан клубан» декъашхой) (оцу йукъахь йу пилоташ космосе бахийта йозашйоцу таро йолу пачхьалкхаш, царех наггахь космосан тӀех йаккхий пачхьалкхаш олу).
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.