From Wikipedia, the free encyclopedia
Бакъо — адамийн йукъараллехь, нехан лелар нисдан а, цера йукъаметтиг ларъян а, раж а хилита. Цаьрга вовшен ницкъ ца байта хьажар а, кхин дӀа а, цу тайпа Ӏалашонаш а йoлуш кхоьллан массо а бакъонаш. Цаьра гойту мегар дерг а, мегар доцург а. Уьш ларъян массо стеган тӀе диллан декxар ду.
Бакъонан ницкъ бакъбан, цуьнга мелла алсаме неха ларам а хилита оьшу:
Бакъо моралех а, гӀиллакхеx а, кхаьсташ йу. ХӀунда аьлча бакъонах хоьттан таӀзар ду(цхьаъ вукханах къастаза дозуш ду). Нагахь санна и бакъо тергал ца яхь Ӏаткъам бан.
Ткъа иштта бакъо къаьсташ йу этиках. Бакъона коьрта Ӏалашо йу — дӀа хоттийнa бакъонашан а, Ӏедал- низамийн а, маьӀан хӀу ду билгалдаккха. Цуьнан коьрта Ӏалашо йац: хӀуман моралех хьакхалуш агӀона мах хада бар: нийса ду йа харц ду аьлла. Цундела гӀиллакяхь а, этикехь а, ца догӀуш долу хӀумнаш бакъоно магийна дац аьлла билгалдаькхна ца хила тарло.
Кеп:Пачхьалкхан а, бакъона а теори
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.