континент From Wikipedia, the free encyclopedia
Антарктида[1] (желт. ἀνταρκτικός — Арктикан дуьхьало) — континент, лаьтта Дуьненан уггаре къилбехахь. Антарктидин йукъ гергга йу Къилба полюсан. Бердашца ду Атлантикин, ХӀиндин, Тийна Ӏапказаш. 2000 шарахь дуьйна Антарктидин бердашкара 60° къ. ш. къилбехьара хишшах, Дуьненайукъара гидрографин кхолламан сацамца олу Къилба Ӏапказ[2][3].
Антарктида | |
---|---|
Мохк | 14 107 000 км² |
Бахархой | гуттаренна беха бахархой бац, полюсийн станцийн белхалой: аьхка 4000 стаг гергга, Ӏай 1000 стаг гергга. стаг |
Йукъахь йу | 0 пачхьалкхаш |
Мотт | дац |
Интернет-доменаш | .aq |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Континентан майда йу 14 107 000 км² (царех шельфан шалаьмнаш — 930 000 км², гӀайренаш — 75 500 км²). Къилбаседехьара къилбехьа кхаччалц 3000 км гергга йеха йу, ткъа малхбузехьара малхбалехьа — 4500 км[4]. Антарктидин локхаллин йуккъера барам массо а континентел боккха бу. Шелонан полюс йоцург, Антарктидехь йу хӀаваан тӀуналлин дустаран уггаре лахара барам болу, уггаре чӀогӀа а, дукха лаьтта а мох болу, уггаре жигара мелхан радиаци йолу меттигаш[5].
Антарктида кхин а олу Антарктида материках а, гуонахьара гӀайренех а лаьтта дуьненан декъах.
«Антарктида» цӀе йу желтойн дешан ἀνταρκτική роман йина верси — зударийн тайпа ἀνταρκτικός дешах[6], цуьнан маьӀна ду «Арктикин дуьхьала», «къилбаседин дуьхьала»[7].
Цхь «антарктикин регион» йийцина шен «Метеорологика» жайнахь Аристотела (Вайн эрал 350 шо гергга хьалха)[8]. II бӀешеран ширажелтойн географо а, картографо а, математико а Тиран Марина и цӀе лелийна вайн деношка ца кхаьчна дуьненан картин тӀехь. Руман йаздархоша Гай Юлий Гигина а, Апулейс а (I—II бӀешераш) лелийна роман йина желтойн цӀе Pólus antarcticus къилба полюс билгалйоккхуш[9][10], цунах схьадаьлла ширафранцузийн pole antartike (хӀинца йаздо — pôle antarctique), дӀайаздина 1270 шарахь, цуо шен рогӀехь даьккхина, йуккъераингалсан pol antartik Чосер Джефринан 1391 шеран трактатехь (тахана йаздо — Antarctic Pole)[11].
ХӀинцалера географин коннотацеш схьаэцале, «Антарктида» термин а, цунах схьайевлла терминаш а лелайора «къилбаседин дуьхьалара меттигаш билгалйохуш. Масала, XVI бӀешарахь Бразилехь йиллина дукха ца лаьттина французийн колони, цунах олура «Антарктикин Франци».
1820 шарахь дуьненна гуотесна антарктикин экспедицехь уггаре хьалха антарктикин шельфан шалаьмнашка кхаьчна оьрсийн хӀордахой Ф. Ф. Беллинсгаузена а, М. П. Лазаревс а, карийначу лаьттана цӀе йелира «шен материк». «Антарктикин материком» цунна цӀе тиллира 1840 шарахь америкин хӀордан эпсаро а, талламхочо а Уилкс Чарлза, иза куьйгалла деш вара 1830-гӀа шерашкахь АЦШ ТӀХӀН картографин департаментанна. Дуьххьара йерриг материк гайтира 1886 шарахь ингалсан Ӏапказографан Мэррей Джонан картин тӀехь, цӀе йазйинера «Хила тарло Антарктикин континент»[12].
ХӀинцалера географин коннотацеш схьаэцале, «Антарктида» термин а, цунах схьайевлла терминаш а лелайора «къилбаседин дуьхьалара меттигаш билгалйохуш. Масала, XVI бӀешарахь Бразилехь йиллина дукха ца лаьттина французийн колони, цунах олура «Антарктикин Франци».
1820 шарахь дуьненна гуотесна антарктикин экспедицехь уггаре хьалха антарктикин шельфан шалаьмнашка кхаьчна оьрсийн хӀордахой Ф. Ф. Беллинсгаузена а, М. П. Лазаревс а, карийначу лаьттана цӀе йелира «шен материк». «Антарктикин материком» цунна цӀе тиллира 1840 шарахь америкин хӀордан эпсаро а, талламхочо а Уилкс Чарлза, иза куьйгалла деш вара 1830-гӀа шерашкахь АЦШ ТӀХӀН картографин департаментанна. Дуьххьара йерриг материк гайтира 1886 шарахь ингалсан Ӏапказографан Мэррей Джонан картин тӀехь, цӀе йазйинера «Хила тарло Антарктикин континент»[13].
Дуьххьара континентан официалан «Антарктида» цӀе 1890-гӀа шерашкахь лелор тӀейаздина шотландин картографан Бартоломью Джон Джорджана[14].
Антарктида дӀайиллира 1820 шеран 16 (28) январехь куьйгаллехь Беллинсгаузен Фаддей а, Лазарев Михаил а волу оьрсийн экспедицис, уьш шлюп-кеманаш «Малхбале» а, «Машаре» а аьттехьа бахара шельфан шаломан 69°21′ къ. ш. 2°14′ м. д.HGЯO меттигехь (хӀинцалера Беллинсгаузенан шельфан шаломан кӀошт). Цул хьалха къилба материк (лат. Terra Australis) хилар чӀагӀдора гипотезашца, дукхаха иза дӀатухура Къилба Америкех (масала, 1513 шарахь Пири-рейса хӀоттийна картин тӀехь) а, Австралех а.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.