Remove ads

ОвхӀан, АфгӀанистан (пушту افغانستان, дари افغانستان, Afġānestān), йуьззина официалан цӀе — Исламан Iамират ОвхӀан[2] (пушту د افغانستان اسلامي جمهوریت, дари جمهوری اسلامی افغانستان) — Йуккъера Малхбалера пачхьалкх йу, пачхьалкхан хӀордан йист йац. ОвхӀан къен пачхьалкхех цхьаъ йу. 1978 шарахь дуьйна чуьра тӀом бу дӀабоьдуш. Бахархой, 2013 шеран дӀайазбаран жамӀашца, 31 миллион стаг ву, майда — 652 864 км².

Боца хаамаш ОвхӀан, Маьрша йаьлла терахьаш ...
ОвхӀан
пушту د افغانستان اسلامي جمهوریت
(Da Afġānistān Islāmī Jomhoriyat)
дари جمهوری اسلامی افغانستان
(Jomhuri-ye Eslāmi-ye Afġānestān)
Thumb Thumb
Байракх ХӀост
ОвхӀанан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Thumb
Маьрша йаьлла терахьаш 19 август 1919 (Йоккха Британех)
Официалан меттанаш пушту, дари[1]
Коьрта гӀала Къабул
Йаккхий гӀаланаш Къабул
Урхаллин тайпа Исламан республика[2]
Президент
Вице-президент
Вице-президент
Хьамид Карзай
Мохьаммад Фахим
Карим Халили
Пачхь. дин ислам суннизм
Латта
  Шадерг 647 500 км² (41-гӀа дуьненахь)
  % хина тӀехле кӀезиг.
Бахархой
  Мах хадор 31 108 077[3][4] стаг
ДЧС
  Шадерг (2008) 21,39 млрд[5] долл. (96-гӀа)
  ХӀораннан а сина 760[5] долл.
АДКИ (2013) 0,374 (лахара; 175-гӀа меттиг)
Ахча афгани (AFN, код 971)
Интернет-домен .af
Код ISO AF
Код МОК AFG
Телефонан код +93
Сахьтан аса +4:30
Автомобилийн некъаш аьтту агӀора
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш
ДӀачӀагӀа

Коьрта гӀала — Къабул. Пачхьалкхан меттанаш — пушту а, дари а.

Унитаран пачхьалкх, президентан республика. 2014 шеран 29 сентябряхь президентан дарж дӀалаьцна Ахьмадзай Ашраф ГӀанис.

Доза ду Иранца малхбузехь, Пакистанца — къилбехь а, малхбалехь а, Туркменица, Узбекистанца, Таджикистанца — къилбаседехь, Цийца — уггар а малхбален декъехь, ХӀиндица (нийса аьлчи ХӀиндис, Цийс, Пакистана къуьйсуш йолу Джамму а, Кашмир а) малхбалехь.

ОвхӀан йу Малхбалений, Малхбузений йуккъахь, иза йу шира йохк-эцаран а, миграцин а йукъ. Къилба а, Йуккъера а Азин йуккъехь лаьтта цхьана агӀора, Гергара Малхбален вукха агӀора, оцуо аьтту боккха экономикин а, политикин а, оьздангаллин а регионан пачхьалкхашна йукъара гергарлонаш лелоран коьрта роль ловзо.

Remove ads

Этимологи

ЦӀе схьайалар

«АфхӀан» гӀажарий дош ду, гочдича «вистцахилар» йа «дистцахилар» хуьлу; тюркийн меттанашкахь Ауган (Афган) гочдо «дӀавахана», «къайлаваьлла» олий. Иза йоккхуш йолу арахьара къоман цӀе йу. Иштта цӀераш тохкуш хилла шайн лулара къаьмнашна хьалха, царна шайн мотт ца хуу дера. Иза иштта шолгӀа цӀе а йу пуштунийн — пачхьаьлкхера уггар а йоккха этнически тобан. Боккъал а ОвхӀанийн мохк тӀекхача хала бу, цхьацца бахьнашца лаьмнашка дӀабахна йа дӀакхелхина долчу цигара къаьмнашна аьтту болуш а бу, иза бахьанехь тайп-тайпанчу Йуккъерачу Азин даккхархойх шайн мохк паргӀата а битина.

«ОвхӀанаш» боху термин къоман цӀе санна лелош йу, лаххара а, исламан мур болабаллалц. Цхьа могӀа Ӏилманчаша дийцарехь, исторехь «овхӀанийн» боху дош хаало дуьххьара 982 шарахь; оцу хенахь и цӀе йаккхара малхбуза дозанехь ХӀинд хица дехачу овхӀанийн тайп-тайпана къаьмнийн[6].

1333 шарахь Къабуле ваханчу мароккийн некъахочо Ибн Баттута йаздо:

« «Тхо кхирстира Къабулехула, хьалха йоккха хилла йолчу, оцу меттехь хӀинца деха гӀажарийн тайпа, шайха овхӀанхой олуш долу».
Nancy Hatch Dupree - The Story of Kabul (Mongols)
»

«Иранике энциклопедехь»[7] дуьйцу: Этнологин агӀора, гӀажарийн маттахь «овхӀан» боху терминах пуштунаш олу. И термин йаьржаш йу тӀехь-тӀехьа ОвхӀанан арахьа, хӀунда аьлчи пуштунийн тайпанийн уьйр тахана уггар а лараме йу оцу пачхьалкхехь, шен барамца а, политикин агӀо а.

Цул сов, цуо билгалдоккху: И этнически тоба «Avagānā» цӀарца дуьххьара хьахийна хӀиндера астронома Varāha Mihira VI-гӀа бӀешо долалуш бинчу «Brihat-samhita» балхехь.

И хаам тӀечӀагӀбеш бу пуштунийн литературехь, масала, XVII-гӀа бӀешеран пуштунийн маттахь йаздеш хиллачу назманчин Хаттак Хушаль-ханан белхашкахь[8]:

« Ӏарбашна хаа иза, иза хаа румахошна: овхӀанаш пуштунаш бу, пуштунаш овхӀанаш бу! »

«ОвхӀан» термин хьахийна шен дагалецамашкахь Бабур императора XVI бӀешарахь: оцу хенахь цу дашо билгалдохура Къабулан къилбехьа долу латтанаш, цигахь бехаш дукхаха берш пуштунаш а бу[9].

Иштта, 1808 шарахь ОвхӀанехь британийн дипломатийн мисси коьртехь хиллачу сэр Элфинстон Монстюарта, шен жайнехь «Account of the Kingdom of Cabul and its Dependencies in Persia and India» йаздора, шеш овхӀанаш теша Бану Исраилан тайпанах хиларх, шайн йуьхьиг Юсупан кхоалгӀачу кӀантах ОвхӀанах йолайаларх. Циггахь Эльфинстона йаздо и теори бакъ ца хилар а, цуьнан делил ца хилар а.

XIX бӀешарахь и цӀе лелайора деккъа пуштунийн латтанаша, ткъа оццу хенахь пачхьалкх йевзаш йара Къабулан пачхьалкх цӀарах[10]. Пачхьалкхан кхечу дакъошкахь историн цхьацца муьрашкахь йара йозуш йоцу пачхьалкхаш, масала, ХVIII бӀешо чекхдолуш XIX бӀешо долалуш хилла йолу Балхе Пачхьалкх[11].

ТӀаьххьара, пачхьалкхан Ӏедал шордина, цхьана карадерзийна даьлчи, овхӀанийн куьйгалхоша тӀеийцира «ОвхӀанистан» шайн пачхьалкхана. «ОвхӀанистан» шайолу пачхьалкхан цӀе санна хьахийна 1857 шарахь Энгельс Фридриха[12], цунах официальни цӀе хилира, 1919 шарахь Йоккхабританех паргӀатйаьллачул тӀехьа пачхьалкх дуьненан йукъараллаша къобалйича, и цӀе чӀагӀйира 1923 шеран ОвхӀанийн Конституци тӀехь[13].

Remove ads

Географи

Thumb
ОвхӀанан рельеф

Рельеф

ОвхӀан лаьтта ГӀажарийн лам-акъарин къилбаседа-малхбален декъа тӀехь. Алсама долу мехкан дакъа лаьмнаш ду, царна йукъахь йолу атагӀаш а йу[14].

Маьхкан къилбехьа йу Бактрийн аре, оцуна тӀехь лаьтта гӀум-сазлаьттах йолу гӀум-аре, иза Кхаракумийн чеккхе йу. Къилбехьа а, малхбалехьа цунна гуо бина лаьмнийн системаш: Паропамиз, шин рогӀах лаьтташ йолу — Сафедкох (=КӀайн лаьмнаш), Сиахкох (=Ӏаьржа лаьмнаш), кхин а Гиндукуш.

Къилбехьа ду ЙуккъераовхӀан лаьмнаш а, Газни-Кандагаран чӀаплам а. Малхбузехь, Иранан дозанца, лаьтта акъари Наомид (=бӀарздаларан гӀум-аре) а, Систан кӀаг а. Йисттера къилбе дӀалоцу Гауди-Зира кӀагго, сазлаьттан-тӀоьнан гӀум-арено Дашти-Маргос (=валаран гӀум-аре), Гармсер а, Регистан а гӀум-аренаш.

Гиндукушан малхбузехьа лаьтта 3000-4000 м локхалла йолу лам-акъари Хазараджат. Пакистанан дозанца бу пачхьалкхан уггар лекха лам Ношак, шен локхалла 7492 м а йолуш болу.

Климат

ОвхӀанехь субтропикийн континентан климат йу, Ӏа шила ду, ткъа аьхке екъий, йовхий йу. Температуран а, йочанийн а йуккъера барам хийцало локхалле хьаьжна: Ӏай +8 тӀиера −20 °C тӀе а, кхин лахара а, аьхка +32 тӀиера 0 °C тӀе кхаччалц. ГӀум аренашкахь 40-50 мм йочанаш хуьлу шарахь, ткъа чӀаплаьмнашкахь — 200—250 мм, Гиндукушан мох кхета басешкахь 400—600 мм, ОвхӀанан къилба-малхбалехь, ХӀиндин океанан тӀиера муссонаш кхочучахь, 800 мм гергга. Максимум йочанаш хуьлу Ӏай а, бӀаьста а. 3,000-5,000 м лакхахь лайн чкъор лаьтта 6-8 баттахь, кхин а лакхахь — шалаьмнаш ду.

Thumb
Кунар

Геологин хӀоттам

ОвхӀан дукхахберг Альпийн-Гималайн лелачу асан тӀехь бу, Туранан платформан къилбан дозанехь йолу Бактрийн аре йоцург.

Охьадоьду хиш а, Ӏаьмнаш а

Охьадоьду хиш, ХӀинд хих кхеташ долу Къабул доцург, хӀордах ца кхета. Уггар доккханиг царех мехкан къилба дозанца охьадоьду Амударья ду, хи дуьллуш дӀасадоккхуш Герируд а, Гильменд а ду. Уьш Фарахруд, Хашруд, Харутруд хишца кхета Систан кӀаг чу, цу чохь кхуллу Хамун цӀе йолу цхьа тоба теза хин Ӏаьмнаш. Охьадоьду хиш схьадовлу шалаьмнашкара. Аренан хиш бӀаьста деста, ткъа аьхка лекъа. Ломан хишца алссама гидроэнергоницкъ бу. Дукхаха йолу кӀошташкахь шайн хьашташна а, латтан хи дилла а лаьттан бухара хиш бен дац.

Пайден маьӀданаш

ОхӀанан лаьттан кийра пайден маьӀданех буьззина бу, амма уьш доху меттигаш тайар ледара ду, тӀекхача халчу ломан кӀошташкахь хиларна.

ТӀулган кӀора а, мехала металлаш а, бериллий маьӀда а, саьнгал а, туьха а, шагатӀулг а, лазурит а, барит а, целестин а ду лаьттан кийрахь. Йолуш йу маьхкдаьтта, Ӏаламан газ, гипс доллу меттигаш. Теллана цӀестан, эчиган, марганцан маьӀданаш.

Къабул уллора Айнак олу цӀаста доллу меттиг лору Евразехь уггар а йоккха (тӀаьхьалона 240 млн т. гергга маьӀда ду шеца 2,3 % цӀаста а долуш (мах хадийна 2006 ш.), Къабулана гена йоцуш йу эчиган маьӀда доллу меттиг Хьаджигек (тӀаьхьалона 428 млн т. гергга маьӀда ду шеца 62-68 % эчиг а долуш), иза лору уггар а йоккху къилбаазин регионехь[15].

Remove ads

Истори

Thumb
Дуккха а бӀешерашкахь ОвхӀан Персин империн малхбален дакъа хилла. Оцу хенахь дуьйна иза гӀажарийн оьздангаллин декъахь йу

ОвхӀан шира историн пачхьалкх йу. Дуьххьара нах ОвхӀан махка охьахевшина, лаххара а 5000 шо хьалха. Дуьненахь хьалхачарех йартийн йукъараллаш оцу регионехь йара[16][17][тешам боцу хьост?].

Ӏилманчашна хетарехь, гӀажараш лелош долу цӀеран дин (зороастризм), кхолладелла ОвхӀан махкахь 1800—800 шерашкахь вайн эрал хьалха, ткъа Заратуштра ваха а ваьхна, вала а вела Балхахь[18][19]. Ширачу малхбалерчу гӀажарийн меттанашкахь, масала, авестийн маттахь, къамел дора оцу регионехь зороастризм тоеллачу хенахь. VI бӀешерашна йуккъахь вайн эрал хьалха, Ахеменидаш йукъбалийра ОвхӀан шайн Персин империна.

Ахеменидийн импери 330 шарахь вайн эрал хьалха йуьйжира Македонийн Искандаран ницкъаца, ткъа ОвхӀан цуьнан империн йукъа йагӀара. Македонийн Искандаран импери йоьханчул тӀехьа ОвхӀан оцу регионехь вайн эрал хьаха 305 шо кхаччалц доладеш хиллаболу Селевкидийн пачхьалкъан дакъа хилира. Буддизм дин коьрте деара оцу регионехь.

Thumb
Грекийн-бактрийн пачхьалкх шен уггар а таеллачу муьрехь

Цул тӀехьа регион Грекийн-бактрийн пачхьалкхан дакъа хилира. ХӀиндийн-грекаш бохийра скифаш, ОвхӀан махкара лаьхкира вайн эрал хьалха II-гӀа бӀешераш чекхдовлуш. Грекийн-бактрийн пачхьалкх лаьттира вайн эрал хьалха 125 ш. кхаччалц[хьост?].

I бӀешарахь Парфянийн империино караберзийра ОвхӀан. II бӀешерашна йуккъахь а, чекхдовлуш а Кушанийн импери центр ОвхӀан махкахь а йолуш, буддийн оьздангаллин тӀехоьттира. Кушанаш бохийра Сасанидаш III бӀешарахь[20]. Цхьаболчу куьйгалхоша шайх кушанаш олура (ткъа махаъара, Сасанидаш куьйгалла дира, лаххара а, оцу регионан декъан[21]). ТӀаьххьара а, кушанаш халлакбира гуннаша, церан меттиг, шайн рогӀехь, дӀалецира эфталиташ, V бӀешеран хьалхпарчу декъехь оцу регионехь шайн пачхьалкх коьллина болчу[22]. Эфталиташ бохийра Тюркийн каганатан эскарша 557 шарахь. Амма, эфталиташан а, кушанийн а тӀехьешна аьтту белира жима пачхьалкх Къабулистан кхолла, тӀехьуо Саффаридийн бусулба куьйгалхоша схьабаьккхира мохк, цул тӀехьа Саманидийн а, Газневидийн пачхьалкхашна йукъах хилира иза.

Оцу муьрехь ОвхӀан мехкан йуккъехь Бамианийн тогӀена чохь кхоьллира буддийн килсийн комплексан йукъайогӀу Буддин Бамианийн жӀараш, церан хан 6 бӀешо йу, уьш хӀиндийн исбаьхьалла Гандхара йукъара йу, ткъа бахархоша буьйцура Гандхарийн (мотт), иза хӀиндийн меттан Деванагарин цхьа кеп йу.

Исламан а, монголийн а мур

Thumb
ОвхӀан 750 шарахь — Ӏаьрбийн Халифатан малхбален дакъа.

бӀешарахь малхбуза ОвхӀан Ӏаьрбаша схьабаьккхана, чу шайн оьздангалла а, ислам дин а деана. Амма ислам чагӀ бӀешарахь бен ца делла, регион Саманидийн импери йукъа йагӀча[23].

бӀешарахь махка Йуккъера Азера баьхкира прототюркаш (тюркийн дай). ОвхӀан махкахь кхоллаелира Газневидийн импери (коьрта шахьар Газни), шена йукъахь Иранан, Йуккъера Азин, ХӀиндин дакъош долуш. Тодала дуьйлира Ӏилма а, оьздангалла а[23].

XII бӀешарахь чӀагӀъелира, шайн Ӏедал кӀелахь ОвхӀан а, лулара лаьттанаш а вовшахтоьхна, меттигера овхӀанан династи Гуридаш. бӀешераш долалуш Гуридийн пачхьалкх къарйира Хорезмо.

XIII бӀешарахь регионан тӀелетира Чингисханан монголийн бӀо[23]. ОвхӀан йукъабахара Монголийн империн, оцу махкахь лаьттира Куртийн династин монголийн кӀелара пачхьалкх. ОвхӀан Хулагуидийн пачхьалкх а, Чагатайн улус а олучу монголийн шина улусан дозанехь бара. XIV бӀешеран шолгӀа декъехь ОвхӀан АстагӀа Тимаран империн йукъахь йара, ткъа иза велча кхузахь куьйгаллехь бара цуьнан тӀаьхьенаш, царех гӀараваьлларг моголийн Сийлахь Импери кхоьллина волу Къабулан эмир Бабур ву.

XVI — бӀешерашкахь ОвхӀан къийсира Сефевидийн Ирано а, ХӀиндера моголийн Сийлахь Империно а.

Хотаки династи

XVIII бӀешарахь ОвхӀанан мохк туркойн Сефевидийн Персийн импери йукъахь хилла. Перси гӀелъелча, масех гӀаттам а бича овхӀанийн кхолла аьтту белира цхьа могӀа элийн мехкаш — Кандагарийн а, Гератийн а. Кандагарийн элийн мохк бара Мир Вайсас кхоьллина пуштунийн Хотаки династин Ӏедал кӀелахь. шарахь овхӀанийн эскарш тӀелетира Сефевидана, кхин тӀе церан коьрта шахьар Исфахан схьа а йаьккхира, амма тӀаьхьа иэшам хилира Надир-шахера.

Надир-шаха шен Ӏедал даржийра ОвхӀан махкахь, амма цуьнан Ӏедал гӀийла хилира, иза веллачул тӀаьхьа шарахь Сефевидийн импери йуьйхира.

Дурранийн пачхьалкх

Thumb
Дурранийн импери ша тоеллачу хенахь

Дурранийн импери коьллина Кандагарехь 1747 шарахь тӀеман баьччо Ахьмад-шаха Дурранис. Иза йара дуьххьарлера шаболу овхӀанийн мехкаш вовшех тоьхна коьллина овхӀанийн пачхьалкх. Амма цул тӀаьха цуьнан болх дӀакхоьхьучара импери йохийна масех пачхьалкх кхоьллира — Пешаварийн, Къабулан, Кандагаран, Гератан.

Керла истори

Thumb
ОвхӀан XIX бӀешераш чекхдовлуш.

Ингалсийн-овхӀанийн тӀемаш

Шен Евразин йуккъахь стратегин латтар бахьанехь, ОвхӀан махках къийсаман арие хуьлу оцу хенан шина онда пачхьалкхашна Британийн, Российн имперешна йукъахь. Оцу къийсамна цӀе йелира «Доккха ловзар». Ӏалашо ОвхӀан мехкан доладар йолуш, Британийн империно цхьа могӀа тӀемаш бира, амма, тӀаьххьара а, 1919 шеран 19 августехь ОвхӀан бозуш цахиларх дери дан дийзира.

ОвхӀанийн паччахьалла

Thumb
Аманулла паччахь Берлине зерат дар. Оцу зерато долийра ОвхӀанан а, Германан а стратегин накъосталла

Дипломатин гергарло ду Российн Федерацийца (гергарло хоьттина РСФСРца 1919 шарахь — ОвхӀан пачхьаллла йара РСФСР йозаш цахиларах дери дина хьалхара пачхьалкх).

Хьалхара республика а, Даудан диктатура а

1973 шеран 17 июлехь ОвхӀанехь нуьцкъала Ӏедал хийцира. Монархи дӀайаьккхира, пачхьалкхехь республика кхайкхийра. И мур исторехь цхьанаэшшара бацара. Президент Мухьаммад Дауд гӀиртара реформашца пачхьалкх тойан, амма иза цуьнга кхочуш ца дан делира.

Апрелан (Сауран) революци

1978 шеран апрелехь махкахь йолаелира революци. Президент Мухьаммад Дауд шен доьзалца вийра, ткъа Ӏедале еара коммунистийн ОвхӀанан Халкъан-демократийн парти (ОХДП).

ОвхӀанийн Демократин Республика. Чоьхьара тӀом болабалар

Thumb
Аминан гӀала советийн КТУн леррина эскар тӀелеттачул тӀехьа

1978 шеран апрелехь, Саурин (Апрелан) революцино кхайкхина ОвхӀанийн Демократин Республика. Пачхьалкхан корта хоьттира Нур Мухьаммад Тараки, ткъа Революцин кхеташонан председатель — Хьафизулла Амин. Правительствос болийра хийцамаш, масала, секуляризаци, оцуо чӀогӀа карзаха ехира овхӀанин йукъараллаш. Пачхьалкхехь болабелира чоьхьара тӀом. Куьйгаллера ОХДП парти 1967 шарахь дуьйна йекъалора шина фракцина — Халкъ а, Парчам а. Нур Мухьаммад Тараки, Халкъ фракцин корта, къайлаха вийра шайн фракцин декъашхочо, иза, Амин Хьафизулла пачхьалкхан корта хоьттира. ССРС Амин тешаме стаг цахийтира, мичча хенахь а Малхбузехьа верза там болуш вара иза.

Цуьндела советийн куьйгалхоша барт бира Амин дӀаваккха, коммунистийн правительство мостагӀашца ларайалийта ОвхӀане эскар а дагӀийтара. ЖамӀ, ССРС йукъагӀоьртира, хӀинца боьдуш болчу, чоьхьарчу тӀаман. АЦШ официалан позици: ССРС ОвхӀанан тӀе а летта иза дӀалаьцна. Президентан гӀалин советийн леррина эскар тӀелеташ Амин вийначул тӀехьа, Революцин кхеташонан председателан дарж дӀалецира Парчам фракцин коьрто Кармаль Бабрака.

Советийн эскаршца тӀом буора овхӀанийн муджахидаш. Цхьана хенахь царна гӀо дора финансашца а, герзашца а (дӀасалелон ракетийн комплекс «Стингер») АЦШ, Цийс, кхин а цхьа могӀа пачхьалкхаш а. Цасоццуш йолчу доьхьалоно ССРС куьйгалхошга ОвхӀанера эскарш арадаха дийзийтара.

1986 шеран 4 майхь ОХДП ЦК 18-гӀа пленуман бертаца Б. Кармаль мукъаваьккхира «могашалла бахьанехь». ДӀаваккхар бахьана Ӏедале Горбачев веана ССРС хилла хийцамаш бара. ОвхӀанийн Демократийн Республикин керла Революцин кхеташонан председатель 1 октябрехь хоьттира Наджибулла Мухьаммад. Цхьа бутт баьлчи, 30 ноябрехь, керла Лойя джирга конституцийца хаьржира иза пачхьалкхан керла президент. Саурийн революцино дӀадаьккхина дарж мета хоттийра. Советийн эскарш арадехира пачхьалкхера 1989 шарахь. Советийн эскарш арадаьхначул тӀехьа (1989) а Наджибулла Ӏедалехь висира кхин а кхаа шарахь.

ТӀалибаш Ӏедалехь

Thumb
ТӀалибанан байракх
Thumb
ТӀалибаш Гератехь, 2001 шеран июль

1989 шарахь Советийн эскарш арадаьхчи чоьхьара тӀом ца сецира, ткъа кхин а чӀагӀбелира. Пачхьалкхан къилбаседехь баьччийн тобано кхоьллира Къилбаседа альянс. 1992 шеран апрелехь гӀевттанаш Къабул чубевлира, ОвхӀанийн Демократийн Республика йуьйжира. Ӏедал къуьсуш Ахьмад Шах МасӀудний, Гульбеддин Хекматиярний йукъахь дов лаьттачу хенахь, коьрта шахьар Къабул чу йаккхий тоьпаш йиттира шина агӀоно, дукхаха йолу оьздангаллин а, историн а хӀолламаш халлак бира[24]. Оцу хенахь пачхьалкхан къибехь чӀагӀлуш йара «ТӀалибан». Дукхаха болу тӀалибаш пуштунийн къомах бара, шеш овхӀан халкъан гӀуллакх дан хитина хилар кхайкхийра цара. Церан Ӏалашо йара ОвхӀанехь ШариӀатан низам тӀехь исламан пачхьалкх кхоллар.

1996 шо кхочуш уьш доладеш бара мехкан алсама долчу декъан, сентябрехь Къабул схьайаьккхинчул тӀаьхьа Наджибулла Мухьаммад вийра, ткъа Къилбаседа альянс аратеттира генарчу дозанерчу къилбаседа провинцешка. ТӀалибийн Ӏедал керста динан тоха са долуш а дацара (иштта, масала, дуьненан йукъараллаш гӀовгӀайешшехь, царна йукъахь цхьайолу бусулба нах беха пачхьалкхаш а, тӀалибаша лелхийтара архитектурин хӀолламаш — Буддин Бамианийн хӀолламаш, уьш керстанийн жӀараш йу аьлла), къиза а дара — масала, къйн куьйгаш дӀадахара, зударшна а, зудаберашна а ишколе лела ца магадора, уллохь верас воцуш урам тӀехь лела а ца магадора иштта кхин дӀа а[25]

1980-гӀа шераш чекхдовлуш[26] ОвхӀанехь йолайо йаккхийн масштабашца наркотикаш кхио. Уггар дукха опиаташ — 4600 тонн — гулйира 1999 шарахь, тӀалибаш Ӏедалехь болуш[27]. 2000 шарахь йокъал йолуш гулйира 3275 тонн опиуман петӀамат[28]. Оцу шарахь тӀалибаш сацадайтира опиуман петӀамат кхиор шаьш доладечу латан тӀехь, жамӀаш — 2001 шарахь ОвхӀанехь кхиийна уггар а кӀезга опиуман петӀамат: 185 тонн опиум, кхин тӀе цунах дукхахъерг гулйина Къилбаседан альянсо доладечу Бадахшан провинцехь[29].

2001 шеран 11 сентябрехь кхерамаллин акташ хиллачул тӀехьа дуьненан террористан бен Ладен Ӏусаман карийра тӀалибий ОвхӀанехь лачкъа меттиг. И бахьана а хоьттира АЦШ ОвхӀанан тӀелата. Амма, журналисто Пепе Эскобара дийцарехь, коьрта бахьана дара тӀалибаш Кеп:Гоч янза 3 (ТОПХӀ, Туркменистан — ОвхӀан — Пакистан — ХӀинди) йилла пурба ца далар АЦШ бохучу мехаца. АЦШ ОвхӀанан тӀелатаран план йолуш йара 11 сентябрь кхача ах шо хьалха а[30].

ОвхӀан махкара 2001 шарера тӀом

2002 шо долалуш йинчу «Йохонйоцу паргӀато» цӀе йолчу операцино тӀалибийн Ӏедал дохийра. Амма, «ТӀалибан» орамца йоха ца йелира. Коьрта ницкъаш дӀабахара Вазиристанан ломан кӀошташка, кхин берш паризанийн тӀом бан буьйлабелира ОвхӀан махкахь а, Пакистанехь а.

Исламан Республика ОвхӀан

ТӀалибийн Ӏедал доьжначул тӀехьа кхайкхира хӀинцалера Исламан Республика ОвхӀан. 2001 шеран декабрехь Боннан конференцехь овхӀанийн политикахо Карзай Хьамид хоттийра Ӏедал хотталц йолчу ОвхӀанийн администрацийн коьрте. 2002 шеран июнехь Лойя джиргас (ОвхӀанан массо а къаьмнийн, тайпанийн, тобанийн тхьамданийн Лакхара кхеташо) хаьржира иза цхьана хана мехкан президент. 2004 шарахь тӀеийцира керла Конституци, дӀабаьхьира дуьххьарлера президентан харжамаш, цигахь туьйлира Карзай Хьамид.

2009 шеран 20 августехь махкахь чекхбевлира рогӀера харжамаш, толам йуха а баьккхира Карзай Хьамида[31].

Тахана мехкан коьртехь ву Гани Ашраф (2014 ш. дуьйна).

Мухха делахь а, махкахь хьалха санна дӀабоьдуш бу чоьхьара тӀом, амма оцу декъахь бу ОвхӀанера Кхерамазаллин гӀоьнна кхоьллина Дуьненан йукъара ницкъаш (ISAF).

Remove ads

Пачхьалкхан символаш

Байракх

Thumb
ОвхӀанан байракх

ХӀинцалера байракх тӀеэцна 2004 шарахь. Байрак тӀехь го лакхара охьа Ӏаьржа-цӀе-баьццара басара кхо могӀа, йуккъахь (цӀе могӀанан йуккъахь) йиллина ОвхӀан пачхьалкхан эмблема. Ӏаьржа басо гойту историйн хьалхе — британийн колонизаторашца хилла тӀемаш, цӀе — паргӀатонна Ӏанийна долу цӀий, баьццара — исламан Ӏадатехь болу бос. Байракхан барам — 7:10.

ХӀост

ОвхӀанан ХӀост (Къоман эмблема) йу пачхьалкх кхоьллинчу хенахь дуьйна. ХӀостан тӀехь го гуонаха кан болу минбарца маьждиг. Маьждиган тӀетоьхна шиъ ОвхӀанан байракх. Лакхахьа го маьлхан зӀаьнаршца серла даьккхина Шахадат — ислам динан символ, оцу бухахь хоттийна такбир (йоза «АллахӀ воккха ву»). Маьждиг кӀелахь бусулба рузманца долу терахь 1298 шо ду, 1919 шо ду григориански рузманца, пачхьалкх паргӀатъяьлла яьлла хан йу иза. ХӀост ОвхӀанан байракх тӀехь а йу.

Шатлакхан илли

Таханлера шатлакхан илли тӀеэцна 2006 шеран май баттахь. Шатлакхан иллин дешнаш пуштунийн маттахь ду, оцу йукъахь такбир («АллахӀ воккха ву») а ду, иштта ОвхӀанехь мел деха къаьмнийн цӀераш а йоху оцу йукъахь.

Remove ads

Пачхьалкхан-политикин хоттам

Пачхьалкхан-политикин хоттам

2004 шеран Конституцица, ОвхӀан президентан кепара куьйгалла долу исламан республика йу.

Пачхьалкхан корта

Thumb
Президент Карзай Хьамид а, Президентан Гварди а Къабулехь.

Президент ву пачхьалкхан ТӀеман ницкъийн Лакхара баьчча, цуо кхуллу правительство, хоржу (шина хенал сов ца хилчхьана) деа шеран массара а къайлаха кхаж тосуш. 2009 шарахь, кхечу пачхьалкхийн карахь йоллушехь, ОвхӀанан президент хаьржира Карзай Хьамид. 2014 ш. сентябрехь ОвхӀанан президент хаьржина Ахьмадзай Ашраф Гани.

Кхочушдаран Ӏедал

Правительствон корта бу Президент, Парламентан пурбанца кабинетан декъашхой хиттош волу. Правительствон карахь йу бюджет, законийн проекташ, нормативаш, инструкцеш кхин дӀа а. Правительствехь 27 стаг ву.

Законкхолларан Ӏедал

Thumb
ОвхӀанан Парламент 2006 шарахь

Законкхолларан Ӏедалан лакхара меже Парламент йу. ОвхӀан махкахь цунах олу Маджлес-е мелли олу, иза лаьтта лакхара (Мишрану джирга), лахара (Волеси джирга) палатех. Лакхара палатехь 249 депутат ву, уьш хоржу дуьххьара а, массара а дакъалоцуш болу къайлаха харжамашкахь деа шеран.

Суьдан система

ОвхӀанан суьдан система йозуш йац пачхьалкхан Ӏедалах. ХӀинца, 2001 шеран Боннера барт кхочушбархьама, пачхьалкх цхьана хенан йухайирзина 1964 шеран суьдан системе, оцу йукъахь Ӏадатийн шариӀатан бакъо иэйелла европийн бакъонийн системан элементашца. Оцу йукъахь къастийна билгалдаьккхина шариӀатан хьесап доццушехь, билгала дина, законаш исламан коьрта бӀогӀешна дуьхьал хила ца дезар.

Лойя Джирга (Лакхара кхеташо)

Пачхьалкхийн куьйгаллин лакхарчу меженашкахь йу Ӏедалан Ӏадатийн меже — Лойя джирга («Беза гулам», «Лакхара кхеташо»), оцу йукъа богӀу парламентан шинне а палатийн декъашхой а, провинцийн округийн кхеташон председателаш а.

Бакъо ларйаран меженаш

Thumb
Полицин тоба парадехь
Thumb
ОвхӀанан полици кечамбаран лагерехь

Низам лардаран меженаш лаьтта, 2010 шарахь 90 000 стаг гергга йолчу, ОвхӀанан Къоман Полициех[32].

Чоьхьара тӀом бахьанехь полицин декхарш кхочуш до эскан тобанаш. Коррупци а, йоза-дешар цахаар а полицешна йукъахь, белхалошна йукъахь лакхарчу тӀегӀантӀехь лаьтта. Полицийн тобанаш кечйеш йу НАТОн инструкторша.

Чоьхьара а, арахьара а политика

Thumb
ОвхӀанан Президент Карзай Хьамид Германехь Юнг Франц Иосифца (аьтту агӀора) а, Джонсон Джеймсца (аьрру агӀора) а

ХӀинца а махкахь боьдуш бу АЦШ а, НАТО а дакъалоцу чоьхьара тӀом. 2001 шо чекхдолуш Къаьмнаш Вовшехтоьхна Кхолламан Кхерамазаллин Кхеташоно Дуьненан йукъара кхерамазаллин гӀоьнна болу ницкъаш (ИСАФ) кхолла пурба делира. И тоба йу НАТОн эскаршан йукъара. Цара дакъалоцу президентан Карзай Хьамидан правительстван гӀодарехь а, махкахь коьрта инфраструктура меттахотторехь а. 2005 шарахь АЦШс а, ОвхӀана а куьг яздира шина а пачхьалкхан стратегин доттагӀаллин тӀехь барт барехь а, и гергарло йехачу хана хиларехь а. Оццу хенахь, дуьненанйукъара йукъараллаш пачхьалкх метта хотто масех миллиард доллар делира.

Remove ads

Административан декъадалар

Thumb
ОвхӀанан административан декъадаларан карта

ОвхӀан унитаран пачхьалкх йу, административан декъадалар ду 34 провинцина (вилаят, velāyat), уьш, шайн рогӀехь, кӀошташна йекъало.

ТӀеман ницкъаш

ОвхӀанан таханлера тӀеман ницкъаш йухакхоьллина АЦШ а, НАТО а инструкторийн гӀоьнца. 2010 шеран январь баттахь тӀеман ницкъийн барам — 108 000 стаг[33]. 2014 шарахь ойла йара церан барам 260 000 стаге кхачо[33].

ТӀеман ницкъаш декъало ОвхӀанан къоман эскарний (ОКЪЭ), ОвхӀанан къоман хӀаваан корпусний. ОКЪЭ лаьтта корпусех, уьш екъало бригадашна а, батальонашна а. Иштта, ОКЪЭ йукъайогӀу леррина кхоьллина батальон а.

ОКЪЭ тӀеман гӀирсах долу деза герз — дукхаха дерг, ССРС дина ду, ирсан кхаьчна ОДР ТӀН — БМП-1, БТР-60, БТР-80, танкаш Т-55, Т-62, кхин а АЦШ — гӀашлойн тӀеман машенаш M-113 а, Humvee а.

ТӀеман-хӀаваан ницкъаш лаьтта ОвхӀанан Къоман хӀаваан корпусах. Цуьнан герзах ду, коьртаниш, советаш дина вертолёташ — Ми-8, Ми-17, Ми-24, иштта чехословацкин Ӏаморан кеманаш L-39.

Remove ads

Экономика

Thumb
ОвхӀанан базар
Thumb
ОвхӀанера руман стоьмаш
Thumb
ОвхӀанан кузанаш

ОвхӀан чӀогӀа къиен пачхьалкх йу, йозаш йу кхечу пачхьалкхийн гӀоьнех (2009 шарахь 2,6 млрд долл., ткъа пачхьалкхан бюджет 3,3 млрд долл. бен йац).

ЧВБ 2009 шарахь цхьана синна 800 долл. кхочу (рицкъ эцадаларехь дуьненахь 219-гӀа меттигехь йу).

Болхбечарех 78 % йуьртабахамехь (31 % ЧВБ) бу, 6 % промышленностехь (26 % ЧВБ) бу, 16 % хьашташкхочушдарав сферехь (43 % ВВП) бу. Болх ца хиларан барам — 35 % (2008 шарахь).

Йуьртабахаман рицкъ — опиум, йалта, стоьмаш, бӀараш; тӀаргӀа, не1.

Промышленностан рицкъ — барзакъ, саба, мача, удобрени, цеманц; кузаш; газ, кӀора, цӀеста.

Экспорт — 0,6 млрд долл. (2008, къайлаха йина экспорт йоцуш): опиум, стоьмаш, бӀараш, кузаш, тӀаргӀа, холхаз, мехала а, ахмехала а тӀулгаш.

2008 ш. коьрта эцархой — ХӀинди 23,5 %, Пакистан 17,7 %, АЦШ 16,5 %, Таджикистан 12,8 %, Нидерландаш 6,9 %.

Импорт — 5,3 млрд долл. (2008 ш.): промышленностан рицкъ, дуург, текстиль, маьхкдаьтта, маьхкдаьттан рицкъ.

2008 ш. коьрта йохкорхой — Пакистан 36 %, АЦШ 9,3 %, Германи 7,5 %, ХӀинди 6,9 %.

Наркотикаш йар

Thumb
Вовшехтоьхна Къаьмнийн Кхолламо арахецна ОвхӀанан карта. Оцу тӀехь гойту кхераман тӀегӀанаш, регионан кхерамазалла, наркотикаш йар

2008 ш. август бутт чекхболуш Вовшехтоьхна Къаьмнийн Кхолламан наркотикашна а, зулам дарна а тӀиера урхалла (UNODC) зорба туьйхира шайн хӀора шеран доклад ОвхӀанехь опиуман петӀамат кхиадарах лаьцна. Оцу тӀехь чӀагӀдо: «Цкъан а цхьана пачхьалкхо таханлера ОвхӀан йоцучо, ца кхиийна оццул наркотикаш, XIX бӀешерашан йуккъехь Цийс кхиийнврш дӀайаьхча».

АЦШ а, НАТО а эскаш чудаьхкинчул тӀехьа наркотикаш йар совделира мосийттаз, (цитата — наркотикаш йар хӀора шарахь шозза тӀекхета)[34]. Къаьсттина (немцойн политик) — наркотикаш йар совделира ОвхӀанера тӀом НАТО куьйга кӀелахь болуш 40-за[35] (2001—2014), кхечу хаамашца 2001—2008 шерашкахь ОвхӀанехь 2-2,5-за совделира опиаташ йар а, героин дар а[36]. Тахана Йуккъера Росси а, ЕС пачхьалкхаш а йу ОвхӀанера догӀучу героинах балехьъерг[37]. Билгалла доккху, тӀаьххьарлера итт шарахь Россехь цӀеххьана тӀекхетна наркотикаш лелор ОвхӀанера наркотрафик бахьанехь хилар[37].

UNODC хаамашца, ОвхӀанехь кхиайо 90 % сов дуьненан базаре кхочушйолу опиум. Опиумийн плантацийн майда 193 эзар гектар йу. ОвхӀанийн «наркобаронийн» 2007 шарахь хилла пайда 3 млрд долл. совбаьлла (иза, тайп-тайпана мах хадорца, ОвхӀанан официальни ЧВБ 10 % тӀиера 15 % кхаччалц бу). ОвхӀанехь дийначу опийн петӀаматан майда хӀинца сов ду Колумбиера, Перура, Боливиера цхьана кокин майданалла а. 2006 шарахь махкахь кхиийна 6100 тонн опиум, ткъа 2007 — рекордан йалта 8000 тонн[38].

Цуьнца цхьана, Карзай Хьамидан правительствос доладечу, къилбаседехьа а, йуккъехь а, ца кхиадо 20 % бен овхӀанийн опиуман петӀамат, ткъа дисина дакъа — къилбан провинцешкара Пакистанан дозанехь — НАТОн эскарш а, тӀалибаш а лелачу зонехь. Наркотикаш йаран коьрта йукъ — Гильменд йу, и провинции ТӀалибанан бен бу[39], где площадь посадок составила 103 тыс. га[40] [41].

ОвхӀан йу ОвхӀанера Кхерамазаллин гӀоьнна кхоьллина Дуьненан йукъара ницкъашна (ISAF) куьйга кӀелахь (АЦШ церан жоьпалле дӀаелла тӀеман операцеш чекхъевлчи), амма дуьненан йукъара ницкъийн аьтту ца болу шаболу ОвхӀан мехкан доладан, церан куьг кхочу меттиг Къабул а, цуьнан йисташ а йу.

Къаьмнаш Вовшехтоьхна Кхолламан (ООН) терхьашца, 90 % гергга Европе йогӀу наркотикаш ОвхӀанера схьайовлар ду. ISAF, шен агӀора, дешнашца кхайкхадо, шайн эскарша машар латторхьама, ОвхӀанехь операцеш йар, ОвхӀанан правительствон наркобала дӀабоккхуш гӀодан шеш кийча хилар. Ткъа иза бен церан дуьхьанцалера дуьйна Ӏалашо а йацара.

ПетӀамат кхиадар бен, дукха хьолахь, овхӀанен ахархойн тӀедан хӀума дац[42].

ОвхӀан — дуьненахь уггар а дукха опиум киориг бу; петӀамат кхиадар 22 % лагӀделла 157 000 гектаре кхаьчна 2008 ш., амма шен историн лакхарчу барамехь лаьтта; 2008 шарахь уьш кхио дика ца хиллачу денца гулдина опийн барам охьабаьлла 5500 тонне, 31 % йу 2007 шерца дуьстича. Шаерг кечйича 648 тонн гергга цӀена героин дердара цунах. Массанхьара коррупцино а, пачхьалкхехь доцу низамо а новкъарло йо наркотикашца дов латто. Европехь а, Малхбален Азехь а духкуш долу дукхаха долу героинан дакъа ОвхӀанан опиумах (2008) деш ду[43].

Кхазакхстананан «Кхераман маххадоран тоба» цӀе йолчу консалтинган кхолламан директора Сатпаев Досыма тӀечӀагӀдина боху, наркотикаш йо ТӀалибан боламан дуьхьал йолу ОвхӀанан тобанаш. Царна гӀоьнна, НАТОс бӀаьргаш тӀекъуьйлу наркотикашца болу болх ца гархьама[44]., Стенфордан университетан профессоро Бернстам Майкла, боху ТӀалибано наркотикаш ца магайора, лелочаран къиза та1зар а дора. Цуо НАТО бехке йо наркотикаш бахархошка лелайайтарна[44].

НТФС хьаькамо Иванов Виктора Москвохахь конференцехь кхайкхийра барам боцуш героин дар дебар, опиуман петӀамат дийна майданаш 30-за совйовлар, оцуо регионехь йолу дуьненан йукъараллийн политика лартӀахь ца хилар гайтар[45].

Бахархой

Thumb
ЦТУн ОвхӀанера этносийн тобанаш йеха меттагаш гойту карта (2005 ш.)
Thumb
Пуштунаш

Бахархойн барам — 28,4 млн (2009 ш. июлехь маххадор)
Бахархой тӀекхетар (шарахь) — 2,6 %
Дуьнен тӀебовлар — 45,5 стаг 1000 йукъахь (дуьненахь 5-гӀа меттиг)
Балар — 19,2 стаг 1000 йукъара (дуьненахь 8-гӀа меттиг)
Цхьана зудчунна беран барам — 6,5 бер зудчунна (дуьненахь 4-гӀа меттиг)
Бераллехь балар — 247 бер 1000 йукъара (дуьненахь 1-ра меттиг)
Бахаран йуккъера барам — 44,6 шо (дуьненахь 214-гӀа меттиг)
ГӀалийн бахархой — 24 %
Йоза хаар — 43 % божарий, 12 % зударий (маххадийна 2000 шарахь)

ОвхӀан махкахь дукха къаьмнаш ду. Цуьнан бахархой тайп-тайпан меттанийн доьзалера этносийн тобанера бу — иранан, тюркийн, кхин дӀа а.
Уггара алсама этносин тоба йу пуштунаш — барам бахархойх 39,4-42 %. ШолгӀаниг — таджикаш — 33-38 %. КхоалгӀа тоба — хазарейш — 8-10 %. ДоьалгӀа этносин тоба — узбекаш — 6-9,2 %. КӀезиг йолу этносан тобанаш — аймакхаш 4,3-10 %, туркменаш 1-3 %, белуджеш 0,5-2 %. Кхин этносийн тобанаш, царна йукъахь кхазакхийн Сиргели тайпа а, 1-4 % йу.

ГӀаланаш

Боца хаамаш N, ГӀала ...
ОвхӀан махкара гӀаланаш бахархойн барамца (2009)[46]
N ГӀала Провинци
(вилаят)
Бахархой,
стаг

Thumb
Къабулера гӀишлош
Thumb
Мазари-Шарипера маьждиг

1КъабулКъабул2 938 300
2ГератГерат395 400
3КандагарКандагар363 100
4Мазари-ШарипБалх333 800
5ДжелалабадНангархар188 300
6КундузКундуз129 500
7БагланБаглан119 607
8Пули-ХумриБаглан94 400-
9МейменеФарьяб73 200
10ШибарганДжаузджан71 500
11ТалуканТахар64 000
ДӀачӀагӀа

Оьздангалла

Thumb
Къабулера мехкарий шайн Ӏадатера духарца йиш локху Дуьненан йукъара зударийн дезчу денна 2002 шарахь.

ОвхӀан шира истории йолуш бу. Иза ларйина вайн дене кхаччалц шайн меттанашца а, холламашца а. Амма дуккха а историйн холламаш бохийра тӀамехь. Бамиан провинцехь Буддин гӀарабаьлла болу шиъ холлам халлакбира «Т1алибан» боламо, уьш цӀу дин лелочеран жӀараш йу аьлла. Кхин гӀарабевлла архитектурин холламаш бу Кандагар, Газни, Балх гӀаланашкахь. Хари хин тогӀера Джамин момсар йукъайалийна ЮНЕСКО Дуьненан т1аьхьен объекташна. Мухьаммад пайхӀамаран (Делера салам хуьлда цунна) оба ларйеш йу Кандагар гӀалара Халх Шарипехь.

Спорт

Бузкаши — овхӀан къоман спорт. Бере бекъна бу шина декъе, арахь ловзу, хӀора тоба гӀерта схьа а йаьккхина газана цӀока шайгахь сацо. ОвхӀан махкара девлла ОвхӀанан жен жӀалеш.

Литература

Thumb
Мазари-Шарипера сийна маьждиг

Йоза хааран барам чӀогӀа лахар делахь а, персин классикан поэзи ОвхӀанан оьздангаллехь коьрта роль ловзош йу. Поэзи даиман а йара дешарна коьртехь Иранехь а, ОвхӀанехь а. Цунна иза оьздангаллех дӀаийна. Персин оьздангалла хьалха санна боккха Ӏаткъам беш йу ОвхӀанан оьздангаллин. «МушаӀара» цӀарца девзаш долу къевлина назманчийн къийсадаларш сих-сиха дӀахьо халкъехь а. ХӀора цӀачохь аьлча санна, доьшуш дацахь а, ду цхьаъ, йа масех байтийн жайна.

Парси меттан малхбален диалект шуьйра йевза «дари» цӀарца. Ша и цӀе схьайаьлла «парси-э дербари» («паччахьан грнхьара парси»). Шира цӀе «дари» — парси меттана дуьххьарлерчарех цхьаъ йу — карлайаьккхина 1964 шеран ОвхӀанан Конституцино, «овхӀанаша шайн мохк меттан ага ларар гойтуш».

Дин

Коьрта дин ду ислам — иза лелош бу 99 % бахархой. Дукхаха берш суннийн охлера ханафийн мазхӀабера бу; 19 % кхоччуш бахархой шиӀийш бу[47].

ОвхӀанехь болчу керстанаш (30 эзар[48]) кхечу мехкашкара бу. Керста динан йоккхаха йолу агӀо лору протестантизм. 2000 шарахь ОвхӀанехь йара 240 протестантийн тобанаш, царех 124 йара пятидесятникийн[49]. Дуьненан йукъара керстачеран диканиш даран «Open Doors» кхолламан талламан жамӀашца 2015 шарахь керстачаран гӀело йарехь ОвхӀан 5-га меттигехь йу[50].

Махкахь бу бахаи динехь берш (15 эзар[51]), хӀиндин динехь берш (10 эзар[52]), сик’хаш, цӀеран динехь берш, кхин дӀа а.

МХГӀ

Пачхьалкхан телерадиокомпани — RTA (Radio Television Afghanistan, رادیو تلویزیون ملی افغانستان), йукъадогӀу RTA TV телеканал а, Radio Kabul радиостанци а.

ОвхӀанера хан

Thumb
UTC+4:30 дуьненан сахьтан асанийн картин тӀехь:
цӀехо-можа — зона UTC+4:30 аьхка (апрель-октябрь) Дуьненан къилбаседан эхиг;
къегина-можа — зона UTC+4:30 шадолчу шарахь

ОвхӀан бу UTC+4:30 сахьтан асанехь. Аьхкен хан тӀе ОвхӀан ца йолу.

Хьажа кхин а

  • Тайпанийн зона
  • Российн-овхӀанан йукъаметтигаш

Билгалдаккхар

Хьажоргаш

Wikiwand in your browser!

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.

Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.

Remove ads