Remove ads
From Wikipedia, the free encyclopedia
Монтевидеон Конвенци — сипташ дагардеш долу, дуьненайукъара гуш-хезаш йолу бакъонца пачхьалкхан бакъосубъекталла билгалйоккхуш йолу дуьненайукъара кӀезигчех цхьа кехат ду. ТӀеэцна 1933 шарахь VII Панамерикин конференцехь.
Монтевидеон Конвенци | |
---|---|
Куьг таӀийна терахь: | 1933 шеран 26 декабрь |
Меттиг: | Монтевидео, Уругвай |
Лела долало: | 1934 шеран 26 декабрь |
Куьг таӀийнарш: | 20 |
Барт бина агӀонаш: | 16 |
Меттанаш: | Ингалсан, французийн, испанхойн а, португалихойн а |
Дуьненайукъара йукъарлонан дуьненайукъара бакъонийн къобалдаран механизмаш хӀинца а ца еана цхьаьна ойлана тӀе.
1933 шеран Монтевидеон Конвенцица чӀагӀйина пачхьалкхан йиъ билгало, дуьненайукъара бакъонийн субъект хиларх:
Кхечу пачхьалкхаша къобалйар ца оьшу, конвенцино чӀагӀйо пачхьалкхаллин декларативан теори.
Пачхьалкх[1][2] | Куьг таӀийна | Депозит йина | Метод |
---|---|---|---|
Бразили | 1933 шеран 26 май | 1937 шеран 23 фев | Ратификаци |
Чили | 1933 шеран 26 дек | 1935 шеран 28 мар | Ратификаци |
Колумби | 1933 шеран 26 дек | 1936 шеран 22 июл | Ратификаци |
Коста-Рика | 1937 шеран 28 сен | Йукъахь эцар | |
Куба | 1933 шеран 26 дек | 1936 шеран 28 апр | Ратификаци |
Доминикин Республика | 1933 шеран 26 дек | 1934 шеран 26 дек | Ратификаци |
Эквадор | 1933 шеран 26 дек | 1936 шеран 3 окт | Ратификаци |
Сальвадор | 1933 шеран 26 дек | 1937 шеран 9 янв | Ратификаци |
Гватемала | 1933 шеран 26 дек | 1935 шеран 12 июн | Ратификаци |
Гаити | 1933 шеран 26 дек | 1941 шеран 13 авг | Ратификаци |
Гондурас | 1933 шеран 26 дек | 1937 шеран 1 дек | Ратификаци |
Мексика | 1933 шеран 26 дек | 1936 шеран 27 янв | Ратификаци |
Никарагуа | 1933 шеран 26 дек | 1937 шеран 8 янв | Ратификаци |
Панама | 1933 шеран 26 дек | 1938 шеран 13 ноя | Ратификаци |
АЦШ | 1933 шеран 26 дек | 1934 шеран 13 июл | Ратификаци |
Венесуэла | 1933 шеран 26 дек | 1940 шеран 13 фев | Ратификаци |
ТӀеэцна Монтевидеохь 1933 ш. 26 декабрехь, лелаш ду 1936 ш. 26 декабрехь дуьйна
Америкин Пачхьалкхийн ВорхӀалгӀачу Дуьненайукъарчу Конференцехь йолу правительствош, Пачхьалкхийн бакъонех а, декхараллех а лаьцна Конвенци тӀеэца лууш, хӀиттийна хӀара тӀедахкарш:
Статья 1
Пачхьалкх, дуьненайукъара бакъонийн субъект, хила йеза хӀара билгалонаш:
Статья 2
Федеративан пачхьалкх йу еккъа дуьненайукъара бакъон субъект.
Статья 3
Пачхьалкхан политикин латтар дозуш дац кхечу пачхьалкхаша къобалйарх. Къобалъянза елахь а пачхьалкхан бакъо йу ша латторхьама а, къагорхьама а, шен цхьаалла а, йозуш ца хилар а лардан. Цигара схьа, ша кхолла шен махеттара, шен мадеззара законаш даха, шен гӀуллакхашна урхалла дан, ткъа иштта шен суьдан юрисдикци а, компетенци а билгалъяккха. И бакъонаш кхочушъян кхин доза дан а дац, кхечу пачхьалкхийн дуьненайукъара бакъонийн барамашца бакъонаш кхочушйар доцург.
Статья 4
Пачхьалкхаш юрисдикцехь цхьатерра йу, изза бакъонаш лелайо, уьш кхочушъян цхьатерра аьтту бу. ХӀора пачхьалкхан бакъонаш шаьш кхочушйарехь шегахь долу Ӏедалах йозуш йац, ткъа дуьненайукъарчу бакъонашца субъект санна иза латтаран фактах йу.
Статья 5
Пачхьалкхийн коьрта бакъонаш цхьа а Ӏаткъам болуш ца хуьлу.
Статья 6
Пачхьалкх къобалйар, иза къобалъеш йолчу пачхьалкхо кхечу пачхьалкхан бакъосубъекталла шен массо дуьненайукъара бакъоно хӀиттийна бакъонашца а, декхараллашца тӀеиэцар бен дац. Къобалйар ду цхьа бахьнаш ца лоьхуш дуьззина.
Статья 7
Признание государства может быть прямым или автоматическим. Последнее становится следствием любого действия, которое подразумевает намерение признать новое государство.
Статья 8
Цхьаннен а пачхьалкхан бакъо йац кхечу пачхьалкхан чоьхьарчу йа арахьарчу гӀуллакхашна йукъагӀерта.
Статья 9
Пачхьалкхан юрисдикци къоман лаьттан дозан тӀехь массо а бахархошна тӀехь йу. Законо а, къоман Ӏедалан меженаш а ларбеш болу гражданаш йа кхечу пачхьалкхера нах, бакъо йолуш бац церан гражданийн йолчунал сов кхин йаккхий бакъонашна.
Статья 10
Пачхьалкхан коьрта Ӏалашо йу машар латтор. Царна йукъахь хуьлу муьлхха а амалийн башхаллаш, листа йеза машарца.
Статья 11
Бартбешйолу пачхьалкхаш тӀелоцу къобал ца дан схьадаьхна латтанаш йа кхин ницкъаца бина пайданаш, герзаца хиллехь а, дипломатин векалаллин кхерам тасарца хиллехь а, йа кхин эффектан белхашца цаваьлла дайтарца. Пачхьалкхан латта куьг Ӏотта йиш йолуш дац, хила йиш йац объектан тӀеман оккупаци, йа кхин ницкъ бар, тӀетесна болу кхечу пачхьалкхаша, нисса йа гома йа муьлххачу бахьнашца, цхьана ханна бен дацахь а.
Статья 12
ХӀокху Конвенцино хьие ца бо Лакхарчу Бартбечу АгӀонаша дуьненайукъара барташца хьалха бина болу бехкамаш.
Статья 13
Лакхарчу Бартбечу АгӀонаша хӀокху Конвенцин конституцин процедурашца ратификаци йийра йу. Лакхахь йийцинчу ратификацин Ӏалашонна, Уругвай Республикин арахьарчу гӀуллакхийн Министро куьг йаздина йолу, бакъйолу копеш правительстошна дӀакхачо еза. Ратификацин гӀирс ларбан дӀабелла хила беза Вашингтонера Панамерикин Бертан архивашка, цуо хаам бан беза тӀеиэцна правительствошка хиллачу депозитехь. Иштта хаам бан беза ратификацин грамоташ а хуьйцуш.
Статья 14
ХӀара Конвенци Лакхарчу Бартбечу АгӀонашна йукъахь ницкъ болуш хуьлу, цара шайн ратификацин грамоташ ларйича.
Статья 15
ХӀара Конвенци хан тоьхна йац, амма денонсации йан тарло Панамерикин Бертан шеран хаамца, цуо дӀайала йеза иза тӀеиэцначу правительствошка. И хан дӀайаьлча, хӀара Конвенци ца лела дӀасакъаьстачу агӀонашна йукъахь, амма лелаш йу кхечу Лакхарчу Бартбечу АгӀонашна йукъахь.
Статья 16
ХӀара Конвенци дӀайиллина хила йеза тӀе ца иэцначу пачхьалкхашна лелон а, декъайан а. Оьшу кехаташ Ӏалашдан дӀало Панамерикин Бертан архивашка, цуо дахьийта деза кхечу Лакхарчу Бартбечу АгӀонашна. ИЗА ЧӀАГӀДЕШ тӀехьабогӀу бакъоелла векалш ингалсан, испанийн, португалийн, французийн меттанашкахь йолчу Конвенцин куьг йаздина, шайн мухарш хиттийна Уругвай Республикехь, Монтевидео гӀалахь, 1933 шеран 26-гӀа декабрехь.
Нисдарш
Америкин Цхьанатоьхна Штатийн делегацис, Пачхьалкхийн Бакъонийн а, Декхараллин а Конвенцин куьг йаздечу хенахь, йаздо иза, 1933 ш. 22 декабран Пленаран Сессис гайтина нисдарш тӀетухуш, уьш хӀокху кепара ду:
Америкин Цхьанатоьхна Штатийн делегацис, тӀеххьарчу кхаж тасарехь «РЕЗА» аьлла кхаж тосуш, комитетан хьехамца а, дехарца а, йукъатуху хӀокху проектан 11-гӀа статьяна хьалха йукъатоьхна долу хьалхарий, итталгӀий статьяшна Юьззина Комиссис тӀеххьарчу кхаж тасарехь йукъатоьхнарш санна, и нисдарш иштта ду:
«Америкин Цхьанатоьхна Штатийн Правительствон политика а, йукъаметтигаш а хӀокху дуьненан эхигехь хӀора дуьненайукъарчу йукъаметтигийн коьртачу фазан, кхетаме а, билгала а хила тарло, 4 мартехь дуьйна хьалха цара дашца а, гӀуллакхца а диначул. Цундела Со [Пачхьалкхан секретарь Халл Корделл, АЦШ Делегацин Корта] таро ца ло сайна йухадийца йа карладаха и гӀуллакхаш а, дешнаш а, аса дийр а дац иза. ХӀора тидамечу стага хӀокху моментехь кхетош хила деза, Рузвельтан Администрацис куьйгалла деш йолу Цхьанатоьхна Штатийн Правительство, кхинаш санна, дуьхьала йу кхечу къаьмнийн правительствийн паргӀатонна, суверенитетан йа кхин чоьхьарчу гӀуллакхашна йа процессашна йукъагӀертарна». «Президент Рузвельтан доктринаш а, политика а кхочушйарехь гуранчохь, дуккха а гӀуллакхашна а, аларашна а тӀетухуш дукха хан йоццуш дӀакхайкхина халкъан ша дийцарш дан валлар Кубин Правительствоца 1903 ш. бартан гӀуллакх чекхдаккха Ӏалашо йолуш. Со тешаш ву, тхан йукъацагӀертаран принципашца, кховдийна махиллара, цхьаьна правительствон кхера ца оьшу муьлхха а Рузвельтан Администрацера Цхьанатоьхна Штатийн агӀора йукъагӀертарах. Суна хета, докъазаллин, хӀокху Конференцин боцачу муьрехь докладера фундаментан Ӏалашонаш нисъян а, билгалъйаха а хан ца хилар. Ишттачу билгалдахарша а, нисдарша а таро ло хӀора правительствона билгалчу гуранчохь болх бан, ойланийн а, гочдаран а башхаллаш йоцуш. Суна теша лаьа, уллорчу хенахь иштта болу ледаме болх бер хиларх. ХӀокху моментехь, нагахь ойланашца а, гочдарца башхаллаш ялахь, уьш хӀора правительство болх бан мегаш нисъяллалц, суна ала лаьа я, Америкин Цхьанатоьхна Штатийн Правительствос, шен дуьненайукъара гергара пачхьалкхийн а, йукъаметтигийн а, гӀуллакхийн а массо форматашкахь, лерина гӀураду оха 4 мартехь дуьйна кхочушъеш йолу доктриница а, политикица а, оцу хенахь дуьйна Президент Рузвельтан тайп-тайпана кхайкхамашна, ткъа иштта сан генар боцучу 15 декабрера Конференцел хьалхарчу машаран кхайкхамна йукъатоьхна йолу, ткъа иштта Къаьмнийн законашна, маларрар а, тӀемаэццар а».
Бразилин а, Перун а делегаташа дӀайазйира иштта шайн пункт 11-гӀа статьяхь:
«Оха тӀе оьцу доктрина а, принцип а, амма куьйгалла дан пайден ца лору иза, хӀунда аьлча пачхьалкхаш йу Рио-де-Жанейрон Анти-ТӀеман Пакт тӀеиэцанза, ткъа хӀара доктрина цуьнан дакъа ду, цундела иза дуьненайукъара бакъонийн гуран чохь куьйгалла дан пайден йац»[3].
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.