ХӀинди
From Wikipedia, the free encyclopedia
ХӀинди (хӀинди भारत, инг. India), официалан цӀе — ХӀинди Респу́блика (хӀинди भारत गणराज्य, инг. Republic of India) — Къилба Азера пачхьалкх. Бахархой — 1 329 356 004 стаг (август 2016)[7], майда — 3 287 263 км², оцу шинне а гайтамца Къилба Азера йаккхийчех пачхьалкх йу. Бахархойн барамца дуьненахь шолгӀачу, майданца ворхӀалгӀа меттигехь йу. Коьрта гӀала — Нью-Дели. Пачхьалкхан меттанаш — хӀинди а, ингалсан а.
ХӀинди | |||||
---|---|---|---|---|---|
भारत गणराज्य Bhārat Gaṇarājya |
Republic of India | ||||
| |||||
Девиз: «Satyameva Jayate (санскр. सत्यमेव जयते) — «Бакъо бен ца тоьлу»» | |||||
ХӀиндин Пачхьалкхан Шатлакхан Илли | |||||
Маьрша йаьлла терахьаш | 1947 шеран 15 август (Йоккха Британех) | ||||
Официалан меттанаш | ХӀиндийн мотт, ингалсан мотт | ||||
Коьрта гӀала | Нью-Дели | ||||
Йаккхий гӀаланаш | Мумбаи, Дели, Бангалор, Ченнаи, Калькутта | ||||
Урхаллин тайпа | Парламентан республика | ||||
Президент Вице-президент Премьер-министр |
Пранаб Кумар Мукерджи Ансари Мохьаммад Хьамид Манмохан Сингх |
||||
Латта | |||||
• Шадерг | 3 287 263 км² (7-гӀа дуьненахь) | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор | 1 220 800 359[1] стаг | ||||
ДЧС (НЭТ) | |||||
• Шадерг (2012) | 4,735 трлн долл. (3-гӀа) | ||||
• ХӀораннан а сина | 3,693[2] долл. (129 ДЧС (номинал)=1,848 трлн-гӀа[3]) | ||||
ДЧС (номинал) | |||||
• Берриг (2011) | (10-гӀа) | ||||
• ХӀораннан а сина | 1,388[4] долл. (114-гӀа) | ||||
АДКИ (2013) | 0,554[5] (йукъара; 136-гӀа меттиг) | ||||
Бахархойн цӀерш | ХӀиндусаш | ||||
Ахча |
ХӀиндин рупи (INR, код 356) |
||||
Интернет-домен | .in | ||||
Код ISO | IN | ||||
Код МОК | IND | ||||
Телефонан код | +91 | ||||
Сахьтан аса | +5:30 | ||||
Автомобилийн некъаш | аьрру[6] | ||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Федерацин пачхьалкх, парламентан республика. Премьер-министр — Моди Нарендра, президент — Ковинд Рам Натх. Лаьтта 29 штатах а, 7 бертан латтанех а.
ХӀиндин дозанаш ду Пакистанца малхбузехь, Цийца, Непалца, Бутанца къилбаседа-малхбалехь, Бангладешца а, Мьянмица а малхбалехь. Цул сов, ХӀиндин хӀордан дозанаш ду Мальдивашца къилба-малхбузехь, Шри-Ланкица къилбехь, ХӀиндонези къилба-малхбалехь[8]. ОвхӀанца доза долу Джамму а, Кашмир а штат къовсаме латта ду[9].
ХӀиндийн субконтинент ширачу хӀиндин цивилизацин даймохк бу. Шен историн йохаллин доккхах долчу декъехь ХӀинди хилла ладаме йохк-эцаран некъаийн йукъ, гӀарайаьлла хилла шен бахамашца а, лакхарчу оьздангаллица а. ХӀиндехь кхолладелла хӀиндуизм, буддизм, сикхизм, джайнизм динаш. Вайн эран хьалхарчу эзар шарахь хӀиндин субконтиненте кхаьчна керсталла а, ислам а, цара боккха Ӏаткъам бина регионан тайп-тайпана оьздангалла кхиоран. XVIII — XX бӀешерийн хьалхарчу декъехь ХӀинди кӀез-кӀезиг лоцуш дӀалаьцна Британин империс. 1947 шарахь, дукха шерашкахь дуьхьало йинчул тӀехьа, пачхьалкхан паргӀато йелла. XX бӀешо чекхдолуш ХӀиндин бакхий кхиамаш хилла экономикехь а, тӀеман кхиорехь а, пачхьалкхан экономика дуьненахь уггар чехка кхуьучарна йукъахь йара. Цуьнга хьаьжна ца Ӏаш, бахархойн доккхаха долу дакъа къоьллехь дехаш ду. Боккха бала бу лакхарчу тӀегӀан тӀиера коррупци а, тӀехьайисита могашалла ларйаран система а.
ХӀинди потенциалехь онда пачхьалкх йу, ядеран герз а долуш. Иза ишттачу дуьненайукъарчу кхолламашна йукъахь йу: ВКЪО, G20, ДМЛО, Къилба Азин регионийн йукъаметтигийн ассоциаци, Къамнийн ДоттагӀалла, ткъа иштта БРИКС а, ШОС а.