Бангладеш
From Wikipedia, the free encyclopedia
Бангладе́ш (бенгал. বাংলাদেশ), официалан цIе — Халкъан Респу́блика Бангладе́ш[3] (бенгал. গণপ্রজাতন্ত্রী বাংলাদেশ) — Къилба Азера пачхьалкх. Бахархой багарбаран 2015 шеран жамIца, 168 млн сов стаг бу, мохк — 144 000 км²[4]. Бахархойн барамца дуьненахь бархIалгIа меттигехь йу , ткъа мехкан майданца дезткъе итталгIа йу.
Халкъан Республика Бангладеш | |||||
---|---|---|---|---|---|
গণপ্রজাতন্ত্রী বাংলাদেশ Gôno Projātontrī Bānglādesh | |||||
| |||||
Бангладешан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли | |||||
Маьрша йаьлла терахьаш |
1971 шеран 26 мартехь (кхайкхийна) 1971 шеран 16 декабрехь (къобала йина)[1] (Пакистанах) |
||||
Официалан меттанаш | Бенгалхойн мотт[2] | ||||
Коьрта гӀала | Дакка | ||||
Йаккхий гӀаланаш | Дакка, Читтагонг | ||||
Урхаллин тайпа | Унитаран республика[3]; парламентан республика[4] | ||||
Президент Премьер-министр |
Хьамид Iабдул Хасина Шейх Вазед |
||||
Пачхь. дин | ислам (суннийш) | ||||
Латта | |||||
• Шадерг | 144 000[4] км² (92-гӀа дуьненахь) | ||||
• % хина тӀехле | 6,4 % | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор | ▲168 957 745[5] стаг | ||||
ДЧС | |||||
• Шадерг (2015) | 572,440 млрд долл. (48-гӀа) | ||||
• ХӀораннан а сина | 3581 долл. | ||||
АДКИ (2014) | ▲ 0,570[6] (йуккъера; 142-гӀа меттиг) | ||||
Бахархойн цӀерш | Бангладешхой | ||||
Ахча | така (BDT, код 050) | ||||
Интернет-домен | .bd, .বাংলা | ||||
Код ISO | BD | ||||
Код МОК | BAN | ||||
Телефонан код | +880 | ||||
Сахьтан аса | +6 | ||||
Автомобилийн некъаш | аьрру[d][7] | ||||
Медиафайлаш Викилармехь |
Коьрта шахьар — Дакка. Пачхьалкхан мотт — бенгалхойн.
Унитаран пачхьалкх, парламентан республика.
Гуо баьккхина ХӀинди йу, къилба-малхбалехь Мьянмица жима дозанийн дакъош доцург, Бенгалийн айма а йоцург.[⇨]
Бангладеш — моноэтносан пачхьалкх йу, 98 % бахархой бенгалхой бу. 89 % бахархой ислам динехь бу.
Аграрно-индустрийн пачхьалкх йу, кхуьуш йолчу экономикица. Эцаран таронан паритетца дерриге чоьхьара сурсатийн барам 2010 шарахь хилира 258,6 млрд АЦШ доллар (1700 АЦШн доллар базархойн цхьаьна синна). Ахча — бангладешан така.
Мехко маршо кхайкхийна 1971 шеран 26 мартехь. Махк бара Йоккха Британин колони, цуо караерзо йолийра иза XVII бIешеран хьалхарчу декъехь, XX бIешо долалуш шен Iедал кIела дахийтира доккхаха долу дакъа хIинцалерачу Бангладешан.