![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/b/b8/Gandhara_Buddha_%2528tnm%2529.jpeg/640px-Gandhara_Buddha_%2528tnm%2529.jpeg&w=640&q=50)
Буддизм
From Wikipedia, the free encyclopedia
Будди́зм (санскр. बुद्ध धर्म, buddha dharma IAST; пали बुद्ध धम्म, buddha dhamma, «Серладаьллачун Ӏамор»[1]; кит. 佛教 fójiào) — динан-философин Ӏамор (дхарма) син самадаларех лаьцна (бодхи), иза кхолла дела VI бӀешо вайн эра тӀеяле. Шира Индехь. Дин кхоьллинарг лоруш ву Сиддхартха Гаутама, тӀехьо Будда Шакьямуни[2].
![Thumb image](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/b/b8/Gandhara_Buddha_%28tnm%29.jpeg/640px-Gandhara_Buddha_%28tnm%29.jpeg)
И дин лелочара цуьнах олу «Дхарма» (Ӏаморан, Закон) я «Буддхадхарма» (Буддан Ӏамор). «Буддизм» термин XIX бӀешарахь Европера наха кхоьллина[3]. ХӀинца цхьаболу талламхоша а буддийн гӀуллакххоша а буддизм билгалйо кхетаман Ӏилма санна[4][5][6].
Дин ларош ду дукху халкъаша тӀелаьцна дуьненан шира динах цхьаъ. Буддизм йоцуш Малхбалера культурех кхетийла дац — индийн, китайн, Тибетан а Монголин а культураш ца хьехийча а[3].