ОвхӀан
From Wikipedia, the free encyclopedia
ОвхӀан, АфгӀанистан (пушту افغانستان, дари افغانستان, Afġānestān), йуьззина официалан цӀе — Исламан Iамират ОвхӀан[2] (пушту د افغانستان اسلامي جمهوریت, дари جمهوری اسلامی افغانستان) — Йуккъера Малхбалера пачхьалкх йу, пачхьалкхан хӀордан йист йац. ОвхӀан къен пачхьалкхех цхьаъ йу. 1978 шарахь дуьйна чуьра тӀом бу дӀабоьдуш. Бахархой, 2013 шеран дӀайазбаран жамӀашца, 31 миллион стаг ву, майда — 652 864 км².
ОвхӀан | |||||
---|---|---|---|---|---|
пушту د افغانستان اسلامي جمهوریت (Da Afġānistān Islāmī Jomhoriyat) дари جمهوری اسلامی افغانستان (Jomhuri-ye Eslāmi-ye Afġānestān) | |||||
| |||||
ОвхӀанан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли | |||||
Маьрша йаьлла терахьаш | 19 август 1919 (Йоккха Британех) | ||||
Официалан меттанаш | пушту, дари[1] | ||||
Коьрта гӀала | Къабул | ||||
Йаккхий гӀаланаш | Къабул | ||||
Урхаллин тайпа | Исламан республика[2] | ||||
Президент Вице-президент Вице-президент |
Хьамид Карзай Мохьаммад Фахим Карим Халили |
||||
Пачхь. дин | ислам суннизм | ||||
Латта | |||||
• Шадерг | 647 500 км² (41-гӀа дуьненахь) | ||||
• % хина тӀехле | кӀезиг. | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор | 31 108 077[3][4] стаг | ||||
ДЧС | |||||
• Шадерг (2008) | 21,39 млрд[5] долл. (96-гӀа) | ||||
• ХӀораннан а сина | 760[5] долл. | ||||
АДКИ (2013) | 0,374 (лахара; 175-гӀа меттиг) | ||||
Ахча | афгани (AFN, код 971) | ||||
Интернет-домен | .af | ||||
Код ISO | AF | ||||
Код МОК | AFG | ||||
Телефонан код | +93 | ||||
Сахьтан аса | +4:30 | ||||
Автомобилийн некъаш | аьтту агӀора[d] | ||||
Медиафайлаш Викилармехь |
Коьрта гӀала — Къабул. Пачхьалкхан меттанаш — пушту а, дари а.
Унитаран пачхьалкх, президентан республика. 2014 шеран 29 сентябряхь президентан дарж дӀалаьцна Ахьмадзай Ашраф ГӀанис.
Доза ду Иранца малхбузехь, Пакистанца — къилбехь а, малхбалехь а, Туркменица, Узбекистанца, Таджикистанца — къилбаседехь, Цийца — уггар а малхбален декъехь, ХӀиндица (нийса аьлчи ХӀиндис, Цийс, Пакистана къуьйсуш йолу Джамму а, Кашмир а) малхбалехь.
ОвхӀан йу Малхбалений, Малхбузений йуккъахь, иза йу шира йохк-эцаран а, миграцин а йукъ. Къилба а, Йуккъера а Азин йуккъехь лаьтта цхьана агӀора, Гергара Малхбален вукха агӀора, оцуо аьтту боккха экономикин а, политикин а, оьздангаллин а регионан пачхьалкхашна йукъара гергарлонаш лелоран коьрта роль ловзо.