From Wikipedia, the free encyclopedia
Тайпа — нах къаьмнийн (нохчий, гӀалгӀай, бацой) шена йукъахь болчеран цхьаннах йа цхьанхьара схьавалар долу адамийн дакъа ду, тера ду, йуьхьанца дуьйна мехкаца а, гергарлонашца а цхьаьнакхетаран амал хиллачух. Тайпан структуран лар йогӀу йуккъера бӀешерашкара, хӀинцалерачу историн муьрехь а ладаме маьӀна ду дукхаха долчу вайнехан этносна, хӀетте а Нохчийчоьн а, ГӀалгӀайчоьн а тайп-тайпана кӀошташкахь хӀара термин кхетайо кхечу кепара а. Берриг а тайпа долчу муьрехь хийцамаш хилла цуьнан кхолларехь, ткъа иштта ца сецна вайнах баржар шайн «тайпанан мехкан йоцу» кӀошташкахула, кхечу регионашкахула, цуьнан жамӀ ду тахана нохчийн, гӀалгӀайн, цхьайолчу ДегӀастанан ярташкахь иттаннаш бес-бесара тайпанаш хилар.
Вайнехан дош тайпа, схьадаьлла хила тарло, Ӏаьрбийн дашах таифа, цуо билгалйоккху «тоба», «йукъаралла» (Ӏаьр. طائفة [ˈt̪ˁɑːʔifa], множ. طوائف [t̪ˁɑˈwaːʔif], Ӏаьр. طاف [ˈt̪ˁɑːfa] — «араваьлла лела»[1]). Азербайджанийн маттахь азерб. tayfa изза 'тайпа' ду. Киргизийн маттахь тайпа 'тоба' йу. Талламхочуна Л. Илясовн хета, тайпа дош Нохчийчу ца кхаьчна XVII бӀешарал хьалха, ткъа хьалха вайнехан хилла тайп-тайпана гергарлонийн кепийн цӀераш кхечу тайпана хилла[2] . Нах меттанашкахь тайпа дешан, Ӏаьрбийн таифа санна, кхин маьӀна а ду — «кеп», «сорт», «класс». Этнографа С. А. Хасиевс билгалдоккху, цхьаболу меттигера «талламхой кхийрира тайпа цхьатерра ларар этнографин тайпанца…»[3] , хӀунда аьлчи тайпа термин дукха чолхе ду. Вайнехан истори дика евзаш волу А. А. Саламовс йаздина: «Нийса ца хета оьрсийн матте „тайпа“ дош гочдар род аьлла (нагахь йуьйцург социалан-экономикин категори ялахь)»[4].
Бес-бесара йу тайпанийн цӀерийн этимологи: дайн цӀерех схьаевлла[5] (гендаргной, цӀонтарой, хӀимой, кхин а), беха меттигах евлла[6], белхан говзаллех евлла[6] (бIавлой — «бӀаьвнаш йуттурш»), хьалхалерачу социалан хьолах евлла[6] (белгӀатой — «цхьанна болх бийриш», ялхой — «ял луш берш»), тӀеман тобанаш[2] (лаьшкарой — «гӀодаран тобанаш», ширдой (ширдий) — «ширда герз лелориш»).
Таханлера Ӏилманан терминологица вайнехан тайпа схьадалар цхьаъ долу, тера долу тоба йу. Иштта кепаш дукха хьолахь тайп-тайпана кхетам болуш хуьлу шеш лелош болчеран а, талламхошна йукъахь а[7]. Кавказйовзархойн белхашкахь тайпа термин билгалдаккхар къаьсташ хила тарло — иза билгалдоккху этносан йукъараллица, социалан йукъараллица, ткъа наггахь ийна — этно-социалан. Ондда ламасталлин структура хилла вайнехан этносан фрагментаци хьоьжуш, талламхоша дукха хьолахь хаамаш бо нохчех а, гӀалгӀайх а — наггахь бен ца хьахадо Бацойн тайпанаш[8].
Бевзачу историн муьрехь кхолладелла тайпа классикан тайпана йукъадахийта мегар ду, шен амал йолчу йукъарчу ден а, тӀехьенан силсилан идейн мифологица а[7].
Вайнехан тайпа олу дайшаха схьадаьллачу, геннара дуьйна йукъара беха мохк болчу гергарлонийн цхьаьнакхетарх, кӀеззиг къаьсташ ду нохчийн тайпа.ЦӀийн нахана санна тайпанара массарна а кхочуш йац чӀир, ца хила тарло йукъара бахам а. Тайпа билгалдоккху тайп-тайпана варианташ:
ХӀинцалерачу вайнехан къаьмнашна (бацой, гӀалгӀай, нохчий) йукъахь а, йуккъера бӀешерашкара вайнехан мотт лелочарна йукъахь а, кхин а, дукхах берш, гӀалгӀайн а, нохчийн а этногенезехь компоненташ хилла болу), дерриг тайпанаш дагардан чӀогӀа хала ду, таханлерачу дийнахь талламхоша ло нийса доцу терахьаш[10]. Иза доьзна ду, ша термин тайпа чолхе хиларх, шайна нахашна йукъахь кхетадо тайп-тайпанчу кӀошташкахь бес-бесара, цундела, масала, тайпан къаьстина доза дац гарах а, некъех а (тайпан геннаш) йа фамилех. ХӀинцалера Ӏилманан бевзачу вайнехан историн муьрехь (XVI—XVII бӀешераш), гуттаренна йоьду тайпанаш хийцадаларан процесс, цхьадерш дайна (церан векал кхалхара тӀемашкахь, дӀакхалхара луларчу регионашка йа ассимиляци йора кхечу тайпанашца), цхьадолу тайпана кхолладелла (наггахь, вайнехан доцу этносаш дакъа а лоцуш), иштта хилла даккхий тайпанаш деба а дебна кегийрачу тобанашна декъалуш, цхьацца дакъош царех, хан-хене йаьлчи, шешша тайпанаш хуьлуш. Тайпанийн вовшен ассимиляци йаран динамикан процессаш бахьнехь, талламхошна йукъахь кхоллало харцонаш билгалдаккхарехь, билггала муьлха девзаш долчу йуккъерачу бӀешерийн ломан тайпанех вовшахкхетна нохчийн а, гӀалгӀайн а къаьмнаш[11].
XX бӀешеран 20-гӀа шерашках дуьйна советийн Кавказан талламхошна йукъахь лелаш дара тезис, вайнехан йукъаралла 1917 шеран Октябран революци хиллалц тайпана тӀегӀанехь лаьтташ гарца доьзна[13] . Масала, историка-марксиста М. Н. Покровскис йаздора: «XVIII бӀешеран чекххенгара Нохчийчоь — феодалан заманал хьалхара патриархалан-тайпанийн демократин пачхьалкх йу»[14], гӀараваьллачу историка а, хьостӀаморхочо а Е. Н. Кушевас иштта Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а XVI—XVII бӀешерашкара ломан кӀошташкара бахархой бара «тайпанан-цӀийнан кхолламашкахь» аьлла жамӀ дира[15]. Вайнехан йукъараллаш кхиарехь тӀехьайисина бохучу гаршца, иза емалдан гӀертарх доьзна ду, XX бӀешеран 30-гӀа шерашкахь меттигера талламхоша а ала гӀортар вайнехан йукъараллин-экономикин хӀоттам тайпан-цӀийна — «тайпизм» йа «тайпан хӀоттам»[16]. Оцу хьежаршна дуьхьалавелира М. А. Мамакаев шен белхаца «Нохчийн тайпа декъадаларан муьрехь»[9], цу чохь цуо дӀатеттира 1917 шеран революцел хьалха вайнехан тайпанан цхьаалла гар, церан йукъараллин ца гина хилар шайна йукъахь чкъоьрашна декъадалар а, йукъараллин антагонизм а. Шен балхехь цуо гайтира, тайпано, бӀешерийн исторех чекхдаьлла, цхьаьна муьрехь кхечира хьалхалерачу тайпанан цхьаалла йохаре. М. А. Мамакаевн таллам гӀарабелира, шозза йуха зорба туьйхира 1960-гӀа — 1970-гӀа шерашкахь. Оцу белхан критика ечарна йукъахь хаъал реза ца хилар гайтира гӀараваьллачу нохчийн этнографа С. А. Хасиевс, цуо бахара, нохчийн тайпана цхьацца агӀонаш М. А. Мамакаевс гӀалатца цхьаьнатуху Л. Г. Морганан ирокезийн классикан тайпанан кхетамца[3] .
XX бӀешеран шолгӀачу декъехь, нийса а, гома а, вайнехан тайпан бала айбира шайн белхашкахь цхьа могӀа гӀарабевллачу Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а историкаш а, этнограф аш а: Ш. Б. Ахмадовс, Л. Ильясовс, Т. А. Исаевас, Т. А. Мазаевас, И. М. Саидовс, А. А. Саламовс, А. С. Сулеймановс, С. А. Хасиевс, К. 3. Чокаев, А. И. Шамилевс, кхечара а, амма тайпанийн истории тахна къовсаме йу, цхьадолчу хеттаршна хӀинца а жоьпаш дац, кӀезиг теллина а йу монографин агӀора[13] .
«Тайпанаш а, тайпанийн кхоллам а йукъараллин чкъоьро кхоьллина, кхолладалар а, къагар а цуьнан дуккха а шира ду вайнехан историн муьрал, цуьнца дуьстича йуьззина реконструкци йанло шен социалан институташна ма-гарра».
Тера ду, тайпа-тукхуман структура (гӀалгӀайн — шахьар) Тимар Кавказан тӀелеттачул тӀаьхьа XIV бӀешарахь кхоллайаларх. Талламхочун Л. Ильясовн хетарехь, вайнехан йукъараллаш хӀаллакйар дӀадаьхьира церан пачхьалкхан институташ йохаярца, шайн урхаллин некъийшца а, нохчийн, гӀалгӀайн дайша бӀешерашкахь гулйина йолу цивилизацин урхаллин говзаллийца а[2] . Этнографа С. А. Хасиевс хуьлийта тайпанин институташ кхоллайаларан зама XIV бӀешерашкахь, тӀаккха а кхин хьалхо хилар а могийта.[3] . Иштта йу гипотеза (А. Х. Танкиев[17]), вайнах XIII бӀешарахь, монголаш тӀелеттачул тӀаьхьа, вовшехкхета йолайелира тайпана союзаш мостагӀашна дуьхьало аьттонца ярхьама. Дукхаха болу талламхойн ойла цхьаьна йогӀу, политикин а, экономикин а хьал ледара долчу муьрехь, вайнах мостагӀчун Ӏаткъамца беркате аренашкара луьрачу лаьмнашка хьалабаха безарна, кхоьллира кхолламан социалан модель кхолламан ницкъийн лахарчу кхиаран тӀегӀанехь хиларо а, классийн йукъараллин дифференци ца хиларо а — тайпа.
Тайпанаш кхолладаларехь хила тарло агӀонаш[2] : 1) махкара йукъараллаш цхьаьнакхетар (царна йукъахь тӀеман нах хевшина меттигаш, пхьерийн йукъараллаш), 2) шорйалар цӀийнан нехан кхолламаш, царна социалан функцеш йалар, аьлчи а тайпана функцеш, 3) тайпа кхиар гулахь хевшинчу кхечу махкара тобанех.
1990-гӀа шерашкахь, ССРС йоьхначул тӀаьхьа, къобалъянза йолчу пачхьалкхан кхолламехь Ичкерехь гӀоьртира тайпанийн социалан институтийн Ӏаткъам чӀагӀбан, цуьнца цхьаьна денъеш шира бакъонийн база — Ӏадаташ. Дуьйцуш дара тайпанийн парламент а, тайпанийн правительство а яр. Ишттачу политико талламхойн дика а, гӀуо а ойланаш кхоллайора. Масала, Л. Ильясовс 2001 шеран цхьаьна белхачохь билгалдоккху: «тайпанийн структуран реанимаци яро лаахь а, ца лаахь а пачхьалкх йохор йу». Тахана а цхьаболу российн политикаш иштта йийца йаьккхина Нохчийчохь а, ГӀалгӀайчохь а административан-урхаллин структура тайпан системан бух тӀехь йаран романтикан, амма, тера ду, дукхах берш царех цхьан а кхетам болуш бац тайпанан социалан категорех, йа цуьнан таханлерачу нохчийн а, гӀалгӀайн а йукъараллин функцех а[2] .
Малхбалера нохчий XIX—XX бӀешерашкахь массашкахь кхалхар бахьнехь, хилла цхьацца кегареш аьккхийн (аьккхий/Ӏовхой) тукхуман векалийн йа цигахь бехачу гӀумкийн йу оцу меттигера цхьа могӀа ярташ. Къовсаме мехкаш ду Теркан-ГӀой-хин шина хин йукъара ГӀумкийн акъари (таханлере Къилбаседа ДегӀаста). Масала ду Кизилюртан кӀоштара Чонт-Эвл. Талламхоша А. А. Адисултановс[18], А. В. Твердыйс[19], кхечара а дуьйцу цуьнан цӀе нохчийн тайпанах Чонтойх йаьлла бохуш, ткъа Г. А. Сергеевас[20], Ю. М. Идрисовс, кхечара а лору оцу йуьрта хьалха гӀумкий ховшар, ткъа нохчий тӀехьа баьхкина бохуш. Паччахьан Российца хилла Кавказан тӀом, ткъа тӀаьхьуо нохчийн а, гӀалгӀайн а депортацино миграци вайнехан бахархойн, уьш шозлагӀа ховша болабелира ДегӀастанарчу ярташка охьа, йухабоьрзуш Нохчийчоьнан ломан кӀошташкара йа арабаьхначу меттигашкара, цуо дира этносашна йукъарчу девнийн жимма эскалации, политикин бос а бира регионан бакъ болу бахархойх долчу хаттарна[хьост?].
XXI бӀешо долалуш гӀалгӀайн а, нохчийн а таханлера нах этносан тайпан фрагментацех йолу ойла чолхе йу. Нахе динчу хеттаршкахь, бахархойн цхьаьна декъана хета, тайпано дӀахьо шена тӀехь билгалйаьхна социалан функцеш хӀинца а, халкъан дахарехь доккха маьӀна долуш а ду. Оцу респонденташ чӀагӀдо, тайпанаш хиларо нах этнос лардо арахьарчу Ӏаткъамех — таро ца ло вайнахана шайн шакепаралла яйа, Ӏалашбо вайца богӀуш боцу кхечу къаьмнийн Ӏаткъамех чура а, арара а — тайпанийн йукъараллийн декъашхой кӀезиг емал бо шайн социумехь. Хеттарш динчарна йукъахь нисло дӀахьедарш а: «нохчий — тайпанийн йукъаралла йу, иза массарна а хаа деза. Ткъа цунах ца кхетарг, цхьанне хӀуманах кхеташ а вац»[~ 2][7].
Респондентийн кхечу дакъано лору, вайнеха тайпанаш доьхна, вайн деношкахь уьш дан а дац. «Тайпанаш дӀадевлла. Дисина формалан тардалар ламасталлин атрибут санна. Кегийрхоша тӀе а ца лоцу иза баккъала а. Вовшешца девнаш хилла тайпанаша вовшен зударий балабо. КӀенташа зударий идабо — цул тӀаьхьа мостагӀах гергарниг хуьлу»[~ 3]. Жоьпаш деллачарна йукъахь нисло ойла ерш, «суна тайпа — стеган доьзал схьабаларан географи йу»[~ 4][7].
Мухха делахь а — лелайой тайпано йоккха социалан роль йа формалан лелайо? Тахана вайнахана йукъахь, тайпа билгалдаьккхича, къамел дечарна кхочу гӀеххьа чулацаме хаам: царна хаьа шеш схьадевлла меттиг, гергарнаш мичхьа беха, йукъара бевзаш берш билгалбахало, цуо таро ло вовшен йукъарчу къамелехь тешам бала. Кхета деза, тахана йукъара гергарлонех йолчу ойлан ладаме роль хилар тайпанан ша-кепаралла латторехь, амма дукхах болу тайпанан декъашхой кхета, биологин гергарлонийн кхетам — жамӀ ду социалан конструкцин[21].
(нох. ЧIаьнтa — чӀаьнтий тайпанан йурт).
Тайпа кхолладаларан хьесапаш[13] :
Тайпа социалан структура хилла хӀуттучу муьрехь цунна йукъахь тайп-тайпана гергара цхьаьнакхетарш, царех уггар доккханиг дара вар. Хан мел ели вар нохчийн маттара дайна, цуьнан кхин а шуьйра социалан функцеш тайпане кхаьчна, ткъа готтанаш — кегийра цӀийца гергарчу цхьаьнакхетаршка — некъешка; гӀалгӀайн вар кхетам бисина, амма маьӀна хийцаделла[2] .
Тайпанан чоьхьара структура: доьзал → цӀа → некъи → гар → тайпа.
Тайпано хӀиттош а, Ӏалашъеш а хилла этикан барамаш, оьздангала — эсалалла, бакъхьаралла, кечалла, дог цӀоналла, гӀиллакх[22].
Цхьаболчу талламхоша тайпанан ло цуьнан ширачу варан функцеш, амма, нохчийн тайпана уьш елчи гӀалат хуьлу. Кхин цхьаьнакхетар, дуьххьала дуьйна тайпанан конкурент хилла долу вирд. Дуккха а меттигаш йу вайнаха вирдан вешийла тайпанан вешийлел лакха хӀоттош[3] .
Вайнехан тайпанца цхьадолу дустарш дан мегар ду кхечу кавказан къаьмнийн терачу кепаша (С. А. Хасиевца)[3] :
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.