From Wikipedia, the free encyclopedia
ЧӀаьнтий — нохчийн шира тайпа, J1 гаплотобанера[1] тайпа ду. ЧӀаьнташа а, Зумсойша а, Тумсойша а шаьш кхаа вешийн тӀаьхье лору.
Шайн синмехаллин эвла ЧӀаьнташа лору Итон-Кхаьлла, хӀунда аьлчи оцу эвлан меттигехь хилла шира шиъ ЧӀаьнтийн эвла Шулкаг а, Пхакхоча а. Пхакхоча ЧӀаьнтан йукъ хилла. А.Сулеймановс «ЧӀаьнтий» дешан маьӀна иштта даладо – «чӀогӀа антий» олий[2].
ЧӀаьнтий мохк бу хӀинцалерачу Нохчийчоьнан Итон-Кхаьллан кӀоштехь, ЧӀантий-эркан а, Доьрахойн-эркан а бассейнехь. Доьрахойн-эркан хьост ду Кхаъ-Куьртий олучу меттигехь, охьадоьду къилба-малхбузера къилбаседа-малхбалехьа, кхета ЧӀаьнтийн Органах.
ЧӀаьнтан доза ду: къилбехахь - Хьачараца, малхбалехь - Шикъараца, къилбаседехь - Зумсаца, ЧӀиннахца, малхбузехь - Дишница[2].
Тайпанан лам бу ЧӀаьнтийн лам. ЧӀаьнтийн лам бахбелла ЧӀаьнта-Орган[3] аьтту ген Доьрахойн эркан аьрру бердаца, малхбуза агӀора. Пайда эцара даьхний дажош, йол хьокхуш ЧӀаьнтан берриг бахархоша[4].
ЧӀаьнтан йукъахь йу эвланаш: Басара Доьра, Бобаш-ГутӀа, Борза хьалха, Бургул-Бийра, БӀаз-Кхелли, Гоьргача-ара, Гелин эвла, ГӀач-Кхелли, ГӀул-Кхелли, Дакна-Ара, Данкхелли, Дийхьа Доьра, Доьра, ДоьрхӀа, Дурзули, Жиелие, ЖӀараш-Йистие, ЗагӀаг эвла, Заза-Мерка, Итт-Куьллишка, Иэт-Кхелли, Йоховчу гути, КӀахий эвла, КӀел-ЦӀуьника, КӀогура-Доьра, Лакха Кхуокхада, Лаха Кхуокхада, Марашка, Мух-Мерка, ПхьаттӀа, Сакъаш ден гу, СелитӀа, Сехьа-Доьра, Тас гутӀа, Точин эвла, ТӀал-Кхелли, ТӀера-ЦӀуьника, УргӀала, Хаз-Кхелли, Хатта-эркие, Хьелди, Хуча-ара, Хьиерах, Хьуьрика, Цовханан корта, ЦӀагие, ЦӀамада (тера цӀе йолуш эвла ДегӀастанахь а йу), ЦӀанара, ЦӀег-гутӀа, ЦӀуьника, Чаначу, ЧӀагӀие, Шула, Йуккъерчу ЦӀамада, Юьрда-ара, Ӏахин гутӀа.
Мехкара шира эвла йу Доьра, шена йукъахь КӀел ЦӀуьника, ТӀера ЦӀуьника, ЦӀагӀие, Дийхьа Доьра, Сехьа Доьра (Басара Доьра, КӀогура Доьра) йолу[2].
Тайпа хьахадо 1621 шеран документехь: «гӀумкийн а, мержойн а, шотойн а, чӀаьнтийн а, гӀалгӀайн а, мулкъойн а, кхин шортта ломан мехканийн нах кийча бу цхьаьна НогӀийн нахана дуьхьала бовла», «гӀо доьху Теркан тӀийрачу оьрсийн воеводашка»[7].
Я.З.Ахмадовн белхашкахь хаам бо, теркан воеводас 1651 шарахь дӀахаийтина: «ЧӀаьнтийн, ЧӀинхойн, Зумсойн, Вашандаройн тайпанаш барт а бина шотойца цхьаьна» Теркан гӀалин аманаташ белла церан куьйга кӀелахь хилар къобалдеш[8].
Императоран омарца арахоьцучу, 1859 шеран сентябрь беттан № 9 йолчу тӀеман гуламехь, чулацаман иссалгӀачу жайнахь (том ӀХ) яздо: «Нохчийн къоман йукъадогӀу бухара цхьа мотт буьйцу, Кавказан а, Ӏаьндийн а даккъийн къилбаседа агӀон тӀехь тӀеман хийцамашка а, оьрсийн герзан аьттонга а хьаьжжина Российца хӀинца а тайп-тайпана йукъаметтигаш йолу, хӀинца Шемалан Ӏедал дохийначул тӀаьхьа дерриг а Кавказера оьрсийн мехкаш тӀехь Российн куьйгакӀела даьхкина тайпанаш: Шотой беха Орган Ӏинан лакхенашкахь, 15000 са, оцу тайпано 1858 шарахь къобалдина Российн Ӏедал (Шотой, ЧӀаьнтий, Зумсой, кхин а тайпанаш)»[9].
ЧӀаьнтахь цӀуйн динан культан меттигаш йу: СелитӀа, ЦӀуьника, Хуча-ара, ЧӀагӀие, ЦӀамада, ЦӀег-гутӀа, Йуьрда-ара, Гоьргача-ара, ЦӀовхьанан корта, Сакъаш ден гу, ЖӀараш йистие, Ӏо ховчу гутӀи, Хатта эркие, кхин а[2].
ЧӀаьнтий бекъало гарашка: Борза-гар (J1), ГӀулккхаьллой, Пхьадухарой, Тичахой, Хьелдахой, Иди, Хаси-гар (J1), Эжи.
Гараш а. некъеш а: итон-кхаллой, тазбичи, цӀамдой, пхъадгӀурой, кхокхадой, тасгутӀахой, данкхелой, хъелдий, гугӀалатхой, итт-куъллишкхой, цӀуникхой, хазкхеллихой, иэт-кхеллихой, доьрахой, тӀалкхеллой, соьсанхой, хьурикхой, шулхой, хьирехой, бобашгутӀахой, пхъаттархой; муртаз-гар, музаг- гар, борз-гар, бахъмад-гар, кушани-гар, бачикх-гар, щихали-гар, ибакх-гар, кандаг-гар[10].
ЧӀаьнтий беха меттигаш: Бена-Йурт[12], ВаларгтӀе[13], Махьмад-ХитӀе, Горагорск, Гребенски, ГӀойтӀа, Девкар-Эвла[14], Доьлаке, Зонах[15], Дуй-Йурт, Гал-ГӀала, Котар-Йурт[16], Лакха Невре, Пхьарчхошка, Маьлхбик, Новр-ГӀала[17], Нурадилово, Олхазар-КӀотар, Соьлже[18], Хьач-ХитIе, Эна-Хишка, ТӀехьа-Марта, Хаси-Эвл, Хьалха-Марта, Хаьмбин-Ирзе, ЧӀаьнти-Йурт[19], Шелковски, Аки-Йурт, Ӏалхан-ГӀала.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.