Лакха Невре
Теркан кӀоштара эвла, Нохчийчоь. From Wikipedia, the free encyclopedia
Теркан кӀоштара эвла, Нохчийчоь. From Wikipedia, the free encyclopedia
Лакха Невре — Нохчийчоьнан Теркан кӀоштара эвла. Бахархой — 5441 лерина 2010 шарахь. Меттигерчу бахархоша Лаха а, Лакха а Невре цӀераш йоьхку туьйранашкахь дуьйцучу наьртах Новрах. Йуьртан къилбехахь бердах доьдуш ша даьлла Ӏуьрг ду - Новр-ор (Новр-Ӏуьрг). ХӀинца а дуьйцуш ду наьртех Новрах, ГӀоьжакъех а, церан йиезаршах Сатех а, Белшех а[1].
Эвла | |
Лакха Невре[1] | |
---|---|
43°36′39″ къ. ш. 45°15′03″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Регион | Нохчийчоь |
КӀошт | Теркан кӀошт |
Йуьртан меттиг | Лакха Неврен |
Истори а, географи а | |
Центран локхалла | 83[2] м |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | 5441[3] стаг (2010) |
Къаьмнийн хӀоттам | нохчий |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | 87132[2] |
Поштан индекс | 366812 |
ОКАТО | 96216807001 |
Картин тӀехь | |
Иза йу Лакха Неврен йуьртан меттиган административан центр[4]. Лакха Неврен йуьртан меттиган йукъайогӀу Эмасуле кӀотар.
Лакха Невре лаьтта 12 км малхбалехьа кӀоштан центр йолчу ЧӀулга-Юртан, 20 км гена цӀерпоштнекъан Ишорен станцин, Лаха Неврен малхбузехьа, Теркан аьтту бердаца[1]. Лулара нах беха меттигаш: къилбаседехь — Алпату йурт, къилбаседа-малхбузехь — Ишоре гӀала, къилбаседа-малхбалехь — Новр-ГӀала а, Лаха Невре а, къилба-малхбалехь — ярташ Макан-КӀотар, Минеральни, къилба-малхбузехь — ГӀулоз[5].
2002 шарахь нохчий — 5 025 стаг (99,8 %), кхин берш — 11 стаг (0,2 %).
Йуьртахь шиъ ишкол, оьздангаллин цӀа, пошта, туьканаш[1], берийн беш, заправкаш йу. Йуьртахь рузбана маьждиг а, 6 жамаӀата маьждиг а ду.
Йуьртахь беха нохчий лахарчу тайпанашкара:
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.