From Wikipedia, the free encyclopedia
Билтой[1] — Ӏовхойн а, Нохчмахкахой[2] а тукхумашна йукъара орамера нохчийн тайпа ду . Тайпанан йурт лору Нажи-Йуьртан кӀоштара Билта[3]. Тайпанан векалш J1 гаплотобанера бу[4]. Билтойн гергара тайпанаш ду Орсой, Садой, Устрадой.
Къена тайпа | |
Билтой | |
---|---|
Этноиерархи | |
Раса | кавказан |
Тукхам | нохчмахкахой а, Ӏовхой а |
Йукъара хаамаш | |
Мотт | нохчийн меттан Ӏовхойн диалект а, нохчмахкахойн лер а |
Дин | ислам (суннизм) |
Къам | нохчий |
Гергарло | Садой, Орсой, Устрадой |
Таханлера дӀасакхалхар | |
Росси: хууш дац Нохчийчоь: хууш дац ДегӀаста: хууш дац ГӀалгӀайчоь: хууш дац |
|
Хьалхалера дӀасакхалхар | |
• шира. мохк Нохч-Мохк |
Билтан доза ду: къилбехьа – Гендаргана, малхбузехьа – Энгана, Сесана, Ӏалара, малхбалехьа – Зандакъ.
Билтойн мехкан йукъайогӀу эвланаш: Айти-Мохк[5], Билта, БуланхитӀа[6], Замай-Йурт[7], Билт-эвла, Дечк-Гӏала, Ишхой-Отар[8], ЛамтӀе[9], МехкаштӀехьа, Нажи-Йурт, Отара, РогӀа-КӀажа[8], Хьочи-Ара[5], Чуьрча-Ирзе[10].
Билтой этнониман бух хила тарло, А. В. Твердыйн хетарехь, гӀалмакхойн «бел» я «бил» – «дукъ» маьӀна ду. Ма-дарра аьлчи «Дукъан бахархой» хуьлу.
Ӏ. Д. Вагаповс а, Р. П. Ахмадовс а Билтан этимологи йевзаш йац боху. Гипотезийца хила тарло гергара желтойн Belt – «дика, майра, дикачу нахах»[15].
Билтой чӀогӀа шуьйра баьржина аренашкара эвланашкахула[8]. Уьш беха меттигаш: БердакӀел[16], Билт-Эвла[2], Боони-Йурт, БӀачи-Йурт[17], ГӀалайтIа[16], Девкар-Эвла[18], Дубовски[19], ЖугӀурта[20], Илсхан-Йурт[21], Ишхой-Йурт[22], Макане[23], Мелчу-ХитIа[24], Старогладовски[25], УстаргӀордойн-ГӀала[26], ЧӀулга-Йурт, Ӏелин-Йурт[27].
Билтой бекъало кхаа гаре: Итт-бухой, Е-бухой, Зок-бухой[28].
Мачи некъе (J1)[4]
Нуьркаш некъе (J1)[4]
Легендаша боху, Кушул Нашха кхелхина, сецца Куьрчалахь Йуьртачоь олучу меттигехь. Цуьнан 3 кӀант хилла: ШаӀа, ТӀелип, Курчалхан. ШаӀех Зандакъой бевлла, ТӀелипах – Билтой, Курчалханах – Курчалой. ТӀелипа Билта эвла йиллина. Амма йеллачу ДНК тесташа и легенда бакъ ца хилар гойту, хӀунда аьлчи Зандакъой а, Курчалой а J2 гаплотобанера бу, ткъа Билтой – J1[4].
500 шо хьалха Билтоша йиллина ДегӀастанара Казбековн кӀоштан центр йолу Дылым эвла, цуьнан йуьхьанцара нохчийн цӀе Дайн Лам хилла, амма хенан йохаллехь жӀайхойшна юкъахь трансформаци хилла[3].
Ишхой-Йурт йиллина Билтойша[29].
1989 шарахь гӀишлош йохош токхамаш хилла Нажи-Йуьртан кӀоштара РогӀа-КӀажа, Билта, МехкаштӀехьа эвланашкара Билтой кхелхина акъарин тӀе. Цара Гуьмсан кӀоштахь Бильтой-Йурт йиллира.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.