1572 (эзар пхи бӀе кхузткъе итт шолгӀа) шо Юлианан рузманца — високосан доцу шо, долалуш долу шинарахь. Иза вайн эран 1572 шо ду, 572 шо 2 эзарлагӀа шерашкахь, 72 шо бӀешеран, 2 шо 8-гӀа иттаннаш шерашкахь XVI бӀешеран, 3 шо 1570-гӀа шерийн.
Ма-дарра 1490‑гӀа, 1500‑гӀа ...
ДӀачӀагӀа
- Ноябран йуьхьиг — ТӀехкерла Тийна Браге седа серлабалар[1].
- Елизаветин омарца «ХӀордан къоьлла» лаьллина ингалсан порташкара. 1 апрелехь — къоьллин тобано Рейнан хикхочехь Брилле йаьккхира. 5 апрелехь — Флиссингенан бахархоша гӀевттина гӀалин чуйитира къоьллин тобанаш. Апрель — къилбаседа провинцешкахь йукъара гӀаттам. ХӀорд тӀехь испанин флотан цхьа могӀа чӀогӀа тӀелатарш.
Вильгельман эскар Къилба Нидерландашка чудар. Вильгельман вешийн Нассаун Людовикан тобано йаьккхина Монс. Альбас Монс а йаьккхина буьззина иэшам бина Вильгельман ницкъашна. Альба гӀоьртира къилбаседехьа. Вильгельман делира лакхара кхочушдаран Ӏедал а, эскаран а, флотан а баьччалла а.
- Голланде йиссо йолийра французийн а, ингалсийн а тобанаш. Испанхоша гуо лаьцна Алкмарна. Декабрь — Харлеман гуо лацаран йуьхьиг.
- 1572—1584 — Голландин а, Зеландин а штатгальтер Оранан Вильгельм.
- Наваррин Генрихан а, Валуа Маргаритин а ловзар.
- 24 августан буса (23 август) — Парижехь Варфоломейн буьйса. Парижехь массашкахь гугеноташ байина. Гугеноташ байина Орлеанехь, Труахь, Руанехь, Тулузехь, Бордохь. Велла адмирал Колиньи. Керлачу тӀеман йуьхьиг.
- 1572—1585 — Руман папа Григорий XIII (1502—1585).
- Полякийн правительство пачхьалкхан гӀуллакхе дӀаэцна масех бӀе гӀазакхи, дӀайазбина уьш реестре.
- 1572—1608 — Мажарчоьнан паччахь Габсбург Рудольф.
- Испанхоша хӀаллакйо «керлаинкийн пачхьалкх».
Росси
- 29 июль — 2 август — Москохан 50 чаккхарма къилбехьара Молодера тӀом, оцу тӀамехь Довт I Гирин гӀирмин эскар дерриг хӀаллакдина коьртехь элин баьчча Воротынский Михаил волчу оьрсийн эскаро.
- Довт-Гири Москохан тӀелатар. ГӀезалой Лопасня эрк тӀехь эла Воротынскийн оьрсийн эскаро хӀаллакбар.
- Опричнина чекхйалар.
Хьажа кхин а: Категори:Бинарш 1572 шарахь
- Байер, Иоганн — немцойн астроном а, юрист а.
- Джонсон, Бен — ингалсан поэт а, драматург а, драмин теоретик.
- Донн, Джон — ингалсан поэт а, дин хьоьхург а, лондонан Сийлахь Павелан килсан мозгӀар, ингалсан барокко литературин уггаре воккха векал («метафизикин ишкол»). Цхьа могӀа безаман байтийн, элегийн, сонетийн, эпиграммийн, ткъа кхин а динан хьехамийн автор.
- Дреббель, Корнелиус — нидерландийн кхоллархо, оптика, хими, дустаран Ӏилма кхиорехь дакъа лаьцна, дуьххьарлера микроскопийн цхьа тайпа кхоьллинарг, дуьххьарлера болх беш долу хибухара кема динарг.
- Жигмонд Батори — Трансильванин эла, Криштоф Баторин кӀант а, Польшин паччахьан а, сийлахь литвахойн элин Батори Стефанан вешин кӀант.
- Император Го-Ёдзэй — японин император. Цуьнан урхалло гойту Адзути-Момояман а, Эдон а муьрашка дехьадалар.
- Иоанн III Сигизмунд — 1608—1619 шерашкахь Бранденбурган курфюрст, 1608 шарахь дуьйна Пруссин регент, 1618 шарахь дуьйна Пруссин герцог, ГогенцоллернгӀеран некъийн векал. Курфюрстан Иоахим-Фридрихан кӀант, цунна ирс дитина 1608 шарахь, Бранденбург-Кюстрински Екатеринас.
- Кирилл Лукарис — Искандарийн патриарх (1602—1621) а, Константинополан (1612, 1620—1623, 1623—1633, 1633—1634, 1634—1635, 1637—1638).
- Мориц (Гессен-Касселан ландграф) — 1592—1627 шерашкара Гессен-Касселан ландграф.
- Фахр ад-Дин II — воккха ливанийн друзийн феодал, МаӀайунгӀеран некъех волу Ливанан эмир, урхалла дина 1590—1633 шерашкахь. Иза волучу хенахь маӀайунгӀеран Ӏедал йерриг Ливанехь даьржинера.
- Шанталь, Иоанна де — католикин сийлахьйерг, визитантийн орден кхоьллинарг, сийлахь Салан Францискан нийсархо.
Хьажа кхин а: Категори:Белларш 1572 шарахь
- 7 июль — Сигизмунд II Август, полякийн а, Литвахойн Сийлахь олаллин а паччахь.
- 2 ноябрь — Ходкевич Григорий, Литвахойн Сийлахь олаллин гетман.
- Алесси, Галеаццо — италихойн архитектор.
- Бомбелли, Рафаэль — XVI бӀешеран италихойн математик а, инженер-гидравлик а, математике далийна комплексан терхьаш а, цаьрца болх бан базин бакъонаш а.
- Борджа, Франсиско — католикийн сийлахьверг, Ӏиса пайхамаран Йукъараллин кхоалгӀа инарла (Иезуиташ).
- Бронзино, Аньоло — италихойн суртдиллархо, маньеризман гӀараваьлла векал.
- Иоанна III-гӀа — 1555—1572 шерашкахь Наваррин паччахь-аьзни, иза йара элин Альбре тайпанех, паччахьан Генрих II-гӀачун а, Наваррин Маргаритин а йоӀ.
- Ипполито II д’Эсте — италихойн кардинал.
- Клуэ, Франсуа — французийн ЙухаметтахӀотторан муьран Франциск I-чун, Генрих II-гӀачун, Франциск II-гӀачун, Карл IX-гӀачун муьрера керташкара баккхийчех исбаьхьалча-портретдиллархо.
- Колиньи, Гаспар II де — французийн пачхьалкхан гӀуллаккхо, Францера динан тӀемаш болчу заманара гугенотийн тхьамданех цхьаъ.
- Легаспи, Мигель Лопес де — аделантадо титул йолу испанин конкистадор, Филиппинийн исторехь ладаме роль ловзийна.
- Чжу Цзайхоу — императоран Чжу Хоуцунан кӀант 1567 - 1572 шерашкахь урхалла дина Мин некъех волу Цийчоьнан шийтталгӀа император.
- Лурия, Ицхак — йахӀудийн Ӏелам-стаг, кхоьллина керла мистикин Ӏилма Къабала.
- Нокс, Джон — XVI бӀешеран воккхачех шотландин динан реформатор, пресвитерианийн килсан бух биллинарг.
- Пий V — руман папа (1566 7 январь - 1572 1 май).
- Рамэ, Пьер де ла — французийн философ, логик, математик, риторик, хьехархо. ГӀараваьлла, 1536 шарахь тезисца «дерриг, Аристотела аьлларг — харц ду» вистхиларна[2]. Кхелхина Варфоломейн буса фанатикийн карах[3].
- Амару Тупак — Перун халкъан Инкийн тӀаьххьара урхалча. Титу Куси Юпанкин кӀант (кхин а вевза Манко Капак II-гӀа санна), цӀу хилла, шен ден дакъа Ӏалашдийриг хилла.
- Фрич-Моджевский, Анджей — полякийн йукъараллин гӀуллакххо, динан реформатор а, политикин ойланча а. Къуьйсура законан хьалха массо цхьатерра хилар, паччахьан чӀогӀа Ӏедал дезаш вара, полякийн килс йилларехьа а, дешаран секуляризацехьа а вара[4].
- Австрин Екатерина — литвахойн сийлахь сту а, полякийн паччахь-аьзни а, Сигизмунд II Августан кхоалгӀа зуда, ГабсбурггӀеран тайпанан векал.
Категори «1572 шо» ца карийна.
См.: История философии / Под ред. Г. Ф. Александрова и др. — М., 1941. — Т. 1. — С. 38.
Покровский Н.Е. Ранняя американская философия. Пуританизм: Учеб. пособие для гуманит. фак. ун-тов. — М.: Высш. шк., 1989. — С. 86.
Моджевский // Советская историческая энциклопедия / под ред. Е. М. Жукова. — М.: Советская энциклопедия, 1973—1982.