1534 (эзар пхи бӀе ткъе итт доьалгӀа) шо Юлианан рузманца — високосан доцу шо, долалуш долу йеарахь. Иза вайн эран 1534 шо ду, 534 шо 2 эзарлагӀа шерашкахь, 34 шо бӀешеран, 4 шо 4-гӀа иттаннаш шерашкахь XVI бӀешеран, 5 шо 1530-гӀа шерийн.
Ма-дарра 1490‑гӀа, 1500‑гӀа ...
ДӀачӀагӀа
- Ингалсан парламенто Ингалсан килс мукъайаьккхина Руман куьйгакӀелара. Ингалсан килсал паччахь лакхара хиларан акт («Супрематех акт»). Ингалсан реформацин йуьхьиг (ингалсаллин килс кхоллар). Ингалсехь а, Германехь а Сийлахь Лазаран орденан бахам схьабаьккхина Ӏедало.
- Парижехь испанин эло Игнатий де Лойолас кхоьллина иезуитийн мозгӀаройн орден. Орден чӀагӀйира Руман Папас Павел III-гӀачо 1540 шарахь.
- 1534—1559 — Данин а, Норвегин а паччахь Кристиан III.
- 1534—1536 — Ахархойн-лайн гӀаттам Нидерландашкахь.
- 1534—1549 — Папа Павел III (1468—1549).
- Февраль — Ян Матис а, Лейденан Иоанн а коьртехь волу Анабаптисташ фактехь Ӏедал дӀалецира Мюнстерехь. Епископан эскарша Мюнстеран гуо лецира.
- Туркой тӀелетира Чоьхьара Кавказана а, Месопотамина а. Чоьхьара Кавказехь а, Иранехь а тӀемаш. Ширван а, Малхбузен Гуьржийчоь а дӀалацар. Туркоша Тебриз йаккхар. Туркоша бердйистера Ӏаьрбойчоь йаьккхина БагӀдадехула а, Басрехула а, кхечира ГӀажарийн аймане. Басра йоцург Ӏиракъ схьатохар.
- Португалхоша Бассейн йаккхар (ХӀнди).
- 10 май — французийн хӀордахо Жак Картьес ткъа дийнахь Ӏапказ чухула некъ бина дӀадиллина Ньюфаундленд[1].
- 21 май — Мексикин епископо Хуан де Сумаррагина паччахьо пурба делла Мехикохь дуьххьарлера библиотека йелла.
- 24 июль — Жак Картье воьссина таханлера Квебекан махка, цигахь хӀинца лаьтта Гаспе шахьар, дӀакхайкхийна и латташ французийн паччахьан ду аьлла[2].
- 6 декабрь — конкистадора Себастьян де Белалькасара Кито гӀала йиллира индахойн ширачу гӀалин саьлнаш тӀехь, хӀинца Эквадоран коьрта шахьар[3].
- Ингалсера реформацин йуьхьиг.
- Кануни Султанан Сулейманан а, Роксоланин а ловзар.
- Оьрсийн-литвахойн тӀом (1534—1537.
Хьажа кхин а: Категори:Бинарш 1534 шарахь
- Аншиета, Жозе ди — Канарийн гӀайренаш тӀера иезуитийн даӀватхо, Португалхоша Бразили дӀайиллинчу хьалхара бӀешеран дохаллехь колонин Бразилин исторера а, оьздангаллера а уггаре йаккхийчу фигурех цхьаъ.
- Гуру Рам Дас — сикьхийн воьлгӀа гуру.
- Лурия, Ицхак — мистикин Ӏилма Къабалин керла агӀо кхоьллина йахӀудийн Ӏелам стаг. Цуьнан цӀарах тиллина лурин къабалин ишколан цӀе.
- Ода Нобунага — Японин Сэнгоку муьран тӀеман-политический лидер, японин исторера уггаре чӀогӀа гӀарабевллачу самурайх цхьаъ, дерриг шен дахар хьажийна мохк цхьаьнатохарна.
- Фредерик II — 1559 шеран 1 январехь дуьйна Данин а, Норвегин а ОльденбурггӀеран некъех волу паччахь.
Хьажа иштта: Категори:Белларш 1534 шарахь
- Альфонсо I д’Эсте — Феррарин, Моденин, Реджион герцог (1505—1534), Италихойн тӀемнийн а, Камбрейн Лигин тӀеман а декъахо, Борджиа Лукрецин кхоалгӀа майра.
- Климент VII — Руман Папа 1523 шеран 19 ноябрера 1534 шеран 25 сентябрь кхаччалц.
- Корреджо — Лакхара Йухадендаран муьрера италихойн суртдиллархо.
- Пигафетта, Антонио — италихойн хӀордахо, Магелланан-Эльканон (1519-22) экспедицин штатал сов (испан. sobresaliente) волу декъахо.
- Сангалло, Антонио да (воккхахаверг) — италихойн архитектор а, инженер а. Антонио да Сангаллон деваша.
- Чайтанья Махапрабху — хӀиндуизман ламастан гаудия-вайшнаван бухбиллинарг, цунна чохь цуо гойту Радхин а, Кришнин а цхьаьна йоьхьца чулацам хилар.
- Ӏайшат Хьафса Султан — Сулейман I-чун нана, валиде-султан.
БСЭ 3-е изд. т. 12 — С. 246