From Wikipedia, the free encyclopedia
И́нкийн импе́ри (кечуа Tawantin Suyu, Tawantinsuyu, Тауантинсу́йу) — XI—XVI бӀешерашкара Къилба Америкера майданца а, бахархойн барамца а уггаре йоккха индахойн хьалхараклассийн пачхьалкх. ХӀинцалера Колумбера Пасто тӀера Чилера Мауле эрк тӀекхаччалц болу мохк дӀалоцура. Империн йукъахь бара хӀинцалера Перун, Боливин, Эквадоран (чекх ца валало сельва йаьлла, малхбален аренан кӀошташ йоцург) берриг мехкаш, Чилин, Аргентинин, Колумбин дакъош. 1525 шарахь дуьххьара Инкийн империн чувахана европахо хилла португалхо Гарсия Алежу. 1533 шарахь испанхойн конкистадораша карадерзийра империн доккхаха долу дакъа, ткъа 1572 шарахь инкийн пачхьалкх йоьхна. Гипотеза йу, тӀеххьара инкаш охьахевшина маьрша гӀала (мохк) Пайтити йу аьлла (XVIII бӀешеран йуккъе йа чеккхенга кхочуш)[1].
Историн пачхьалкх | |||
Инкийн импери, Тауантинсуйу | |||
---|---|---|---|
Tawantinsuyu | |||
|
|||
![]() |
|||
1438 — 1533
|
|||
Коьрта гӀала | Куско | ||
Мотт (меттанаш) | кечуа (коьртаниг), аймарийн меттанаш, пукина, мочика | ||
Официалан мотт | кечуа | ||
Майда |
800 000 км² (1438) 2 000 000 км² (1527) |
||
Урхаллин тайпа | монархи (кхин версешца, диархи) | ||
Инкин Сапа | |||
• 1438—1471 | Пачакутек Юпанки | ||
• 1471—1493 | Тупак Инка Юпанки | ||
• 1493—1525 | Уайна Капак | ||
• 1525—1532 | Уаскар | ||
• 1532—1533 | Атауальпа | ||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Археологин талламаша гойту, баккхий бараман кхиамаш когаметта йитина инкашна хьалхарчу цивилизацеша, кхин а лулара куьйгакӀела далийна къаьмнаша а. Къилба Америкехь инкаш историн арене бовлучу хенахь йара цхьа могӀа цивилизацеш: Моче (мочика оьздангалла, йевза бесара кхийранца а, ирригацин системашца а), Уари (и пачхьалкх Инкийн империн куц хилла, амма бахархоша буьйцура, схьагарехь, кхин мотт — аймара), Чиму (йукъ — Чан-Чан гӀала, тера кхийра а, архитектура а), Наска (гӀарабевлла, Наска асанаш йарца, кхин а лаьттан бухахула хи далоран системашца, кхийранца), Пукина (Титикака Ӏоман малхбалехьара 40 эзар вахархо веха Тиауанако гӀалин цивилизаци), Чачапояс («Мархийн тӀемлой», бевза шайн буьрса Куэлап гӀопаца, цунах кхин а олу къилбаседин «Мачу-Пикчу»).
Кечуа меттара мехкан цӀе, Тауантинсуйу, гочдан мегара ду йиъ цхьаьнатоьхна провинци (Tawantin — «йеа хӀуманан тоба» (tawa «диъ» суффиксца -ntin, билгалдоккху «цхьаьна»); suyu — «мохк», «область» йа «провинци»). Кечуан лингвисто Деметрио Тупак Юпанкис ма-гайттара: «-ntin — „дерриг чудоьллина“, „дерриг, дийна цхьаъ дийриг“[2]. Иштта цӀе йоьзна, мохк йеа провинцина бекъа луш болун дела: Кунтинсуйу (кечуа Kunti Suyu), Кольясуйу (кечуа Qulla Suyu), Антисуйу (кечуа Anti Suyu), Чинчасуйу (кечуа Chinchay suyu). Цул сов, Кускора (кечуа Qusqu) йеа агӀо араболура биъ некъ, хӀоранна а цӀе йара иза боьдучу провинцин санна.
Андийн областехь а, цуьнца йолу бердйист а вайн эрал хьалхара 1 эз. — вайн эрин 1 эз. шарахь кхоллайелира кхиина йаьлла латта лелон цивилизацеш: Чавин, Паракас, Наска, Мочика, Тиауанако, кхин а. XII бӀешарахь Титикака Ӏоман бердаш тӀехь гучуйдолу къам, цуьнан куьйгаллехь ву Инка — лакхара урхалча. Иза кхелха керла коьртачу шахьре — Куско, шен Ӏаткъам баржабо боккхачу махкахь (Л. Е. Гринина гайтарехь, XV бӀешеран шолгӀачу декъехь дерриг 30 шарахь Инкийн пачхьалкхан майда бӀенашкахь совйаьлла[11]), XV—XVI бӀешерашкахь цуо дӀалоцура хӀокху заманан Эквадоран, Перун, Боливин, [[Чили]н], кхи а Колумбин а, Аргентинин а кегийра кӀошташ.
Пачхьалкх кхоллар тӀейаздо туьйра хиллачу Инкина Манко Капакана[12], цуо йиллина коьрта гӀала — Куско[13], 3416 метр хӀордан тӀегӀанал лакхахь, шина ламанан дукъан йуккъера кӀорга Ӏин чохь.
Кхоьллинчул тӀаьхьа мохк гуттаренна шорлорабашха шорлора, Инка Яуар Уакакас имперехь гуттаренна эскар дича. Даккхий мехкаш даьхна Инка Пачакутис. Цуо кхоьллина хила ма-йеззара импери, ткъа цул хьалха инкаш индахойн дуккха а тайпанех цхьаъ бен дацара, ткъа Куско — кхечарех терра гӀала бен йацара. Инкашна куьйгакӀелара дукхаха долу латтанаш даьхнера Пачакутис а, цуьнан кӀанта Тупак Инка Юпанкис. Мехкан жима дакъа тӀетоьхна цхьатталгӀачу Инкаса — Уайна Капака. Урхалчаш Уаскар а, Атауальпа а Уайна Капакан кӀентий бара. Иза веллачул тӀаьхьа цара болийра массо а хӀиттийна шайна йукъара тӀом. Испанхой баьхкинчу хенахь тӀемехь толамхо хилира Атауальпа. Амма цуо дукха ца лелийра шен толаман стоьмаш, хӀунда аьлча вожийна вийра испанхоша, цара чаккхенца хӀаллакйира инкийн импери.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.