From Wikipedia, the free encyclopedia
Шикъарой — шаройн тукхумера нохчийн тайпа[1]. Даьхна Нохчийчоьнан къилба-малхбален декъехь. Шара-Орган аьрру ген Шаро-аьхкан тӀехь лаьттина Шикъарой тайпанан тӀулгийн эвланаш[1]. Тайпанаy векалийн йаьккхина ДНК тесто гайтина Шикъарой J1 гаплотобанара хилар. Бекъало гарашна а, некъешна а, масала, Чапал-гар – Ваги некъе (J1)[2]. М.А.Мамакаевс Шикъарой Нохчийчоьнан орамера тайпанаш юкъатуху[3].
Сулейманов Ахьмада дийцарехь Шикъара дешан жӀайхойн маттахь сирла месаш йолуш, хьаьрса маьӀна ду[4].
Шикъара – эвлан саьлнаш Итон-Кхаьллан кӀоштахь ю; лаьтта Шара-Орган аьрру бердаца, цуьнан аьрру ген тогӀийца. Шикьара эвла лаьттина шина декъех: Байдие а, Пхьиедие а. Шикъаран доза ду: малхбузехь КӀесалца, малхбалехь Шаройн-Мохкца, къилбаседехьа ДженжIарие дукъан дехьа ЧӀаьнтица а, Зумсица а, къилбехьа Шара Орган харшца доза хилла Хуландан латтанашца[1][4]. ДженжIарие дукъ тӀиера охьадогӀу Шикъаройн эрк[5].
Шикъар-гӀала – гӀала-гӀап, лаьтта Орстхарчу Турсиел-дукъан а, ХӀуттанчун а, юккъехь ХӀуттунчун къилба йисттехь. А.Сулеймановн хетарехь, хьалхара дакъа доьзна ду Шикъарой тайпанца[6]. Чурт-ТогӀи – Соьлжа-ГӀалин кӀоштара эвла, лаьтта Соьлжа-ГӀалан rъилбаседа-малхбалехь, 15 км гергахь, Соьлжан аьрру берда тӀехь. Кхоьллина Шикъаройша ислам дин даржош лелачу тобанех бевдда[7].
Тайпанан махкахь хилла кегийра эвланаш а, бӀаьвнийн гӀаланаш а: Дехачу-агане, Уоратл-дукъа, Икъарой (ша даьлла тайпа), Ами-гӀала, ПирсунтӀехе, ГӀур-тогӀи, Пха-хьалхие[1][8].
Беха меттигаш: БердакӀел, Гелдаган, Йоккха АтагӀа, Лакха Невре, Макан-ГӀала, Новр-ГӀала, Олхазар-КӀотар, Чурт-ТогӀи, ЧӀулга-Юрт.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.