Йоккха АтагӀа

Хьалха-Мартанан кӀоштар эвл, Нохчийчоь From Wikipedia, the free encyclopedia

Йоккха АтагӀаmap
Remove ads

Йоккха АтагӀа йа «Сехьа-АтагӀа»[4] (оьрс. Старые Атаги) — Нохчийн Республикин Хьалха-Мартанан кӀоштара эвла. Йоккха-АтагӀин йуьртан меттиган административан йукъ[5].

Боца хаамаш Йоккха АтагIа, Пачхьалкх ...
Remove ads
Remove ads

Географи

Thumb
Йоккха-АтагӀин йуьртан меттиг Хьалха-Мартанан кӀоштан картин тӀехь

Эвла лаьтта Орга эркан аьрру берд тӀехь Соьлжа-ГӀалин 15 км къилбехьа а, Хьалха-Мартанан 14 км малхбалехьа а.

Гергара нах беха меттигаш: къилбаседехьа — Шовдане эвла, къилбаседа-малхбалехьа — Чечана эвла, малхбалехьа — Жима АтагӀа, къилба-малхбалехьа — Чуьйри-Эвла, къилбаседа-малхбузехьа — ГӀойтӀа, ГӀой-Йист эвланаш а, Олхазар-КӀотар, малхбузехьа — Хьалха-Марта шахьар.

Къилба агIонехь Чахкер-Корт лам бу.

Remove ads

Истори

1944 шарахь, нохчий а, гӀалгӀай а махках баьхначул тӀехьа, Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀайаьккхинчул тӀаьхьа эвлин цӀе хийцира Предгорни аьлла[1].

1958 шарахь, Нохч-ГӀалгӀайн АССР метахӀоттийначул тӀаьхьа, эвлин шен хьалхара цӀе схьайелира.

2020 шеран 1 январехь Йоккха АтагӀа шен йуьртан меттиган латтанашца цхьаьна дехьайелира Соьлжа-ГӀалин кӀоштара Хьалха-Мартанан кӀошта[6].

Бахархой

Ма-дарра Бахархойн дукхалла ...
Къоман хӀоттам

2010 шеран йерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца[22]:

Ма-дарра Къам, Барам, ст. ...

Дешар

  • Йуккъера йукъарадешаран № 1 йолу ишкол[23].
  • Йуккъера йукъарадешаран № 2 йолу ишкол[24].
  • Йуккъера йукъарадешаран № 3 йолу ишкол[25].

ГӀарабевлла йуьртахой

Thumb
Эсамбаев Махьмудан оьздангаллин цӀенна хьалха хӀоттийна иэс
  • Айдаев, ЮшаӀ Ахьйадан воӀфилологин Ӏилманийн доктор, профессор, Российн Ӏаламан Ӏилманийн академин академик, Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин академик, Нохчийн Республикин хьакъ долу Ӏилманан гӀуллакххо, Российн Йаздархой бертан а, журналистийн бертан а декъахо, Нохч-ГӀалгӀайн АССР хьакъ долу оьздангаллин белхало;
  • Алиев, Эрис Хан Султан ГирейАртиллерера инарла;
  • Алиева Тамара ШоӀипан йоӀ — советийн, российн, нохчийн актриса, йишлакхархо, эстрадин хелхарча, конферансье, тайнигашловзорхо, Нохч-ГӀалгӀайн АССР халкъан артист, РСФСР хьакъ долу артист;
  • Мациев Ислам Хьамзатан воӀ — российн дзюдоист, Российн 4-зза чемпион, Российн, Европин, дуьненан чемпионатийн дуккха а совгӀатхо, дуьненайукъара турнирийн толамхо, дуьненайукъара классан спортан говзанча;
  • Нажаев, Ахьмад Идиговичйаздархо, поэт
  • Насуханова Ляля Ӏандарбекан йоӀ — дуьххьарлера нохчийн пилот а, парашютист а, пилот-инструктор, ССРС авиацин спортан хьакъ долу говзанча, ССРС лакхара пилотажан гулйина командин декъахо;
  • Осмаев Ӏаббас Догин воӀ - Историн Ӏилманийн доктор, профессор
  • Татаев, Ильяс Вахьидан воӀ — РФ хьакъ долу исбаьхьалча, кинорежиссёр, сценарихо, скульптор;
  • Хамидов, Ӏабдул-Хьамид Хьамидан воӀ — нохчийн актёр, йаздархо, поэт, драматург, гочдархо, театран гӀуллакххо, Нохч-ГӀалгӀайн АССР халкъан артист (1959), ССРС йаздархой бертан декъахо (1943), Нохч-ГӀалгӀайчоьнан йаздархойн бертан председатель;
  • Эсамбаев, Махьмуд Ӏеласолтийн воӀ — советийн балетан артист, эстрадин хелхарча, хореограф, актёр. ССРС халкъан артист, Социалистийн Къинхьегаман турпалхо.
  • Яндарбиев, Зеламха Ӏабдулмуслиман воӀ — политик, НРИ президентан декхарш кхочушдийриг.
Remove ads

Литература

  • Старые Атаги и атагинцы: О лучших людях республики / Ваха Матиев. — Грозный: Книга, 1990. — 109 с.

Билгалдахарш

Loading content...

Хьажоргаш

Loading content...
Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads