From Wikipedia, the free encyclopedia
Футболех ловзаран Азербайджанан гулйина команда (азерб. Azərbaycan Milli Futbol Yığması) — Азербайджан гойту дуьненайукъара футболан матчашкахь. Урхаллин кхоллам — Азербайджанан Футболан Федерацин Ассоциаци.
Азербайджан | ||||
---|---|---|---|---|
Харц цӀерш | ЦӀерийн мохк (азерб. Odlar Yurdu) | |||
Конфедераци | УЕФА | |||
Федераци | АФФА | |||
Коьрта тренер | Джанни Де Бьязи | |||
Капитан | Медведев Максим | |||
Уггаре дукха ловзарийн барам |
Садыхов Рашад (111) | |||
Уггаре дика бомбардир |
ГӀурбан Гурбанов (12) | |||
ЦӀера стадион | Бахрамов Тофикан цӀарах стадион, Баксель Арена, Олимпийн стадион (Бакох) | |||
Уггаре лакхара | 73 (2014 июль) | |||
Уггаре лахара | 170 (1994 июнь) | |||
ФИФА код | AZE | |||
|
||||
Хьалхара ловзар | ||||
Гуьржийчоь 6:3 Азербайджан (Гурджаани, Гуьржийчоь; 1992 шеран 17 сентябрехь) |
||||
Уггаре боккха толам | ||||
Азербайджан 4:0 Лихтенштейн (Бакох, Азербайджан; 1999 шеран 5 июнехь) Азербайджан 5:1 Сан-Марино (Бакох, Азербайджан; 2017 шеран 4 сентябрехь) |
||||
Уггаре боккха иэшам | ||||
Франци 10:0 Азербайджан (Осер, Франци; 1995 шеран 6 сентябрехь) |
2019 шеран 19 сентябран хьолехь ФИФА рейтингехь гулйина команда лаьтта 109-гӀа меттигехь, ткъа УЕФА рейтингехь 2019 шеран 19 ноябран хьолехь — 26-гӀа[1].
Дуьххьарлера футболан клубаш кхолла йолийра 1905 шарахь. Оцу командаша коьртаниг гойтура йаккхий бакохан мехкдаьттан промышленностан компанеш[2]. Масала, Балаханашкахь промыслашкахь болх бо футболисташ-марздалархой, бевзара йерриг гӀалахь[2]. Дуьххьарлера официалан чемпионат дӀайаьхьира Бакохахь 1911 шарахь, толамхо хилира Ингалсан мехкдаьттан компанин «Британин Клуб» цӀе йолу команда. 1912 шарахь коьртаниг бакохан футболистех хӀоттийна азербайджанийн командо дӀадаьхьира дуьххьарлера дуьненайукъара ловзар Тиблисехь, «Леча» командин дуьхьала, цигахь толам баьккхира 4:2 чоьтаца[2].
1926 шарахь Бакохахь хилира Азербайджанан ССР а, ГӀажарчоьнан а футболистийн кхо ловзар, цигахь толам баьккхира азербайджанан футболисташа[3]. 1927 шарахь Азербайджанан гулйина командо дакъа лецира Чоьхьара Кавказан чемпионатехь, иза хилира Гуьржийн ССР коьрта шахьрахь Тиблисехь. Оцу чемпионатехь команда Гуьржийн ССР гулйина командица левзира 1:1чоьтаца[4], ткъа Эрмалойн ССР гулйина команда иэшийра 6:0[5]. В 1929 году[6] Азербайджанан гулйина командо дӀайаьхьира хьалха хиллачарна дуьхьара доттагӀаллин матчаш[3] ГӀажарчоьнан гулйина командин дуьхьала ТехӀранехь, цигахь баккхий толамаш бехира — 4:0, 4:1, 11:0[2]. 1933 шарахь Азербайджанан команда хуьлу Тиблисехь хиллачу Чоьхьара Кавказан профсоюзийн чемпионатан толамхо[2]. Цул тӀаьхьа йехачу заманахь азербайджанан футболисташ левзира ССРС гулйина командехь.
1992 шарахь Азербайджан мукъайаьллачул тӀаьхьа хилла дуьххьарлера къоман гулйина командин хӀоттам:[7]
№ | ЦӀе | Вина терахь | Амплуа | Клуб | Мохк |
---|---|---|---|---|---|
1 | Дмитрий Крамаренко | 12.09.1974 | кевнахо | «Нефтчи» Бакох | Азербайджан |
2 | Эльхан Гасанов | 12.08.1967 | кевнахо | «Хазар» Сумгаит | Азербайджан |
3 | Эмин Агаев | 10.08.1973 | турсло | «Нефтчи» | Азербайджан |
4 | Эльшад Ахмедов | 25.05.1970 | турсло | «Карабах» Агдам | Азербайджан |
5 | Тарлан Ахмедов | 17.11.1971 | турсло | «Туран» Товуз | Азербайджан |
6 | Айдын Алекперов | 08.02.1966 | турсло | «Иншаатчи» Бакох | Азербайджан |
7 | Вугар Исмайлов | 04.02.1971 | турсло | «Хазар» Сумгаит | Азербайджан |
8 | Эльман Султанов | 06.05.1974 | турсло | «Азери» Бакох | Азербайджан |
9 | Видади Рзаев | 04.09.1967 | ахтурсло | «Терек» | Росси |
10 | Шахин Диниев | 12.08.1966 | ахтурсло | «Терек» | Росси |
11 | Заур Гараев | 25.06.1968 | ахтурсло | «Карабах» Агдам | Азербайджан |
12 | Назим Сулейманов | 17.02.1965 | тӀелатархо | «Спартак» БуритӀе | Росси |
13 | Муса Гурбанов | 09.11.1964 | тӀелатархо | «Дашгын» Загатала | Азербайджан |
14 | Самир Алекперов | 08.10.1968 | тӀелатархо | «Нефтчи» Бакох | Азербайджан |
15 | Камиль Байрамов | 19.12.1972 | тӀелатархо | «Нефтчи» Бакох | Азербайджан |
16 | ГӀурбан Гурбанов | 13.04.1972 | тӀелатархо | «Алазани» | Гуьржийчоь |
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.