![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/0/00/Chechense._Match._a_wedding_match._George_Kennan._1870-1886.jpg/640px-Chechense._Match._a_wedding_match._George_Kennan._1870-1886.jpg&w=640&q=50)
Нохчий
From Wikipedia, the free encyclopedia
Но́хчий, ширалехь Нахчий (гІарайаьлла экзоэтноним — Чеченцаш, ширалехь Зурзукаш а, КистІой а) — Къилбаседа Кавказан къам, нохчий бехаш бу Къилбаседа Кавказехь, дукхаберш Нохчийчохь. Кхин ДагIестанан Хаси-Эвлан, Ӏовхойн, Казбековн, Бабаюртан, Кизилюртан, ГӀизларан кӀоштанашкахь[20], ГӀалгӀайчоьнан Соьлжан а Малхабекан кӀоштанашкахь[21], Гуьржийчоьнан Ахметан муниципалитетехь[22]. Берриге нохчий — 2 000 000 нах[23]. Антропологийца, Кавкасионан тайпан, Европиодхойн расин бу.
Нохчий | |
---|---|
![]() Нохчийн божарий ловзаргахь, 1880-гӀа шераш. (Сурт даьккхина Джордж Кеннана) | |
Шен цӀе | Нохчий |
Дукхалла а, ареал а | |
Дукхалла | 2 млн |
![]() |
|
Хаам | |
Мотт | Нохчийн |
Дин | Ислам |
Йукъабоьду | Нахские народы |
Гергара къаьмнаш | гІалгІай, бацой |
Схьабалар | Урарту, Хуриташ |
![]() |