Аштаркханан область
From Wikipedia, the free encyclopedia
From Wikipedia, the free encyclopedia
Аштаркханан о́бласть — Российн Федерацин субъект йу, Къилбан федералан гуонан чуьра.
Российн Федерацин субъект | |||||
Аштаркханан область | |||||
---|---|---|---|---|---|
|
|||||
47°14′00″ къ. ш. 47°14′00″ м. д.HGЯO | |||||
Пачхьалкх | Росси | ||||
Адм. центр | Астрахань | ||||
Губернатор | Игорь Юрьевич Бабушкин[1] | ||||
Истори а, географи а | |||||
Кхоллар | 1943 шеран 27 декабрь | ||||
Латта |
|
||||
Сахьтан аса | SAMT | ||||
Бахархой | |||||
Бахархой |
|
||||
Идентификаторан терахьаш | |||||
Код ISO 3166-2 | RU-AST | ||||
Официалан сайт(оьр.) | |||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Доза ду Волгоградан областца — къилбаседехь, ГӀалмакхойчоьнца — малхбузехь, Кхазакхстанца — малхбалехь, къилбехахь — Каспий-хӀорд бу.
Областан администрацин центр — Аштаркхне гӀала.
Майданца Аштаркханан область (49 024 км²) 6-гӀа меттигехь йу Идалйистан бархӀ регион йукъахь.
Кхоьллина 1943 шеран 27 декабрехь.
2016 шеран 27 мартехь дуьйна Аштаркханан область 4-гӀа сахьтан асанехь йу[2] (GMT+4, RTZ+1 «Самарин хан»).
Аштаркханан область йу Малхбален-Европин арен къилба-малхбалехь Каспийистан арен тӀехь, бараман шораллехь, гӀум-аренан а, ахгӀум-аренан а зонехь, уьш дожийлашна лелош йу. Область готтачу асанца Идал-Ахтубан тогIин шинне агӀора 400 км сов йахйелла. Дистина хиш боккхачу муьран чудогӀий дельтан майдано Ӏов тасаран пайдехь хуьлу коьртачу промыслан чӀерашна — иргӀун, севрюган, белуган, кхечарна а.
Къилбаседан йист йу Волгоградан область дозанца 48°52' къ.с. ш., къилбан — Каспий-хӀордан бердаца — 45°31' къ.с. ш.. Уггар малхбузен тӀадам бу Чернояран кӀоштахь Волгоградан областан дозанехь — 44°58' м.бал. д., малхбален — Идалан дельтан цхьаьна жимчу гӀайрен тӀехь Володаран кӀоштехь 49°15' м.бал. д. Областан коьрта ландшафт чӀинг-тулгӀенан гӀум-аренан акъарий йу чолхе йина даккхийчу баьрзнаш, гӀамарш, бекъа боьранаш, Ӏаьмнаш, рельефан карстан кепаш, кхин а.
Каспий-хӀордан таханлера абсолютан билгало йу 27 м Дуьненан Ӏапказан барамал лахахь. Къилбаседехьа абсолютан билгалонаш тӀекхета, уггар а къилбаседан декъехь кхочу плюс 15—20 м. Уггар лекха меттиг Боккха Богдо лам — 161,9 м, областан къилбаседа-малхбалехь.
Область доьалгӀачу сахьтан асана UTC+4 йукъайахийтина, Самара санна, Аштаркхнера меттигера хан 1 сахьт москохан хенал хьалха йу.
Область Къилбан федералан гуон Идалан кӀоштахь йу. Географин хьал Аштаркханан областан шакепара ду. Иза лаьтта Европин а, Азин а дозанехь, Идало аравала таро ло 5 хӀорде.
Аштаркханан областан доза ду:
Областан ландшафтан структура лаьтта 8 ландшафтах. АхгӀум-аренан зонехь кхоллайелла Идал-Сарпинан а, Баскунчакан а ландшафташ. ГӀум-аренан зонехь йу Идал-Уралан, Идал-Приергенинан, Малхбузан а, Малхбален а Ӏаьмнийн-барзийн ландшафташ. Чоьхьара зонийн ландшафташ йу Идал-Ахтубан тогӀе а, Идал хин дельта а. ХӀора ландшафтехь билгалйовлу масех шен амал йолу меттиг.[3]
Российн лаьттан-географин кӀошташйаран урхалло Аштаркханан область йукъайогӀуйту сирла-боьмаша а, боьра а ахгӀум-аренан лаьттан, кӀайн лаьттан комплексийн, гӀамаран массивин, кӀайн лаьттан тачанийн Каспий-хӀордйистан провинцин.[3]
Аштаркханан областан тӀехулара хиш гойту Идал хино а, дуккха долчу цуьнан геннаш а (900 гергга), теза а, дуьра а Ӏаьмнаш а (1000 гергга), дуьненан уггар доккха къевлина Ӏам болчу Каспий-хӀордо.[3]
Ӏаламан ресурсаш: Iаламан газ, туьха, гипс. Мехкдаьттан ресурсийн мах хадийна 300 млн т гергга, 2-5 км кӀоргехь доллу.
1950-гӀа шерашкахь дӀайиллина Промыслан газ йолу меттиг, иза бахьнехь Аштаркханехь а, цхьа могӀа йарташкахь а газ йуьллуш йу.
1976 шеран августехь дӀайиллина Аштаркханан саьнгалгазоконденсат йоккху меттиг. Иза йу Аштаркханан 70 км къилбаседа-малхбалехьа. Углеводородан аьргаллин промыслан ресурсаш йу Идалан аьрру бердаца, церан барам 2588 млрд куб. м. йу, 412 млн т конденсат а йу.
Областан таханлера ларйеш йолчу меттигийн машан йукъайогӀу пачхьалкхан заказникаш, таллархойн бахамаш, пачхьалкхан Ӏаламан эсаллаш, уьш XX бӀешеран 70-гӀий-80-гӀий шерашкахь вовшахтоьхна. ХӀинца башха ларйеш йолу Аштаркханан областан меттигийн (БЛЙМ) маша лаьтта 2 пачхьалкхан Ӏаламан заказниках, 3 биологин заказниках, 35 Ӏаламан эсалла.
Аштаркханан областан пачхьалкхан Ӏаламан а, биологин а заказникаш[3]
Заказникан цӀе | Кхоьллина шо | Майда, эзар га | Профиль |
---|---|---|---|
Богдин-Баскунчакан | 1993 | 35,2 | ландшафтан |
Ильменно-Бугровой | 1995 | 6,9 | ландшафтан |
Берли гӀамарш | 1998 | 3,1 | ландшафтан |
Степной | 2000 | 87 | ландшафтан |
Теплушки | 2000 | 4,7 | биологин |
Кабаний | 2001 | 2,1 | биологин |
Енотаевн | 2001 | 3,8 | биологин |
Аштаркханан областан хӀокху заманан фауна 9 000 сов кепара йу. Кхузахь йеха хинан а, лаьттан а дийнаташ — аренийн, гӀум-аренийн, ахгӀум-аренийн ландшафтийн йахархой[3].
Аштаркханан область флоран агӀора Афро-Азин гӀум-аренан областан а, Каспий-хӀордйистан гуон Арало-Каспийн (Туранан) провинцин Ирано-Туранан Голарктика областан а йукъайоьду. Оцу гуон чуйогӀу каспийхӀордйистан-туранан циркумкаспийн кепарниш а, Къилбаседа Каспи-хӀордйистан эндемикаш а[3].
Аштаркханан областан климат континентан, йекъа йу. Ӏа луо кӀезиг долуш, сих-сиха дохлуш, ца лаьтта луон чкъор долуш ду, амма цхьадолчу деношкахь дикка чӀогӀа шелонаш хуьлу, Кхазакхстанера йа Уралера шийла хӀаваан массаш йаьхкича. Аьхке тӀехйовха. Климатан амалехь ду йаккхий шеран а, де-буьйсан а хӀаваан температуран амплитудаш, кӀезиг барамехь йочанаш йолуш, тӀуналла Ӏанаре далар лакхара долуш[4][5].
ХӀаваан йуккъера температуран барам хийцало къилбехьара къилбаседехьа +10 °C тӀиера +8 °C кхаччалц. Уггар шийла бутт — январь, температуран йуккъера барам бу −10… −20 °C. Уггар лакхара температуран йуккъера барам +35…+45 °C хуьлу июлехь[6].
Шеран йочанийн барам 180—200 мм областан къилбехахь, 280—290 мм къилбаседехь. Уггар дукха йочанаш хуьлу апрелера июль бутт кхаччалц. Аьхка догӀа стигал къекъаш догӀу, наггахь къора а туху.[7][8]
Ширчу заманахь таханлерчу Аштаркханан областан лаьттанаш тӀехьула чекхдовлура персийн а, Ӏарбойн а йохк-эцаран некъаш. VIII—X бӀешерашкахь меттиг ГӀажарийн каганат йукъахь йара. Хила тарло бохуш дуьйцу, таханлерчу Аштаркханан областан лаьттанаш тӀехь ГӀажарийн каганатан столица 965 шарахь эла Святослава йохийна йолу Идал. ТӀехьуо кхуза охьахевшира половхой, XIII бӀешеран хьалхарчу декъехь хийцина болу монголо-гӀезалоша, тӀехьа кхузахь бехира Аштаркханан ханаллин гӀезалой а, кхазакхаш а.
1558 шарахь Аштаркханан ханалла йукъатуьйхира Оьрсийн пачхьалкхан. Аштаркханан мохк хилира къилба-малхбален Оьрсийн пачхьалкхан тӀеман форпост. Масала, 1569 шарахь туркоша аьттонза гуо латтийра Аштаркханан гӀап. 1597 шарахь Аштаркхнехь чекхйаьккхира 1578 шарахь йолийна Спасо-Преображенан божарийн килса.
XVII бӀешарахь Аштаркханан махкахь йоьдуш йара йохк-эцар, чӀеран а, туьхан а промыслаш. БӀешеран йуккъехь Аштаркханан махкахь гӀаттам хилира Разин Степана айина.
1705-06 шерашкахь меттигера бахархой гӀевттира I Петран политикин дуьхьал. 1722 шарахь Кутум хин хикхочехь верфь йира, цунна Аштаркханан адмиралтейство цӀе йелира. 1730—1740 шерашкахь Аштаркханан губернехь кечдан долийра дареш а, баккха бамба а.
1802 шеран 15 ноябрехь даьллачу Омарца Аштаркханан губерни шина декъе йекъна: Аштаркханан а, Кавказан а. ТӀаккха а, Аштаркханан губерни Кавказах дӀакъастар чекх ца делира 1832 шеран 6 январехь бен, цунна догӀуш долу омар кӀела куьг мА йаздинехь.
Советан заманахь таханлера Аштаркханан область йукъахь лаьттина Аштаркханан губернин, Лахара-Идалан областан, Лахара-Идалан махкан, Сталинградан махкан, Сталинградан областан 1943 шеран 27 декабрехь ССРС Лакхарчу Советан Президиуман Омарца Аштаркханан область (цу йукъа йагӀна дӀайаьккхинчу ГӀалмакхойн АССРн дакъа а, Сталинградан областан Аштаркханан гуо а) кхоллалц. 2010 шо чекхдолуш цхьа могӀа эксперташ кхайкхийра Волгоградан а, Аштаркханан а областаш цхьанатоьхна Лахара-Идалан мохк кхуллур бу аьлла. Цу тӀе Ӏалашо Аштаркханан областан йу, цуьнан потенциалан а, регионан элитина а[9].
Росстатан терхьашца областан бахархойн барам бу 1 005 782[10] ст. (2020). Бахархойн луьсталла — 20,52 ст./км2 (2020). ГӀалийн бахархой — 67,37[11] % (2017).
Шайолусоюзан а, шайолуроссийн а нах дӀайазбарехь хиллачу терхьашца шаболу а, оцу йукъахь гӀалийн а бахархой (церан дакъа)[12][13]:
Дукхахболу областан бахархой бу оьрсий (2002 шеран терхьашца — 70 %, 2010 шеран терхьашца — 67,6 %), цу тӀе областера оьрсийн процент уггар кӀезиг йу къаьмнийн йоцучу РФ субъекташлахь. Шен барамца шолгӀа меттигера къам — кхазакхаш (16,3 %), Аштаркханан область кхазакхаш беха историн меттиг йу, иза уггар дукха кхазакхаш беха федерацин субъект а йу. Аштаркханан область гӀезалой беха историн меттиг йу (оцу йукъахь аштаркханан а, юртийн а, шайн метан диалекташ йолуш) (6,6 %), ногӀий (дукхахберш кхарагӀашаш), гӀалмакхой, туркменаш.
Шайолусоюзан а, шайолуроссийн а нах дӀайазбарехь (1926—2010) жамӀашца областан къоман хӀоттам хийцабалар:
Къам | 1926 шо эзар ст.[14] | 1959 шо эзар ст.[15] | 1970 шо эзар ст.[16] | 1979 шо эзар ст.[17] | 1989 шо эзар ст.[18] | 2002 шо эзар ст.[19] | 2010 шо эзар ст.[20] | ||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Оьрсий | 380,0 (74,5 %) | ↗ 544,1 (77,5 %) | ↗ 654,9 (75,5 %) | ↗ 684,3 (74,7 %) | ↗ 713,6 (71,9 % | ↘ 700,6 (69,3 %) | ↘ 618,2 (67,6 %) | ||||||||||||
Кхазакхаш | 45,7 (8,7 %) | ↗ 68,9 (9,8 %) | ↗ 96,7 (11,2 %) | ↗ 106,0 (11,6 %) | ↗ 126,5 (12,8 %) | ↗ 142,6 (14,1 %) | ↗ 149,4 (16,3 %) | ||||||||||||
ГIезалой | 48,5 (9,5 %) | ↗ 57,2 (8,1 %) | ↗ 67,1 (7,7 %) | ↗ 70,8 (7,7 %) | ↗ 71,7 (7,2 %) | ↘ 70,6 (7,0 %) | ↘ 60,5 (6,6 %) | ||||||||||||
Украинаш | 13,9 (2,7 %) | ↘ 6,5 (0,9 %) | ↗ 14,0 (1,6 %) | ↗ 15,8 (1,7 %) | ↗ 18,7 (1,9 %) | ↘ 12,6 (1,2 %) | ↘ 8,1 (0,9 %) | ||||||||||||
Азербайджанаш | ↗ 4,5 (0,45 %) | ↗ 8,2 (0,8 %) | ↘ 7,8 (0,9 %) | ||||||||||||||||
НогӀий | ↗ 4,0 (0,4 %) | ↗ 4,6 (0,45 %) | ↗ 7,6 (0,9 %) | ||||||||||||||||
Нохчий | ↗ 4,6 (0,5 %) | ↗ 7,9 (0,8 %) | ↗ 10,0 (1,0 %) | ↘ 7,2 (0,8 %) | |||||||||||||||
ГӀалмакхой | 4,4 (0,9 %) | ↗ 12,7 (1,8 %) | ↘ 11,4 (1,3 %) | ↘ 8,7 (0,95 %) | ↘ 8,2 (0,8 %) | ↘ 7,2 (0,7 %) | ↘ 6,7 (0,7 %) | ||||||||||||
Эрмалой | 3,1 (0,6 %) | ↗ 2,8 (0,3 %) | ↗ 6,3 (0,6 %) | ↘ 5,8 (0,6 %) | |||||||||||||||
Цигонаш | ↗ 2,2 (0,2 %) | ↗ 2,5 (0,25 %) | ↗ 7,3 (0,7 %) | ↘ 5,2 (0,6 %) | |||||||||||||||
ЖIайхой | ↗ 4,2 (0,4 %) | ↗ 4,7 (0,5 %) | |||||||||||||||||
Лаьзгий | ▲ 3,0 (0,3 %) | ↗ 4,2 (0,5 %) | |||||||||||||||||
ДаьргӀой | ↗ 2,7 (0,3 %) | ↗ 3,6 (0,4 %) | ↗ 4,2 (0,5 %) | ||||||||||||||||
Корейш | ↗ 2,0 (0,2 %) | ↗ 2,9 (0,3 %) | |||||||||||||||||
Туркменаш | 1,2 (0,2 %) | ↘ 1,1 | ↗ 1,4 | ↗ 1,6 | ↗ 2,3 (0,3 %) | ↘ 2,2 (0,3 %) | |||||||||||||
Жуьгтий | 6,1 (1,2 %) | ↘ 3,8 (0,5 %) | ↘ 3,4 (0,4 %) | ↘ 2,8 (0,3 %) | ↘ 2,1 (0,2 %) | ||||||||||||||
Белорусаш | ↗ 3,2 (0,3 %) | ↗ 4,0 (0,4 %) | ↘ 2,7 (0,3 %) | ||||||||||||||||
Немцой | 2,8 (0,5 %) | ||||||||||||||||||
Ца йаздина къам |
3,0 | 22,1 | |||||||||||||||||
Гайтина къаьмнаш барамца 2000 сов стаг волу (туркменаш боцурш) | |||||||||||||||||||
Кхазакхийн бахархойх 16 % сов бу, беха Аштаркханан областан массо а кӀошташкахь а, гӀаланашкахь а, иза уггар боккха гайтам бу Россехь. Иштта кхазакхаш бехачу кхечу Российн регионашкахь болхбеш йу кхазакхийн оьздангаллин центраш, ткъа уьш гулахь бехачохь ишколашкахт хьоьху кхазакхийн мотт. Аштаркханан областехь йоккха кхазакхийн оьздангаллин центр йу «Жолдастык». Кхазакхийн мотт хьоьху Аштаркханан лакхарчу дешаран заведенешкахь (АПТУ). 2016 шарахь дуьненахь уггар баккхийчу бахархойх йара аштаркханан кхазакх Бисембеева Танзиля — Аштаркханан областан Краснояран кӀоштан ИсламгIази йуртара йахархо. 2016 шеран мартехь цуьнан кхаьчна 120 шо[21].
Аштаркханан областан законкхолларан Ӏедалан меже йу Аштаркханан областан Дума, 1994—2001 шерийн муьрехь Аштаркханан областан законкхолларан гулам олуш хилла. 2006 шарахь дуйна регионан законкхолларан меженан председатель ву «Единая Россия» партин регионан куьйгалхо Клыканов Александр Борисович, цуьнан кандидатура 2009 шарахь хьехош йара областан губернаторан дарже.
2006 шо кхачале регионан законкхолларан меже кхоллара мажоритаран харжамийн системица. 2006 шарахь харжаман закон хийцадалар бахьнехь харжамаш дӀабаьхьира ийна харжамийн системица. Политикин партешна кхаж тесча областан думе чекхйелира «Единая Россия» (38 %), «Родина» (16 %), РФКП (14 %), Пенсионерийн парти (9 %).
Областан кхочушдаран Ӏедалан куьйгалладо Аштаркханан областан губернаторо. 1991—2004 шерашкахь областан губернатор вара Гужвин Анатолий Петрович, 1996 а, 2000 а шерашкахь харжамашкахь тоьлла волу. 2004 шеран августехь Гужвин веллачул тӀехьа 2004 шеран 5 декабрехь хиллачу Аштаркханан областан коьртан харжамашкахь туьйлира областан коьртан декхар кхочушдеш волчу Жилкин Александр Александровича. Тоьллачун аьтту беш йара «Единая Россия».
Губернаторо куьйгалла до областан кхочушдаран Ӏедалан меженашна а, Аштаркханан областан Правительствона а. 2004 шарахь дуйна Аштаркханан областан Правительствон Председатель ву Маркелов Константин Алексеевич.
Аштаркханан областехь болхбеш бу 170 муниципалан кхоллам, царна йукъахь 2 гӀалин гуо (цхьаъ царех — Аштаркханан областан къевлина административан лаьттан кхоллам Знаменск), 11 муниципалан кӀошт, 11 гӀала, 146 йурт.
№ | ХӀост | ГӀалин гуо | Бахархой (2015)[13], ст. |
---|---|---|---|
I | Аштаркхне гӀ. | ↘529 793[22] | |
II | КЪАЛГ Знаменск | 27 208[23] |
№ | Байракх | Муниципалан кӀошт | Административан центр |
Майда, км² |
Бахархой, ст. |
---|---|---|---|---|---|
1 | Ахтубинскан кӀошт | Ахтубинск гӀ. | 7 810 | ↘58 260[24] | |
2 | Володарскан кӀошт | Володарски йурт | 3 883 | ↘44 711[24] | |
3 | Енотаевкан кӀошт | Енотаевка йу. | 6 300 | ↗25 346[24] | |
4 | Икрянинан кӀошт | Икряни йу. | 1 950 | ↗48 489[24] | |
5 | Камызякан кӀошт | Камызяк гӀ. | 3 493 | ↗47 716[24] | |
6 | Красни Яран кӀошт | Красни Яр йу. | 5 260 | ↘36 321[24] | |
7 | Лиманан кӀошт | Лиман гӀтйу | 2 100 | ↘28 459[24] | |
8 | Нариманован кӀошт | Нариманов гӀ. | 6 100 | ↗48 323[24] | |
9 | Приволжскан кӀошт | Началово йу. | 841 | ↗62 536[24] | |
10 | Харабалин кӀошт | Харабали гӀ. | 7 100 | ↗40 154[24] | |
11 | Чёрни Яран кӀошт | Чёрни Яр йу. | 4 200 | ↗19 570[24] |
КӀоштан маьӀне гӀала
ГӀалин цӀе | Бахархойн барам |
---|---|
Ахтубинск гӀ. | 38507 |
Нариманов гӀ. | 11196 |
Камызяк гӀ. | 16219 |
Харабали гӀ. | 18041 |
|
|
|
Областан экономикин центран — Аштаркхнен — промышленни комплекс йукъахь йу хинкеманашдар, чӀаракечбаран промышленносташ. Коьрта промышленностан отраслаш — машенашйар, электроэнергетика, йуурган промышленность. Регионехь бухбоцуш газ а, мехкдаьтта а, саьнгал а ду. ГӀалин промышленность иэшамехь йу. Иэшам бийриг йагорган промышленность йу, цуо кхоалгӀа дакъа иэшам бо промышленностан, ткъа иштта хинкеманашдар, радиопромышленность, электроэнергетика. ТӀаккха а промышленностан иэшам 2002 шерца дуьстича лагӀбелла 28,9 %.
Ахтубинскан кӀошт (70,2 эзар ст. гергга) областан къилбаседа-малхбален декъехь йу. Цигахь лаьтта тӀеман полигон, тӀеман дуьхьалойаран промышленностан филиалаш. Коьрта предприятеш — ОАО «Бассоль» (йуург йар), ОАО «Минерал-Кнауф» (гӀишлошйаран гӀирс), ОАО «Ахтубински ССРЗ» (машенашйар), ОАО «Консервийн завод», ЗАО «Ахтубинскан жижигкомбинат».
Камызякан кӀошто (50,3 эз. ст. гергга) йуьртабахаман продукци кхиорехь а, цунах йуургаш кечйарехь а коьрта позицеш латтайо. Йуьртабахаман коьрта агӀонаш — хастоьмашлелор, кхашлелор, дугалелор, жижиг-шурийн даьхнийлелор. КӀоштан промышленностехь йу хӀара отраслаш: хинкеманашдар (предприятех уггар ширачех цхьаъ йу — ОАО «Волго-Каспийский СРЗ»), йайн, полиграфин, даман-жаржан промышленносташ, гӀишлошйаран гӀирсашбар.
Йагорган промышленность йу Аштаркханан областан коьрта отрасль, кхузахь Российн европин декъехь уггар йоккха Аштаркханан газоконденсат йоллу меттиг йолун дела. Цуьнан бази тӀехь болх бо Аштаркханан газан комплексо, оцу йукъайогӀу газопромыслаш а, газтоешйолу завод а. Комплексан специализаци йу арахецар: техникин газан саьнгал, автомобилан бензин, дизелан а, котельнин а йагориг, пропанобутанан фракци. Областехь йаьржина машенашйар (хинкеманашдар, пхьалгӀапрессан гӀирс бар, компрессораш, кхин а).
1990-гӀа шераш 2003 шарца дуьстича хаъал тӀекхетна РФ Аштаркханан областан йагорган промышленностан продукцин дакъа (8 % тӀиера 60 % кхаччалц), электроэнергетикан (2 % тӀиера 11 % кхаччалц), Каспийн бассейнан промыслашкахь декъаза хьал хилар бахьнехь хаъал охьадаьлла йуурган промышленностан дакъа (36 % тӀиера 9 % кхаччалц), ткъа иштта лагӀделла йайн промышленностан дакъа (27 % тӀиера 1 % кхаччалц). Уггар дика йуккъерасинан коэффициенташ йу металлхадошйолу чархаш йарехь — 4 (РФ регионаш йукъахь беалгӀа меттиг бу массо а лорушйолчу промыленни продукцин кепашлахь), Ӏаламан газ, мехкдаьттан дуьххьара чекхдаккхар.
Йуртбахаман лерина лаьттанаш ду 3,4 млн гектар сов. Хастоьмаша дӀалаьцна майданаш уггар йаккхийчех йу массо а Российн федерацин субъекташлахьКеп:Нет АИ. Областан аренашкахь хӀора шарахь кхиайо 350 эзар тонн томаташ, бурч, баклажанаш, кабачкеш, наьрсаш, жӀонкаш, буракаш, хох, копаста. Ӏадат хилла Аштаркханан областехь дуга лелор, иза кхиадо Идалан йистехула. Регионан климатан хьоло таро ло шарахь шозза картолаш кхиайан. Даймехкан а, голландин а, немцойн а дика хӀун сорташ йукъайаржоро лакхара а, цхьанаэшшара йалта гулдан аьтту бо. Российн Федерацин регионех Аштаркханан область йу даьхний Ӏалашдина ца Ӏаш, уьш сов даьхначех. ХӀора шарахь регионехь дӀахьо йуртбахаман хьайбанийн областан выставка. Бежний гойту дукха хьолахь шурийн кепарнаш: симменталан, цӀен аренан, дукхапродуктийн Ӏаьржа-къорза. Аштаркханан областан коьрта отрасль йу жалелор. Регионехь йу шатайпа уьстагӀан генетикан фонд: исхаран, холхазан, жижигтӀергӀан, эдильбаевн тайпанаш, цара боккха аьтту бо тӀаргӀа баккхарехь. Дукха хан йоццуш долийна жижиган жалелор.
1997 ш: цӀерпоштнекъийн дохалла — 849 км, асфальт биллина автомобилийн некъийн — 4031 км, хинан некъаш — 1443 км. Дукхахъерш хин пристанаш йу. Коьрта кеманаш лела хиш: Идал, Бахтемир, Бузан, Болда, Ахтуба, Кизань, Царев. Шалаьтта мур дукха хьолахь шарахь 2—3 бутт бу, наггахь — 4 бутт, довхачу Ӏаьнашкахь коьрта кеманаш лела хиш гӀора данне а ца до. Аштаркхнехь а, Оляхь а болхбеш хӀордан порташ йу. ХӀордан бухахул даьккхина Идала-Каспийн татол (дохалла 188 км, кӀоргалла 5 м), цуо хутту Бахтемир Каспий-хӀордан кӀоргачу декъаца. Олян а, Гилян (Иран) а порташ йукъахь цахеддаш хӀордан бураман уьйр йу. Аштаркхнехь болхбеш йу дуьненанъйукъара аэропорт.
Областехь болхбеш йу 6 ЛДЗ а, 10 сов Российн кхечу регионийн ЛДЗн филиалаш а[25][26].
2008 шарахь Российн Банко арахецна иэсаллин ахча, Аштаркханан областан лерина.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.