Кхазакхстан
From Wikipedia, the free encyclopedia
Кхаза́кхстан (кхазакх. Қазақстан [qɑzɑqˈstɑn] (i)), официалан Респу́блика Кхаза́кхстан (кхазакх. Қазақстан Республикасы), (аббревиатура РК) — Евразин центрера пачхьалкх, доккхаха долу дакъа цуьнан Азин йукъахь ду, жимах дерг — Европехь. Бахархой, пачхьалкхан статистикин комитето 2020 шеран 1 апрелехь мах хадорца, хилира 18 690 200 стаг[6].
Республика Кхазакхстан | |||||
---|---|---|---|---|---|
кхазакх. Қазақстан Республикасы кхазакх. лат. Qazaqstan Respublikasy | |||||
| |||||
Кхазакхстанан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли | |||||
Маьрша йаьлла терахьаш | 1991 шеран 16 декабрь (ССРС) | ||||
Официалан меттанаш | Казахийн мотт[1][2][…], оьрсийн мотт[3][4] | ||||
Коьрта гӀала | Астана | ||||
Йаккхий гӀаланаш | Алма-Ата, Астана, Шымкент, Акхтоьбе, КхарагӀанда, Тараз, Павлодар, Усть-Каменогорск, Семей | ||||
Урхаллин тайпа | Президентан республика[комм. 1][5] | ||||
Президент | Токхаев Къасым-Жомарт | ||||
Премьер-министр | Смаилов Аьлихан | ||||
Латта | |||||
• Шадерг | 2 724 902[комм. 2] км² (9-гӀа дуьненахь) | ||||
• % хина тӀехле | 2,8 | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор | ▲ 18 690 200[6] стаг | ||||
ДЧС (НЭТ) | |||||
• Шадерг (2019) | ▲ 534,271 млрд[7] долл. (41-гӀа) | ||||
• ХӀораннан а сина | ▲ 28 514[7] долл. | ||||
ДЧС (номинал) | |||||
• Берриг (2019) | ▼ 164,207 млрд[7] долл. (54-гӀа) | ||||
• ХӀораннан а сина | ▲ 8763[7] долл. | ||||
АДКИ | ▲ 0,817[8] (чӀогӀа лакхара; 50-гӀа меттиг) | ||||
Ахча |
тенге () (KZT, код 398) |
||||
Интернет-доменаш | .kz, .қаз[d][9] | ||||
Код ISO | KZ | ||||
Код МОК | KAZ | ||||
Телефонан код | +7[10] | ||||
Сахьтан аса | UTC+5:00[d] | ||||
Автомобилийн некъаш | аьтту агӀора[d][11] | ||||
Медиафайлаш Викилармехь |
Мехкан майда — 2 724 902 км², кӀеззига жима йу Аргентинал. Дуьненахь мехкан майдан барамца 9-гӀа меттигехь ю, 2-гӀа меттигехь йу ЛПД йукъахь (Россел тӀехьа), 42-гӀа — ДЧС чухоамца, 64-гӀа — бахархойн барамца.
Коьрта шахьар — Астана. Уггаре йоккха гӀала 1,8 миллион вахархочуьнца — Алма-Ата. Пачхьалкхан мотт — кхазакхийн. Махкахь пачхьалкхачуьнца цхьаьна могӀара лелон официалан мотт — оьрсийн[12].
Лаьтта Каспий-хӀордан, Лахара ИйдалтӀиен, Уралан, Сибрехан, Цийчоьнан, Йуккъера Азин йукъахь. Доза ду къилбаседехь а, малхбузехь а Российца (дозан дохалла — 7548,1 км), малхбалехь — Цийчоьнца (1782,8 км), къилбехь — ГӀиргӀазойчоьнца (1241,6 км), Узбекистанца (2351,4 км), Туркменица (426 км). Латтан тӀехула долчу дозан дохаллин барам — 13392,6 км[13]. Мохк малхбалера малхбузехьа бахбелла 2963 км, ткъа къилбаседера къилбехьа — 1652 км. Туьркийн кхеташон уггаре йоккха пачхьалкх йу. Континентан чоьхьара Каспий-хӀорд а, Арал-хӀорд а бу дозанашца. ХӀорд тӀе араволийла йац, иштта башхалла йолчу мехкашлахь дуьненахь уггаре боккха мохк бу.
Административан-мехкийн агӀора йекъало 14 областан а, республикин маьӀнин 3 шахьран а: Астана, Алма-Ата, Шымкент. Цул сов, башха статус йолуш шахьар ю, Байконур, иза 2050 шо кхаччалц аренде эцна йу Российс, оцу муьранна цуьнца йолчу йукъаметтигашкахь цунна йелла Российн Федерацин федералан маьӀнин шахьаран статус; Российс аренде эцна латтанийн майда йу 111 913 км² (4,1 % мехкан латта). Экономикин-географин агӀора Кхазакхстан йекъало Йуккъера, Малхбузен, Малхбален, Къилбаседа, Къилба регионашна.
Кхазакхстанан мохк историн агӀора дӀалаьцна кхерста этносаша цхьацца заманашкахь имперешна йукъахь хилла. Ширачу заманахь кхузахь кхирстина скифаш. Туьркех бевлла кхерстарш баьхна махкахь цуьнан историн доккхаха долчу декъехь. АхеменидгӀеран пачхьалкх кхочура таханлерачу мехкан къилбан декъера латташка вайн эрал хьалхара IV бӀешо кхачале. XIII бӀешарахь йара Монголийн империн Чингисхананан Ӏедал бухахь. XVI бӀешарахь кхазакхаш кхоллабелира, кхаа жузе (цхьацца мехкашкахь деха дайн геннаш) йекъайелла, ша тоба санна. Российн импери чуяржа йолаелира Кхазакхийн арешка XVIII бӀешарахь, ткъа XIX бӀешерашна йуккъехь урхалла деш йу ала мегар дара ерриг Кхазакхстанан а. 1917 шеран Октябран революцил тӀаьхьа а, цул тӀаьхьара гражданийн тӀемашкахь а Кхазакхстанан мехкан масийттаза хийцамаш бира. 1936 шарахь кхоьллира, Советийн Союзан йукъахь Кхазакхийн Советийн Социалистийн Республика.
Кхазакхстан йара, 1991 шарахь Советийн Союз юхуш маршо кхайкхийна, тӀаьххьара союзан республика. Республикин дуьххьарлера президент хилира Назарбаев Нурсултан. 2019 шеран мартехь цуо дарж дитира, ткъа Сенатан председатела Токхаев Къасым-Жомарта дӀалецира цхьаьна хенан дарж, тӀаьхьа туьйлира 2019 шеран 9 июнера харжамашкахь[14]. Human Rights Watch и другие правозащитные организации регулярно описывают ситуацию с правами человека в Казакстане как плохую[15][16][17].