From Wikipedia, the free encyclopedia
Керла шо — коьрта рузманан Ӏида, дӀадолучу шеран тӀаьххьарчу денера керлачу шеран хьалхарчу дене дехьадовлу хан[1]. Даздо дукха къаьмнаша тӀеэцначу рузманца.
Керла шо | |
---|---|
| |
МаьӀна | Дахаран керла мур болор |
Даздо | Григорийн рузма лелочу мехкаша |
Терахь | Григорийн рузманца шеран хьалхара де (1 январь) |
Даздар | Фейерверкаш, доьзалийн тевнаш, синкъерамаш |
Доьзна ду | Ӏийса пайхамар вар, Керла шо тӀедар, Шира Керла шо |
Керла шо 1 январехь доладалар йукъадаьккхина руман урхалчо Юлий Цезара вайн эрал 46 шо хьалха[2]. Шира Румехь и де лерина дара Янусан — цара иза наьӀрийн а, массо долош долу хӀуманна дела лорура. Январан цӀе йелла Янусан цӀарах, цуьнан сурт дуьллура ши йуьхь йолуш: цхаъ хьалха хьоьжура, ткъа важа — тӀехьа[3].
Дукха болчу мехкашкахь Керла шо даздо 1 январех[4], Григорийн рузманца хьалхарчу дийнахь. Керла шо асанан хан лоруш долало Тийна Ӏапказ тӀера, дуьххьара иза кхочу Республика Кирибате (Лайн гӀайренаш) тӀе (сахьтан аса UTC+14). Уггаре тӀаьхьа иза долало Америкин Самоахь, Мидуэй а, Ниуэ гӀайренаш тӀехь (сахьта аса UTC−11) — Кирибатехь Лайн гӀайренаш тӀехь оцу хенахь 2 январь ду, буьйсайуькъана 1 сахьт даьлла[5]. Цхьацца мехкаш Керла шо даздо беттан рузманца}}[6][7][8].
1 январехь дуьйна Керла шо даздан долийна вайн эрал 153 шо шо хьалхь, хӀуда аьлча оцу дийнахь дуьйна шайн дарже бовлура руман консулаш. Вайн эрал халхара 46 шарахь руман баьчча а, коьрта цӀу а волчу Юлий Цезара йукъайаьккхира шен керла рузма («юлийн»), чаккхенца чӀагӀдира шо доладалар вайн эраль хьалхара 45 шеран 1 январехь. Нисса Цезарь волчу хенахь, астрологин Ӏаткъамца Керла шеран Ӏидано эцна ша-тайпана маьӀна шо доладалрна.
Шира Керла шо — иза керлашеран Ӏида, даздо юлийн рузманца. 1901 шерера 2100 шо кхаччалц григорийн а, юлийн а рузманийн башхалла 13 де йу, тӀаккха юлийн рузманца Керла шо нисло буса 31 декабрера (13 январь) 1 январе (14 январь). Даздо Россехь, Беларусехь, Украинехь, Кхазакхстанехь, Гуьржийчохь, Эрмалойчохь, Азербайджанехь, Сербехь, Швейцарехь, дуьненан кхечу махкашкахь.
Дикка хан йаьлла 1 январь гражданийн шеран хьалхара де хилале. 1 январь шеран хьалхара де хилар тӀеэцаран тайп-тайпана мехкашкахь тайп-тайпана хан йу:
Мохк | Шеран йуьхьиг[10][11] |
---|---|
Венецин республика | 1522 |
Швеци | 1529 |
Сийлахь Руман импери (~ Германи) | 1544 |
Испани, Португали, Польша | 1556 |
Прусси, Дани[12], Норвеги | 1559 |
Франци (Карл IX Руссильонан эдиктаца) | 1564 |
Къилба Нидерландаш[13] | 1576 |
Лотаринги | 1579 |
Голландийн Республика | 1583 |
Шотланди | 1600 |
Речь Посполити (~ Белорусси, Латви, Литва, Польша, Украина) | 1362[14] |
Российн импери | 1700 |
Тоскана | 1721 |
Йоккха Британи, Ирланди, Британин импери Шотланди йоцург | 1752 |
Япон | 1873 |
Цийчоь (Тайвань а, КХР) | 1912 |
Желтойчоь | 1923 |
Туркойчоь | 1926 |
Таиланд | 1941 |
Керла шо даздеш жигара лелайо тайп-тайпана пиротехникин хӀуманаш: хлопушкаш, бенгалин цӀераш, тӀаьхьара итт шерашкахь, — салюташ, ракеташ, руман чиркхаш, йаккхий а, кегий а петардаш, кхин йерш а.
Керла шо даздеш пиротехникин хӀуманаш лело буьйлабелира Азин мехкашкахь, хьалхарчу рогӀехь Цийчохь, хӀунда аьлча лорура, лелхачу хӀумнаш чӀогӀа гӀара йаьккхича а, къегина серло хилчи а, боьха хӀумнаш дӀалохкуш гӀодо. ТӀаьхьа и гӀиллакх даьржира дерриг дуьненан тӀехь.
Уггаре гӀарадаьлла тайп-тайпанчу мехкашкахь гӀиллакх ду Керла шарахь Цийчоьхь фейерверкаш кхийсар, кхин а петардаш лелхар, уьш ца совцу керлачу шеран хьалхарчу дийнан дохаллехь. Цу тӀе тоьпан молха а, петардаш а, фейерверкаш а йукъайаьхна дукха хан йац, амма Керла шо даздечу хенахь гӀовгӀа йаккхаран эзар шо хан ло. Дерриг долалелла легендин тӀера, Керла шо долалуш тайп-тайпанчу меттигера лаьхкина зуламе синоша, керла меттиг лоху, ткъаоьшу цӀа карийча, охьахуу цунна чохь, хӀусама дайшна зуламаш до. Ткъа Керла шо даздеш гӀовгӀа йаьккича, уьш лохку.
ХӀокху заманахь дукха йолу дуьненан коьрта гӀаланаш йа цхьацца мехкаша дойу миллионаш доллар, и пиротехникин шоу Керла шарна йархьама.
Пиротехникин хӀумнаш дукха лелор, гӀеметтахӀоттанза болчара а, кхуллу цӀеран кхерам а, чевнийн хьал а, цулдела керлашеран буьйса лору уггаре Ӏаткъаме шеран мур цӀераш йойучеран а, гӀоьнан гӀуллакхашна.
{{citation}}
: Неизвестный параметр |dead-url=
игнорируется (|url-status=
предлагается) (справка)К:Википедия:Ошибки CS1 (неподдерживаемый параметр) Архиван копи 2017 шеран 11 февралехь дуьйна Wayback Machine тӀехьSeamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.