ДегӀастанан Республика (ДегӀаста[2]) — Российн Федерацин (Российн) субъект, цунна йукъара республика[3]. Къилбаседа Кавказан Федералан гуон йукъадогӀу, Къилбаседа-Кавказан экономикин кӀоштан дакъа ду.
Республика (пачхьалкх) | |||||
ДегӀаста | |||||
---|---|---|---|---|---|
оьрс. Республика Дагестан | |||||
|
|||||
Гимн Дагестана, Дагестан, ты отчизна святая | |||||
42°59′02″ къ. ш. 47°30′18″ м. д.HGЯO | |||||
Пачхьалкх | Росси | ||||
Адм. центр | ХӀинжа-ГӀала | ||||
Корта | Сергей Алимович Меликов | ||||
Истори а, географи а | |||||
Кхоллар | 1991 | ||||
Латта |
|
||||
Сахьтан аса | MSD, UTC+3, Европа/Москох[1] | ||||
Бахархой | |||||
Бахархой |
|
||||
Идентификаторан терахьаш | |||||
Код ISO 3166-2 | RU-DA | ||||
Телефонан код | 872 | ||||
Официалан сайт(оьр.) | |||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Кхоьллина 1921 шеран 20 январехь РСФСР йукъара автономин республика санна. Республикин коьрта гӀала — ХӀинжа-ГӀала.
Доза ду Азербайджанан Республикица къилбехахь, Гуьржийчоьнца къилба-малхбузехьа, ткъа иштта Нохчийн Республикица малхбузехьа, Ставрополан мехкаца къилбаседа-малхбузехьа, ГӀалмакхойчоьн Республикица къилбаседехьа.
ДегӀастанан Республикин Конституцица пачхьалкхан меттанаш ду оьрсийн а, ДегӀастананахь деха дерриг къаьмнийн а меттанаш. Царна йукъахь йоза а ду, официалан статус а йу жӀайхойн, агулийн, азербайджанийн, саьрхьойн, гӀумкийн, гӀазгӀумкийн, лаьзгийн, ногӀийн, рутулийн, табасаранийн, татийн, цахурийн, нохчийн меттанийн.
Таханлера ДегӀастанан мехкан, алсама долу дакъа ломан ДегӀастанан, цӀе историн литературехь тайп-тайпана йоккху, иза доьзна ду луларчу къаьмнех, йа мостагӀий тӀелетарех, цара цӀе туьллура оцу мехкан шайн маттахь цӀе.
Цхьаболчу историкаша хуьлуьйту Къилба ДегӀастанан хьалхара цӀе «Албани», иза хуьлу «Ломан мохк»[4]. Гуьржаша исторехь ДегӀастанан цӀе йоккхура кхаа тайпана: «Лекети» (йа Лакз[5], йа Легийн латташ[6]), «Хундзети» (Ломан ДегӀаста) а, «Дидоэти» (Дидой)[5][7].
«ДегӀаста» цӀе йевза XVII бӀешарахь дуьйна, цуьнан маьӀна «ломан мохк» ду (туьркийн даг — лам, гӀажарийн стан — мохк, латта)[8]. А. К. Аликберовн хетарехь «ДегӀаста» гунно-савирийн (гӀумкийн дайн) ломан пачхьалкхан цӀеран калька ду — Тавъяка (гочдо с кипчакийн (гӀумкийн) меттара «Тав» — лам, «Як» — агӀо, мохк)[9]. В. В. Бартольдца «ДегӀаста» цӀе йукъайаьлла X/XVI бӀешерашкахь[10]. «ДегӀаста» цӀе нийса йац историн маьӀнехь бен, хӀунда аьлча ДегӀастанан АССР (хӀинца ДегӀастанан Республика) йукъа ГӀизларан, НогӀийн аренаш тоьхначул тӀаьхьа, ломан регионаш 56 % бен ца хуьлу йерриг майданах[8].
ДегӀаста лаьтта Кавказан къилбаседа-малхбален декъехь, Каспий-хӀордан бердаца. Республикин къилбаседан декъехь — аренаш, къилбан декъехь — Йоккха Кавказан лаьмнаш. Къилбаседера къилбехьа йахйелла 400 км гергга, малхбузера малхбалехьа — 200 км гергга. ДегӀастанан къилбаседехьа доза ду Ставрополан махкаца а, ГӀалмакхойчоьнца а, малхбузехьа Нохчий Республикица а, Гуьржийчоьнца а, къилбехьа Азербайджанца. Латта тӀехула а, Каспий-хӀорд чухула а доза ду пхеа пачхьалкхаца — Азербайджанца, Гуьржийчоьнца, Кхазакхстанца, Туркменица, Иранца. Азербайджанан дозанца — Российн къилбан йист йу (41°10' къ-с. ш.).
ДегӀастанан мехкан малхбалехь Каспий-хӀордан хиш ду. Къилбан а, йуккъера а республикин дакъош дӀалоцу Йоккхачу Кавказан лаьмнаша а, ломан кӀажоша а, къилбаседехьа йолало Каспийнйистан аре.
Республикин йуккъерачу декъехула чекхдолу эркаш Терк а, ГӀой-хи а. ДегӀастахь ду 6255 эрк (царна йукъахь 25 км дохалла долу, 100 кв.км хи гулдаран майда йолу, 100 коьртаниг, 185 кегийра а, 5900 сов чӀогӀа кегийра а), царех уггаре даккхийнаш ду Терк, ГӀой-хи, Самур, Рубас геннашца[11]. Дерриг эркаш Каспий-хӀордан бассейнера ду, амма хӀордах кхеташ 20 бен дац.
ДегӀастанан къилбаседе климат йекъа хиларна эркашца къиен йу. Долу эркаш а аьхка леладо хи дуьллуш, тӀаккха уьш хӀордах ца кхета[12].
Уггаре дукха хи долуш ду ломан эркаш, хи чехка хиларна уьш Ӏай а гӀуора ца до, церан амалехь ду дикка алсама хи хилар а, йаккхий охьенаш а[12].
Самур ДегӀастанахь шен барамца шолгӀа эрк ду. Цуьнан майда 7,3 эз. км² йу. Хьост ду ДегӀастанан Рутулан кӀоштахь. Каспий-хӀорд чукхетачу меттигехь Самур геннашна декъа а лой дельта до. Эрк тӀаьхь а, цуьнан коьрта геннаш тӀаьхь а кхоъ ГЭС йан план йу. Самуран хиш иштта леладо йалташна хи дуьллуш: эрк чуьра долу Азербайджанан лулахь долу (Самур-Апшеронан татол) Къилба ДегӀастанан хи дуьллу татолаш (Самур-Дербентан татол)[12].
ГӀой-хи кхоллало ГӀазгӀумкийн ГӀой-хи, ЖӀайхойн ГӀой-хи, Ӏаьндийн ГӀой-хи цхьаьна а кхетий, ткъа уьш схьадовлу Йоккхачу Кавказан лаьмнашкахь. Цуьнан бассейнан майда йу 15,2 эз. км². ГӀой-хино ло ДегӀастанан йерриг гидроэнергоресурсех ах ресурсаш, кхунна тӀаьхь йу Чиркейн ГЭС, Миатлин ГЭС, Гельбахан ГЭС, Чирюртан ГЭС-1, Чирюртан ГЭС-2.
ДегӀастанан орографи ша кепара йу: лаьмнийн кӀажойн 245 километр аса гӀоьрта пурх долчу даккъех, цара гуо бо доккхачу Ӏадца Чоьхьара ДегӀастанан. Коьрта ши эрк арадолу лаьмнашкара — Сулак къилбаседехьа, Самур къилбехьа. Ломан ДегӀастанан Ӏаламан дозанаш ду: Лайн а, Ишхеш а даккъаш — ГӀой-хин доккхачу Ӏине кхаччалц ду, Гимрин, Хьаннийн, Кокма, Джуфудаг, Ярудаг даккъаш — ГӀой-хин а, Самуран бассейнан а йуккъехь ду, Коьрта Кавказан дукъ — шине а бассейнан къилба-малхбузехьа ду[14].
Чоьхьара ДегӀаста, шеен рогӀехь, йекъало йуккъера лаьмнийн, акъари кепара кӀошт а, альпийн, лекха лаьмнийн кӀошт а[15].
Лаьмнаша дӀалоцу 25,5 эз. км² майда, ткъа ДегӀастанан берриг мехкан йуккъера локхалла йу 960 м. Уггаре лекха лам — Базардюзю (4466 м). ДегӀастанан лаьмнаш ден породаш, цӀеххьана къаьсташ йу. Коьртаниш царех — Ӏаьржа а, саз-латта кепара а сланцаш, чӀогӀа доломит долуш а, гӀийла щелоч долуш а кира маьӀданаш, ткъа иштта гӀамаран тӀулг а. Сланцийн даккъаш ду Лайн дукъ Дукълуо-Ломаца (4285 м), Богоссан дукъ Адалла-Шухгельмеэр (4151 м) бохьца, Шалиб Дюльтыдаг (4127 м) бохьца[16].
Каспийн бердйист а, Теркан-Куман а, Теркан-ГӀойхин тогӀен а аренийн доккхаха долу дакъа лаьтта дуьненан океанан тӀегӀанал 27 м лахахь[17].
ДегӀастанан къилбаседехьарачу а, йуккъерачу а декъера климат йу барамера континенталан а, йекъа а[18].
ДегӀаста йекъна кхаа лаьттан-климатан зонашка:
Январан йуккъера температураш +4 °C чӀожашкахь, −11 °C лекха лаьмнашкахь, июлан температура +30 °C чӀажашкахь, +8 °C лекха лаьмнашкахь. Шеран йочанаш хуьлу, Ӏай 200—300 мм, аьхка 600—800 мм[20].
Вегетацин мур бу 200—240 де[21].
Дагестан лаьтта сахьтан асанехь МСК (москохан хан). UTC хан дӀасататтар хуьлу +3:00[22]. |
ДегӀаста географин агӀора йекъало ломан кӀажошкара, ломан, лекха ломан физикин-географин асанашна, хӀоранна а царна чохь йу тайп-тайпана ораматаш. ДегӀастахь йолу 4500 гергга кепара лакхара ораматаш, царех 1100 эндемикаш[23]. Аренашкахь коьртаниг ахгӀум-аренан ораматаш йовлу. Ломан кӀажошкара асанехь (600 м лакхара) баьржина байнаш а, хьаннаш а. Субальпийн а, альпийн а байнаш тӀаьхь алсама йу овсяница, клевер, астрагал, скабиоза, горечавка, кхин а бецаш. 3200—3600 м лакхахь алсама йу кӀорсамаш а, шело ловш йолу ораматаш а[24].
ДегӀаста даиман а йекъалора историн-географин областашка: ЖӀайхойн мохк, Кайтаг, ГӀумкийчоь, Табасаран.
ДегӀастанан махкахь нах баьхна 2 миллион шо гергга хьалха: ХӀордйистан ДегӀастара хӀуттийла Рубас-1 (2,2—2,3 млн шо хьалха)[25], Айникаб 1-2, Мухкай 1, Мухкай 2 хӀуттийлин чкъор 80 (1,8 млн шо хьалха), Мухкай 2 чкъор 129 (2,5 - 1,9 млн шо хьалха)[26][27], Гегалашур 1-3, Ругуджа[28], Урма-1[29]. Ах миллион шо сов ду Дарвагчай эрк тӀиерачу хӀуттийлан[30].
Вайн эра долалуш таханлера ДегӀастанан дакъа дара Кавказан Албанин йукъахь.
ГӀаланаш | 2006 | 2007 | 2008 |
---|---|---|---|
ХIинжа-ГIала | 49 801 | 49 801 | 46 813 |
Шури-ГӀала | 2095 | 2095 | 2095 |
Дагестански Огни | 927 | 927 | 927 |
Дербент | 7100 | 7100 | 6963 |
Избербаш | 2292 | 2292 | 2255 |
Каспийск | 3294 | 3294 | 3294 |
Кизилюрт | 2370 | 2370 | 2370 |
ГӀизлар | 3231 | 3231 | 3231 |
Хаси-Эвл | 3848 | 3848 | 3848 |
Южно-Сухокумск | 9170 | 9170 | 9170 |
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.