Къоьзана Ӏам
From Wikipedia, the free encyclopedia
From Wikipedia, the free encyclopedia
Къоьзана Ӏам[3], (оьрс. м. Кезено́йам[4], Эйзенам[5], Голубое[4][6], Большое Форельное[7][8][9]) – Нохчийн Республикин ЧӀебарлойн а, ДегӀастанан БотӀлихан а кӀоштийн дозанехь, мохкбегийча хӀоьттинчу боьрана чохь кхоллабелла Ӏам бу. Иза ГӀой-Хин бассейна йукъа богӀуш бу[7]. Иштта мехкан Ӏаламан гидрологин агӀонхьара йоккха мехалла а йу и[10]. Ӏам лаьтта субальпийн байн бухкехь. Ӏам хих буза ломах Ӏийдалучу а, лаьттан бухара дуьйлучу а хиша. Лаьтта тӀехулара чуоьху хиш дац цуьнан. Хин тӀегӀа, сезонехь йа масех шарахь (6-8 метр хиллал) хийцадалар нисло, иза доьзна ду цуьнан хигулдаран йистошкахь легачу йочанийн бараме хьаьжжина. Аьхка Ӏоман хи дохло 17-18 °С. Ткъа Ӏай 60—80 см стомма ша бо[7].
Ӏам | |
Къоьзана Ӏам | |
---|---|
Морфометри | |
Абсолютан локхалла | 1854 м |
Барамаш | 2,7 × 735 км |
Майда | 2,4 км² |
Йуккъера кӀоргалла | 72[1] м |
Гидрологи | |
Дуьралла | Теза Ӏам ‰ |
Бассейн | |
Ӏомах кхета хиш | Хьорсу хи, Ковхи |
Лаьтта меттиг | |
42°46′38″ къ. ш. 46°09′11″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | |
Регион | ДегӀаста, Нохчийчоь |
Идентификаторш | |
ПХР: 07030000111109300000354[2] | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Кхузахь йу археологин карораш, историн-архитектурин гӀишлош, масала, нохчийн тӀеман а, дахаран а бӀаьвнаш, царна йукъахь ша тайпана, иштта кхин йоцу гӀап-гӀала Алдам-ГӀези, цӀуй динан гӀишлош, шира кешнаш, Нохчийчохь уггаре хьалхарчех маьждиг, шортта нохчийн эвланаш Къоьзана, Хо, Орса, Садуо, Буне, Макажа, кхин а. Уьш лаьтта Къоьзана Ӏоман гергахь, ткъа иштта этнографин экспедицийн жамӀаша гойту хӀокху кӀошта нохчийн тайпанаш ширачу заманахь дуьйна охьахевшина хилар[11].
Лекхачу лаьмнаша йукъахь лаьтта Къоьзана Ӏам – Къилбаседа Кавказехь шен майда уггаре йоккха йолу Ӏам бу. Иза лаьтта Нохчийн Республикин ЧӀебарлойн а, ДегӀастанан БотӀлихан а кӀоштийн дозанехь, Керкетан дукъ даккхаран 4—5 чаккхарма къилбехьа[12], Ишхеш дукъан къилбехьара басехь, 1869 (1822[13]) метр хиллал хӀордан хӀоттарал лакхахь. Веданара Ботлихе боьду некъ Ӏоман малхбалехьахула чекхболу[14]. Ӏоман майда – 2, 4 км2 йу. Ӏам кхоллабелла жима ши хин Хьорсу хи (Алхар) и Ковхи (Ходу) тогӀи чохь сацар бахьанехь[15]. Сацар бахьана и ши хи лахахь цхьаьнакхетачохь Кашкерломан дукъан къилбехьарчу басин хьаьт такхар ду. Ткъа цуьнан бахьана мохкбегор хила а там бу.
Ӏоман малхбузехьа лаьтта Ӏаламан сунт 100 метр герга локхалла йолуш йу. Ткъа Ӏоман боьран Ӏункара басенаш а йу, шера бух а бу. Ӏоман кӀоргалла 74 метр йу[13]. Ӏоман йохалла 2,7 км йу.
Уггаре шуьйрачохь - 735 метр бу. Бердан сиз Ӏ0 километр деха ду. Ӏам хих буза цунна чуоьхучу кегийчу хиш а, шен боьра чохь бухдуьйлучу хьостанаша а. Амма коьрта долчу декъана Ӏоман хин барам латтабо къилбаседехьара Ӏомана чудогӀучу жимачу Хьорсу хино а, малхбалехьара чудогӀучу Ковхино а. Ӏоманна хи чу дан тӀехулара апареш дац, хетарехь лаьтта бухахь цунна гондахьарчу кир-маьӀданан йуккъехула доьдуш шен апари хила тарло цуьнан.
Къоьзана Ӏам лаьттинчохь цхьана заманахь Къоьзана эвла хилла, чохь Делаца лерам боцуш нах беха. Цхьан а дин девзаш ца хилла царна, къинош дукха деш хилла, коьртаниг — дицдина хьаша-да тӀеэцаран Ӏадат. Эвла доьссина стиглара Делан малик, тӀаккха къечу стеган сибате а даьлла хӀусамашкахула лела доьлла, кхача а, буьйса йаккха меттиг а лоьхуш. Дукха лелла иза эвлахула, сий дечу а, хьалдолчу а, мискачу а нахехула чекхдаьлла, амма цхьаммо а тӀе а ца лаьцна, йуург а ца кховдийна; кхин тӀе, хилла чехош берш а, жӀаьлеш тӀехоьхкурш а. Эвла йисттехь хилла миска жеро, ша хьоьгучу къинца йехаш йолу. СагӀадоьхург, йерриг эвлахула чекхваьлла, цуьнан цӀенна тӀекхаьчна, буьйса йаккхийтахьара аьлла. Жерочо хазахетарца тӀеийцира иза, шега далучу агӀора хьошалла дира, шен мотт дӀабелира садаӀийта. СагӀадоьхучо хӀума а йиина, садаьӀначул тӀаьхьа, иза вистхилла жерочуьнга: „Ша миска стаг вац, Делан малик ду, деина къоьзанхой зиерхьама. ХӀинца гуш ду, къоьзанхой гӀуо нах хилар, цундела царна къиза таӀзар хир ду: латта датӀа а даьттӀа дӀакхоллур йу хӀара эвла чохь долчу дерриг хӀуманца; цул тӀаьхьа, адамашна иэсанна, кхузахь кӀорга Ӏам хир бу, иза гуттаренна а лаьттара бу“. Иза а аьлла, тӀетуьйхира: „Хьайн доьзал вовшах а тохий, луларчу лома йала! Соьгара хиинарг цхьаьнге ма ала“. Жерочо мискачо аьлларг дира: шен доьзал а эцна луларчу лекха лам тӀейелира. Иза хьалайала а куьуш, латта декъа а делла, дӀакхаьллира Къоьзана эвла берриг бахархошца, ткъа цул тӀаьхьа оцу меттигехь, адамашна иэсан, Къоьзана Ӏам кхоллабелира[16].
Хин тӀегӀа цуьнан бассейна чу легачу атмосферан йочаний бараме хьаьжжина шера-шаре долуш хийцало. Ӏоман хи шийла ду, аьхка а цуьнан температура 17-18 °С лакха ца йолу. Хин лахарчу гӀатлин температура – 7-8 °С бен ца хуьлу. Ӏай Ӏам гӀора бо, шан стоммалла цхьацца долчу шерашкахь 70-80 сантиметр йолуш меттигаш а баьхкина.
Нохчийн Республикин Веданан кӀоштехь 18 апрелехь 2015 шарахь дӀайиллира туристийн-рекреационни кластер «Кезеной-Ам» изза цӀе йолчу Ӏоман бердан йистехь. Спорта-туристийн комплексан йукъайогӀу 58 номер йолу гостиница а, 40 стаг чукхоьу люкс-коттедж а, ВИП-коттедж а, ресторан а, баня а, 1200 кв.м. майда йолу спорткомплекс а, пирс а, иштта кхийолу объекташ а[17].
Иштта проектехь (2016) йу – муьшан некъ а, конференц-зал а, меттигарчу дахаран хотӀехь ресторанни уьйтӀе а, берийн самукъадаккхаран комплекс а йар. Цул сов Ӏалашо йу говран а, гӀаш а, велосипедан а, квадро а экскурсеш а, четаран гӀала йан а[18].
1970-1980-чу а шерашкахь Ӏоман бердан йистошкахь йара СССР-н академин пийсиган спортан олимпиадан гулйинчу командан база. НР тӀемаш болчу хенахь база йерриге а хӀаллакйина. 2015-гӀачу шарахь Российн пийсиган спорта Федерацин президента Вениамин Бута кхайкхийра академин пийсиган Российн гулйинчу командега Къоьзана Ӏома тӀехь шайн тренировкаш йухайолор[19].
Ӏома чохь деха цӀечу чӀерийн эндемин тайпа кумжа цӀе йолу чӀара – къоьзанан бакъ чӀара.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.