Бебунаш , йа бебу йа аттйокх (лат. Cuculidae ) — хьозакепарчеран гергара бебукепара тобанера олхазарийн доьзал . Уггаре йевза доьзалан векал — ма-дарра бебу . Антарктида йоцург, йерриг континенташ тӀехь йу. Йисттера къилбаседехь а, Къилбаседа Америкин къилба-малхбузехь а, Гергара Малхбален а, Къилбаседа Африкин а тӀех йекъа регионашкахь а йац. Доьзалан цхьацца тайпанаш кхелха[1] .
Дехар «Бебу» хьажийна йу кхузе; хьажа. иштта кхин маьӀнаш .
Доца факташ Бебу, Ӏилманан классификаци ...
Бебу Бебу-динберг (Geococcyx californianus )
Cuculidae (Vigors , 1825)
ДӀачӀагӀа
Кхоьлина бебу декар (Cacomantis pallidus )
Дукхаха йолу кепаш ша лала кеп лелайо, наггахь ца хуьлу тобанашца лелар. Йукъара йолу тайпа Ани , цара до колективан бенаш[2] .
Церан векалш еха хьуьнхахь , амма цхайолчара алсама йиллина меттигаш гӀоле хета. ТӀаьхьарчеран йу деха онда когаш, уьш 30 км/сахьт сиха лела[3] .
Дукхаха йолу кепаш йуу сагалматаш , цаьрца цхьаьна дуу мокха нӀаьна-цициг , дукхаха долу олхазарш уьш ца дуу. Исполински бебус коьртаниг дуу стоьмаш [4] .
Доьзална йукъайогӀу кепаш, масала, америкин бебу, бебу-динберг, бебу ани, шпорцеви бебу. Массара а цара бенаш до дитташ тӀехь а, коьллаш тӀахь а. Кхечу бебух къасташ шпорцеви бебус доху шен хӀоьаш лаьттара я лоху коьллаш тӀера бенаш чохь. И йаккхийра тропикин бебуш толлу кегийра моьлкъанашна .
Бенан паразитизм
Дукхаха йолу бебун кепаш бенан паразиташ йу. Цара доху шайн хӀоьаш кхечу олхазарийн бенаш чохь. Бебун кӀорнеш хьалха доху, дика кхиина а хуьлу, чехка а кхуьу, жамӀехь цара аракхуьйсу хӀоьаш йа кӀорнеш уьш тӀеэцна де-нений, цул тӀехьа цара бебун кӀорнеш бен ца кхобу[5] .
Ма-йарра йолу а, африкин а бебун тевнан интервал 48 сахьт ду. Бебун эмбрионаш тевна доккхучу хенахь ондий йу кхечу олхазарийнчул. 1802 шарахь хетарг аратетитна Ӏилманчаш, иза чоьхьара инкубацица кхетадо. Бебун хӀоа кирахь лаьтта 30 сахьтех температура 40 °C йолуш, иза лакхараю бена чуьра температурел (йуккъера 36 °C). Цундела бебу сиха дуьнен тӀе йолу, кӀорнел бенан хӀусам-ненанчул. Бебу кӀорнеш хьалха хуьлу 31 сахьт кхечарел[5] .
Йозаллин а, йоккхаллин а барам техка 17 гр а, 15 см а тӀера (Chrysococcyx minutillus ) 630 гр а, 63 см а кхаччалц (Ӏаламате бебу )[6] . Ладамечех доьзалан цхьа башхал когаш ду: ши пӀелг хьалха бирзина бу, ткъа шиъ – тӀехьа. Дерриг аьлча санна векалийн деха цӀога хуьлу, цуо йодуш а, тӀема йоьдуш а кадолийта. ТӀемийн кеп хийцало дахаран кепе хьаьжжина: кхелха олхазарийн тӀемаш деха а, готта а хуьлу, кхечеран — доцуо а, гоьргуо а хуьлу.
Бухара доьзал Crotophaginae — Бебуш-нӀаьна-цицигаш дуурш — 2 кеп а, 4 тайпа а
Ани (тайпа) — Crotophaga — 3 кеп
Guira — Гуира — 1 кеп
Бухара доьзал Neomorphinae — Уьду бебуш — 5 тайпа а, 4 кеп а
Биъ тӀам болу бебуш (Tapera ) — 1 кеп
Dromococcyx — ТӀавусан бебуш — 2 кеп
Morococcyx — Шоршалан бебу — 1 кеп
Geococcyx — Бебуш-динбергаш — 2 кеп
Neomorphus — Лаьттан бебуш — 5 кеп
Бухара доьзал Centropodinae — Шпорцеви бебуш — 1 тайпа а, 28 кеп
Centropus — Шпорцевые кукушки — 28 видов
Бухара доьзал Couinae — 2 тайпа а, 13 кеп а
Carpococcyx — Лаьттан бебуш (азин) — 3 кеп
Coua — Мадагаскаран бебуш , йа коуа — 10 кеп
Бухара доьзал Cuculinae — Бакъ йолу бебуш — 23 тайпа а, 93 кеп а
Rhinortha — Малайн коьллин бебуш — 1 кеп: Rhinortha chlorophaea .
Ceuthmochares — Можа зӀок йолу бебуш — 2 кеп
Taccocua — ХӀиндин коьллин бебуш — 1 кепд: Taccocua leschenaultii
Zanclostomus — ЦӀен зӀок йолу коьллийн бебу — 1 кеп: Zanclostomus javanicus
Rhamphococcyx — Къорза зӀок йолу коьллийн бебу — 1 кенп: Rhamphococcyx calyorhynchus
Phaenicophaeus — Коьллийн бебу — 6 кеп
Dasylophus — 2 кеп
Clamator — Къужал йолу бебуш — 4 кеп
Coccycua — 3 кеп
Piaya — Пиайа — 2 кеп
Coccyzus — Америкин бебуш — 13 кеп
Pachycoccyx — Стомма зӀок йолу бебуш — 1 кеп: Pachycoccyx audeberti
Microdynamis — Ӏаьржа корта болу бебуш — 1 кеп: Microdynamis parva
Eudynamys — Коэли — 3 кеп
Urodynamis — Деха цӀога долу коэли — 1 кеп: Urodynamis taitensis
Scythrops — Йаккхий бебуш — 1 кеп: Scythrops novaehollandiae
Chrysococcyx — Борзанан бебуш — 13 кеп
Cacomantis — Мадж йолу бебуш — 10 кеп
Cercococcyx — Деха цӀога долу бебуш — 3 кеп (йа 4 кеп)
Surniculus — Дронгови бебуш — 4 кеп
Hierococcyx — ГӀиргӀан бебуш — 8 кеп
Cuculus — Бебуш — 11 кеп
† Nannococcyx — 1 кеп: Nannococcyx psix
Хьалха иштта билгайохура:
Йеха зӀок йолу бебуш (Rhamphomantis ) — 1 кеп, хӀинца йукъатуху тайпана Chrysococcyx
КӀайн корта болу коэлаш (Caliechthrus ) — 1 кеп, хӀинца йукъатуху тайпана Cacomantis
Corlett, R; Ping, I. Frugivory by koels in Hong Kong (und) // Memoirs of the Hong Kong Natural History Society. — 1995. — Т. 20 . — С. 221—222 .
Payne R. B. (1997) "Family Cuculidae (Cuckoos)", pp. 508–45 in del Hoyo J, Elliott A, Sargatal J (eds) (1997). Handbook of the Birds of the World Volume 4; Sandgrouse to Cuckoos Lynx Edicions:Barcelona. ISBN 84-87334-22-9
Доца факташ
Викицитатникехь агӀо йу теманера
Бебу ДӀачӀагӀа
Видео кукушки в интернет-коллекции птиц
Кукушки / / Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб. , 1890—1907.
Бебу — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу.