From Wikipedia, the free encyclopedia
Айткхаллой[1] — нохчмахкахойн тукхумара нохчийн тайп, тайп даьржина малхбален а, къилбаседа а Нохчийчохь[2].
Шира тайпа | |
Айткхаллой | |
---|---|
| |
Кхин цӀерш | Айт-Кхаьллой |
Этноиерархи | |
Раса | кавказан |
Тукхам | нохчмахкахой |
Йукъара хаамаш | |
Мотт | нохчийн меттан нохчмахкахойн лер |
Йоза | кириллица |
Дин | ислам (суннизм) |
Къам | нохчий |
Тайпан йукъа догӀу |
|
Дай | Айта |
Гергарло | сесаной, ишхой |
Таханлера дӀасакхалхар | |
Азамат-Юрт, Устрада-ГӀала, ТӀехьа-Марта, ВаларгтӀе, Гелдагана, Гуьмсе, Жалкх, ЧӀулга-Юрт, Боти-Юрт, Берза-Боьра, Курчалой-ГӀала, Мелчхе, Мескар-Эвла, Ойсхар, Йоккха АтагӀа, Хьалха-Марта, Хьиди-КӀотар, Чечан, Энакхаьлла, Ялхой-Мохк | |
Хьалхалера дӀасакхалхар | |
• шира. мохк Нохч-Мохк |
Тайп J2 гаплотобан[3] йукъара ду.
Тайпанан тептаршкахь дийцарехь айткхаьллой, сесаной, ишхой Нашхара веана хӀинцалерачу Сесанан уллорчу ГӀудукх олучу меттиге охьахиинчу Садин тӀаьхьенах бу[4].
Шен «Топонимия Чечни» белхан чохь нохчийн гӀараваьллачу Ӏилманчо А.С. Сулеймановс яздо, Aйткхаьллоша шайн тайпана да лору Нашхара веина Айт-Кхаьлла йиллина Айта. Дийцарехь Айткаьллой, Энганой, Сесаной вежарех схьабевлла лору[5].
Тайпа даьлла лору Сайд-Ӏали Шамин кӀента-кӀента-кӀентан Шамханан тӀаьхьенах волчу Айтех.
Кхечу баккхийчара дийцарехь Айткхаьллойн ден цӀе Сейса Сада хилла. Сада ваьхна Нашхахь йолчу Моцкъарахь, XIII-XIV бӀешерашкахь малхбален Нохчийчу кхелхина, дуьххьара охьахиина ГӀудукъ олучу меттиге, тӀаьхьо меттигах ала долийна Сесана а, Айт-Кхаьлла а. И цӀе лелаш ю Айткхаьллойн а, Сесанойн а силсилашкахь. Сесана йиллина лору Сейса Садас, цуо весет дина шен тӀаьхье ворхӀ чкъор хийцадаллалц Моцкъарахь дӀабохкар.
Силсила: Сада – Саьркъа – Холча – Хьашта – Такхмисар (Такхмисар цӀе Сесаноша язйина Нашхо аьлла, цӀе хийцаелла хила тарло, дуьхьанца иза масала – Нашхо Такхмисар хилла хила тарло) – Гела – Ата – Айта (иза сесанойн, а айткхаьллойн а да ву, цо йиллина Айт-Кхаьлла йуьрт), – Байбаркъа – Хьашукъа - Яшуркъа – Хьесалби (цуьнан кӀентий хилла Ӏацми (Ӏарби), ГӀамбулат, Оьспа, Оьлакъ).
ГӀамбулатан тӀаьхьенаш дакъалаьцна Илсхан-Юрт юьллуш. Оьлакъа кхелхина Жима ГӀебарта (хӀинца Теркан, Малхабекан кӀошташка), церан тӀаьхьенаш хӀинца а еха ЧӀулга-Юртахь а, Лаха Неврехь а, амма тӀаьхьуо цхьайолу тӀаьхьенаш юхайирзина Сесанойша а, ГӀордалойша а йиллина лоручу МелчхитӀе. Оьспа кхелхина гӀумкийн ярташка. Ӏацмин ши кӀант хилла. Цхьанах, Тунжуханах, Айткхаьллой тайпанара Тунжхан гар (гаплотоба J2) даьлла. И гар тайпанехь уггар доккханиг ду, иштта доккха ду Теркан кӀоштахь деха Сесанойн гар, цара лелайо фамилеш КасаевгӀар, ЯндаровгӀар, ХамидовгӀар, ХуклаевгӀар, КукаевгӀар, АсхабовгӀар. Ӏацмин (Ӏарбин) шолгӀа кӀентан – Селимханан тӀаьхье еха Сесанахь.
Айткхаьллойн мохк Энакхаьлла, Гуьна, Ширдий-Мохк йукъахь, Гумс эркан тӀехь лаьтта, цунна йукъайогӀу: Айткхаллойн регӀа-тӀе, Ачаршка, Гунин кӀотар, ЖагӀларги, ЖагӀ-Ӏинан кӀотар (Айт-Кхаьлла), НикӀи-ХитӀа, ткъа уггар шира эвланаш – Ачарашка, Айткхаьлла я ЖагI-Iин-кIотар – ца йисина.
СихӀсиха хуьлу токхмаш бахьнехь уьш йитина, ткъа бахархой кхелхина кхечу ярташка а, акъари тӀе а. Тахана, Ачарашка, НикIин-хитIа, ЖагI-Лергие, РегIа-тIе йоцуш, айткаьллой беха Нохчийчоьнан а, ДегӀастанан а юрташкахь а, гӀаланашкахь а: Азамат-Юрт, Устрада-ГӀала, ТӀехьа-Марта, ВаларгтӀе, Гелдагана, Гуьмсе, Жалкх, ЧӀулга-Юрт, Боти-Юрт, Берза-Боьра, Курчалой-ГӀала, Мелчхе, Мескар-Эвла, Ойсхар, Йоккха АтагӀа, Хьалха-Марта, Хьиди-КӀотар, Чечан, Энакхаьлла, Ялхой-Мохк, кхин а[6].
«Айткхаьлла» – Гумс эркан тогӀенца, Энакхаьлла йуьртан къилбехьа. Кхузахь хилла тайпана да Айта дуьххьара охьахиина меттиг. Йуьрт йиллале оцу дӀакхоьссинчу меттигах ЖагӀ-Ӏин олуш хилла. Сих-сиха токхамаш хиларна йуьрт йитина, бахархоша керла йуьрт йиллира Ачаршка.
Айткхаьллойн кешнаш – Айт-Кхаьлла лаьттинчу меттиган къилбехьара шира кешнаш[7].
XIX бӀешарахь Ӏаьс хин бердашца Айткаьлла эвла хилла, цуьнан бахархой дӀакхалхийна Жимачу ГӀебарта[8].
Айткхалойн гаранаш:
Мадин Жаьммирза – Нохчийн къоман турпал.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.