From Wikipedia, the free encyclopedia
Е́льцин Бори́с Никола́евич (1931 шеран 1 февралехь, ССРС, РСФСР, Уралан область, Буткин кӀошт, Бутка эвлахь — 2007 шеран 23 апрелехь, Российн Москохахь) — советийн а, российн а партин, пачхьалкхан, политикин гӀуллакххо. Российн хьалхара президент (1991—1999)[lower-alpha 2]; 1991 шеран ноябрехь — 1992 шеран июнехь цхьаьна хенахь коьртехь хилира «хийцамхойн правительствон»[1][2]. 1992 шеран мартера май кхаччалц Российн Федерацин Дуьхьалонан министран декхарш кхочуш дира.
Ельцин Борис Николаевич | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
оьрс. Борис Николаевич Ельцин | |||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | дарж коьллина; иза ша РСФСР Лакхара Кхеташонан председатель |
||||||
Когаметтаниг | Черномырдин Виктор (операции йечу хенахь хенан декхарш кхочушдийриг, 1996 ш. 5—6 ноябрь) Путин Владимир |
||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Силаев Иван | ||||||
Когаметтаниг | Гайдар Егор (д.кх.) Черномырдин Виктор |
||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | дарж дӀадаьккхина | ||||||
Когаметтаниг | Путин Владимир | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Кобец Константин | ||||||
Когаметтаниг | Грачёв Павел | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Грибачёв Николай | ||||||
Когаметтаниг | Хасбулатов Руслан | ||||||
|
|||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Гришин Виктор | ||||||
Когаметтаниг | Зайков Лев | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Рябов Яков | ||||||
Когаметтаниг | Петров Юрий | ||||||
Дин | Керста динан килс | ||||||
Вина терахь | 1931 шеран 1 февраль | ||||||
Вина меттиг | ССРС, РСФСР, Уралан область, Буткин кӀошт, Бутка, | ||||||
Кхелхина терахь | 2007 шеран 23 апрель (76 шо) | ||||||
Кхелхина меттиг | Москох, Росси | ||||||
ДӀавоьллина | Новодевичьи кешнаш | ||||||
Да | Ельцин Николай Игнатьевич | ||||||
Нана | Старыгина Клавдия Васильевна | ||||||
Зуда | Ельцина (Гирина) Наина Иосифовна (л. 1956) | ||||||
Бераш |
|
||||||
Парти |
ССКП (1961—1990) партехь вац (1990—2007) |
||||||
Дешар | Уралан политехникин С. М. Кировн цӀарах институт | ||||||
Динлелор | православи | ||||||
Автограф | |||||||
СовгӀаташ | |||||||
Пачхьалкх | ССРС→ Росси | ||||||
ЦӀе | Российн федерацин ТIеман Ницкъийн Лакхара Коьртабаьчча | ||||||
Буьйр дар | Российн Федерацин ТӀеман Ницкъаш | ||||||
Латар | |||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
ССРС Лакхара Советан Союзан Кхеташонан 10-гӀа а, 11-га а кхайкхаман (1979—1989) депутат; ССРС Лакхара Советан Президиуман (1984—1988) декъахо. ССРС Халкъан депутат а, ССРС Лакхара Кхеташонан Къаьмнийн Кхеташонан (1989—1990) декъахо. РСФСР Халкъан депутат а, РСФСР Лакхара Кхеташонан председатель (1990—1991).
ССКП декъахо (1961—1990), ССКП ЦК декъахо (1981—1990); партехь даржашкахь хилла: Свердловскан ССКП обкоман хьалхара секретарь (1976—1985), ССКП ЦК секретарь (1985—1986), ССКП Москохан гӀалин комитетан хьалхара секретарь (1985—1987).
Историн йукъавахана хьалхара дерриг халкъо хаьржина Российн куьйгалхо санна, Российн радикалан йукъараллин-политикин а, экономикин а хӀоттаман реформатор санна. Ельцинан урхаллин мур билгалабелира 1991 шарахь Августан путчца а, Советийн Союз йохарца а, 1992 шарахь механ либерализацица а, приватизацица а, РФКПн дуьхьалонца а, 1993 а, 1999 а шерашкахь импичмент йан гӀортарца а, Лакхара Кхеташо эккхорца а, 1993 шеран Конституци тӀеэцарца а, Хьалхара нохчийн тӀемца (1994—1996) а, ШолгӀа нохчийн тӀом болабаларца а, ткъа кхин а 1998 шеран дефолтца а.
Вина 1931 шеран 1 февралехь Уралан областан Бутка эвлахь (хӀинца Свердловскан областан Талицин кӀошт) байталбаьхначу ахархойн доьзалехь. Иштта йаздина ша Ельцина мемуарашкахь. Ельцин вина йуьрт хилар къуьйсу луларчу Басмановски эвлано.[3] Хьалхара президентан биографо Минаев Бориса ма-йаздарра, ЕльцингӀар баха а баьхнера Басманово эвлахь, «амма шина эвлан больница лаьттара нисса Буткехь», цигахь дуьнен тӀевелира Ельцин Борис[4]. ТӀаьхьа Ельцина дагалоьцура:
…ЕльцингӀеран доьзало, чекисташ Казане тептар тӀехь ма-йаздарра, сельсоветера пхи гектар латта эццера лело. «Революцел хьалха ден бахам кулакхийнчух бара, цуьнан хин хьер а, хӀаваан хьер а, ялтаорург а йара, шен бацош ялхой бара, 12 гектар гергга ялташ дара, ша цӀевнаш боьхку ялтахьокхург а, пхи говр а, биъ етт а…» Йара, йара, йара… Цунна бехке а вара — дукха болх барна, дукха шенан тӀелацарна. Ткъа советийн Ӏедалан везара эсала, гуш воцу, хьалха ца лелхарг. Онда, хьекъале, къегина нах цунна ца безара, ловза а ца бора.
Ткъе итталгӀачу шарахь доьзал «арабаьккхира». Деденгара гражданийн бакъонаш дӀайехира. Цунна шенан тӀейиллира йуьртбахаман налог. Доцца аьлча, лаг тӀе цамза таӀийра, иза царна дика а хаьара. Деда «къайлавелира»…[5]
Ельцин Борисан деда — Ельцин Игнатий Екимович (1875—1936) — хьалдолу ахархо, кулак, 1930 шарахь араваьккхина хьажийра Надеждинске), Уралан областе.[6] Денана — Ельцина Анна Дмитриевна (1887—1941).[7]
Ельцин Борисан нана — Ельцина Клавдия Васильевна (ден фамили Старыгина, 1908—1993[8]), ахархойх, тегархо[9][10].
Ельцин Борисан да — Ельцин Николай Игнатьевич (1906 шеран 27 июнь — 1977 шеран 30 май), гӀишлошйархо.[11] 1934 шеран 28 апрелехь Николай шен вешица Андрианца а, кхин веа белхалочуьнца лецира, уьш бехке бира «гуттаренна а белхалошна йукъахь советашна дуьхьала агитаци ярна, шайн Ӏалашо хӀоттийна белхалойн чкъор дохо, долчу бакъонан низаман нах реза ца хилийтархьама. Даарца а, духарца а йолу халонаш дуьхьала етташ, кестта тӀом бера бу, Советийн Ӏедал духур ду бохуш эладиташ даржох, гӀиртира гӀуо дог-ойла кхолла. Агитаци лелира займашна дуьхьала, жигара дуьхьала бара австрин белхалошна гӀодарна.» 1934 шеран 23 майхь ГӀезалойн АССР ОГПУ ПП кхаамма РСФСР ЗК 10 пунктан 58-гӀа йаззамца (советашна дуьхьала пропаганда а, агитаци а) суд йина НБЛ 3 шо хан туьйхира. 1934 шеран 28 майхь шен вешица этапе вахийтира ЧГӀХК Дмитлаге, цигахь кхел чекхйаьккхира Москох-Ийдал татол доккхуш, болх бира йукъара а, гӀодаран а белхаш беш Талдоман кӀоштахь.[7]
Николай Игнатьевич чувоьллина волуш, ЕльцингӀеран доьзал — цуьнан зуда Клавдия Васильевна а, кӀант Борис а, арадаьккхира барак чуьра, уьш чубитира цуьнца чохь волчу Казанерачу лоьран Петров Василий Петровичан зудчо Петрова Елизавета Ивановнас. К. В. Ельцинин прописка йира № 32 йолчу цӀа чохь ЙалхолгӀа Союзан урамехь (1956 шарахь цӀа дехьадаьккхира Карагандин ураме, 1999 шарахь цигахь хилира Б. Н. Ельцинан зуда Н. И. Ельцина).[12][13][14][15][16][17]
1936 шеран 29 сентябрехь Н. И. Ельцин дика леларна хенал хьалха мукъаваьккхира чувоьллинчура, 1936 шеран октябрь болалуш йухавирзира Казане, оццу цӀа чу охьахиира.[7] Кхуззахь 1937 шарахь Николайн а, Клавдиян а ЕльцингӀеран хилира шолгӀа кӀант — Михаил, цуьнан жӀаран нана хилира Василийн а, Елизаветин а ПетровгӀеран йоӀ Нина.[12][14]
1937 шарахь ЕльцингӀар йухабаьхкира Урале, цигахь Н. И. Ельцина пхьеран болх бира Березникехь химкомбинат йеш, ткъа масех шо даьлча хилира заводан гӀишлошйаран декъан хьаькам[9][18].
Ельцинан бералла дӀайахара Перман областера Березники гӀалахь, циггахь чекхйаьккхира ишкол (хӀинца № 1 йолу А. С. Пушкинан цӀарах йолу ишкол). Ельцинан официалан биографица[9] а, МХГӀ хаамашца а, дика доьшура, классан староста вара, амма гӀуо лелара, летара берех[10]. Ткъа Ю. Борисёнокан а, В. Эрлихманан а йаззамехь чӀагдо, Ельцин «билгала ца велира дика мах хадорца»[19]. ВорхӀ класс чекхйаьккхинчул тӀаьхьа Ельцин дуьхьала велира берашна етташ, шен цӀахь болх бойтуш хьийзочу классан куьйгалхочун. Иза бахьнехь дӀаваьккхира ишколера «берхан билетаца», амма, партин гӀалин комитете вахана, деша таро йира кхечу ишколехь[5][9].
Ельцинан аьрру куьйган ши пӀелг бацара, пӀелган йуьхьиг йацара[5]. Ельцина дийцарехь, уьш дехира, граната йелла гӀертачу хенахь иза иккхина[5]. И верси шеконе йуьллу Кара-Мурза Сергейс[20] а, Мухин Юрийс а. ПӀелгаш ца хиларна Ельцин эскарехь а ца хилла[5].
1955 шеран 8 апрелехь шен куьйга йазйинчу автобиографица, 1949 шарахь дӀахӀоьттира Уралан политехникин С. М. Кировн цӀарах институтан гӀишлошйаран факультете[21], 1955 шарахь чекхйаккина иза «инженер-гӀишлошйархо» квалификацица «Промышленностан а, гражданийн а гӀишлошйар» говзаллица. Автобиографехь Ельцина хоуьйту, ша 1952 шарахь «цомгуш хилла шо йукъара далийтар»[21]. "Исповедь на заданную тему" (Хаттам, еллачу теманна) чохь Ельцина йаздо, шен дипломан белхан тема «Телевизионан бӀов» йара бохуш. Боккъала а йолу Ельцина дипломан тема лерина йара кӀоран шахтин чура болх бина гӀирсаш арабоху чамин зӀе йарах лаьцна, историкан Тимоти Колтона дийцарехь, цхьан а «доккха хӀума дац иза»[22].
Студентийн шерашкахь дика ловзура волейболах, гӀалин гулйина командин йукъахь ловзура, ССРС спортан говзанча хилира. 1952 шарахь вара РСФСР хьалхейаккхаран зонин къийсамашкахь дакъа лоцу Молотовн областан зударийн волейболан командин тренер (командо йаьккхира 6-гӀа меттиг)[23].
1955 шарахь институт чекйаьккхича хьажийра «Уралтяжтрубстрой» тресте, цигахь цхьаьна шарахь масех говзалла караерзийра, цул тӀаьхьа тайп-тайпана гӀишлошйаран объекташкахь болх бира пхьар, декъан хьаькам. 1957 шарахь хилира трестан гишлошйаран урхаллин прораб[9]. 1961 шарахь Компарте велира. 1963 шарахь хӀоттийра Свердловскан цӀеношдаран комбинатан коьрта инженер. 1966 шарахь дуьйна — Свердловскан ЦӀДК директор.
1963 шарахь Свердловск гӀалан Кировн кӀоштан партин кхолламан XXIV конференцехь массо а реза волуш хаьржира ССКП гӀалин конференце векал. XXV кӀоштан конференцехь хаьржира ССКП Кировн кӀоштан кӀошкоман декъахо а, Свердловскан областан конференце ССКП векал а.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.