From Wikipedia, the free encyclopedia
Байталваккхар йа Кулакаш бохор[1]) — тароне хьаьжжина ахархой массашкахь хьийзабар[2][3], лелош хилла большевикаш 1930 - 1954-гӀа шерийн муьрехь. Политика лелор цхьаьна нисделла нуьцкъала бепиг дӀадаккхарца а, колхозаш яхкарца а, цуо массашкахь реза ца хиларца дуьхьал баьхна ахархой[4][5][6][7][8][9][10][11], тобанашкахь арабаьхна «кулакаш» а, церан доьзалаш а лерринчу меттигашка[12][13][14], дӀабаьхна церан бахам («йукъара бина») [15][16][17][18], тоьпаш йиттина[19][20], ткъа иштта ойла йина ца хиларна а, политика кхочушъян цхьа а лерина инструкци ца хиларна[21] — меттигера Ӏедалша дуккха къиен а, йуккъера бахам болу а йуьртан бахархой хӀаллакбина[22][14][23], кхин а меттигера Ӏедалан декъашхой а. Политикин йуьхьаг йолийра ВКП(б) ЦК Политбюрон 1930 шеран 30 январан «Ерриг коллективизаци йаран кӀошташкахь кулакийн бахамаш дӀабахаран белхах лаьцна» цӀе йолчу постановленица[2][24] Формалан политика лелор чекхдаьлла 1930 шо долалуш[25], амма, уьш дӀайахаран муьран тӀаьхье йахйелира 1954 шо кхаччалц. Цул тӀаьхьа 60 шо даьлча, «Политикин репресси йиначарна реабилитаци йарах лаьцна»[26] 1991 шеран октябрехь арадаьллачу законаца, байталбаьхна («репрессеш йина») нах официалан лерина Лакхарчу Совето репресси йина а, реабилитацин бакъо йолуш а.
1918 шеран 8 ноябрехь къиечеран комитетан векалийн гуламехь Ленина дӀахьедина кулакалла дӀадаккхаран новкъах лаьцна: «…нагахь кулак меттах ца ваккхахь, нагахь дуьне дуурш вай иэша ца бахь, тӀаккха лаахь а, ца лаахь а паччахь а, капиталист а хир ву.»[27][28][29] 1918 шеран 11 июнан Декретаца кхоьллира къиечеран комитеташ, цара йоккха роль ловзийра байталбахарехь, шайн меттигашкахь урхалла дора кулакашкара схьадаьхна латташ, белхан гӀирс, совдевлла сурсаташ дӀасадекъаран процессан. Билгалйелира йуьхьиг «бепиг йухудухкучарна, кулакашна, дуьне дуучарна дуьхьала сийлахь-боккхачу тӀеман, … тӀаьххьара а, хадаме а тӀом берриг кулакашна — нах боцочарна».[30] Схьадехира къиечарна а, йуккъерчарна а дӀаделладолу 50 миллион гектар кулакийн латтанаш, схьабаьккхира кулакаллегара алсама долу дакъа белхан гӀирсах къечеран пайденна.[31]
1928 шеран 15 февралехь Правда газето дуьххьала зорба тоьхна кулакалла емалъеш материалаш, хоуьйтура йуьртахь долу хала хьал, меттигашкахь хьал долу ахархошна бешболу ницкъ, иза йуьртахь миска нахан беш хилла ца Ӏаш, партийна шена чохь а беш бу, цхьа могӀа коммунистийн тобанаш урхалла а деш. Зорбане дехира кулакаллин зуламе белхаш — гучубехира миска нах а, ялхой а меттигерачу партин декъе ца буьту меттигера секретарийн даржашкара кулакийн элементаш.[32]
Кулакашкара а, йуккъерчаьргара а ялтан экспроприаци йарах олура «чолхечу хенан белхаш». Амма нуьцкъала бепиг а, кхин сурсаташ схьадахаро хьалдолчу ахархойн ялташ дӀадер совдаккха болу лаам дӀабоккхура, тӀаьхьа ялхой а, мисканиш а болх боцуш буьсура. Байталваккхаран механизмо сацийра долара бахамаш киар, хаттар а хӀоттадора уьш хиларан тӀаьхьлонех. Дукха хан ялале чолхечу хенан белхех хилира «кулакаллин класс дӀайаккхаран» аса.[32]
Кулакаллин класс дӀайаккхаран политике парти йирзира, Сталина ма-аллара:[33]
Кулакаллин класс арататта, и класс биллинчу тӀемца кагго еза, дӀайабаха беза цуьнгара белхан гӀирсаш, уьш хиларан а, кхиаран а хьост болу (паргӀата латта лелор, белхан гӀирсаш, аренда, белхалой лелоран бакъо, кхин дӀа а).
И ду кулакаллин класс дӀайаккхаран политике верзар. Иза а доцуш кулакалла арататтарх хабарш дийцар, деса къамел ду, иза пайдехьа ду аьтту агӀора таьӀначарна. |
1928 шарахь ВКП(б) аьтту оппозици гӀиртира хьалдолчу ахархойн агӀо лаца а, байталваккхар кӀаддан а. Масала, А. И. Рыковс, байталваккхаран политика а, «тӀеман коммунизман хенан кепаш» а емалъеш кхайкхадора, «кулакашна тӀетаӀар хила ца деза олуш долчу байталваккхарца», мегар дац ярташкара долара долара бахаман Ӏаткъам бан, хӀунда аьлча церан ялта шозза кӀезиг хублу европин мехкашкахьчул, цуо лорура, «партийн ладаме Ӏалашо ахархойн долара бахам пачхьалкхан гӀоьнца кхиор церан коопераци йаран гӀуллакхехь».
ЦК Пленуман гуламехь аьтту оппозицин аьтту белира долара бахаман гӀо дандезар кхайкхо: «Кхин дӀа гӀо дандеза жима а, йуккъера а ахархойн долара бахам ойуш, хӀунда аьлча иза еххачу хенан мехкан ялтийн бахаман база хир йу».[34]
Хьал долу ахархой дӀабоху жигара белхаш йуьртан къоьлло хазахетарца тӀеоьцура, уьш кхоьрура, «партис „байталбахаран“ меттана, кулакан некъ эцарна». Партис билгалдоккхура, «къенчарна вайн йуьртара политика, цхьанне схьаэцча го къечарна тӀиера цӀеххьана йуккъерчарна а, кулакашна а тӀейоьрзуш». Иштта хетара уггаре мискачу йуьртан бахархошна 1925 шеран XIV партийн гуламан «керла некъ». Сих-сиха Ӏедало билгалдоккхура къоьллин йукъахь «диллина хилла ца Ӏаш, хадам боллуш хьал долчу а, коьртерачу йуккъерчеран декъана а дуьхьала довлар»[35].
Къечеран реза ца хилар тӀекхетар чӀагӀдора ярташкара мацалло, большевикаш цунна бехке бора «халкъ партин дуьхьала даккха луу йуьртан кулакаллин контрреволюци»: «Юьртара кехаташца казарме йогӀу кулакийн идеологи йухатоха еза. Кулакан коьрта козар — бепигца хало латтор». Сих-сиха прессехь арадовлура идеологица кечдина резабоцучу цӀеэскархой—ахархойн кехаташ: «Кулакаш — социализман дера мостагӀий — хӀинца хьерабевлла. Уьш хӀаллак бан беза, ма эца уьш колхозе, уьш арабохуш тӀеэца сацамаш, церан бахам, гӀирс схьабаккха». Шуьйра гӀараделира 28-гӀа артиллерийн полкан цӀечуэскархочо Вороновс «тӀаьххьара бепиг схьадоккху, цӀечуэскархочун доьзал ца лору» аьлла шен дас динчу арзан дуьхьала йаздина кехат: «Хьо сан да велахь а, цхьаьна дешах хьан кулакийн эшарах ца тийшира. Со воккха вуьй, хьуна дика Ӏамола йаларна. Дохка бепиг, дахьуо совдерг — иза сан тӀаьххьара дош ду».[36][37]
Кулакаллин къиза дуьхьало йан езаш хилар ЕКП(б) Йуккъерачу Ӏаьржалаьттан областан обкоман пленумехь кхайкхийра цуьнан секретара И. М. Варейкиса:[38]
…колхозашка ца боьлхурш хӀинца йа кулакан агӀончаш бу, иза цаьрга дӀахьедан деза, ткъа наггахь экономикин Ӏаткъам бан а беза, йа ца тешна, шеконехь лаьттарш бу. И дахьеданза долчу шеконехь долу декъе, дӀахьедан деза. … хууш ду йуккъерниг онда хир ву колхозашкахь, цуьнца цхьаьна йуха а хьоьжур вац, вай кулак хӀаллак чӀогӀа мел во, цуьнан цхьан а шеко йац. |
ССРС 1928—1932 шерашкахь йуьртабахаман коллективизаци ечу хенахь, советашна дуьхьала болчу ахархошна таӀзар дора, «кулакаллин класс дӀайаьккхира» («байталваккхар») — хьал долу, белхалой лело ахархой ницкъаца дӀабехира, белхан гӀирс, латта дӀадаьккхира, хьоле хьаьжжина, областан (мехкан, республикин) чохь йа арахьа кхалхийра.
1930 шеран 30 январехь ВКП(б) ЦК Политбюроно сацам бира «s:Коллективизаци еш йолчу кӀошташкахь кулакийн бахамаш дӀабахарах». Оцу сацамца кулакаш бийкъира кхаа категоре:
Хьалхара категорин кулакийн доьзалийн кортош лоьцура, цара лелийна гӀуллакхаш дӀалора листа ОКПУн, ВКП(б) обкомийн (мехкакомийн), прокуратурин векалех лаьтта башха тройке. Хьалхара категорин кулакийн доьзалаш а, шолгӀа категорин кулакаш а арабохура ССРС генарчу меттигашка йа шайн областан (мехкан, республикин) генарчу кӀошташка. КхоалгӀа категорин кулакаш, кхалхабора кӀошта чохь леррина кечйинчу меттигашка колхозийн латташ доцучу.
Контрреволюцин кулакийн жигархой «ца совццуш терроистийн акташ еш берш, контрреволюцин гӀовттамаш беш берш, гӀовттаман кхоллараллаш лакхара кхел ярца дӀабаха, концлагераш чубухкуш» (ст. 3, п.а).
ОКПУс хьалхара а, шолгӀа а категорин кхелъеш кховдийра:
ССРС ХКС а, ССРС ЦКХК 1930 шеран 1 февралехь «Массанхьа коллективизаци йина кӀошташкахь йуьртабахаман социалистийн хийцамаш чӀагӀбаран белхех а, кулакаллица дечу девнех а» цӀе йолу сацам бира, цуьнца дӀайаьккхира лаьттан арендан бакъо, доларчу ахархойн бахамашка мехах белхалой лелор, цхьацца йукъарадаккхар могуьйтура «йукъарчарна», кӀоштан а, гуонан КХК сацамца (ст. 1). Мехкан, областан КХК а, республикийн правительствошна а бакъо йелира «кулакаллина дуьхьала оьшу белхаш барехь, кулакийн бахам берриг схьабаккха а, арабаха а магош» (ст. 2).
1930 шеран 4 февралехь арахийцира ССРС ЦКХК Президиуман къайлаха «Кулакийн бахамаш арабахарх а, баржорах а» йолу инструкци, куьг йаздинера ССРС ЕЦКХК председатела М. И. Калинина а, ССРС ХКС председатела А. И. Рыковс, цунна чохь «юха ца довллуш кулакийн Ӏаткъам бохо Ӏалашо йолуш» а, «муьлхха а контр-революцинин дуьхьало охьатаӀорхьама» ОКПУ тӀедиллира:
Инструкцис тардолуьйтура 3-5 % берриг ахархойн бахамех арабахар (ст. 2).
Коллективизаци ечу кӀошташкахь, инструкцица, кулакашкара схьабоккхура «белхан гӀирс, даьхний, бахаман а, дахаран а гӀишлош, сурсаташ даран а, йохк-иэцаран а предприятеш, тӀаьхьалон дӀаехкина йуург, йол, хӀу, совбаьлла чура бахам, ткъа иштта ахча а». Керлачу меттигехь дӀатарвала хӀоттийна барам бара «500 сом доьзална» (ст. 5). Банкан книжкаш финансийн халкоматан меженашка дӀайалархьама схьайохура, банке диллина ахча а, закъалтан хӀума йиллина луш долу ссуда а сацадора (ст. 7). Пайш а, банке диллина ахча а схьадоккхура, церан дай хилларш йукъара бохура ерриг кепара кооперацешна (ст. 8).
1930 шеран 2 февралехь арадаьккхира ССРС ОКПУ № 44/21 йолу омар[39]. Цу чохь бохура, «кулакаллин класс дӀайаккхар низамехь дӀайахьа Ӏалашо йолуш а, сацамаллийца охьатаӀо муьлхха а кулакийн агӀора йолу Советийн Ӏедало беш болу йуьртабахаман социалистийн хийцамашна дуьхьало — уггаре хьалха массанхьа коллективизаци ечу кӀошташкахь — уггаре йоцучу хенахь кулакан, хьалдолчу а, жигара контрреволюцин декъан муххале а, уьш цецбохуш хӀума кхета еза».
Омро бохура[39]:
1930 шеран 6 февралан ОКПУн № 44.21 приказаца, «хьалхарчу категорин» 60 эзар кулак «схьавоккху» операци йолайелла. ОКПУ операци йолийна хьалхарчу дийнахь лецира 16 эзар стаг гергга, 1930 шеран 9 февралехь «схьаваьккхира» 25 эзар стаг. 1930 шеран 15 февралан ОКПУн лерина хаамашкахь йара операци йарах тӀаьхьа йогӀу чот[40][41]:
Кулакийн класс дӀайоккхуш массийн операцешкахь а, цхьацца дӀалахьорехь а „йукъараваьккхина“ 64 589 стаг, царех кечаман операцешкахь (1 категорин) 52 166 стаг, ткъа массийн операцешкахь — 12 423 стаг. |
Репрессин меженийн къайлаха чоьташца, «1 категорин лецна» кулакийн барам 1930 шеран 1 октябрехь иштта бара: байталбахаран хьалхарчу муьрехь 1930 шеран 15 апрель кхаччалц лаьцна 140 724 стаг, царех кулакаш 79 330, килсхой — 5028, хилла болу лаьттан дай, фабрикийн дай — 4405, антисоветийн элементаш — 51 961 стаг. Байталбахаран шолгӀачу муьрехь 1930 шеран 15 апрелера 1930 шеран 1 октябрь кхаччалц лецна 142 993 стаг, царех кулакаш — 45 559, советашна дуьхьала берш — 97 434. 1931 шарахь «беккъа январехь лаьцна 36 698 стаг», цу тӀе «дукхах берш кулакийн-кӀайгвардихой к/р».[42]
Берриш 1930—1931 шерашкахь, исправкехь ма-гайттара ОГПУ ГУЛАГан лерина кхалхочеран дакъано, кхалхийра 381 026 доьзал берриш 1 803 392 стаг. 1932—1940 шерашкахь лерина кечйинчу меттигашка балийра кхин а 489 822 байталбаьхнарш.[43]
ОГПУн центран регистратуран декъан кулакаш арабахарх йолчу исправкица 1930 шеран йуьххьера 1931 шеран 30 сентябрь кхаччалц билгалбоккхура «лерина кхалхийначеран» барам 517 665 доьзал, 2 437 062 стаг.[42]
«2-гӀа категорица» кхалхийна доьзалаш сих-сиха бовдура, хӀунда аьлча дийна виса эрана арахь хала дара. 1932—1940 шерашкахь «бевдда кулакийн» барам кхечира 629 042 стеге, царех лаьцна, йухаберзийна 235 120 стаг.[42]
1930 шеран 13 ноябран ССРС СХК № 90 йолу, ССРС ЦКХК № 40 йолу «Кулакаш а, бахам схьабаьккхинарш а кооперацин йукъа ца битарх» цӀе йолу цхьаьна бинчу сацамца, ца магийра муьлхха а коопераци, цу йукъахь колхозан декъашхо хилар а, массарна а кулак цӀе тиллинчарна. Йукъара бехира доьзалаш, нагахь хиллехь «советан Ӏедална муьтӀахь цӀиен партизанаш, цӀиенэскархой, цӀиенфлотхой, йуьртан хьехархой, агрономаш — нагахь цара жоп лахь шайн гергарчарех». Масала, сацамо чӀагӀйора лахара норма:
«Колхозан, кхин йуьртабахаман кооперативийн, ткъа иштта промыслан кооперативийн доттагӀаллин (артелийн), хьашташ оьшу йукъараллин декъашхой хила йиш йац кулакаш, советашка харжа бакъо дӀайаьккхина кхин берш.» (ст. 1 |
Сталина кховдадарца законан акт тӀеийцира[44][45] , тӀаьхьа иза девзар ду халкъехь омар «7-8»
Нагахь аса бохучун, кооперативан а, колхозан а бахам, транспортан мохь а лечкъабарна дуьхьала дацахь, – кхетаве со. Капитализмо феодализм йохор йацара, иза кхуьар а, чӀагӀлур а йацара, нагахь цуо ца кхайкхинехьара долара бахаман хьесап капиталистийн йукъараллин хьост, нагахь цуо ца бинехьара долара бахам сийлахь, цунна тӀекховдар луьра таӀзарца доьрзу, иза ларбархьама цуо шайн пачхьалкх йуьллу. Социализме охьатаӀлур йац, дӀайоллалур йац капиталистийн элементаш а, шен-шена лечкъоран амалаш, Ӏамораш, ламасташ (къоллин бух болу), керла йукъаралла техкош йолу, нагахь цуо ца кхайкхабахь йукъараллин бахам (кооперативан, колхозан, пачхьалкхан) сийлахь а, тӀекховда ца мегаш а. Цуьнга чӀагӀлур бац, кхиалур бац керла хӀоттам, социалистийн дахар тодар, нагахь ца ларбахь колхозийн, кооперацин, пачхьалкхан бахам берриг ницкъашца, нагахь цуо йукъараллин дуьхьала, кулакийн-капиталистийн элементаша йукъараллин бахам лечкъор йуха ца тохахь. Цунна оьшу керла закон. Иштта закон вайн дац. И есалла вай йуза еза. Цунах, аьлчи а керла законах, иштта ала мегар дара: «Йукъараллин кхолламийн (колхозаш, кооперацеш, кхин дӀа а) бахам ларбарех а, йукъараллин (соцалистийн) бахаман хьесапаш чӀагӀдарех а». йа иштта тайпана цхьа хӀума. |
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.