Ӏам — Ӏаламо кхоьллина, ша хӀордах (океанах) кхеташ боцу, хих буьзина Ӏоман кад, гидросферан компонент[1]. Ӏаьмнаш Ӏамадо лимнологи олучу Ӏилмано. Дерриг дуьнен тӀаьхь бу 5 млн гергга Ӏам.

Thumb
Дудергофан Ӏам, Росси
Thumb
Барилоче Ӏам (Аргентина)
Thumb
Боккха Алматан Ӏам, Кхазакхстан
Thumb
Къоьзана Ӏам

Планетологин гарца, Ӏам хеначохь а, есаллехь а цхьаьнаэшшара лаьтта, тӀуьна кепара йолчу хӀуманца юьзина объект йу, цуьнан барам бу хӀордан а, адамо баьккхина Ӏоман а йуккъера.

Географин гарца, Ӏам гуонахьара къовлаелла шена чу хи а оьхуш, иза чохь гуллуш йолу лаьттан кӀорге йу. Ӏаьмнаш Дуьненан океанан дакъа дац.

Ӏаьмнийн химин хӀоттам дикка йехачу заманахь цхьаьна кепара латтахь а, эрках къаьстина иза дузу хӀуманаш карла йовлу чӀогӀа нилха, ткъа цунна чохь долу хин леларш, цуьнан раж билгалъяккхаран коьрта фактор йац. Ӏаьмнаша, дистина хиш боьрахь а сацош, ткъа кхечу муьрашкахь, хи ца тоьучу меттигехь, иза дӀа а луш эркаш охьаэхар нисдо. Ӏаьмнийн хиш чохь химин реакцеш хуьлу. Цхьайолу элементаш хин йукъара буха йуьжу, вуьш тӀехула йовлу. Цхьа могӀа Ӏаьмнаш чохь, коьртаниг чура арадолуш эрк доцучарна, хи Ӏаьнаре дерзар бахьнехь айало туьхан концентраци. ЖамӀ ду хаъал Ӏаьмнийн минерализаци а, туьхан хӀоттам а хийцабалар. Ладаме йовхонан хин массан инерци бахьнехь даккхийчу Ӏаьмнаша кӀадйо гуонахьарчу кӀошташкара климат а, температура а, лахдо шеран а, шеран заманийн а метеорологин элементаш техкар.

Кеп, барам, Ӏоман боьран бухан рельеф хийцало Ӏоман бухайижинарш гулъяларца. Ӏаьмнашна чу буц йаларо керла рельефан кепаш йо, нийса а,хьалатаьӀна а. Ӏаьмнаша а, кхин а чӀогӀа, хи латтийлаш а ойбу лаьттан бухара хиш, цуо гонахьарчу лаьттан декъех уьшал до. Гуттаренна а гуллуш йолу органикан а, минералийн а дакъолгаш бахьнехь Ӏаьмнаш чохь хуьлу стомма бухадижина чкъор. И бухайийшинарш бахьнехь тӀаьхьа Ӏам мел кхуьу цунах уьшал йа латта до. Билгалчу хьолехь царех хуьлу органиках йевлла ломан породаш.

Ӏаьмнийн классификаци

Thumb
Шен Ӏам Арберзее

Схьадовларца Ӏаламан Ӏаьмнаш декъало:

  • тектоникан: кхоллало лаьттан чкъор лилхина меттигаш хиш юзарца; уггаре дика тектоникан Ӏоман масала ду Байкал Ӏам;
  • шен: кхоллало ша башарца; шен Ӏоман масала ду, шен муьрах дисина Арберзее, иза лаьтта Богеман хьуьнан уггаре лекхачу ломан Боккха Арберан (1456 м) кӀожехь;
  • шатархийн Ӏаьмнаш;
  • эркан (йа тиша хершан);
  • хӀордйистан (лагунаш а, лиманаш а); уггаре йевза лагуна йу Венецин лагуна, иза лаьтта Адриатикин хӀордан къилбаседа декъехь; хӀордан айманех хилла шортта хӀордйистан Ӏаьмнаш ду, КӀайчу хӀордан бердйистехь[2];
  • чубоьжна (карстан, термокарстан); цхьадолчу чуэгначу Ӏаьмнийн башхалла йу уьш цхьаьна муьранна дӀадовлар, йуха гучудовлар, иза доьзна лаьтта бухара хин ша-кепара динамикех; оцу тайпан векал — Къилба ХӀирийчуьра Эрцо Ӏам.
  • тогӀин — тогӀеш бахьнехь хуьлу Ӏаьмнаш;
  • хьаьттан-сунтан: хуьлу ломан цхьа дакъа чудоьжча (масала, Абхазера Рица Ӏам);
  • ломан: гулло ломан боьранашкахь;
  • кратеран: хуьлу тийна тӀапломан а, эккхаран турбан кратерашкахь; Европехь иштта Ӏаьмнаш ду Айфель областехь (Германи); царна гергахь хаало тӀапломан гӀийла болх, довха хьосташ кепара.

Латтарца Ӏаьмнаш декъало (Дуьнен тӀехь):

  • лаьттан тӀехулара, церан хиш жигара дакъа лоцу Ӏаламехь хи хьовзарехь,
  • лаьттан бухалара (лаьттан бухара Ӏаьмнех тоха мегар ду Антарктидера шен бухара Ӏам), церан хиш Ӏаламехь хи хьовзарехь дакъа лацахь а, кӀеззиг бен ца лоцу; наггахь и Ӏаьмнаш дузу ювенилан хиш, аьлчи а ша схьадаьлла хи.

Хин балансца Ӏаьмнаш декъало:

  • чура хи арадолурш (дукхах дерг эрк кепара);
  • чура хи ара ца долурш, ца хуьлу тӀехула арадолу хи йа латтан бухахула луларчу Ӏаьмнаш чу (хи дов Ӏаьнаре даларца).
Файл:Михаил Спиридонович Эрасси. Вид на Ӏам.jpg
«Ӏам гар»
(художник — Эрасси Михаил)
Минерализацин тайпанца
  • тезанаш;
    • ультратезанаш;
  • минералан (дуьранаш);
    • дуьруо;
    • дуьра[3].

Хин химин хӀоттамца минералан Ӏаьмнаш декъало

  • карбонатан (содан),
  • сульфатан (къаьхьа-дуьра),
  • хлоридан (дуьра)[3].

Ӏам чохь долчу дуучунца (трофаллийца) Ӏаьмнаш декъало кхаа тайпане.

  • Олиготрофан (кӀезиг даар дерш) — йаккхий а, йуккъера а барамехь кӀоргенаш йолу Ӏаьмнаш, церан хин масса дикка лахара хуьлу температура кхоссаяларан чкъоьрал, сирла хуьлу, хин бос синачун тӀиера баьццарчун тӀекхаччалц, буха мел воьду O2 лагӀло.
  • Эвтрофан (шортта даар дерш) — дика дохло Ӏаьмнаш (температура кхоссаяларан чкъор жима ду), сирлалла кӀезиг йу, хин бос баьццарачун тӀиера боьрачуьнга кхаччалц бу, буха биллина органикан сацкъар. Хица шорта ду дааран туьхнаш, O2 уха мел доьлху дужа, дан а доцуш меттиг а хуьлу.
  • Дистрофан (даарца къиенаш) — уьшал хилла Ӏаьмнаш кӀезиг сирла а, можа йа боьра хин бос болуш (алссама гуминийн хӀумнаш хиларна). Хин минерализаци кӀезиг хуьлу, O2 охьадаьлла ду иза органикан хӀумнаш мустйаларан харж йарна.

ХӀинцалерачу гидрологехь а, гидроэкологехь а къастайо трофикан классификацин йукъара тӀегӀанаш: мезотрофан (олиготрофан а, эвтрофан а) а, гипертрофан а.

Стигалан догӀмаш тӀехь латтарца Ӏаьмнаш декъало:

  • дуьненан;
  • дуьненал арахьара.

Уггаре даккхий Ӏаьмнаш

Thumb
Каспий-хӀорд. Космосера гар

Коьрта йаззам: Ӏаьмнийн майданашца уггаре даккхий Ӏаьмнаш

Thumb
Аралан хӀорд 2009 шеран августехь. Космосера гар.
Thumb
Байкал Ӏоман космосера сурт.

Дуьненан дерриг Ӏаьмнийн майда ю 1,8 % гергга лаьттанчух (2,7 млн км² гергга).

Ма-дарра Ӏоман цӀе, Максималан тӀехалонан майда, эз. км² ...
Ӏоман цӀе Максималан
тӀехалонан
майда,
эз. км²
ХӀордан тӀегӀан тӀиера
локхалла,
м
Максималан
кӀоргаллаа,
м
Дуьненан дакъа
Каспий-хӀорд371-281025Еврази (материк)
Лакхара82183393Къилбаседа Америка
Виктори68113480Африка
Гурон60177208Къилбаседа Америка
Мичиган58177281Къилбаседа Америка (АЦШ)
Танганьика347731470Африка
Байкал324561637Ази (Росси)
Малави31472706Африка
Боккха Черчийн30157137Къилбаседа Америка (Канада)
Боккха Йийсархойн29156150Къилбаседа Америка (Канада)
Эри2617464Къилбаседа Америка
Чад2628111Африка
Виннипег2421728Къилбаседа Америка (Канада)
Балхаш2234226Ази (Кхазакхстан)
Онтарио2075236Къилбаседа Америка
Ладожски185230Европа (Росси)
Маракайбо160250Къилба Америка
Бангвеулу150675Африка
Дунтинху12118Ази
Онежски1033127Европа (Росси)
Тонлесап101214Ази
Эйр9,5-15 (-9)4Австралии
Туркана8,537573Африка
Никарагуа8.43270Къилбаседа Америка
Аралан хӀорд8,3[4]3,554,5Ази
Титикака8,33812304Къилба Америка
Атабаска7,921360Къилбаседа Америка (Канада)
Сайнийн6,335060Къилбаседа Америка
Иссык-Куль6,21608668Ази (ГӀиргӀазойчоь)
Боккха Дуьра6128215Къилбаседа Америка
Торренс5,7348Австрали
Альберт5,661958Африка
Венерн5,544100Европа (Швеци)
ДӀачӀагӀа

Билгалдахарш

Wikiwand in your browser!

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.

Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.