From Wikipedia, the free encyclopedia
Эрк — боккха барам болу Ӏаламехь ша даьккхинчу харш чухула хьостера охьа хикхочене доьду хи[1], эркан хи схьадолу лаьттан тӀехулара а, бухара а хишшах.
Эркаш гидрологин циклан хӀоттаме дакъа дакъа ду. Эрк чу хи, дукха хьолехь, гуллало хидоькъийлаца (эркан майданца) доза тоьхна билгалчу майданера атмосферин йочанех хуьлу тӀехулара охьадоьдийлера, ткъа иштта кхечу хьосташкара, масала лаьттан бухалара хин резервера, ламанан шашкара (шалам башаран процессехь), лайшкара.
Ӏаламо йа адамо куьйга йина дуьхьалонаш йолчу эрк охьадоьду меттигашкахь гучуйовлу хи латтийлаш (эрк чекхдолу Ӏам йа куьйга бина хӀорд). Лимноло́ги (желт. λίμνε — Ӏам, λόγος — Ӏилма) йа Ӏаьмнашдовзар — гидрологин дакъа, Ӏаьмнийн физикин, химин, биологин аспектех а, кхечу теза хишшах а (царна йукъахь хи латтийлаш) Ӏилма. Шен рогӀехь эркаш лаьттан гидрологин даккхийчех цхьа дакъа ду — эркийн гидрологин я потамологин (схьадаьлла шир.-желт. ποταμός — эрк, λόγος — Ӏилма — ма-дарра эркех Ӏильма), цуо Ӏамадо эркийн машанийн хӀоттам, эркийн охьадоьдийла, эркийн майданийн морфометрин, кхин дӀа а. Дукхахдерг, эркаша буьллу шайн некъ, охьадоьду уггаре кӀезиг булам а, дуьхьало а йолчу зонашкахула — тектоникин кегдаршкахула.
Генара схьа дуьйна чехка эркийн а, чухчарийн а энерги шуьйра лелайо адаман бахамехь хин хьерийн а, гидроэлектростанцин турбинийн а карлайолу энергин хьостан меттана.
Нохчийн маттара уггаре ширачех цхьа цӀе «хиш» дош ду. Нохчий бехачу историн махкахь иза гидронимашкахь, дукха хьолехь, лела коьрта дакъа санна (масала Гиха, ГӀулой-хи, Меше-Хи, кхин а). Таханлерачу деношкахь хи/хий лело тарло эркийн цӀерашкахь тиреца а, тӀеттӀалетта а; тӀаьхьара вариант тӀаьхь-тӀаьхьа хуьлу алсама лелош. А. А. Головлёвс и шира гидроним уггаре алсама лелаш йу боху ГӀалгӀайчохь а, Нохчийчохь а[2].
Нохчийн маттахь лелаш йу лламанан хин цӀе. XIX бӀешеран Российн статистико, этнографо, ботанико Н. К. Зейдлица гойтура, нохчашна йукъахь ламанан хих ахк алар (Н. К. Зейдлицан реформ. хь. орф. — ахкъ)[3]. И дош леладо меттигера гидронимашкахь а (масала Ӏаьржа ахк, Шела-Ахк, Киелойн эхка, кхин а), меттигерачу ойконимашкахь а (масала ЦӀечу-Аьхке). Цхьа могӀа талламчаша (А. Д. Вагапов, А. А. Головлёв) тардолийта, дош ахк нохчий ахка дешах даьлла хилар[4][5]. Кхин а ахк, «ламанан хи» доцуш, лела «Ӏин» дешан маьӀнехь. Лаьмнашкахь Ӏинан бухахула даиман аьлча санна хин Ӏовраш хуьлу охьаоьхуш (наггахь шеран заманан), хила мега, цундела ахк дашехь кхоллало кхетам «эркаш» а, «Ӏаннаш» а. 2001 шеран С. К. Айналовн а, А. А. Головлёвн а балхахь кховдийна ахк дешан маьӀна, «шен некъ боккхуш, харш доккхуш охьадагӀар»[6].
Кхин цхьа термин «хи»/«ламанан хи» маьӀнехь дакъа лаьцна цхьацца нохчийн гидронимаш кхолларехь, дика гайтина нохчийн маттанчо, фил.Ӏ.к. А. Д. Вагаповс. Цуо терминан иштта транслитераци йо арк, иерк, иэрк, цуьнга хьожу ахк дешан меттан генан кепе санна. XIX бӀешарахь дуьйна Н. К. Зейдлица дина "меттан" дӀаделлар, цуо дуьххьара тидам бина оцу терминан (Н. К. Зейдлицан — арка́) хилдехьарошкахь[3][4]. Ламанан хин цӀеран и башхалла Орган лакхенашкара нохчийн (тарло, нохчийн меттан итон-кхаьллин меттан геннехь) хӀинца а йу[7].
Муьлххачу эркан хуьлу иза схьадолу меттиг — хьост а, иза хӀордах, Ӏомах, кхечу эрках дӀакхета меттиг — хикхоче[8]
Океанех, хӀордех, Ӏаьмнех кхета я гӀамаршкахь, уьшалашкахь довш долчу эрках олу коьрта эрк; ткъа коьрта эркех кхетачарех — геннаш.
Коьрта эрко шен дерриг геннашца кхуллу эркан система, цунна амал ло луьсталлица.
Эркан системо шен хиш гулден латтах олу хи гулден меттиг, йа хи гулден майда, йа эркан майда. Хи гулден майдано лаьттан лакхарчу чкъоьрашца цхьаьна шена йукъатуху йуьйцу эркан система, кхечу эркан системех къастайо хидоькъенашца.
Эркаш охьадоьлху охьатаьӀначу рельефан тайпанашкахула — акъаренашкахула, цуьнан уггаре охьатаьӀна декъах олу харш, ткъа дистина эркан хиш чудовлу акъарин декъах — тогӀе, я тогӀенан тӀегӀа.
Харш чура меттигаш кӀорга а хуьлу — кӀоргенаш, гомха а хуьлу — гомхе. Харшан уггаре кӀорга асанах олу тальвег, ткъа даккхий хин кеманаш лелачу меттигех, фарватер; уггаре лакхара сихалла йолчу меттигех олу сема.
Эркан харшан дозанах олу берд, хин охьадоьдийлица дӀахӀоьттича, аьрру агӀора аьрру берд бу, аьтту агӀора аьтту берд бу.
Эркан хьостанний хикхочений йукъара локхаллин башхаллех олу эрк дожар; эрк йа эркан цхьа дакъа дожаран цуьнан дохаллин декъча хуьлу эркан таӀар (эркан декъан), гойту проценташкахь (%) йа промиллехь (‰).
Дуьненан тӀехула эркаш цхьабосса декъна дац. ХӀора материк тӀехь таро йу коьрта хидоькъийлаш билгалъяха — тайп-тайпана океанаш чукхета охьадоьдийлин областийн дозанаш. Дуьненан коьрта хидоькъено материкийн тӀехуле йоькъу коьрта шина майдана: атлантикин-арктикин (майданера охьадоьдийла Атлантикин а, Къилбаседа Шен океанашна чу) а, тийнаокеанан (охьадоьдийла Тийна а, ХӀиндин океанашна чу). Хьалхарчуьнан майдара охьадахаран чухоам дуккха сов бу шолгӀачул.
Эркан машин луьсталла а, охьадахаран агӀо а йозу таханлера Ӏаламан хьолан комплексах, амма дукха холехь оцу я кхечу барамехь йуьсу хьалхалера геологин муьрашкара аматаш. Эркан маша уггаре йоккха луьсталле кхочу экваторан асанехь, цигахь охьаоьхуш ду дуьненан уггаре даккхий эркаш — Амазонка, Конго; тропикин а, барамера а асанашкахь иза хуьлу иштта лакхара, лаьмнийн кӀошташкахь муххале а (Альпаш, Кавказ, Тархийн лаьмнаш, кхин а).
ГӀум-аренийн областашкахь ду наггахь охьаоьху хиш, наггахь, ло дешаш йа жигара догӀанаш оьхуш, царех хуьлу онда Ӏовраш (Аренан Кхазакхстанан, Йуккъера Азин эркаш, Саьхьарин а, Ӏаьрбийн ахгӀайренан а вадеш, Австралин крикаш, кхин а). Шеран заманахь дакъадала тарло эркан цхьа дакъа, ткъа кхечу декъехь го хи охьадалар.
Хенан йохаллехь эрко шен харш хийца тарло[9].
Дакъалуш долу эркийн харшаш гӀум-аренашкахь хийцало гӀум дӀасалеларца. Йокъаллин муьрехь рельеф хийцало, цундела догӀанийн муьрехь Ӏоврийн харш цхьаццанхьа хийцадала тарло.
ТӀуьна климатехь хенаца меандрацил тӀаьхьа диса тарло тиша харш, царех заманца Ӏаьмнаш хуьлу, цул тӀаьхьа хуьлу тӀуьна бай йа уьшал, йа дакъало[10].
Кхин а эркан харш хийцадала тарло адам йукъагӀоьртича, масала, мелиорацел тӀаьхьа йа чӀинг йича.
Россехь тӀеэцна эркийн бараман лахара классификаци:
ТӀехула эркаш охьаоьху меттиган рельефе хьаьжжина, уьш декъало ламанан а, аренан а эркашка. Дукхаха долчу эркийн дакъош хийцало ламанан а, аренан а амалашца.
Эркийн чолхенийн дуьненайукъара шкалаца[en] чолхаллин йалх тӀегӀа йу.
Генийн машин амалца эркаш доькъу 12 классан, иза билгаладоккху Стралеран терахь. 80% гергга эркаш хьалхара йа шолгӀа классан йукъадогӀу оцу системехь, ткъа Амазонка эрк — шийтталгӀа.
Хенаца эркаш декъало къоначарна а (масала, Нева — цуьнан хан 4 эз. шо, Ийдал лакхенашкахь — 20 эз. шо), кхиинчарна, къеначарна (Нил, Миссисипи, Хуанхэ, Амударья, Ангара — 60—70 млн шо)[12].
Хи даларан хьолашца тӀеэцна иштта классификаци[13]:
Ширачу заманахь дуьйна эркаш леладо теза хин хьост санна, кхача баккхарехь (чӀерий лецар), транспортан Ӏалашонна, дуьхьало йарехь, доза тохарехь, чекх ца йолу хьост санна (Карлайолу энерги (машенаш хьовзор (масала, хин хьер) санна йа ГЭС турбинаш санна), лийчарехь, йуьртабахаман меттигашна хидилларехь, цӀанонна.
Эзар шерашкахь эркаш леладо навигацин Ӏалашонна. Эркашна чухула йолу навигацин уггаре хьалхара тешаллаш ХӀинд эркан атагӀин цивилизацера ду, иза хилла хӀинцалера Пакистанан къилбаседа-малхбузен махкахь вайн эрал 3300 гергга шо хьалха[14]. Эркан навигаци адаман бахаман гӀуллакхехь лелоро йораха (хин) транспорт латтайо, хӀинца а шуьйра лелайо дуьненан уггаре даккхий эркашна тӀехь, масала, Амазонка, ХӀинд, Ганг, Нил, Миссисипи (эрк). Эркан кеманаша зуламе аракхуьйсурш, дерриг дуьненахь лаьрра а, нисдина а дац, цуо таро ло гуттаренна парникан газаш Дуьненан атмосфере аракхийса, ткъа иштта меттигера бахархошна рак цамгар кхетарна, хӀунда аьлча хин транспорто хӀаваэ аракхуьйсу дакъолгашца гуттаренна зуламе дакъолгашца садоьӀун дела[15][16].
Эркаша ладаме роль ловзайо политикин дозанаш билгалдохуш, мохк арахьара мостагӀех ларбарехь. Масала, Дунай хилла Руман империн шира, ткъа тахана оцу эрко до Болгарин а, Румынин а йукъара доккхаха долу доза. Миссисипи Къилбаседа Америкехь а, Рейн Европехь а мехкийн малхбале а, малхбузе а къастош йолу коьрта дозанаш ду шайн континенташ тӀехь. Африкин къилба декъехь ЦӀен-можа а, Лимпопо а эркаша доза до мехкийн провинцешна йукъахь.
Хи дестар эркан Ӏаламан циклан дакъа ду — хӀора шарахь цхьаьна хенахь хуьлу эркан хин рожан цхьа фаза — гӀеххьа йехачу хенахь эркан хи тӀекхетар. Дукха хьолехь хин харшера арадолий тогӀин чудолу.
ХитӀедалар — эркан хин рожан фаза — чӀогӀа ло дашаро а, шалам башаро а, шортта догӀнаш эхаро а йоцачу ханна муьрашкахь доцуш эркан чохь хин тӀегӀа айар. Хи дестарх къаьсташ, хитӀедалар муьлххачу хенахь хуьлу. Дикка хи дестаро хитӀедаккха тарло. Хи дестар эркан чухула лелаш, хуьлу хи дестаран тулгӀе.
ХитӀедалар — эркийн, Ӏаьмнийн, хӀордийн догӀанаш, сиха лайш дашар, мохо хи бердашка лаллар бахьнехь хин тӀегӀа хьалайаьлла меттиг дӀахьулйар ду. Цуо адамийн могашаллин иэшам бо, дайа а дойу, ткъа кхин а бахаманна зулам до. Эркаш хӀордах кхетучехь, хӀордйистера мох болчу меттигашкахь, даккхий Ӏаьмнашна тӀехь, хи латтийлашна тӀехь мохо хитотту шеран муьлххачу заманахь. Цуьнан амалехь бац мур, хин тӀегӀа гӀеххьа бен ца айало.
Эркийн харшийн эрозин процессан доккхаха долу дакъа а, хьаькха породаш тогӀенашкахь охьаюьйшу хитӀедолучу заманахь. Дукхаха йолчу дьненан кхиина кӀошташкахь адаман бахаман гӀуллакхо хийцина эркийн харшан кеп, цуо Ӏаткъам бина барамна (жигараллин) а, хитӀедаларан кест-кесталлана а. Эркийн Ӏаламан хӀоттамна адамо бен Ӏаткъаман масала ду, валаш дар, харш нисдар (татолаш охкуш), Ӏаламера хин-уьшалан меттигаш лакъайар. Дукха меттигашкахь эркийн атагӀашкара адаман бахамера ледарлонаша цӀеххьана хитӀедаларан кхерам ойу:
Дукхаха долу эркаш Дуьненан тӀехула охьадоьлху (амма дерриш ца доьлху). Лаьттан бухара эркаша шайн хиш дӀахьо лаьттан бухахула хьехарш чухула. Оцу кепара эркаш хаало кир-маьӀда (карст) доллучу геологин формацешкахь. Цул сов, шалам бешаш хьехарш йовлу. Иштта хьехарш хаало дукхаха болчу шалаьмнашкахь. Дешаш долу шен хиш шаломаш дегӀо дӀахӀуду лилханчу меттигехь, и херонаш адам чекхдалалуш хуьлу. Иштта хьехарийн йохалла масех бӀе метр, кӀоргалла — 100 м сов а хила тарло. 1993 шарахь Гренландехь кара а йина теллина йоккха шен гӀу «Изортог», цуьнан кӀоргалла 173 м йу, аьхка чудогӀу хи 30 м³ а, сов а ду[17]. Хи чекх ца долийта геологин породех бина «тхов» хилар бахьнехь а, лакха агӀора хьажийна шаломан массивийн лакхара Ӏаткъам бахьнехь а, кхоллало топографин градиент — иштта Ӏоврийн таро йу лаьмнашка хьала йаха а. Шен хьехарийн кхин а цхьа тайпа — шаломан йисттехь шаломан а, шен бухара а хиш арадовлачу меттигехь кхоллало хьехарш. Ишттачу хьехаршкахь дешша хиш охьадоьлху шен харш чухула а, шеломан ша тӀехула а.
Хи, дукха хьолехь, хуьлу дукхаха йолчу хьехарш чохь, ткъа карстан хьехарш цунах схьайевлла йу. Хьехаршкахь ган тарло конденсатан пардо, ладар, татолаш, эркаш, Ӏаьмнаш, чухчареш. Хьехаркара сифонаш дикка хала до дехьавалар, оьшу башха гӀирс а, башха кечам а. КӀезиг ца хуьлу хин бухара хьехарш а. Хьехаршийн чувоьдучу декъехь хи дукха хьолехь гӀорийначу хьолехь хуьлу, шаш дина, уьш дукха а хуьлу, шира а хуьлу.
Лаьттан бухара Пуэрто-Принсеса эрк — филиппинийн Палаван гӀайренан тӀера Пуэрто-Принсеса гӀалин уллера лаьттан бухара эрк (Филиппинаш). 8 км гергга долу и эрк, охьадоьду латтан бухахула, хьех чохь, Къилба-Цийн хӀордан агӀорхьа. Иза долчу кӀоштахь кхоьллина Пуэрто-Принсеса гӀалин лаьттан бухара эркан къоман парк[en] — заповедник, иза лаьтта гӀалин 50 км генахь. Парк лаьтта гӀайренан къилбаседа декъехь, ламанан Сент-Пол дукъан кӀоштахь, доза тоьхна Сент-Пол бухтица а, Бабуян эркаца а. Иштта эрк ду Мексикера Юкатан ахгӀайренан тӀехь, амма хӀара къобал дина уггаре доккханиг аьлла. Ший а лаьттан бухара эрк шайн кхолладалар карстан рельефах долуш ду. Карбонатан породаш йашар а, шуьйра лаьттан бухара эркан система кхоллайалар а бахьнехь, оцу эркаш чуьра хишша хийцина шайн охьадахаран агӀо, карийна охьанехьа некъ.
Хьамза эрк (порт. Rio Hamza) — Амазонкин харшан бухахула доьду эркан официалан йоцу[18] цӀе. «Эрк» дӀаделлар кхайкхийра 2011 шарахь[19]. Официалан йоцу цӀе йелла хӀиндин Ӏилманчин Хьамза Валин[20] цӀарах, цуо Амазонка теллина 45 шарахь сов[21].
№ | ЦӀе | Дохалла (км) | Майдан барам (эз. км²) | Хикхочехь хи дайаран йукъара барам (эз. м³/с) | Хикхочехь уггаре дукха хи дайаран барам (эз. м³/с) | Онда дар (млн т/шарахь) |
---|---|---|---|---|---|---|
1. | Амазонка | 6992 | 7180 | 220,00 | 360,00 | 498,00 |
2. | Нил[22] | 6670 | 2870 | 2,83 | 6,40 | 110,50 |
3. | Янцзы[22] | 5800 | 1818 | 34,00 | 90,20 | 500,00 |
4. | Миссисипи — Миссури[22] | 5969 | 3229 | 19,00 | 59,00 | 500,00 |
5. | Хуанхэ[22] | 5464 | 752 | 2,57 | 22,00 | 380,00 |
6. | Обь — Иртыш | 5410 | 2990 | 12,70 | 43,00 | 15,00 |
7. | Парана (Паранаибин хьостера) | 4380 | 2970 | 15,00 | 65,00 | 129,00 |
8. | Меконг | 4500 | 810 | 12,00 | 30,00 | 169,60 |
9. | Амур (Аргунан хьостера)[22] | 4440 | 1855 | 10,90 | 40,00 | 24,90 |
10. | Лена | 4400 | 2490 | 17,00 | 200,00 | 15,40 |
11. | Конго (Луалабица)[22] | 4320 | 3691 | 40,00 | 75,00 | 64,70 |
12. | Макензи (Пис-Риверан хьосташкара)[22] | 4240 | 1760 | 14,00 | 15,00 | |
13. | Нигер | 4160 | 2092 | 12,00 | 35,00 | 67,00 |
14. | Енисей (Жима Енисейн хьосташкара) | 4102 | 2580 | 19,80 | 154,00 | 13,20 |
15. | Ийдал | 3530 | 1360 | 7,70 | 52,00 | 25,80 |
16. | ХӀинд | 3180 | 960 | 6,60 | 30,00 | 435,40 |
17. | Юкон | 3180 | 900 | 6,30 | 88,00 | |
18. | Дунай | 2850 | 817 | 6,70 | 20,00 | 67,50 |
19. | Ориноко | 2730 | 994 | 29,00 | 55,00 | 86,50 |
20. | Ганг (Брахмапутрица) | 2700 | 2055 | 38,00 | 2177,20 | |
21. | Замбези | 2660 | 1330 | 16,00 | 100,00 | |
22. | Муррей | 2574 | 1072 | 0,77 | 31,90 | |
23. | Днепр | 2201 | 504 | 1,67 |
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.