From Wikipedia, the free encyclopedia
Шу́отой (оьрсийн хьосташкахь бевза иштта шубуты, шибуты[2]) — нохчийн ис тукхамах цхьа тукхам[3]. Тукхаман йукъ лору Шуьйта кӀоштан йукъ йолу Шуьйта эвла.
Коьртаниг хевшина Шуьйтан кӀоштарчу эвланашкахь: Лакха-Варанда, Суьжа, Борзе, РегӀдукъа, Тумсой, Вашандара, Хьаьлкана, Горгачи, Улус-Керт, Доча-Борзе, Зонах, ДӀай, Нихалой, Пхьаьмта, ГӀуш-Корта, Бекум-кхелла, Ваьрде, Саьтта, Урдюхой, Юкерч-Келой , Хьал-Кела, Саной, Хьорсана, Жима Хьорсана, Шуьйта, Мус-Кхаьлла, Мусолт-Эвла, Хьакка.
Иштта тукхаман векалш аренашкахь йехкина йаккхий эвланаш, масала: Жима АтагӀа, Йоккха АтагӀа, Чуьйри-Эвла, Дуби-Эвла, Селман-Тевзана, ГӀойтӀа , ЧӀишка, Ярашмаьрда, ГӀой-Чу (СаӀдин-КӀотар), ГӀой-Йист.
Кхин а беха аренашкарчу эвланашкахь – Лаха Неврехь, Маканехь, Хаьмбин-Ирзехь, Шелахь.
Шуотой хьахийна 1621 шеран тептарехь, цу чохь боху «гӀумкийн, мержойн, шуотойн, чӀаьнтийн, гӀалгӀайн, мулкъойн, кхин а дуккха а ломан мехкашкара нах кийча бу ногӀашна дуьхьала вайца цхьаьна тӀом бан», «доьху Теркан оьрсийн воеводе гӀо лацар»[4].
Я.З. Ахмадовс ялайо 1651 шарахь таркхойн шамхала Сурхайс а, Ӏаьндарин дас Казаналпа а цхьаьнатоьхна ницкъашна йукъахь шуотоша, Соьлжа тӀехь 700 гӀажарна дуьхьала, дакъа лацаран факт. Циггахь дуьйцу, 1651 ш. теркан воеводас хаийтина: «ЧӀаьнтийн а, ЧӀинхойн а, Зумсойн а, Вашиндаройн а тайпанаш… шуотошца цхьаьна барт бина» Теркан гӀале закъалтана нах белла, «куьйга кӀела» хилар гойтуш.
Иштта Я.З. Ахмадовс даладо 1658 шарахь тушинаш а, шуотоша а Кремлан Успенскан килсехь даздаран церемонехь Российн байӀат дарх. Цуо дуьйцу, 1659 шарахь тушинаш болийра боккха гӀаттам гӀажарашна дуьхьала КӀахетехь. Тарло цаьрца цхьаьна шуотой хилар а, хӀунда аьлчи тушинаша гуттаренна а оцу заманахь кхайкхадора шеш цхьаьна хилар[5].
1833 шеран июнь беттан оьрсийн тептаршкахь далийна: нохчий-шуотой 5000 са ду[6].
1859 шеран тӀеман сборникехь йаздо, нохчийн къоман ду цхьа мотт буьйцу, Кавказан а, Ишхеш а даккъийн къилбаседа басешкахь, тӀеман хьолашка а, оьрсийн герзан аьттоне хьаьжжина, Российца тайп-тайпана йукъаметтигаш йолу, амма хӀинца Имам Шемалан Ӏедал дохийначул тӀаьхьа Российн Ӏедал тӀеэцна тайпанаш:
У. Б. Далгата йаздо: «Нохчийн дийцарша хьехаво кхо ваша: ГӀа, Ахо (йа Аккхо), Шуото, берриг нохчийн дай хилча санна. Кхаа вешех Аккхох, Шуотох, ГӀах кхолладелла кхоъ йукъаралла: ГӀалгӀай, Аьккхий, Шуотой; хьалхарниг – Ӏаьс-хин лакхенашкахь, шолгӀаниг – Гихан лакхенашкахь, кхоалгӀаниг – Соьлжан геннашна ЧӀаьнтийн Органан а, Шарой Органаш а лакхенашкахь. Оцу кхаа йукъараллех адам дебарца а, керла мухажираш тӀекхетарца а малхбалехьа, малхбузехьа, къилбаседехьа даьржаш, кхолладелла кхин нохчийн тайпанаш. Йерриг цӀераш – Шуото, Аккхо, ГӀа – хилла тайпанийн тхьамданийн цӀераш; шайн цӀе цара дӀалаьцна мехкашна а тохкуш хилла». [8].
В. Пожидаевс йаздо Турпал Нахчуон тӀаьхьенаша кхоьллира, шайн цӀераш техкина, йукъараллаш: Ичкерихой, Ӏовхой, ЧӀебарлой, Шуотой, Дзумсой, Кисташ, Цхьорой, Галай, ГӀалгӀай, Джейрахой, Ангушт[9].
Варандой, Вашиндарой, ГӀаттой, Келой, Маьршой, Нижалой, Нихалой, Пхьамтой, Тумсой, Саьттой, Хьаккой[10].
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.