![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/d/dc/Edouard_Manet_-_Le_Suicid%25C3%25A9.jpg/640px-Edouard_Manet_-_Le_Suicid%25C3%25A9.jpg&w=640&q=50)
Ша-шен дер
From Wikipedia, the free encyclopedia
Ша-шен дер йа суицид (латинан маттера sui caedere «ша вер») — хуъушехь ша шена тоьхна хӀаллакхилар ду[1].
Ша-шен дер | |
---|---|
![]() Ша-шен дер (Мане Эдуардан сурт) | |
![]() |
Суицидан бахьанаш йукъахь ду — синӀаткъаман цамгарш а (царна йукъахь депресси а, биполяран карзахалла а, аутизм спектран карзахаллаш а, шизофрени а, стеган цамгарш а, сингаттаме цамгарш а), физически цамгарш а (масала дӀа ца долу гӀелдалар), психотропан молханаш мийлар а, маларийн цамгар а[2][3][4][5].
Ша кхоа ца вар (масала тӀамехь а, къаьсттина халчу хьолехь а) турпалалла санна лоруш ду; башхо йоцу суицидах а, альтруистан суицидах а къастадо иза.
Дерригдуьненан могушалла Ӏалашйаран организацин (ВОЗ-ан) хаамашца, хӀора шовзткъе секундехь суицид ярца цхьа стаг хӀаллакхуьлу. ХӀора дийнахь дуьненахь кхо эзар адамо суицид йо. ХӀора шарахь цхьа миллион адамо суицид йо.
Ша-шен деран уггара лахара гайтамаш бу Латинан Америкехь а, Ӏаьрбойн а, цхьайолчу азиатийн а пачхьалкхашкахь. Суицидийн йуккъера барам бу Къилбаседера а Йуккъерачу а Европехь а, Къилбаседа Америкехь а, Къилба-Малхбале Азехь а, Тийначу Ӏапказан Малхбузера декъехь а (Австрали а, Канада а, ХӀинди а, Керла Зеланди а, Америкин Цхьанатоьхна Штаташ а). 2008-чу шеран ша-шен деран уггар лакхара гайтамаш бара Литвахь а, Беларусехь а, Россехь а, Шри-Ланкехь а, Кхазакхстанехь а, Мажаройчоьнах а, Японехь а, Украинехь а, Латвехь а[6].