Австрали
From Wikipedia, the free encyclopedia
Австра́ли (инг. Australia, МФА: [əˈstreɪljə], схьадаьлла лат. austrālis — «къилбен»), официалан кеп — Австрали́н Барт, я Австра́лин доттагӀалла (инг. Commonwealth of Australia[5], МФА: [ˈkɒm.ənˌwɛlθ əv əˈstreɪljə]), — Къилба эхигера пачхьалкх, дӀалоцу изза цӀе йолу материк, Тасмани гӀайре, ХӀиндин а, Тийна а Ӏапказаш чура масех кхин гӀайре а, [* 1]; майданца йалхолгӀа пачхьалкх йу дуьненахь. Австралин Бертан къилбаседехьа лаьтта Малхбален Тимор, ХӀиндонези, Папуа — Керла Гвиней, къилбаседа-малхбалехьа — Вануату, Керла Каледони, Сулейманан ГӀайренаш, къилба-малхбалехьа — Керла Зеланди. Папуа — Керла Гвинейн коьртачу гӀайренах Австралин Бертан материкан дакъа къастийна Торресан хидоькъено уггаре кӀезигчохь шоралла 150 км[7], а расстояние от австралийского острова Боигу до Папуа — Новой Гвинеи составляет около 5 километров[8]. 2018 шеран 31 декабрехь бахархойн мах хадийна 25 180 200 стаг, Дукхаха берш царех беха малхбален бердан тӀера гӀаланашкахь[9].
Австралин Барт | |||||
---|---|---|---|---|---|
инг. Commonwealth of Australia | |||||
| |||||
Австралин Пачхьалкхан Шатлакхан Илли | |||||
Маьрша йаьлла терахьаш |
Доминион: 1901 1 январехь Вестминстеран статут: 1931 11 декабрехь (тӀеэцна 1939 9 сентябрехь) Австралин Омар: 1986 3 мартехь (Йоккха Британех) |
||||
Официалан мотт | ингалсан меттан Австралин кеп (де-факто) | ||||
Коьрта гӀала | Канберра | ||||
Йаккхий гӀаланаш | Сидней, Мельбурн, Брисбен, Перт, Аделаида, Голд-Кост, Ньюкасл, Канберра, Вуллонгонг | ||||
Урхаллин тайпа | конституцин монархи[1] | ||||
Паччахь Инарла-губернатор Премьер-министр |
Карл III (Йоккха Британин паччахь) Дэвид Харли Албаниз Энтони |
||||
Латта | |||||
• Шадерг | (6-гӀа дуьненахь) | ||||
• % хина тӀехле | 1% | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор | ▲ 25 978 935[2] стаг | ||||
ДЧС | |||||
• Шадерг (2021) | 1,454 трлн[3] долл. (20-гӀа) | ||||
• ХӀораннан а сина | 56 412[3] долл. | ||||
АДКИ (2021) | (тӀех лакхара; 5-гӀа меттиг) | ||||
Бахархойн цӀерш | австралихо, австралихой | ||||
Ахча | австралин доллар (AUD, код 036) | ||||
Интернет-домен | .au | ||||
Код ISO | AU | ||||
Код МОК | AUS | ||||
Телефонан код | +61 | ||||
Сахьтан аса | +8 … +11 | ||||
Автомобилийн некъаш | аьрру[d][4] | ||||
Медиафайлаш Викилармехь |
Австрали кхиина пачхьалкхех цхьаъ йу, дуьненахь экономикин барамца кхойтталгӀа йу, и имеет бахархойн хӀора синна кхочу ДЧСца йалхалгӀа йу дуьненахь. Австралин тӀеман гӀуллакхан харжаш дуьненах шийтталгӀа меттигехь йу дуьненахь. Адаман потенциал кхиаран индексца шолгӀа барамца Австралийу лакхарчу меттигехь дукхаха йолчу сферашкахь, масала: дахаран дикалла, могашалла, дешар, экономикин маршо, гражданийн маршо ларйарехь, политикин бакъонашкахь[10]. Австрали йу G20, ЭЦКхКхан, ДДМКхан, АТЭЦан, ВКЪКхан, Къаьмнийн доттагӀаллин, АКЗАШан, АУКУСан, ТийнаӀапказан гӀайренийн форуман декъахо.