Ӏовх[2] , Ӏовха[3] , Ӏавх , Ӏовхойн мохк — нохчийн мохк а, нохчийн экзотопоним а[~ 1] . Таханлерчу дийнахь и мохк ДегӀастанан республикин йукъахь бу.
Боца хаамаш Ӏовх, Кхин цӀерш ...
Ӏовх
Кхин цӀерш
Ӏовха, Ӏавх, Ӏовхойн мохк
Экзотопонимаш
«Аух»,
«Окох»,
«Окоцкая земля»,
«Окочанская земля»[1]
Географин регион
Къилбаседа Кавказ
Бахархой
ДӀачӀагӀа
1840-чу шарахь Пуллос иштта дийцира нохчий Ӏаш болу мехкан дозанаш:
Кавказан аьрру фланган куьйгалхон керахь лоруш ду коьрта дукъан лаьмнийн а, Ӏаьндийн ГӀой хина а, ГӀой хина а, Каспий-хӀордан а, Теркан а, Ӏасс хина а, Даут-Мартанан а йуккъера латтанаш. Оцу меттиган коьрта бахархой бу нохчий, массо Кавказан къаьмнийн йукъара уггаре нуьцкъала, аьрха майра къам; Уьш лоруш бу 100 эзар са. ...[4]
Пхьарчхошка а, Ширча-Эвла а Ӏовхара шира нохчийн йарташ
Географ а, этнограф а, артиллерист а, оьрсийн тӀеман гӀуллакххо а хиллачу, 1728 шарахь Каспий-хӀорд йистан карта диначу Густав Герберс йаздина нохчий хьалха Каспий-хӀорд йисте кхаччалц Ӏаш хилла аьлла. И верси бакъйина 1785 шарахь историк а хиллачу Михаил Чулковс а, 1800 шарахь инарла а хиллачу Богдан Кноррингс а[5] [6] [7] .
Густав Герберс йаздина хӀара:
Хьалха нохчийн хӀусамаш Ӏаьндари уллора лаьмнашкара Каспий-хӀорда тӀе кхаччалц йаьржина йара, амма цара гребенски а, донан а гӀазакхийн даьхний, говраш дӀалоьхкуш (лечкъайеш) дукха зулам дарна, 1718 шарахь царна тӀе масех эзар донан гӀазакхий бӀо бахийтира, цара церан латта дасдира, дукха нах байира[6] [7] .
Иштта хӀордйисте чӀерий лийца оьхуш болу нохчийх лаьцна йаздина оьрсийн гӀуллакхехь хиллачу некъахо а, натуралист а хиллачу Готлиб Гмелинс 1774 шо кхачале Каспий-хӀорд йистехь а, Нохчийн гӀайре а тӀехь хийла волу, иштта оцу билгал до «Чечень» цӀе чеченцы этнонимах схьайелла хилар[8] . Географин Ӏилманан доктор а хиллачу Евгений Михайлович Поспеловс а бакъдо гӀайренна цӀе нохчийн кӀоман цӀарах схьайелла хилар[9] , ткъа историк Дмитрий Ровинскис гӀайрех лаьцна боху хӀара «Чечень», йу «нохчийн хӀусамийн дуьхьала» [10] . Гмелинс йаздина хӀара:
УьтталгӀачу динахь Ӏуьйранна ворхӀ даьлча тхо кхачийра ворхӀ сажен гена делкъехь тхуна гира Нохчийн гӀайре. Цунна цӀе тиллина лаьмнашкахь Ӏаш болу нохчийн цӀарах, кхуза чӀерий леца оьхуш хиллачу...[8]
1818 шерахь оьрсийн инарла хиллачу Ермоловс йина масийтта экспедици Нохчийчоьнан Ӏовхойн-махка. Оцу экспедицехь хиллачух В. Поттос хаам-бо, иштта «...Массийта дийнахь ГӀумкийн аре нохчийх дӀацӀанйина»[11] .
Ӏовхойн мехкан цхьайолу йаккхий нах беха меттигаш (цхьайолчу эвлашкахь нохчий а, гӀумкий а, немцой а бахархой хилла):
Акбулат-отар (нох),
Алтмирз-Йурт (нох),
Арслан-Герин-отар (нох, гӀум)[12] ,
Будайхан-отар (нох),
Умахан-отар (нох);
Пхьарчхошка (нох),
Бурсун (нох),
МажгӀара (нох),
Ширча-Эвла (нох);
Байрам-Эвл (гӀум, нох),
Хункерово (нох);
Йоккха-Бамт-Йурт (нох),
Ӏабдрашид-Отар (нох),
Адильотар (нох, гӀум),
Зарият-отар (нох),
Кошай-отар (нох),
Кибарчиг-ГӀота
Манти-отар (нох),
Дитташка (нох);
Бони-Эвла (нох),
Боони-Йурт (нох),
Безен 1-й (нох),
Безен 2-й (нох),
Виси-Ирза (нох),
Генчик-Эрзе (нох);
Хьаьж-МӀаьж-Йурт (гӀум, нох),
Баташево, Евгениевка (нем, нох),
Ӏосман-Йурт (нох), Османюрт-отар,
Сим-Сыр (нох),
Узлуяновка?,
Хаама-Йурт (гӀум, нох);
Билт-Эвла (нох),
Ивановская мельница (нох);
Татьяновка (Камыш-кутан) (нох),
Кандауровка (гӀум, нох);
Кешен-Эвла (нох), Ибарки (нох),
Шалам-Инчу (нох), Эшба-Инчу (нох),
Ярыксу (нох),
Ярыксу-отар (нох),
Яштаркие (нох);
Джангиши-Аджи (нох),
Даниял-отар (нох),
Абдул-Меджид-отар (нох),
Арсан-Мурза-отар (нох),
Бал-Йурт 1-й (нох),
Бал-Йурт 2-й (нох),
Бамматбек-Йурт (нох),
Жуково (нох),
Мациевка (нох),
Ярмаркин 1-й (нох),
Ярмаркин 2-й (нох),
Ярмаркин 3-й (нох);
ГӀачалкъа (нох),
Барчхой-Отар (нох),
Зори-Отар (нох),
Мини-АтагӀа (нох),
Эдал-Отар (нох),
Лакха-Отар (нох).
Дерриг къаьмнаша санна, шайн кхиаран цхьаьна билгалчу муьрехь, нахийн къаьмнаша лелайора шайна йукъарчу гергарлонан, мехкан, социалан тӀеман йукъараллин цӀерийн чолхе система. Иштта цхьаьнакхетараллин нахийн структура лаьттара тайп-тайпана барам а, статус а йолчу тобанех, масала тукхамаш /шахьарш , тайпанаш , гаранаш, некъий, цӀа, доьзал . ХӀокху заманахь тайп-тайпана цхьаьнакхетараллин шира нахийн системан чолхе кхетам бахьнехь, церан йаккхийра кепашна кавказйовзарехь дукха хьолехь лелайо термин маьрша йукъараллаш йа деккъа йукъараллаш .
Хьосташ
З.А. Тесаев. Чеченская „география“ XV века, составленная по данным ученого-богослова и путешественника Аздина Вазара. — Грозный: «АО ИПК «Грозненский рабочий», 2018. — 256 с.
К управлению начальника левого фланга Кавказской линии отнесено пространство, ограниченное главным хребтом гор, реками Андийским Койсу, Сулаком, Каспийским морем и рр. Тереком и Ассою и Даут-Мартаном. Главное народонаселение этого пространства составляет чеченское племя, самое сильное, буйное и воинственное из всех кавказских народов; их считается до 100 тыс. душ. ...
Поспелов Е. М. Географические названия мира: Топонимический словарь. — М., 2002, С.462-463.
«Чеченцы: история и современность» / Составление и общая редакция Ю.А. Айдаева. — Москва: Мир дому твоему, 1996. — 352 с. — ISBN 5-87553-005-7 . * Антология. «Чеченская Республика и чеченцы. История и современность». — Москва: Наука, 2006. — 576 с. — ISBN 5-02-034016-2 .
Общественный строй Чечни: вторая половина XVIII в.--40-е годы XIX века Ф. В Тотоев с 287
Районированный Дагестан. Административно-хозяйственное деление ДССР по новому районированию 1929 г.