Кафе Риш (Ӏаьр. مقهى ريش), дӀайиллина 1908 шарахь 29-гӀа ТалаӀат Хьарб урамехь, иза КъахӀиран центран уггаре гӀарадаьллачу сийлаллех цхьаъ ду.[1] Тайп-тайпанчу хенашкахь интеллектуалаш а, революцихой а цхьаьнакхета меттиг хилла, кафе теш йу дукха ладаме историн хиламийн 20-гӀа бӀешеран дохаллехь. Дуьйцу, нисса цигахь паччахьна Фарукъна гина шен шолгӀа зуда,[1] Нарийман Садикъ; 1919 шарахь цигахь ларйина шен Ӏалашо зуламхочо Пачас, Мисран коптийн премьер-министр Юсуф ВахӀба аьттонза виен гӀоьртина волчу;[1], цигахь масех дуьхьалонан декъашхо 1919 шарахь цхьаьнакхетта кафен чуьра ор чохь, шайн гӀуллакх дӀадахьа а, листовкаш зорба тоха а. Патронаш хилла политикин йаздархо Махьфуз Наджийб а, хин волу президент Джамал Ӏабдаль Насир а.
Истори
Кафе йиллина 1908 шарахь, амма кхин цӀе хилла цуьнан, ткъа кафен Риш цӀе тиллина 1914 шарахь, иза французо Генри Ресинес эцначул тӀаьхьа. Амма кафе эцначул тӀаьхьа дукха хан йалале, Ресинес йоьхкира иза Грецерчу Никоаполиц Михаилан, ткъа ша йухавирзира Франце.[2] Никоаполица кафен тӀе театр а туьйхира, цуо балабора артисташ Мунир аль-Махьдийа а, Умм Кульсум а. 1942 шеран 4 ноябрехь Никоаполица йоьхкира кафе Джордж Базил Авайяносан, цуо шен ницкъаш хьажийра кафен тӀе ресторан тухуш. 1962 шарахь Авайяна совгӀатан елира кафе Ӏабдаль Малак Микаил Салибан, иза хьалхара мисархо хилира и кафе долахь йолуш волу. Цуьнан долахо хийцалуш иштта хилира хийцамаш махкахь а, хӀунда аьлча, мисархой буьйлабелира шайн мехкан экономика дӀаэца, хьалха аьттонца предприятешна терго латтош хиллачу, гӀарабевллачу кхечу махкахошкара.[3]
Бевзаш болу хиламаш
Кафе алсама богӀучеран йара мелла а лакхара социалан-экономикин статус. ШолгӀа дуьненан тӀом тӀекхаччалц дукхаха болу клиентан Мисрахь беха кхечу махкара бахархой бара. Долахойн бакъо бухарчу мисархошкахьа хийцайалар бахьнехь, клиенташ а хийцабелира. КъахӀирах хилира дукхаха долчу газеташна, журналашна, адвокатийн конторашна цӀа, цара гӀодира кафен клиентийн база кхолла. Цуьнан Паша майдан (хӀинцалера ТӀалаӀат Хьарб майда) а, Тахьрийр майдан а герга хилар бахьнехь, цунах дика меттиг хилира цхьаьна беттабала. Революцихой гуора кафехь, шайн стратегин план хӀотто, Мисран тӀиера Британин урхаллин дуьхьала 1919 шеран революцеш йолучу хенахь. 1919 шеран 19 декабрехь, кафехь, виен хьевсира Мисран премьер-министр.[1] Джамал Ӏабдаль Насир, хууш ма-дарра, сих-сиха хуьлура кафехь, цуо цигахь планаш хӀиттийра паччахь Фарукъ дӀаваккха 1952 шарахь.
Махьфуз Наджийб вара, оцу кафе лелачех, уггаре гӀараваьлла стаг, цуьнан сий деш Малака пӀераскан дийнахь кафе дӀакъовлура Махьфузан цхьаьнакхетарш дан нахаца. Политикин романхочо иштта хьахайо кафе, шен масех жайна йаздина меттиг йу олий, цигахь цуьнан коллегаша а, клиенташа а дог ирахӀоттадора шен персонажашна.[4]
Тахане
Кафе Риш дӀакъевлина лаьттира 1990-гӀа шерашкахь иттех шарахь. Мисран правительствон дуьхьала суьдан гӀуллакх дӀадолийра кафес дӀалаьцна йукъараллин некъ бахьнехь, оцу гӀуллакхо цхьаьна хенан дӀакъевлира кафе. 1992 шеран октябрехь мохк бегоро дикка иэшам бира цунна, кафе ша ма-хуьллу гӀертара когахӀотта.[2] Кафехь хьалха санна адам ца латтар кхетадо терхьийн медиа тӀекхетарна. Официалан цхьаьнакхетаран меттигаш, масала кафе саннарш, тӀехьара планера меттигаш дӀалецира, хьалхарнаш мукъайаьхна онлайн-платформашна а, тобанашна а. Кафе Риш йаккхий литературин а, интеллектуалан а тобанийн, ткъа иштта кегийрхойн цхьаьнакхета йукъ йара. Йаккхий махлелоран центраш гучуйовларца, кегийра предприятешкара, хьалха санна, кегийрхойн чкъор гуллало меттиг дӀайелира. ТӀаккха а, 2011 шеран революци йолуш, иза гӀалахь реза боцучеран къайлабовлу меттиг хилира.[1]
Билгалдахарш
Wikiwand in your browser!
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.