From Wikipedia, the free encyclopedia
ШолгӀа Дуьненан тӀом- 1939-1945-чу шерашкахь литтина глобалан тӀом бу. Йерриг йаккхий мехкаш а чулоцуш, тӀамехь дакъалоцуш йара дукхаха йолу дуьненан пачхьалкхаш а, цара ши дуьхьаллаьтташ йолу тӀеман Берташ кхоьллира. Цхьана агӀор- Гитлеран дуьхьал йолу коалици йара, вукха агӀор- «семанан» пачхьалкхаш а йара. Ткъе итт сов пачхьалкхера бӀе миллион сов стаг йукъавогӀуш а, массо а декъахь волу тӀеман хьолехь, коьртачу декъашхоша адамийн а, тӀеман а гӀирсийн йукъахь башхалла ца йеш, шайн экономикин а, индустрийн а, Ӏилманан нуьцкъалла девнан гӀуллакхе тӀеберзийра.
ШолгӀа дуьненан тӀом | |
---|---|
Терахь | 1939 шо тов-бецан 1-ра де-1945 шо тов-бецан 2-гӀа де |
Бахьна |
1919-чу шеран Версалан машаре бертано Германин хIиттийна бахкий билламаш а; А.ХӀитлеран къоман-социалистийн ойланаш а, политика а; Кхийолу пачхьалкхийн политика а; Версалан-Вашингтонан кепан (системин) тӀаьхьенаш а; Дуьненайукъара экономикин кризис а; |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Адамийн исторехь II-гӀа Дуьненан тӀом уггаре къиза конфликт йара. Цуьнан муьрехь гергга кхузткъе итт- доьзткъе пхийтта миллион адам хӀаллакхилла. Дукхачу хьолехь машаре бахархой белла. Иттаннаш миллионаш хӀаллакхилла мацаллехь а, массийн адамаш дайъарехь а, иштта лазарш а, геноцидаш (масала Холокост) а хиларна а.
Авицино доккха дакъа лаьцна хиллачу девнехь, масала гӀаланаш тӀе стратегин бомбанаш йеттарехь а, зарратан герз кечдарехь а.
Лоруш ду, II-гӀа Дуьненан тӀом болабелла 1939-чу шарахь тов-бецан-беттан (сентябран) 1-чу дийнахь Германи Польшин тӀелатарца. Цул тӀаьхьа 3-чохь Йоккхачу Британино а, Францино а Германин тӀом кхайкхийра. 1939 чакхенера 1941-чу шаре кхаччалц масийтта тӀеман кампани йарца а, вовшаца тӀом ца бан чӀагӀамаш барца а , Германино тӀамца долалле йаккхира йа контроле лаьцнера доккхаха долу континентан Европин дакъа. Германино Италица а, Японица а вовшахтуьхира «семанан Цхьаьнакхетар». Цул тӀаьхьа кхиъ алсам пачхьалкхаш йеара Цхьаьнакхетаран декъе.
1939-чу шарахь хьаьттан-беттан (августан) 23-чохь тӀелаьцна йолу Молотов-Риббентропан пактца Германино а, Советийн Бертано а йийкъира а, иштта аннекси йира шай европин лулахошна: Польшин а, Финляндин а, Румынин а, Балтийн пачхьалкхийн а. 1941-чу шарахь асаран-беттан (июнан) 22-чу дийнахь Германи Советийн Бертан тӀелетарца схьайиллира Малхбалера фронт. Иза исторехь уггаре йоккха лаьттахулара йолу тӀеман театр санна лоруш йу.
Азин-Тийначу Ӏапказан регионехь коьртера хила лууш йолу Япони, 1937-чу шарахь Цийн Махкаца тӀом беш йара. 1941-чу шарахь гӀуран-баттахь Къилба-Малхбалера Азин а, Тийначу Ӏапказан йуккъерчу декъан а тӀекхачарца, Япони цхьаназаманчохь тӀе а летира америкин а, Британийн мехкийн. Оцу муьрехь японхой Пёрл-Харборехь америкин флотна тӀелетта хилла. Сийлахь-йоккхачу Британино Японин тӀом кхайкхинчул тӀаьхьа, иштта кхайкхам бира Америкин Цхьанатоьхначу Штаташ а. ТӀаккха «семанан Цхьаьнакхетаран» чуйогӀу европин пачхьалкхаш шайн декхарш кхочушдархьама Америкин Цхьанатоьхначу Штаташна тӀом кхайкхо сацам тӀеийцира.
Дукха хан йалале, Японино дӀалецира Тийначу Ӏапказан дуккхаха долу малхбузера дакъа. Амма 1942-чу шарахь Мидуэй йистехь Японин флотан даккхий зенаш дарца, цуьнан жигара болам сацийра. ТӀаьхьо Къилбаседера Африкехь а, Сталинград олучу шахьарехь а Германин а, Италин а эшам хилира.
1943-чу шеран бохамаш хиларна- масала Малхбален фронтехь Германин аьттоцахилар а, Коалици Сицилин а, материкан Италин а тӀелатар а, иштта Коалицино Тийна Ӏапказ дӀалацар а- «Семанан» паланаш йукъахъевллера, цул тӀаьхьа цера йухадовла дийзира. 1944-чу шарахь малхбузера Коалици Германино дӀалаьцна йолу Франци чуйеара. Цу хеннахь Советийн Барто шен территорийн дайарш йуха а меттахӀоттийра. ТӀаккха Советийн Барт тӀамца тӀебирзира Германин а, цуьнан бартхошна а.
1944-1945-чу шерашкахь Япони эшийра континентан Азехь. Оцу хеначохь Коалицино японийн флотан даккхий зенаш дира, иштта Тийначу Ӏапказан малхбузенан декъан а коьрта йолу гӀайренаш дӀалецира.
Европера тӀом а чекхбелира немцоша оккупаци йина латтанаш маьршадахарца а, Советийн Барт а, малхбузера бартхой а Германи чукхачарца, йуха цуьнан нана-гӀала йожарца а. Коалици Берлине чукхаьчча ХӀитлер Адольф ша-шена тапча тоьхна велира. 1945-чу шеран хӀутосург-беттан (май) 8-гӀа де Германино йуьззина капитуляци йина де ду.
1945-чу шарахь мангалан-беттан (июлан) 26-чохь бартхоша куьг йаздира Потсдаман декларацина. Амма Япони йухайала реза ца хилча а, Америкин Цхьанатоьхначу Штаташ 1945-чу шеран хьаьттан-беттан (августан) 6-чохь Хиросиман а, 9-чохь Нагасакин а зарратан (атоман) бомбанаш йиттира.
1945-чу шарахь хьаьттан-беттан (августан) 15-чохь Японино шен капитуляци дӀахьейира, цуьнан бахьанаш дара:
Бартхоша цу хьокъехь шекойоцуш Азехь толам тӀечӀагӀбира. ТӀом чекхбаьллачул тӀаьхьа Германи а, Япони а дӀалецара. Ткъа немцойн а, японийн а хьалхабевлларш тӀеман кхеле озийра. Коьртачу декъехь Желтойчохь а, Югославехь а зуламаш леладар, официалан кехаташца тӀечӀагӀдина доллушехь а, амма дипломатин йукъаметтигаш хиларна, итальянийн лидершна а, генералшна а дуьхьалдаьхна бехкаш бух боцуш бу аьлла сацамбира кхело.
II-чу дуьненан тӀамо хийцира дуьненан политикин а, социалан а дӀахӀоттам. Халкъашна йуккъера цхьаьнагӀуллакхдар чӀагӀдарна а, тӀейогӀучу заманашкахь тӀемаш ца хилийта кхоьллира Вовшахтоьхна Къаьмнийн Организаци. Ткъа толам баьккхина йолу пачхьалкхаш- Цийн Халкъан Республика а, Франци а, Советийн Барт а, Сийлахь-йоккха Британи а, Америкин Штаташ а- цуьнан Кхерамзаллан Кхеташонан цахийцалун декъашхой йара.
Европа тӀамехь дакъаза йаьлча, дуьненахь цуьнан мехкийн Ӏаткъам лахбелира, и бахьан долуш тӀаьхьо болабелира деколонизацин мур. Дукхаха йолу пачхьалкхаш, зен хилла индустри меттахӀоттайира. Европехь йолайелира политикин интеграци. Цуьнан Ӏалашо йара тӀейогӀучу хенашкахь тӀемаш ца балийта а, йаханчу заманахь хилла гамо дӀайаккхар а.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.