Гури (Гуьржийчоь)
From Wikipedia, the free encyclopedia
From Wikipedia, the free encyclopedia
Гу́ри (гуьрж. გურია guria; гуьрж. გურიის მხარე guriis mxare) — Гуьржийчоьнан хӀинцалера административан мохк а, историн мохк а. Административан центр а, йокха гӀала а — Озургети.
Мохк (АД 1-гӀа тегӀа) | |
Гури | |
---|---|
гуьрж. გურია | |
41°58′ къ. ш. 42°12′ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Гуьржийчоь |
Адм. центр | Озургети |
Губернатор | Зураб Насарая |
Истори а, географи а | |
Кхоллар | 1995 |
Латта |
2033 км²
|
Сахьтан аса | UTC+4:00 |
Бахархой | |
Бахархой |
110 524[1] стаг (2018)
|
Луьсталла | 56 стаг/км² |
Къаьмнийн хӀоттам | гуьржий (98,07 %), эрмалой (1,08 %), оьрсий (0,50 %)[2] |
Динан хӀоттам | керста 86,75 %, бусулба 11,43 %[3] |
Официалан меттанаш | гуьржийн |
Идентификаторан терахьаш | |
Код ISO 3166-2 | GE-GU |
Поштан индексаш | 3500 |
Официалан сайт | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Гури мехкан йукъахь йу кхоъ муниципалитет (2006 шо кхаччалц — кӀошт). 2016 тӀера 2018 шш. кхаччалц Озургети гӀалина муниципалитет статус йелира (мехкан муьтӀахь йолу гӀала йара).
Муниципалитет | байракх | хӀост | майда, км² | бахархой ларар 2002[4], стаг | бахархой ларар 2014[5], стаг | бахархой ларар 2018[1], стаг | центр |
---|---|---|---|---|---|---|---|
Ланчхутин муниципалитет | 533 | 40 507 | 31 486 | 30 804 | Ланчхути гӀ. | ||
Озургетин муниципалитет[6] | 675 | 78 760 | 62 863 | 61 305 | Озургети гӀ. | ||
Чохатаурин муниципалитет | 824 | 24 090 | 19 001 | 18 415 | Чохатаури гӀкэ | ||
Гури, ерриге | 2033 | 143 357 | 113 350 | 110 524 | Озургети гӀ. |
ГӀаланаш: Озургети (14785 стаг, ларар 2014 ш.), Ланчхути (6395 стаг).
ГӀалин кепара эвланаш: Кведа-Насакирали (2898 стаг, ларар 2014 ш.), Лаитури (2697 стаг), Наруджа (2148 стаг), Чохатаури (1815 стаг), Уреки (1166 стаг).
«Гури» топоним дуьххьара карайо Псевдо-Джуаншер цӀе йолу гуьржийн хроникехь 800 шо герг[7].
1352 шарахь Гури маьрша феодалан мохк хилира Варданидзе-Дадиани цӀе йолу элийн тайпана, ткъа 1463 шарахь кхоллайеллира маьрша Гурин олалла. Оцу хенахь цуьна йукъадогӀуш дара хӀинцлерачу Аджари докха дакъа а Батуми гӀала а.
Ӏосман империца тӀемаш гӀелйина Гури 1810 шарахь Российн протекторатан кӀелйахара, цул тӀехьа 1829 шарахь Российн империн йукъа йахара. 1819 а, 1841 а шерашкахь Гури махкахь гӀаттам иккхира[10].
1840 шарахь кхоьллира Гурин уезд Озургети гӀалахь центр а йолуш Гуьржийн-Имеретин губернина йукъахь. 1846 шарахь иза губерни дӀасаийикъира, Гурин уезд Кутаисин губернехь дӀатуьхира. Цуьна йукъахь мохк 1918 шо кхаччалц лаьттира. Оцу хенахь Гури 100% гуьржийн мохк бара, Российн имперера оьрсий йа кхидолу къаьмнаш кхузахь даьржина дацара.
XX бӀешеран йуьхьехь кхузахь йара Гурин республика[11].
1918 шарахь Гури Гуьржийн демократин республикин йукъа туьйхира, иштта иза лаьттира 1921 шеран марта кхаччалц.
Гуьржийн Советийн Республика (тӀаьхьо ССР Гуьржийчоь) кхоьллича Гурин уезд кӀезигчу хенахь ша йоллучохь йисира, цул тӀехьа 3 кӀошт йира. Мехкан коьрта гӀала — Озургети — 1929—1991 шерашкахь цӀе йара Махарадзе.
1995 шарахь Гуьржийчохь кхоьллира мехкаш, Гури хилира оцу мехкийн (мхаре) йукъара цхьаъ, мадарра аьлча историн цӀе официалан йукъайаькхира.
2018 шеран 1 январехь ларарца махкахь бара 110 524 бахархой[1], 2014 шеран 1 январехь — 138 800 бахархой[12].
2014 шарахь ларарца 113 350 бахархой[5], 2002 шерахь ларарца — 143 357 стаг (пачхьалкхан бахархойх 3,3 %).
Гурин дукхахаболу бахархой бу гуьржий, этнографин тоба — гурийш (гурулеби).
Гурин кӀоштанийн къаьмнийн хӀоттам (2014)[13]
муниципалитет[14] | берриге | гуьр- жий | % | эрм- алой | % | оьрс- ий | % | ук- раин- нш | % | азер- байд- жанаш | % | хӀир- ий | % | жел- той | % | Ези- даш | % | кхи | % |
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Ланчхутин | 31 486 | 31 135 | 98,89 % | 102 | 0,32 % | 157 | 0,50 % | 35 | 0,11 % | 8 | 0,03 % | 5 | 0,02 % | 12 | 0,04 % | 0 | 0,00 % | 32 | 0,10 % |
Озургетин | 62 863 | 61 096 | 97,19 % | 1115 | 1,77 % | 370 | 0,59 % | 104 | 0,17 % | 25 | 0,04 % | 21 | 0,03 % | 13 | 0,02 % | 17 | 0,01 % | 102 | 0,16 % |
Чохатаурин | 19 001 | 18 937 | 99,66 % | 11 | 0,06 % | 37 | 0,19 % | 2 | 0,01 % | 1 | 0,01 % | 4 | 0,02 % | 3 | 0,02 % | 0 | 0,00 % | 6 | 0,03 % |
Гури, берриге | 113 350 | 111 168 | 98,07 % | 1228 | 1,08 % | 564 | 0,50 % | 141 | 0,12 % | 34 | 0,03 % | 30 | 0,03 % | 28 | 0,02 % | 17 | 0,01 % | 140 | 0,12 % |
Картин легенда:
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.