Барбадос
From Wikipedia, the free encyclopedia
From Wikipedia, the free encyclopedia
Барба́дос[1][6] (инг. Barbados) — Карибийн хӀордан малхбалера Кегийра Антилийн гӀайренийн тобанера иштта цӀе йолчу гӀайрен тӀиера Вест-Индера пачхьалкх. Лаьтта Къилба Америкин гена йоццуш, 434,5 км къилбаседа-малхбалехьа Венесуэлан.
Барбадос | |||||
---|---|---|---|---|---|
Barbados | |||||
| |||||
Девиз: «Pride and Industry» | |||||
Барбадосан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли | |||||
Маьрша йаьлла терахьаш | 30 ноябрь 1966 (Йоккха Британех) | ||||
Официалан мотт | ингалсан | ||||
Коьрта гӀала | Бриджтаун | ||||
Йаккхий гӀаланаш | Бриджтаун | ||||
Урхаллин тайпа |
Йоккха Британи коьртехь йолу ДоттагӀаллин йукъара маьрша пачхьалк[1]; конституцин монархи[2] |
||||
Пачхьалкхан корта Генерал-губернатор Премьер-министр |
Елизавета II Мэйсон Сандра Моттли Миа |
||||
Латта | |||||
• Шадерг | 439[3] км² (200-гӀа дуьненахь) | ||||
• % хина тӀехле | кӀезиг | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор | 277,821[4] стаг | ||||
ДЧС (НЭТ) | |||||
• Шадерг (2015) | $4,658 миллиард долл. | ||||
• ХӀораннан а сина | $16,653 долл. | ||||
ДЧС (номинал) | |||||
• ХӀораннан а сина | ($15,912-гӀа) | ||||
АДКИ (2013) | ▼ 0,776[5] (лакхара; 59-гӀа меттиг) | ||||
Ахча | Барбадосан доллар (BBD,код 52) | ||||
Интернет-домен | .bb | ||||
Код ISO | BB | ||||
Код МОК | BAR | ||||
Телефонан код | +1-246 | ||||
Сахьтан аса | -4 | ||||
Автомобилийн некъаш | аьрру | ||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Барбадосан гергахь лаьтта пачхьалкхаш Сент-Люси а, Сент-Винсент а, Гренадинаш а, ший а Барбадосан малхбузехьа. ГӀайренан майда 431 км² ю, иза алсама нийса ю, йуккъехь лоха шунаш а долуш. Лаьттан хӀоттамо гойту, гӀайре тӀапломах даьлла ца хилар, лаьтта коьртаниг маржанех.
ГӀайренан климат тропикийн йу гуттаренна а мехаш болуш — пассаташ — Атлантикин Ӏапказ агӀора. Цхьадолу куьг Ӏоттаза долу гӀайренан дакъошна тӀехь мангрий уьшалаш ду, кхечарна тӀехь шекаран эрзан шуьйра аренаш я даккхий таьӀна, хӀорд хаза гуш а болуш, байдаш ду.
ВКЪКХ Кхиаран программица кхуьуш болчу мехкашна йукъахь Барбадос дахаран тӀегӀа а, бахархойн грамоталла уггаре хьалхарчех цхьаъ йолу пачхьалкх ю, цуьнца мохк йоьалгӀачу меттигехь бу. ЧӀогӀа гӀараяьлла туристийн агӀонца.
«Барбадос» цӀе схьаяьлла я португалихойн Os Barbados дашах, я испанхойн Los Barbados, и ший а дешан маьӀна «мажош ерш» хуьлу. Цхьа могӀа гипотезаш йу цӀе схьайаларх. Царех цхьаьнца, «мажош ерш» дош догӀу гӀайрен тӀехь кхуьучу фикусийн (Ficus citrifolia) деха охкаделла орамашна, кхечуьнца — гӀайренан бахархой хилла болу мажош йолу карибашна. Ю кхин а алсама экзотикан верси, маж гаран иллюзии йора хӀордан чопано, иза кхоллалора арахьара рифашкахь. 1519 шеран генуэзийн картографо Маджиоло Висконтес[en] диллина географин картин тӀехь, гайтина шен меттехь, цӀе а йу Барбадос. Цул сов, Кегийра Антилийн гӀайренийн тобанера Барбуда гӀайрено лелайо цунах терра ала мегар долуш цӀе, и тиллина испахоша Las Barbudas.
Барбадосера дуьххьарлера бахархой хилла индахойн кхерстарш. Миграцин кхо тулгӀе чекхъяьлла гӀайрен тӀехьула, ткъа уьш Къилбаседа Америкин агӀора дӀаболхара. Хьалхарчу тулгӀенца бара саладоидийн тобанийн векалш — барранкоидаш (Saladoid-Barrancoid), Венесуэлан орамера бахархой, уьш гӀайрен тӀе баьхкира каноэ кеманаш тӀехь Ориноко эркан атагӀера вайн эран 350 шеран гергарчу хенахь. Цара леладора латта, чӀерий лоьцура, кхийра гӀирсаш бора. ТӀаьхьуо, 800 шерашкахь, гӀайрен тӀебаьхкира индахой аравакийн тайпанера, иштта Къилба Америкера. Аравак тайпанан эвланашна йукъайогӀу гӀайрен тӀиера Страуд-Пойнт (Stroud Point), Чендлер-Бэй (Chandler Bay), Сент-Люкс-Галли (Saint Luke’s Gully), Мэпс-Кейв (Mapp’s Cave). Луларчу гӀайренашна тӀиера тайпанан тӀаьхьенийн тептаршца, юьхьанца гӀайрен цӀе хилла Ичиригоуганаим (Ichirouganaim). XIII бӀешарахь гӀайрен тӀехевшина индахой карибийн тайпанара, цара аратеттира цигара ший а хьалхара тайпанаш. Цул тӀаьхьа масех бӀешарахь къаьстина бехира гӀайрен тӀехь.
№ | ТӀеэцарц | Административан центр |
Майда, км² |
Бахархой, (2000) адам. |
Луьсталла, адам./км² |
---|---|---|---|---|---|
1 | Крайст Чёрч | Ойстинс | 57 | 49 498 | 868,39 |
2 | Сент-Андру | Гринленд | 36 | 5 254 | 145,94 |
3 | Сент-Джордж | Булкели | 44 | 17 868 | 406,09 |
4 | Сент-Джеймс | Холитаун | 31 | 22 742 | 733,61 |
5 | Сент-Джон | Блекменс | 34 | 8 873 | 260,97 |
6 | Сент-Джозеф | Бафшеда | 26 | 6 805 | 261,73 |
7 | Сент-Лючи | Краб-Хилл | 36 | 9 328 | 259,11 |
8 | Сент-Мишель | Бриджтаун | 39 | 83 684 | 2145,74 |
9 | Сент-Питер | Спейтстаун | 34 | 10 699 | 314,68 |
10 | Сент-Филипп | Крани | 60 | 20 540 | 342,33 |
11 | Сент-Томас | Хиллеби | 34 | 11 590 | 340,88 |
Масо | 431 | 246 881 | 572,81 | ||
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.