АтагӀа
From Wikipedia, the free encyclopedia
АтагӀа йа тогӀи — чутаьӀна, асанца яхъелла цхьаьна агӀора таьӀна рельефан кеп. Кхоллало дукха хьолахь охьадоьдучу хин эрозин болх бахьнехь. Эркан хи, бердаш а, бух а хьоькхуш[1], йоккху эркан атагӀа.
ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажа АтагӀа (маьӀнаш).
ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажа АтагӀеш (маьӀнаш).
АтагӀин кегийра кепаш ю хин хьехаш, чӀажнаш, боьранаш, уьш кхуллу наггахь хуьлучу Ӏовраша.
АтагӀеш кхуллу дийнна системаш; цхьаьна атагӀо дӀайоьллу кхин, ткъа цуо кхин, кхин дӀа а, шен цхьа харш долу хиш цхьаьна Ӏам йа хӀорд чукхетталц.