Александр I
From Wikipedia, the free encyclopedia
Алекса́ндр I Павлович (12 (23) декабрехь 1777, Петербух — 19 ноябрехь (1 декабрехь) 1825, Таганрог) — Российн барамера-либералан хийцамаш бинаЙерригроссийн Император а, Паччахь а (12 (24) мартехь 1801 шарахь дуьйна), Финляндин сийлахь эла (1809 шарахь), Полякий паччахь (1815 шарахь дуьйна). Оьрсийн историографехь йелла башха эпитет — «Декъала хилла». Екатерина II-чун кӀентан кӀант.
Александр I Павлович | |
---|---|
оьрс. Александр I | |
Дин | керста |
ДӀавоьллина | |
Тайпа | Гольштейн-Готторп-Романовы[d] |
Да | Павел I[d][1] |
Нана | Мария Фёдоровна[d][1] |
Зуда | Елизавета Алексеевна[d][1] |
Бераш | Мария Александровна[d][1][2], Лукаш, Николай Евгеньевич[d][2], Елизавета Александровна[d][2], Зинаида Дмитриевна Нарышкина[d][2], Софья Дмитриевна Нарышкина[d][2], Нарышкин, Эммануил Дмитриевич[d][2], Мария Александровна Парижская[d][2], Александрова, Вильгельмина Александрина Паулина[d][2], Густав Эренберг[d][2], Maria (?)[d][2], Николай Васильевич Исаков[d][2] |
Динлелор | керста |
Автограф | |
СовгӀаташ | |
ЦӀе | мудир[d], инарла-фельдмудир[d] |
Латар | |
Медиафайлаш Викилармехь |
Императоран Павел I-чун а, Мария Фёдоровнин воккхаха волу кӀант[3].
Урхаллин йуьххьехь Къайлаха комитето а, М. М. Сперанскийс а кхечбина хийцамаш бира. Арахьара политикехь лаьттара Йоккха Британин а, Францин а йукъахь. 1805—1807 шерашкахь дакъа лецира французашна дуьхьалара коалицешкахь. 1807—1812 шерашкахь цхьаьна ханна герга вахара Францина. Аьттонца тӀемаш бира Туркойчоьнца (1806—1812), Персица (1804—1813), Швецица (1808—1809). Александр I волуш Россех схьатоьхна Малхбален Гуьржийчоьнан (1801), Финляндин (1809), Бессарабин (1812), Варшавин герцогалла (1815) хилла мехкаш. 1812 шеран Даймехкан тӀом чекхбаьллачул тӀаьхьа 1813—1814 шерашкахь коьрте хӀоьттира французашна дуьхьалара коалицина. Бонапарт Наполеон I-чун толамхо: 1814 шеран 31 мартехь коьртехь Александр I волу коалицин эскар Париже чуделира. 1814—1815 шерийн Венин конгрессан а, Сийлахь барт коьллинчех а куьйгалхойх цхьаъ.
Дахаран тӀаьхьарчу шерашкахь сих-сиха олура Ӏарш йитина, «дуьненна гена вала» волу олий, оцу балхо иза цӀеххьана Таганрогехь велча «воккха стегах Фёдор Кузьмичах» легенда кхолладелира. Оцу легендица, Таганрогехь вала а велла дӀа Александр ца воьллина, ткъа цунах тераниг воьллина, император кхин а дуккха а вехира воккха стаг-халбатхо хилла, ткъа вела 1864 шарахьу[4].