![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/0/06/Profile_portrait_of_Catherine_II_by_Fedor_Rokotov_%25281763%252C_Tretyakov_gallery%2529.jpg/640px-Profile_portrait_of_Catherine_II_by_Fedor_Rokotov_%25281763%252C_Tretyakov_gallery%2529.jpg&w=640&q=50)
Екатерина II
From Wikipedia, the free encyclopedia
Екатери́на II (Екатери́на Алексе́евна[1]; Екатери́на Сийлахьйерг; йинчу хенахь Софи́я Авгу́ста Фредери́ка А́нгальт-Це́рбстан (нем. Sophie Auguste Friederike von Anhalt-Zerbst-Dornburg), православехь Екатерина Алексе́евна; 1729 шеран 21 апрель [2 май], Штеттин, Прусси — 1796 шеран 6 [17] ноябрь, Ӏаьнан гӀала, Петарбух, Российн импери) — Йерригроссийн император-аьзни 1762 – 1796 шерашкахь.
Екатерина II-гӀа Алексеевна | |
---|---|
![]() Екатерина II сурт. Фёдор Рокотов. 1763 шо. Третьяковн галерей | |
![]() | |
Дин | Керста динан килс |
ДӀайоьллина | |
Тайпа | Аскании (младшая Ангальт-Цербстская ветвь) |
Йича тиллина цӀе | нем. Sophie Friederike Auguste von Anhalt-Zerbst |
Да | Кристиан Август Ангальт-Цербстский |
Нана | Иоганна Елизавета Гольштейн-Готторпская |
Майра | Пётр III |
Бераш | Павел I, Анна Петровна (Екатерина II йоӀ), Алексей Григорьевич Бобринский |
Динлелор | Керста динан килс |
Автограф |
![]() |
СовгӀаташ | |
Эскаран тайпа | Оьрсийн гварди[d] |
ЦӀе | полковник |
Буьйр дар | лейб-гвардин Преображенски полк, Семёновн лейб-гвардин полк, Измайловн лейб-гвардин полк, Дошлойн лейб-гвардин полк |
![]() |
Ангальт-Цербстан элин йоӀ, Екатерина Ӏедале йеира 1762 шеран гӀалин харцам бахьнехь, цуо Ӏарш тӀера вожийра шен нахана цавеза майра Пётр III-гӀа.
Екатеринин мур билгалбелира уггаре чӀогӀа ахархой гӀопалле берзорца а, элийн бакъо массо агӀора шорйира.
Екатерина Сийлахьйолчо Российн империн дозанаш хаъал дӀатеттира малхбузехьа (Речь Посполити йекъар) а, къилбехьа (Новоросси, ГӀирма, мелла а Кавказ тӀетуьйхира) а.
Екатерина ШолгӀа йолуш пачхьалкхан урхаллин система Пётр I-чун заманера дуьйна дуьххьара хийцира.