From Wikipedia, the free encyclopedia
Ламанхойн республика[1] — 1917 шарахь Къилбаседа Кавказан Цхьанакхетначу Берто Нохчийчоьнан, ДегӀастанан, Теркан Областан латтанаш тIаьхь кхайкхийна пачхьалхк. Ламанхойн республикин йозуш цахилар къобал динера: Туркойчоь, Германи Австро-Мажаройчоь, Болгари, Гуьржийчоь, Азербайджан, ГӀоба[2].
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Историн пачхьалкх | |||||
Ламанхойн республика | |||||
---|---|---|---|---|---|
|
|||||
Коьрта гӀала | Шури-ГӀала, БуритӀе, Батуми, правительство в изгнании, Леваши | ||||
Мотт (меттанаш) | Абхазхойн мотт, суьйлийн мотт, даьргӀойн мотт, гӏалгӏайн мотт, ГIебартойн-Чергазийн мотт, Кхарачойн-балкхаройн мотт, гӀумкийн мотт, ГӀазгӀумкийн мотт, лаьзгийн мотт, ХӀирийн мотт, оьрсийн мотт, Рутулийн мотт, Нохчийн мотт | ||||
Официалан мотт | оьрсийн мотт | ||||
Урхаллин тайпа | парламентан республика | ||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Иштта 1918-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь Чермоев Iабдул-Межеда а, Бамматов ХӀайдара а, декларацина къелла куьйгаш а таӀийна, дӀакхайкхийра йозуш йоцу Къилбаседа Кавказан Ламанхойн Республика кхоллар. Керлачу пачхьалкхана юкъадахара Ӏаьржачу хӀордан тӀера Таркхойн хӀордана тӀекхаччалц долчу латтанашна тӀехь дехаш долу къаьмнаш. И пачхьалкх, къобул а йина, тӀеийцира туркойн Ӏедалша. Оцу даггахь яра Германи а.
Цу гуламе хаьржина хуьлу массо а бусалба жамаӀаташкара векалш. Иза вовшахтоьхна болу нах уггар хьалха дагахь хуьлу Кавказехь имамалла кхолла а, Гоцински Нажмудин имам кхайкхон а. Амма, оцу гуламан декъашхоша дитинчу тоьшаллаш гайтарехь, царна ма-моьтту гӀуллакх ца хуьлу цуьнах. Цхьаболу гуламан декъашхой дуьхьала хуьлу Гоцински имам кхайкхорна. Уьш махкахь Советан Ӏедал хӀотто лууш хуьлу. Цундела, гуламехь дов а доккхий, уьш цӀа боьлху. Виснарг хуьлу 5 эзар стаг. Амма уьш Веданахь совцу, Ӏаьндара цӀа баха аьтто боцуш, догӀанаш а ихина, ломара некъаш доьхна хилар бахьана долуш. Цига вогӀу Гоцински Нажмудин. Веданахь хиллачу гуламехь иза имам кхайкхаво.
И республика Петарбухехь дӀакхайкхо дагахь йолчу Россехь демократин Республикина юкъагӀура ю, аьлла, ойла а хуьлу ламанхойн куьйгалхойн. Иштта кеп-куц долу ламанхойн Ӏедал лаьтта эха шарал сов. Цу хеначохь цара кечйо Российн ханна долчу Ӏедалан куьйгалхо Керенски Александара реза хиларца тӀеэцна йолу конституци.
1918-чу шеран Охан-баттахь Къилбаседа Кавказан Цхьанакхетначу Берто цхьацца Европерчу пачхьалкхашка кхайкхамаш бо Ламанхойн Республикин Ӏедал, къобал а дай, тӀеэцахьара, олий. Цу хенахь леррина Кавказе ваийтина волчу Германин векло немцойн инарло фон Лоссовс цу Бертан куьйгалхошна хьалха хаттар хӀоттадо Ламанхойн Республика дӀакхайкхорах лаьцна долу. И пачхьалкх къобул ян мега Стигалкъекъа-баттахь Батумехь хир йолчу дуьненаюкъарчу конференцехь, бохуш, хуьлу Германин векал. Стигалкъекъа-баттахь 11-чу дийнахь хиллачу конференцехь дӀакхайкха до Ламанхойн Республика кхоллар. Оццу дийнахь иза Туркойн-пачхьалкхо а, Германино а къобул йина, олий, хаам бо цу форумехь. Амма Германино Ламанхойн Республика къобулеш бинчу бертан бух карийна бац цхьана а архивехь.
Стигалкъекъа-баттахь 11-чу дийнахь Ламанхойн Республико тӀеоьцу ша йозуш йоцуш хиаларх лаьцна йолу леррина Деклараци. Цу тӀехь, масала, аьлла ду: "Россехь кегаре лаьтташ хилар а, Петарбухара Ӏедало паччахьан имперехь мел-даьхначу къаьмнашна маьршша шайн кхане къасто бакъо ялар а тидаме а эцна, Ламанахойн Цхьаьнакхетаралло тӀеоьцу хӀара резолюци. Хьалхарниг. Кавказан Ламанхойн Цхьаьнакхетаралло сацам бо Оьрсийчоьнах дӀакъаста а, йозуш йоцу пачхьалкх кхолла а. ШолгӀаниг. Керлачу пачхьалкхан Къилбаседехьара дозанаш хир ду хьалха Российн имперехь ДегӀастанан а, Теркан а, Ставрополан а, ГӀубанан а мехкийн хилларш а, Малхбузехь — Ӏаьржа хӀорд а, Малхбалехь Каспий-хӀорд. Къилбера доза къастор ду Къилба Кавказерачу пачхьалкхашца барт бинчулла тӀаьхьа.
Ламанхойн Республико ша йозуш йоцуш хиларх лаьцна дипломатан хаам хьажабо Москох. Иза арахьарчу гӀуллакхийн халкъан комиссариате дӀакхачабо Германин Москох волчу векло графа Мирбаха. Стигалкъекъа-беттан 15-чу дийнахь Советан Ӏедало дӀахьедар до шаьш Ламанхойн Республика къобул ян реза дац, олий. Москохо официала далийна долу бахьана хуьлу Къилбаседа Кавказехь дехачу къаьмнаша хӀинцале а сацам бина шаьш Оьрсийн Республикина юкъадогӀуш хиаларх лаьцна, олий. ЦултӀаьхьа Ламанхойн Республикин куьйгалхочо Чермоев Ӏабдул-Межеда (Тапас) кхайкхам бо туркойн Ӏедалшка шайна гӀо-накъосталла дахьара, олий. И гӀо цунна дан а до Туркойчоьно. ГӀадужу-беттан 10-чу дийнахь Изет-Паша Юсуф коьртехь волчу эскарша дӀалоцу Дербент. Чермоевн Ӏедал дӀатарделлачу гӀишлонна тӀехула дӀатуху йозуш йоцучу Ламанхойн Республикин байркх. Дукха хан яляле туркойн эскарша дӀалоцу Темирхан-Шура олу гӀала. ХӀинцалера Буйнакск ю иза. Ткъа Лахьан-беттан 8-чу дийнахь туркойн эскарш чудоьлху Порт-Петровскана (ХӀинжа-гӀалийна). Азербайджанехь долу Ӏедалш а хуьлу Ламанхойн Республикина гӀо деш. И пачхьалкх хӀоттош Чермоев Тапин Ӏедална азербайджанхоша юхалург ло 60 миллион сом. Лахьан-беттан 27-чу дийнахь Чермоев Тапа а, цуьнан накъостий а Бакохахь цхьаьнакхета Малхбузерачу пачхьалкхийн векалшца. Чермоевн Ӏедал цу регионехь низам хӀотто гӀертар шаьш дикачу агӀора тӀеоьцу а олий, Британин а, Францин а, Италин а, кхин йолчу а пачхьалкхийн векалша дӀахьедар до, Ламанхойн Республика йозуш йоцуш хилар Хьалхарчу Дуьненан тӀамехь толам баьккхинчу пачхьалкхийн Берлинехь хир йолчу конференцехь дийцаре дийра ду, олий.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.