континент From Wikipedia, the free encyclopedia
А́зи — уггаре доккха Дуьненан дакъа, мехкаца а, бахархойн барамца. Кхуллу Европица цхьаьна Еврази материк. Майда (гӀайренашца цхьаьна) — 43,4 млн км² гергга[2]. Бахархой — 4,3 млрд стаг (2012) (60,5 % Дуьненан бахархойх). Ази хӀинца йу дуьненахь уггаре йоккха кхуьу регион[3].
Ази | |
---|---|
Мохк | 44 579 000 км² |
Бахархой | 4 560 667 000[1] стаг |
Йукъахь йу | 49 (+5 цхьаццамма къобалйина) пачхьалкхаш |
Йозуш йолу пачхьалкхаш | Акротири а, Декели а, Британин Мохк ХӀиндин Ӏапказ чохь, Рождествон гӀайре (Австрали), Кокосан гӀайренаш, Гонконг, Макао |
Мотт | Азин меттанаш |
Интернет-доменаш | .asia |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Хеттийн муьрехь Жима Азин къилбаседа-малхбузен декъехь лаьттина Ассува паччахьалла[4]. Хетташа царна тӀехь баьккхина толам хьахийна Тудхалия IV-гӀачун паччахьан анналашкахь. Желтойн эпосехь и паччахьалла гойту, трояхойн бертахоца, паччахьан Асийн вастехь. Асия цӀе желтойн мифологехь лелайо Океанидас, Пхьарматан зудчо, цунах, мифологин ламастаца, дуьненан декъан цӀе схьайаьлла. Геродотан заманахь дийнна дуьненан декъан Асиян (Азия) цӀе лелор йукъара тӀеэцна дара желтойн.
Материкан Ази лаьтта коьртаниг малхбален (Чукоткин ахгӀайре йоцург) а, къилбаседан а эхигашкахь. Африкица Ази йихкина Суэцан лого, Къилбаседа Америкех иза къастийна готта Беринган хидоькъе.
Оцу дуьненан дакъошна йукъара дуьххьарлера дозанаш билгалдаьхна Шира Желтойчоьнан муьрехь. Тардолийта, уггаре хьалха дуьне Европин а, Азин а декънарг хила ширажелтойн географ Гекатей Милетан: шен «Дуьне гайтар» белхан чохь цуо царна йукъахь доза даьккхина Фасис эркца (Риони эрк Гуьржийчуьра) а, Латтайуккъера хӀордца а[7]. Европин а, Азин а йукъарчу дозанийн бала кегийна ширажелтойн Ӏилманчаша, масала, Геродот, цуо билгаладоккхура дуьненан кхо дакъа (Европа, Ази, Ливи)[8], Фукидид, Изократ, Полибий (Европин а, Азин а йукъара доза билгалдаьккхина шен «Йерриг йукъара истори» белхан чохь Танаис эркаца (Дон)[9]), Страбон («Географи» белхан чохь доза даьккхина Танаисца[9]). Шен рогӀехь, шираруман йаздархочо Плиний Воккхахаволчо шина декъана йукъара доза билгалдаьккхина Понтан а, Каспийн а (Кавказан лаьмнаш) лаг, Боспор Киммерийн (Керчан хидоькъе) а, Меотидица а (Азов-хӀорд)[9].
XVIII бӀешо кхаччалц Европин а, Азин а йукъара доза доккхура Азовн хӀордаца а, Донца а, шеконе ца дуьллура, тӀечӀагӀдора цхьа могӀа белхашкахь: Козьма Индикопловн (VI бӀешо), Бельский Марцинан (1550 год), Меркатор Герардан (XVII бӀешо), Ломоносов Михаилан (XVIII бӀешоа). Амма оцу хенахь йара кхин ойланаш. Масала, йуккъера бӀешерийн Ӏаьрбийн хьосташа лорура Европин малхбален доза Ийдал а, Кама[10] а.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.