Эльбрус
From Wikipedia, the free encyclopedia
From Wikipedia, the free encyclopedia
Эльбру́с (кхарач.-балк. Минги-Тау, гӀебарт.-чергаз. Iуащхьэмахуэ) — Кавказера стратовулкан[5] (хӀордан тӀегӀанан тӀехула 5642 метр) — Российн а, Европин а уггаре лекха ламанан бохь, нагахь доза Европин а, Азин а йукъара доза Коьрта Кавказан дукъ тӀехула йа къилбехьахула даьккхича (кхечу меттигашкахь уггаре лекха Европин бохь лору альпийн лам Монблан). Эльбрус йукъатоьхна дуьненан дакъойн уггаре лекъа баххьийн испискина «ВорхӀ бохь».
Эльбрус | |
---|---|
Амалш | |
ТӀапламан форма | Стратовулкан |
Кхолла белла хан | плиоцен |
ТӀаьххьара хьалатохар | ≈ 5120 шо хьалха |
Бохьан локхалла | |
Абсолютан локхалла | Малхбузен 5642 м Малхбален 5621[1] м |
Дустараллин локхалла | 4741 метр[2] |
Дуьххьара лам тӀебовлар | Малхбален бохь: 1829 шеран 22 июль, Х. Хачиров[3][4] Малхбузен бохь: 1874 г., Ф. Грове, Ф. Гарднер, Х. Уокер, П. Кнубел и А. Соттаев |
Лаьтта меттиг | |
43°20′45″ къ. ш. 42°26′55″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | |
Лаьмнийн система | Кавказан лаьмнаш |
Дукъ а, ламанан акъари а | АгӀонан дукъ |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Шаломара дешна цуьнан басенашкара охьадогӀу хиш, дузадо Къилбаседа Кавказан эркех уггаре даккхийчех долу: Кубань, Малка, Баксан. Дика кхиина транспортан а, аьтту бен инфраструктура бахьнехь Эльбрус а, цунна гергара кӀошташ а чӀогӀа гӀарайаьлла рекреацин, спортан, туризман, альпинизман планехь. Эльбрусан Малхбален (5621 метр) а, Малхбузен (5642 метр) а баххьаш доькъу нуьйран тӀехь (5416 м), лаьтта Кавказехь уггаре лакхара лаьмнашкара буьйсайоккхийла.
Эльбрус «Российн лайн цӀокъберг» цӀе йаларе кховдийна Российн Федерацин итт боххьан испискин йукъабоьду.[6]
Эльбрус ширачу заманахь дуьйна бевзаш бара дукха къаьмнашна Кавказал генна арахьа а, цундела цуьнан цӀе схьайаларан нисса этимологи хууш йац. ТӀеэцначу цхьаьна версица лору иранан меттанех (скифин) схьайалар долу цӀе Elburz — «лекха лам»[7]. Иранехь а ду лаьмнаш Эльбрусчух тера цӀераш йолуш, масала Эльбурс[8]. Иранан а (алсама малхбален а) истори йайечара олура Эльбурз дерриг коьрта Кавказан дукъах[9][10]. И цӀе тӀаьхьа йеккъа оцу ламанна йисинчух тера ду.
Нохчийн маттахь маьӀна даьккхича историн Ӏилманийн кандидат волчу Тесаев Амина дийцарехь Эла барз хуьлу иза.
Кавказера орамера бахархошна йукъахь алсама йаьржина кхарачойн-балкхарийн цӀе Минги-Тау а, гӀебартойн Ошхамахо (гӀебарт.-чергаз. Ӏуащхьэмахуэ). Минги-Тау «Гуттаренна а лам» бохург ду[11][12]. ГӀебартойн цӀе Ошхамахо гочйо «ирсе лам» (схьадаьлла Ӏуащхьэ — «айам, гу», махуэ — «ирс»[13]), кхин маьӀна — «дийнан лам»[8][14].
Тюркийн меттанаш буьйцу къаьмнаша Эльбрусах олура Джин-Падишах — «жиннийн паччахь», адыгейш Къусхьэмаф (Кусхамаф) — «ирс дохьу лам», абхазаша — Орфи-туб — «зовкхечеран лам»[8], абазойша Урым йхъымгӀва а, Урышв ихъымгӀва[15] а, Гуьржийчохь — იალბუზი (Иалбузи) — «лайн кхес» йа Бурцими — «конускепара айалург»[8]. Эрмалойчохь бевза Альберис — йукъара йаккха йиш йац иранан меттан фонетикин вариант, Альпаш топонимаца уьйр а[16]. Хаало кхин а цӀе 'Шат-лам (тарло кхарач.-балк. чат — гола, боьра, аьлча а «боьранца болу лам»)[14][17].
Эльбрус лам Йоккха Кавказан АгӀонан дукъца бу, Коьрта Кавказан дукъан 10 км къилбаседехьа ГӀебартойн-Балкхаройн а, Кхарачой-Чергазийн а республикийн дозанехь, иза йу бух тӀера диаметр 15 км а йолуш тӀапломаллин схьайалар долу ламанан массив, къаьсташ къегина Малхбален (5621 м) а, Малхбузен а кортошца (5642 м), и шиъ бекъна йеха легӀана нуьйро (дукъдоккхийла Эльбрусан нуьйра, 5416 м). шина коьртан йукъ 1500 м йу. Абсолютные высоты цоколя 3200—3800 м[18]. Басен охьанен йуккъера барам 35°. Дуьххьара Эльбрусан локхалла билгалайаьккхира 1813 шарахь академика В. К. Вишневскийс, цуо ларарца иза хилира 5421 м[19].
Эльбрусан басенашкара охьашерша 23 шалам, церан йукъара майда 134 км². Царех уггаре даккхийнарш Боккха а, Жима Азау, Терскол, Кюкюртлю (кхин тайпана цӀераш а хила тарло), Ирик. Эльбрусан шалаьмнийн бохаллин максимум— 6—9 км, иза шозза гергга боцу бу Кавказан уггаре бехачу шалаьмнел Дыхсул а, Безенгин а. ТӀаьхьарчу 100 шарахь шалаьмнийн йукъара майда жимйелла 18 %, ткъа Кубанан тогӀин чу шершачин — на 33 %. Эльбрусан шалаьмнаш Кавказан а, Ставрополан мехкан а уггаре даккххийчех кхаа эрканна хи латтадо: Баксанна, Малкина, Кубанна[20].
Эльбрус йисташкара къона тӀапломан породаш гуттаренна талла долийна Г. В. Абиха XIX бӀешеран йуккъехь[21]. Цул тӀаьхьа Эльбрусан геологи Ӏамош лилира дуккха даймехкан Ӏилманчаш, царна йукъахь, В. В. Дубянский, А. П. Герасимов, С. П. Соловьёв, К. Н. Паффенгольц, Е. Е. Милановский, Н. В. Короновский, кхин берш. ТӀаьхьара шин говзанчийн талламо, тӀаплам талларан хьалхарчу муьран жамӀ дира[22][23]. Цара оцу хенахь зорбатоьхна Эльбрусан геологин хӀоттам Ӏамор цхьаьнатоьхна, геоморфологин а, стратиграфин а хаамийн бух тӀаьхь, гӀоьртира къона лавин чкъоьрнаш декъна, магматизман фазанаш билгалйаха хьевсира, тӀаккха Йоккха Кавказан оцу декъехь тӀапломан жигараллин эволюци тидам бан гӀоьртира.
ТӀаьхьарчу иттанаш шерашкахь бинчу комплексан геологин талламаша таро йира шеко йоцуш Эльбрус хила тарло жигара тӀаплаьмнийн категорешна йукъатоха[24][25], цуо некъ белира оцу регионехь магматизм кхиаран а, магмин лаламаш схьадовлар Ӏаморан а, тӀаплам Ӏаьттораца доьзна Ӏаламан палеобохамийн ларраш лахаран а хьесапаш а, истории а дӀайелларан ойла айа.
Изотопан-геохронологин талламийн (K-Ar а, Rb-Sr а терхьаш хӀиттор) жамӀашца Эльбрусйисташкара уггаре хьалхара къоначу тӀапломангенан кхолламех бу плиоценан риолитийн игнимбриташ а, къилбаседа а, малхбален а басешкара йеа останцех туфаш а йу: уьш йу Ирикчат (Липаритан корта) ламбоккхийлин кӀоштахь, Тузлук лам тӀехь, Бирджалысу эркан аьтту берд тӀехь а, Уллукол шаломан къилбаседехьа[26][27]. Оцу породийн хан 3,0-2,7 млн шо йу. Эльбрусан къилбаседа а, малхбален а басенашкара туфийн пирокластин плиоценийн кхолламаш кхолладалар доьзна жигараллин тӀапломан аппарат, схьагарехь, лаьттина Ирикчат ламбоккхийлин кӀоштахь; магматӀедогӀу харшийн останцаш кхузахь марканаш хӀиттийна йу фельзитийн даекийн серица[28]. Эльбрусйисташкара муьста магматизм гучуйалар билгалйина кӀезга масштабаца.
Эльбрусйисташкара тӀапломан жигаралла карлайалар хилла боьалгӀа муьран йуккъехь 950—900 эз. Шо хьалха[29], регионан малхбален декъехь. Тызыл эркан хикхочехь кхоллайелла базальтан андезитийн лавин Ӏовраш; мелла а къилбехьа Ташлысырт ломан кӀажошкахь кхоллайелла иштта цӀе йолу тӀапломан конус, иза лаьтта дацитех. Кхин а къилбехьа, Кыртык а, Сылтран а эркашна йукъахь кхоллайелла масех лавин конус, иштта Ӏаьттийна дацитийн лава. Цул тӀаьхьара боьалгӀачу муьран магматизм (800—700 эз. шо хьалха) гучуйаьлла Эльбрусйистан малхбузен декъехь, цигахь девза масех шеш лаьтта хьалхараплейстоценан заманера тӀаплаьмнаш (Палео-Эльбрус, Чучхур, Чомарткол, Таш-Тебе)[30].
Эльбрусан боьххье вала атта долушехь, цунна тӀехь хӀора шарахь, тайп-тайпана мах хадорца, кхелха пхийттана тӀера ткъан тӀекхаччалц стаг, иза хуьлу 80 % гергга Эльбрусйисташкахь хуьлчу бохамех[31]. Кхелханчарна а, зулам хиллачарна а йукъахь туристаш-дезархой хилла ца Ӏа («акха туристаш» олурш), амма зиеделла кечам бина хила деза ламанан зиеделларг долу спортхой а бу[32].
Коьрта объективан маршруташкара кхерам лилхина шеш ду, хенан-хӀоттаман хьелаш — шен спецификин латтар а, шен хӀуонда хьал а бахьнехь, Эльбрус тӀера хенан-хӀоттам талха тарло сахьташкахь, иза гар лагӀдаларо, цӀеххьана температура йожаро (номиналан а, хетарг а), ориентаци а, гипотерми а йойу, кхин а хила тарло хьалабовлучеран локхаллин акклиматизаци а, цуьнца йоьзна факторш а, масала, хидӀадалар, хаъал гӀуо хетар, цигара схьадогӀу, тидаман концентраци йар, иштта кхин дӀа а.[31].
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.