Нохчийн мотт
нохчийн къоман мотт / From Wikipedia, the free encyclopedia
Нохчийн мотт (оьрс. Чеченский язык) — вайнехан меттанашна йукъа богӀу мотт а, нохчийн къоман мотт а бу.
Нохчийн мотт | |
---|---|
Шен цӀе | нохчийн |
Пачхьалкхаш | Росси, Туркойчоь, Урдан, Гуьржийчоь, Кхазакхстан |
Регионаш | Нохчийчоь, ГӀалгӀайчоь, ДегӀаста, кхин а. |
Официалан статус | |
Нисдеш организаци | Нохчийн Республикин Ӏилманийн академи, Нохчийн мотт а, истори а кхиаран институт |
Мотт буьйцурш | |
Рейтинг | 1 354 705 Россехь 2010 шарахь[2] |
Статус | экама |
Классификаци | |
Категори: | Евразин меттанаш |
Къилбаседакавказан тӀехулара доьзал (йукъара къобалданза) |
|
Йоза | кириллица (нохчийн йоза) |
Меттанийн кодаш | |
ГОСТ 7.75–97 | чеч 785 |
ISO 639-1 | ce |
ISO 639-2 | che |
ISO 639-3 | che |
WALS | chc |
Atlas of the World’s Languages in Danger | 1067 |
Ethnologue | che |
IETF | ce |
Glottolog | chec1245 |
ХӀокху маттахь Википеди |
Нохчийн мотт баьржина Нохчийн Республикехь, ГӀалгӀайчохь, ДегӀастанан Хаси-Эвлан кӀоштахь, Ӏовхойн кӀоштахь, Бабаюртан кӀоштахь, Кизилюртан кӀоштахь, Гуьржийчоьнан Ахметан муниципалитетехь а. 2010 шарахь ларарца Россехь 1 354 705 стага буьйцуш и мотт.
Россехь нохчийн мотт шен барамца пхоьалгӀа меттехь бу (оьрсийн, ингалсан, гӀезалойн а, немцойн а меттанел тӀаьхьа). Нохчийчоьнан (оьрсийн маттаца нийсса) официалан мотт а, кхин ДегӀастанан литературин меттанех цхьа мотт а бу иза. Ӏилманчашна хетарехь, нохчийн йозанан истори шен орамашкахь дукха генара схьайогӀуш йу. Кхо-диъ эзар шо хьалха баьхначу хуррой, урарташ олучу къаьмнийн йоза туьдуш, Ӏилманчаша пайдаоьцу хӀинцалерчу вайнехан меттанех а. Ширачу урартийн, хӀинцалерчу нохчийн меттанашкахь цхьаьнайогӀуш алссам меттигаш карайо. Уьш йу лексикехь, морфологехь, синтаксисехь, дошкхолларан кепашкахь. Оцу а, кхин болчу а историн хаамашна тӀе а тевжаш, дуьненахь а шайн цӀерш йевзаш болчу Ӏилманчаша билгалдаьккхина: нохчий, гӀалгӀай, бацой шех схьабевлла долу шира къам Урарту пачхьалкхерчу къаьмнийн маттаца шен мотт цхьаьнабогӀуш хилар. Цу тӀе а доьгӀна урартийн зайла туху йоза нохчийн а шира йоза ларало, боху Ӏилманчаша.
Нохчийн йоза заманан йохаллехь хийцалуш схьадеана. Историн а, идеологин а хьелашка хьаьжжина йоза гӀеллуш а, довш а хенаш йаьхкина. Амма кхечу графикин бух тӀехь йуха кхоллалуш хилла нохчийн йоза. Иштта Ӏилманчаша билгалдаьккхина цхьаьна хенахь ширачу нохчаша грекийн а, цул тӀаьхьа эрмалойн а графикица долу йоза лелийна хилар. Ткъа хӀинцачул XI-XII бӀешо хьалха Нохчийчохь гуьржийчуьнца догӀуш долу йоза лелла хилар а чӀагӀдо Ӏилманчаша. XV-XVI бӀешерашкахь Нохчийчу бусалбан динца цхьаьна Ӏаьрбийн йоза деъна. Нохчийчохь хьуьжарш йахка йолийна. Хьуьжаршкахь Ӏамош хилла Ӏаьрбийн йоза а, бусалбан дин а. ТӀаьхьо Ӏаьрбийн йозанах пайдаоьцуш нохчийн абат кхоьллина, нохчийн маттахь жайнаш а, кхин болу дешаран гӀирсаш а арахецна.