From Wikipedia, the free encyclopedia
Но́хчий, ширалехь Нахчий (гІарайаьлла экзоэтноним — Чеченцаш, ширалехь Зурзукаш а, КистІой а) — Къилбаседа Кавказан къам, нохчий бехаш бу Къилбаседа Кавказехь, дукхаберш Нохчийчохь. Кхин ДагIестанан Хаси-Эвлан, Ӏовхойн, Казбековн, Бабаюртан, Кизилюртан, ГӀизларан кӀоштанашкахь[20], ГӀалгӀайчоьнан Соьлжан а Малхабекан кӀоштанашкахь[21], Гуьржийчоьнан Ахметан муниципалитетехь[22]. Берриге нохчий — 2 000 000 нах[23]. Антропологийца, Кавкасионан тайпан, Европиодхойн расин бу.
Нохчий | |
---|---|
| |
Шен цӀе | Нохчий |
Дукхалла а, ареал а | |
Дукхалла | 2 млн |
Туркойчоь: 102 000[3] |
|
Хаам | |
Мотт | Нохчийн |
Дин | Ислам |
Йукъабоьду | Вайнах |
Гергара къаьмнаш | гІалгІай, бацой |
Схьабалар | Урарту, Хуриташ |
Викиларми чохь медиафайлаш |
ХӀинца йолу хана къаьсттина дукхахболу нохчий Ӏаш бу Российн Федерацехь, мадарра аьлча — Нохчийн республикехь. Нохчийн къоман исторехь масийттаза хилла дӀасакхалхар.
Кавказан тӀом чекх баьлла чул тӀаьхьа 1865-чу шарахь 5 000 нохчийн доьзал[24] Хункар-махка кхелхира, оцу кхалхарах аьллар мухаджиралла. Тахан лерчу дийнахь Туркойчохь, Шемехь а, Урданехь а йолу нохчийн диаспор йу оцу хенахь кхелхинчу нохчийн тӀаьхье[25].
1944 шаран февралехь ах миллион сов нохчий даиман Ӏаш хиллачу даймехкара арабехира Йуккъерчу Азе. 1957 шаран 9 январехь нохчашна цӀа бахка бакъо йелира, амма цхьаберш Кхазакхстанехь а, ГӀиргӀазойчохь а бисира.
Дуьххьара а, шолгӀа а тӀом бахьнехь дукху нохчий Малхбузен Европе а, Туркойчу а Ӏаьрбийн пачхьалкхашка а бахара. Иштта Российн Федерацин регионашкахь йолу диаспорш алсам йелира.
Хьалха нохчийн хӀусамаш Ӏаьндари уллора лаьмнашкара Каспий-хӀорда тӀе кхаччалц йаьржина йара, амма цара гребенски а, донан а гӀазакхийн даьхний, говраш дӀалохкуш (лечкъайеш) дукха зулам дарна, 1718 шарахь царна тӀе масех эзар донан гӀазакхий бӀо бахийтира, цара церан латта дасдира, дукха нах байира. Ткъа биснарш юха а лаьмнашкахь хӀусамаш йина 1722 шарахь российн куьйга кӀела баьхкира. Царна тӀехь куьйгалладо цхьаболу къаноша, Персех боьзна а боцуш, хьалха шамхалах боьзна хиллаболу. Цуьндела пайда оцу латта тӀиера лахьабора шамхала, амма иза кӀезга бара, кӀеззиг уьстагӀий а, кхин даьхний а, и бахьана долуш пачхьалкхана оцу латах цхьан а пайда ца хуьлу. ХӀинца церан бахам даьхнийлелор бу, мотт гӀезалойниг буьйцу, бусулба динехь бу суннийн охлара[26][27].
1840-чу шарахь Пуллос иштта дийцира нохчий Ӏаш болу мехкан дозанаш:
Кавказан аьрру фланган куьйгалхон керахь лоруш ду коьрта дукъан лаьмнийн а, Ӏаьндийн ГӀойхин а, ГӀой хина а, Каспий-хӀордан а, Теркан а, Ӏасс хина а, Даут-Мартанан а йуккъера латтанаш. Оцу меттиган коьрта бахархой бу нохчий, массо Кавказан къаьмнийн йукъара уггаре нуьцкъала, аьрха майра къам; Уьш лоруш бу 100 эзар са. ...[28] |
Кхечу къаьмнаш нохчех шайн маттахь цIе йоккху, масалла оьрсаш «чеченцы» олу, амма иза гIебартоша олуш долу «шашан» тӀера схьа догӀуш ду. Цхьа долу хьосташ ма аллара, «чеченцы» алар Чечан тӀера схьа даьлла (Грозненски кIоштар йурт)[29].
Нохчийн Iилманчаш оьрсийн маттар «чеченцы» Чечан юртах схьа даьлла хилар къобал ца до. Iаьрби Вагаповс боху, оьрсий Кавказе бахкалe дуккху хьалха лулар къаьмнаш олуш хилла нохчех «чеченцы»[30].
Нохчий — (цхьаллийн терахьехь нохчо) Нохь пайхмаран (а.с.в.) тӀаьхьенах, Нохьас (а.с.в.) бийцина мотт буьйцуш къам ду[31]. Таханлерчу дийнахь дуьйна Ӏилманчаш шеко йоцуш мукӀарло а деш билгалла даьккхина ду Нохчийн къам а, къоман цӀе нохчий шира хилар[32]. Масалла нахчаматьяне кепехь нохчий хьахийна бу VII бхьей шарахь «Эрмалойн географи» йукъахь.[33]
Нохчийн мотт а, культура а чӀогӀа йаржина гӀумкийн йукъахь, цера диалекташна Ӏаткъам бина. Къилбаседа кӀумкашкахула нохчийн культура а, мотт а кхиболу кӀумкашна йукъахь йаьржина а ца Ӏаш ломара халкъашна йукъахь а йаьржина[34].
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.