From Wikipedia, the free encyclopedia
Бре́жнев Леони́д Ильи́ч (1906 шеран 6 [19] декабрехь[1][2], по другим данным, 19 декабря 1906 [1 января 1907][2][3][4], Каменски, Екатеринославан губерни, Российн импери — 1982 шеран 10 ноябрь, Заречье, Одинцовн кӀошт, Москохан область, РСФСР, ССРС) — советийн пачхьалкхан а, партин а гӀуллакххо, ССКП лакхара куьйгаллера даржехь лаьттина 18 шарахь (1964 шерера 1982 шарахь ша валлалц). Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъахо, 1945 шеран 24 июнан ЦӀен майданера Толаман парадан декъахо (4-гӀа Украинин фронтан вовшахтоьхна полкан замполит[5]).
Брежнев Леонид Ильич | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
оьрс. Леонид Брежнев | |||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Николай Подгорный | ||||||
Когаметтаниг | Василий Кузнецов (д.кх.) Юрий Андропов |
||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Климент Ворошилов | ||||||
Когаметтаниг | Анастас Микоян | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Никита Хрущёв | ||||||
Когаметтаниг | Юрий Андропов | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Пантелеймон Пономаренко | ||||||
Когаметтаниг | Иван Яковлев | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Николай Коваль | ||||||
Когаметтаниг | Дмитрий Гладкий | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Павел Найдёнов | ||||||
Когаметтаниг | Андрей Кириленко | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Фёдор Матюшин | ||||||
Когаметтаниг | Георгий Енютин | ||||||
Дин | атеизм | ||||||
Вина терахь | 1906 шеран 6 [19] декабрехь (кхечу хаамашца 19 декабрехь 1906 [1 января 1907]) | ||||||
Вина меттиг | Каменски, Екатеринославан губерни, Российн импери | ||||||
Кхелхина терахь | 1982 шеран 10 ноябрехь (75 шо) | ||||||
Кхелхина меттиг | Заречье, Москохан область, РСФСР, ССРС | ||||||
ДӀавоьллина | Кремлан пена йистера некрополь | ||||||
Да | Илья Яковлевич Брежнев (1874—1930) | ||||||
Нана | Наталья Денисовна Брежнева (Мазалова) (1886—1975) | ||||||
Зуда | Виктория Петровна Брежнева (Денисова) (1907—1995) | ||||||
Бераш |
кӀант: Юрий (1933—2013) йоӀ: Галина (1929—1998) |
||||||
Парти | ЙКП(б) / ССКП | ||||||
Дешар | Днепродзержинскан металлургин институт | ||||||
Динлелор | атеист | ||||||
Автограф | |||||||
СовгӀаташ | |||||||
Пачхьалкх |
БАЦӀЭ Советийн эскар |
||||||
Эскаран тайпа | Советийн эскар | ||||||
ЦӀе | Советийн Союзан мудир | ||||||
Буьйр дар | 18-гӀа эскар, 4-гӀа Украинин фронт | ||||||
Латар | |||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
1960—1964 а, 1977—1982 а шерашкахь ССРС Лакхара Кхеташонан Президиуман председатель. 1964—1966 шерашкахь ССКП ЦК хьалхара секретарь. 1966 - 1982 шерашкахь ССКП ЦК инарлин секретарь. 1964 – 1966 шерашкахь РСФСР ССКП ЦК бюрон председатель.
Днепропетровскан областан тӀера ССРС Лакхара Кхеташонан Кхеташонан Союзан (3-гӀа кхайкхам, 1950—1954)[6], Кхазакхийн ССР (4-гӀа кхайкхам, 1954—1958)[7], Куйбышевн областан (5-гӀа кхайкхам, 1958—1962)[8], Москохан (6—10-гӀа кхайкхамаш, 1962—1982)[9][10][11][12][13] депутат. 1974—1977 шерашкахь — ССРС Лакхара Кхеташонан Президиума декъахо[12]. Советийн Союзан мудир (1976)[14]. ССРС журналистийн бертан а, ССРС йаздархойн бертан[15][16] декъахо.
Социалистийн КъинхьегаманТурпалхо (1961)[17], доьазза Советийн Союзан Турпалхо (1966[18], 1976, 1978, 1981), Ленинан бархӀ орденан кавалер. Лауреат Дуьненайукъара Ленинан «Къаьмнашна йукъара машар чӀагӀбарна» совгӀатан (1973) а, Ленинан литературера совгӀатан (1979) а лауреат. 1978 шарахь совгӀат дина «Толам» орденца (1989 шарахь и совгӀат орденан статутан дуьхьала хиларна дӀадаьккхина ССРС Лакхара Кхеташонан Председатело М. С. Горбачёвс омар кӀела куьг йаздина[19]). Йерриг Брежневн хилла 117 советийн а, кхечу мехкийн а пачхьалкхан совгӀат[20].
Арахьара суьрташ | |
---|---|
Нана — Наталья Денисовна. | |
Брежнев Леонид Ильич вина 1906 шеран 19 декабрехь[Прим. 1] Российн империн Екатеринославан губернера Каменски эвлахь (хӀинца Украинин Днепропетровскан областера иштта цӀе йолу гӀала[Прим. 2]) шайн дайшкара дуьйна белхало хиллачу Брежнев Илья Яковлевичан (1878—1937[21][22]) а, Мазалова Наталья Денисовнин а доьзалехь (1886—1975).
Ден схьавалар ду Курскан областера Брежнево эвлара, Леонидан ненахой — Енакиевора[23] бу. Брежневн да металлургин заводехь техникин белхало — «фабрикатор» вара. Ваша — Брежнев Яков Ильич[24] (1912—1993). Йиша — Брежнева Вера Ильинична[25] (1910—1997).
Тайп-тайпана официалан кехаташкахь, царна йукъахь паспорт а, Л. И. Брежневс къам гойтура великоросаш[26][27][28] йа украинхо[29][30][31] или русский[32] . Шен мемуарашкахь Брежневс йаздина, вина Курскан губернера Стрелецки уездан Брежнево эвлахь белхалочун доьзаллехь, оьрсех схьаваьлла: «Иштта, оьрсийн къомах ву, схьавалар — бух тӀера пролетарий, когаметта волу металлург»[33].
1915 шарахь дӀаийцира Каменски шахьрара классикин гимназе (1918 шарахь цунах хилира Йукъара къинхьегаман ишкол), иза чекхйаьккхира 1921 шарахь[34].
1921 шарахь дуьйна болх бира Курскан даьтта доккху заводехь белхалочун даржехь[22], 1923 шарахь велира комсомоле (№ 3297)[27].
1923—1927 шерашкахь дешна Курскехь землеустроительном-мелиоративном техникуме[35]. 3-гӀа разрядан латтадустург квалификаци йаьккхина, латтадустург-латтанисдийриг болх бира: масех баттахь Курскан губернин Грайворонски уездера Краснояружски волостан Теребрено эвлахь [36] (хӀинца Белгородан областан Краснояружски кӀошт), цул тӀаьхьа Белоруссийн ССР Оршин гуонан Кохановски кӀоштара (хӀинца Белоруссин Витебскан областан, Толочински кӀоштара, Богдановка эвла[37])[38].
1927 шарахь зуда йалийра – Денисова Виктория.
1928 шеран мартехь[39] Брежнев Урале дехьаваьккхира, цигахь латтанисдийриг, кӀоштан лаьттан декъан куьйгалхо[40], Уралан областан Бисертан райисполкоман председателан гӀовс (1929—1930) белхаш бира. 1930 шеран 13 февралехь хӀоттийра Свердловскан гуонан лаьттан урхаллин декъан куьйгалхо (гуонлу)я[40][41][42].
1929 шеран 9 октябрехь 2 шеран стажца ийцира ЙКП(б) декъахочун кандидат[43][44].
1930 шеран сентябрехь Уралера дӀа а вахана Москохан машенашйаран институте[45][46] деша хӀоьттира, ткъа 1931 шеран сентябрехь дехьавелира Каменскан металлургин Арсеничевн цӀарах институтан[45][46] суьйренан факультете (белхфак). Доьшучу хенахь болх беш вара Днепран металлургин Ф. Э. Дзержинскийн цӀарах заводехь слесаран даржехь.
1931 шеран 24 октябрехь дуьйна ЙКП(б) декъахо.
1935 шеран 5 майхь диплом делира «инженер-йовхоницкъахо» говзаллица[46][47].
1935 шеран октябрехь дуьйна[48] Генарамалхбален махкахь БАЦӀЭхь гӀуллакхехь вара: Байкалдехьен тӀеман гуонера бронетанкийн ишколан танкийн ротин курсант а, политкуьйгалхо а (Чита гӀалин 15 км къилба-малхбалера Песчанка (Чита-II) посёлок). Дийшира ЦӀен Эскаран моторизацин а, механизацин а курсашкахь, уьш чекхйаьхча дуьххьарлера эпсаран цӀе йелира — лейтенант. 1982 шарахь, Л. И. Брежнев веллачул тӀаьхьа, цуьнан цӀе йелира Песчанскан танкийн дешаран полканна.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.