Шелко́вски[3] , Мохне[4] (оьрс. Шелковская ) — гӀала, Нохчийчоьнан Шелковскан кӀоштан административан центр. Кхуллу Шелковскан йуьртан меттиг [5] .
Тармадалита Щёлковски (метрон станци) .
Доца факташ Шелковски, Пачхьалкх ...
ДӀачӀагӀа
ГӀалан цӀе схьайаьлла дарин заводах (оьрсийн маттахь «шелк» олу дарех), иза йиллина 1718 шарахь Терк эркан тӀехь эрмалойн совдегархочо Васильев Сафара. Заводан гуонаха кхоллаелира гуьржийн -эрмалойн эвла, цӀе тиллира Сарапан аьлла, иза гуьржийн маттахь "дари" бохург ду[6] , цул тӀаьхьа хийцира Шелковски[7] гӀала аьлла.
2000 шарахь дуьйна гӀалахь гуттаренна бух тӀаьхь лаьтта Российн ЧГӀМ чоьхьара гӀуллакхийн оперативан Ӏалашон 46-гӀа ша йолу бригадан дакъа.
2007 шарахь июлехь Нохчийн Республикин куьйгалло кхайкхийра гӀалахь православин килс ян ойла хилира[8] . Йолуш йолу Шелковски килс йу Варвара Илиопольскин [9] цӀарах, иза ламазан цӀа бен дац[10] .
2016 шеран 22 апрелехь ХӀинжа-ГӀалин епископа Варлаама базбира Сийлахь Варварин цӀарах йуьллу керла килсан бух тӀе буьллу тӀулг. Килса йина Шелковскин Ӏам йисттехь, республикин Ӏедало а, Хьуьнан промышленникийн къоман «Русский лес» ассоциацис а гӀолоцуш. Килсан совгӀатна елира йоккха Ӏазапхочун Варварин даьӀахкийн дакъонца ботт[11] .
2018 шеран декабрехь гӀало даздира шен 300 шо кхачар.
Эвла лаьтта Теркаца , Мазалк -ГӀизлар новкъаца. Соьлжа-ГӀалина 71 км къилбаседа-малхбалехьа[12] .
Уллера нах беха меттигаш: къилбаседа-малхбалехьа йу — Гребенски а, Воскресеновски а, къилба-малхбалехьа йу — Харьковски , къилба-малхбузехьа йу — Шелкозаводски , къилбаседа-малхбузехьа Коби .
Микротопоними
Нах беха меттигаш
Ломидзе кӀотар – гӀалан къилба-малхбузера меттиг, цигахь, баккхийчара дийцарехь, лаьттина мехкаден Ломидзен долара даьхний кхоба кӀотар.
Шира гӀала – иштта олух Ӏинца а Теркан аьрру бердаца, кхо км малхбалехьа, йолчу, хьалха Шелковски лаьттинчу меттигах[6] .
Вознесенски кӀотар я Дуриловка – лаьттина гӀалан къилбаседа агӀора, Мазалк -ГӀизлар новкъаца. Кхузахь беха ногӀий , гӀезалой , нохчий . Дуриловка боху шира цӀе йисина Шелковски, Гребенски , Старогладовски гӀаланийн бахархошна йукъарчу къамелашкахь. КӀотар Дуриловс йиллина лору.
Бабски кӀотар – иштта цӀе йолу кӀотар лаьттина гӀалан къилбаседа агӀора меттиг. Баккхийн бахархоша дийцарехь цӀе тиллина кӀотар йиллинчун цӀарах.
Борисовски кӀотар – гӀалан къилба-малхбуза йистера меттиг. Баккхийн бахархоша дийцарехь, кхузахь иштта цӀе йолу кӀотар лаьттина. Тахана гӀалин йукъа яхана и меттиг.
Миклон мохк – Теркан аьрру бердаца йолу меттиг, гӀалан къилба-малхбалехь, дийцарехь, кхузахь ваьхна ведда лела гуьржий Баруки Микло (Бараташвили Михаил) – воккха забарча а, самукъане стаг а. Микло вехара талларца, чӀара лацарца, кӀеззиг уьстагӀий а, ет а лелабора, бераш а, жима хаза зуда а яра. Теркан хиш сих-сиха чудовлура цуьнан керта а, тоьлина а, цигара Микло а, цуьнан доьзал а сихха дӀаболхара луларчу гӀала, берриг бахам дӀа а тосий.
Гноевойн кӀотар – Коминтернан колхозан йуккъера керт хиллачу кӀоштара меттиг. Цигахь иштта цӀе йолу, хьал долчу гӀазакхийчун, Гноевойн кӀотар лаьттина, цуьнан дукха даьхний а, кемсийн беш а яра[13] .
Харьковски кӀотар – гӀалан къилбаседа-малхбален агӀора меттиг, цигахь лаьттина иштта цӀе йолу, Харьков гӀалара кхелхинчу бахархоша йиллина, кӀотар[14] .
Инженерийн кхолламаш
Шелковски тӀай – Теркан тӀехула диллина Шелковски кӀошт Гуьмсан кӀоштаца а, ДегӀастанан Республикица а цхьаьнатуху тӀай, гӀалан къилба-малхбалехьа лаьттина[6] .
Килс – иштта цӀе йисина баккхий гӀазакхашна йукъахь Теркан аьрру бердаца йолчу меттигна, хьалха шира гӀала хиллачехь, цигахь гӀалин йуккъехь лаьттира килс. Килс дукха лаьттира шен меттигехь, гӀазакхаша дӀатесна цӀенойн а, тоьлийн а саьлнашна йукъахь. Дукха шерашкахь керлачу гӀалара гӀазакхий оьхура Ӏибадат дан а, динан Ӏиданашка а ширачу гӀалара килсе. ТӀаьхьуо килс вовшах а йаьккхина керлачу гӀалане дӀакхалхийра[13] .
Пачхьалкхан дарбанан цӀа – иштта олу, революции халале хьалха йоьгӀначу, дарбанан цӀийнан ширачу гӀишлонах. ГӀалин йуккъехь.
Керла дарбанан цӀа – 1980-гӀа шерашкахь дина дарбанан цӀа. Лаьтта Шелковскин къилбаседан йистехь, Гребенски боьдучу новкъаца[15] .
Хиш
Копаньки – гӀалан йуккъера Ӏам. Дуьйцу, гӀалан бахархоша кхузахь буьйда кибирчигаш ян а, поппаран а сацкъар-латта доккхуш хиларх лаьцна, цуьнан жамӀ хилла доккха ор, хан хене мел йолу хино дуьзина. Ӏам чур ахи ара ца долу, шен хи схьаоьцу догӀнера а, шовданашкара а. Шен цӀе «Копаньки» нохчийн мате йаьккхича «Аьхкина» хуьлу. Оцу меттигах хьалха шовда олуш хилла.
Харш – хи дилларан татол, чекхдолу гӀалан къилбаседа-малхбуза агӀора. Татолан Новр-Шелковски га[6] .
Сулу-Чубутла – йочанийн хих гулбелла Ӏам, лаьтта гӀалан къилбаседехьа. ЦӀе тюркийн маттара йу[16] .
Будары – куьйга баьккхина Ӏам, цунна тӀаьхь лаьттина республикин кӀоштан къинхьегамхойн дика йина садоӀу база. ГӀалин къилбаседа-малхбузенан агӀора[13] .
Меттигаш
ГӀамаршка – иштта олу гӀалан малхбузехьара а, къилбаседехьара а НогӀийн аренех [6] .
Форштат, Форхштат – иштта цӀе йолу меттиг лаьтта гӀалин къилба-малхбалехь. Дуьйцу, оцу меттигехь гӀалин кӀентий эскаре новкъа бахар бохуш, тӀемера цӀа богӀучарна цига дуьхьала богӀура. ТӀаьхьа – дуьххьарлера самукъадоккху а, кхин даздаран а белхаш. Иза галдаьккхина меттигерачу диалекто форштадт дош ду[13] .
Гражданийн тӀамехь кхелхина тӀемлошна йоьгӀна иэс – йоьгӀна гражданийн тӀамехь кхелхинчу 19-гӀа ЦӀен Эскаран тӀемлошна. Лаьтта гӀалин къилба-малхбалехь[15] .
Шелковски йу Ставрополь —Крайновка трассин тӀехь; малхбалехьо ду Теркан тӀехула долу Гребенскан тӀай, цуна тӀехулла Шелковскан кӀоштера Хаси-Эвлан кӀоште дехьа гӀо. Эвлахь йу аьчка некъан станци Шелковски Къилбаседа-Кавказан аьчка некъ .
Шелковскехь йиллина керла автостанци.
Шелковскера автостанци
Ма-дарра Бахархойн дукхалла ...
ДӀачӀагӀа
Къоман хӀоттам
2002 шеран Ерригроссийской бахархой багарбаран жамӀашца[35] :
Ма-дарра Къам, Барам, ст. ...
Къам
Барам, ст.
Берриг бахархойх дакъа, %
нохчий
7 802
81,43 %
оьрсий
1 291
13,47 %
гӀумкий
156
1,63 %
жӀайхой
58
0,61 %
ногӀий
50
0,52 %
гӀезалой
36
0,38 %
кхин берш
188
1,96 %
берриш
9 581
100,00 %
ДӀачӀагӀа
2010 шеран Ерригроссийской бахархой багарбаран жамӀашца[36] :
Ма-дарра Къам, Барам, ст. ...
Къам
Барам, ст.
Берриг бахархойх дакъа, %
нохчий
9 395
84,55 %
оьрсий
1 020
9,18 %
гӀумкий
192
1,73 %
жӀайхой
117
1,05 %
ногӀий
73
0,66 %
гӀезалой
61
0,55 %
даьргӀой
40
0,36 %
лаьзгий
33
0,30 %
кхин берш
172
1,55 %
ца гайтина я, ца аьлла
9
0,08 %
берриш
11 112
100,00 %
ДӀачӀагӀа
Карасаев А. Т., Мациев А. Г. Русско-чеченский словарь. — М.: Русский язык, 1978. — 728 с. — С. 728
Закон Чеченской республики № 42-РЗ от 14.07.08 (бил-боцу.) (doc). — Об образовании муниципального образования Шелковской район и муниципальных образований, входящих в его состав, установлении их границ и наделении их соответствующим статусом муниципального района и сельского поселения. ТӀекхочу дата: 2011 шеран июль. Архивйина 2012 шеран 15 февралехь Архивйина 2013-11-03 — Wayback Machine
Списки населённых мест Кавказского края. 1-й выпуск. Терская область. Тифлис. 1878
Список населённых мест Терской области. По сведениям к 1-му января 1883 года. Владикавказ. 1885
Районированный Дагестан : (адм.-хоз. деление ДССР по новому районированию 1929 г.). — Махачкала : Орготд. ЦИК ДССР, 1930. — 56, XXIV, 114 с.