Нохчийчура гӀала From Wikipedia, the free encyclopedia
Шела — Нохчийчоьнан гӀала, Шелан кӀоштан административан центр. Бахархойн дукхалла ↗55 076[1] эзар стаг (2020 шо).
ГӀала | |
Шела | |
---|---|
43°09′ къ. ш. 45°54′ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Регион | Нохчийчоь |
КӀошт | Шелан |
Истори а, географи а | |
Майда |
|
Центран локхалла | 225 м |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | ↗55 076[1] стаг (2020) |
Къаьмнийн хӀоттам | нохчий |
Динан хӀоттам | бусулбанаш |
Официалан мотт | Нохчийн мотт, оьрсийн мотт |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | +7 87146 |
Поштан индекс | 366300 |
ОКАТО | 96237501 |
meriyashali.ru(оьр.) | |
Картин тӀехь | |
Лаьтташ йу Нохчийн аренан къилба декъехь, Басс хи доьду чохь[2]. Шелан къилба агӀор ЭгӀашта Ӏуьлу, къилба-седа агӀонехь Гермчига йу, малхбузе агӀонехь БелгӀата а, Жима АтагӀа Ӏуьлу, малхбале агӀонахь Эвтара йу.
Шела йиллина эрсеной тайпа шина вешо Идарз а, Окша а[3].
Шела йиллина 14 бӀешаран чеккхехь, Тамерланан эскар дӀадаханчу хенахь а Нохчийчура Дагестанан феодалийн Дашо Ордан хӀоттийнарш ара баьхча. Шела йиллина терахь 14 бӀешаран чеккхе лоруш елахь а (1378 йа 1384 шо), делахь а монголаш тӀеккхетале а цул тӀехьа Тамерлан тӀеккхетале а кхузахь гӀала хилла, иза гергарчу хьесапехь йиллина вайн эра тӀейале I бӀешарахь вуьшта аьлча 2100 шо хьалха, гӀала йиллинарш бу Нашхара схьабевлла нах.
XIX бӀешарахь Шела Йоккхачу Нохчийчоьнан йуккъера а лараме йоккха гӀала хилла, цуна 9-эзар бахархой хилла. Иза йуккъехь хилар бахьнехь тӀом болучу хенахь Имам Шемалан эскар гуллуш хилла Шелахь вуьшта аьлча Российн тӀекхетта йохуьтуш йолу массо а йаккхий партеш гуллуш хилла гӀалахь, цул совнаха кхузахь гулла белла Йоккха а Жима а Нохчийчура нохчий.
1825 шарахь Бейбулат коьртехь а волуш меттахъхьеран йукъ йара Шела. Шамиль гучуваьлча Шела цхьана хана йолу резиденци йара. 1850 дуьйна Козловский, Викентий Михайловичан тобано Шелан уллера луьста хьун йуккъехула Шелан ворданан некъ беланчу хенахь а, 1858 шо кхачале а — массо а Нохчийчохь хуьлуш болу тӀеман эскарш мадарра аьлча Шелан уллехь тӀегулуш хилла.
23 февралехь 1944 шарахь коммунистийн Ӏедало нохчий а, гӀалгӀай а махкахбахар а, ишта Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀайаккхар а бахьана долуш, эвлан цӀе Междуречье аьлла хийцина.
1994-96 шарашкахь хилла тӀамо гӀалин тӀех дукха зенаш дина. ТӀом болучу хенахь дукху адамаш дайина. дохина цӀенош, йохийна индустри, транспорт, зӀе, агропромышленни комплекс.
Нохчийн Республикехь тӀом чеккхбаьллачул тӀехьа лараме а, политикийн а хиламаш хилла, ЧР конституци тӀеоьцуш референдум йина. Ахмат Кадыров Нохчийн Республикин президент хаьржина, дӀадоладелла тӀом машаре дӀаберзор, экономика хьалайаьлла, социалан дахаран хийцамаш хилла.
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |
Бахархойн дукхалла | ||||||
---|---|---|---|---|---|---|
1939[4] | 1959[5] | 1970[6] | 1979[7] | 1989[8] | 1992[9] | 1996[9] |
10 575 | ↗11 911 | ↗18 636 | ↗21 894 | ↗24 985 | ↗26 800 | ↘24 000 |
2002[10] | 2003[9] | 2005[9] | 2006[9] | 2007[9] | 2008[9] | 2009[11] |
↗40 356 | ↗40 400 | ↗42 100 | ↗43 500 | ↗44 300 | ↘44 200 | ↗45 161 |
2010[12] | 2011[13] | 2012[14] | 2013[15] | 2014[16] | 2015[17] | 2016[18] |
↗47 708 | ↘47 700 | ↗49 026 | ↗49 967 | ↗50 412 | ↗51 268 | ↗52 234 |
2017[19] | 2018[20] | 2019[21] | 2020[1] | |||
↗53 016 | ↗53 807 | ↗54 168 | ↗55 076 |
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.